Жимачу Атаг1ахь хьуьжар схьайиллина
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобал дойла цуьнан) кхузткъе итт шо кхачарна лерина Шелан к1оштарчу Жимачу Атаг1ахь хьуьжар схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Цу дешаран хьукматехь цхьанахенна дезткъе итт мута1еламан 1илма 1амо йиш хир ю. Цигахь билгалайина ю божаберашна, зудберашна лерина шайн-шайн классаш. Дешарна мел оьшуш долу хьелаш мута1еламашна долуш ду. Х1инцале цу чохь деша билгалваьлларг ши б1е кхузткъе пхи мута1елам ву.
Шен къамелехь Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира гулбеллачарна, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь и тайпана дешаран хьукматаш схьаеллар мехала г1уллакх хилар. «Х1ора шарахь алсамдуьйлуш ду маьждигаш, хьуьжарш. Тайп-тайпанчу хенашакара нах бу Исламан баххаш 1амош, иштта Къуръан 1амош, хьафизаш бу кхуьуш. И дерриге а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бусулба дин кхиорна т1ехь терго латтош хилар ду», – элира Межиев Салахь-Хаьжас.