Мараэккхар а, къамел деш ларъян йог1у юкъ а
«Iаьнарх Iаь хьерчаш хабар дийцарх а,вовшах хьакхаваларх а ларлуш хилла вайн дай»,-бохуш дуьйцу Iилманчас Хасиев Сайд-Мохьмада. Воккха-Дада, мараэккхаран гIиллакхех а, къамел дечара вовшашна юкъара юкъ ларъярх а лаций дийцахьа тхуна»,-дийхира цуьнга хIара волчу баьхкинчу кигийрахоша.
– Къамел дечара вовшашна юкъара юкъ ларъяр дIадаьллачу новкъа ду. Вайна массарна а гина, хьо мел юхагIертарх, хьан меракIел гIерташ, кест-кестта хьуна муьшканаш еш, куьг Iуьттуш къамел деш верг. Вайн гIиллакхашца догIуш дац иза. Адаман дегI вайн оьздачу дайша сийлахь а, деза а лерина. Цундела цунах хьакхаваларх ларлуш хилла.
Къамел деш лаьттачарна юкъахь лаххара а цхьа- ши метр хила еза. Iа Iаьнарх хьерчаш къамел дар хилла дац вайн. Вуьшта, хийрачу нахана юкъахь къамел дечу хенахь хила езаш ерг пхеа метре кхаччалц юкъ ю бохуш хьехна вайна. Цара хьехнарг, лелийнарг лардан хьовса деза вай а, вайна тIаьхьа догIу чкъор а. Ишттий бен ларлуш ма дац халкъан гIиллакх, эхь-бехк.
Вайн дайша оьзда ца леринехь а, тахана чIогIа даьржина мараэккхар. Цхьа а кеп а, хатI а ца лардеш, шайна ма луъу лелош ду мараэккхаран гIиллакх. Иза мегар дац. Салам далар, куьглацар бехке хеташ юкъадаьлла ду иза. Делахь-хIета, мараэккхаран кепаш йовза еза вайна, хIета а, вета а вайна юкъахь иза даьржина а, даьржаш а хилча. Масала, воккхачунна мараэккха веза цуьнан аьтту пхьарс хьайн белша тIехула а болуьйтуш, хьайн аьрру пхьарс цуьнан букъа тIехьа а бохуьйтуш. Воккхачунна букъах куьг детта а, хьекха а оьшуш дац. Къонаниг мараэккхаш кIеззиг охьатаьIна хила веза, шен аьрру бесни воккхачун аьтту белшах а хьакхайолуьйтуш.
Накъостана, доттагIчунна салам даларца куьйге а воьдуш, накха некхах тухуш, мараэккхар ду вайн. Иштта мараэккхачу хенахь салам делларг шен аьрру бесне вукхуьнан аьрру беснех хьакхайолуьйтуш мараэккха веза.
Товш а дац, гIиллакхехь а дац ненахошна, къаьсттина стунцахошна маралелхар. Тахана къоначарна юкъахь иза къаьсттина даьржина хиларна боху вай. Цаьрга, де дика деш, маршалла хаьттича а кхачаме хир ду. ХIунда аьлча уьш бехке нах бу. Бехке ду церан догIмех хьакхавалар а.
Зударшна, мехкаршна мараэккхар а юкъадаьлла вайна, вайн гIиллакхаца, вайн вадца иза догIуш дацахь а, башха томехь дацахь а. Зуда, йоI, иза мел гергара елахь а вайн халкъан гIиллакхашца марайоллар догIуш дац, оьзда дац. Хьайна аьрру пхьаьрсан шина пхьидан юкъ зудчун (йоьIан) белшах-пханарх хьакхайолуьйтуш, пхьарс голехь саттийна, зудчун(йоьIан) дегIах хьакхадаларх хьайн куьг лардеш (дегIах ца кхоьтуьйтуш) кхета веза мара. Иза товш хир ду.
Мараиккхина ваьлча, божарша а, зударшна а юха довлуш, юкъ ларъян еза, мара тIе мара а хIоттийна, къамел а ца деш. Мараиккхинчул тIаьхьа пхьарс дIа ца хоьцуш, латтар гIиллакхехь дац. ДIахIоттаран а ю вайн халкъалахь магийна а, магийна йоцу а кепаш.
Къонахчун латтар оьзда лерина, иза аьрру кога тIе вазвелла, аьтту ког паргIат буьтуш дIахIоьттинехь. Аьтту коган кIажа аьрру коган хьорканца нисбина, когийн буьхьигаш цхьа буй юкъабиллал дIатесна хила беза. Ши ког дIатесна латтар вайн гIиллакхан кеп яц.
ТIома кIел куьгаш дехкина дIахIоттар нохчийн божаршкахь товш доцучух лерина вайн дайша. Воккханиг, да, деваша, иштта дIа кхиберш болчохь хаьнтIе ши куьг хIоттийна дIахIоттар а гIиллакхе дац. Къонанаш цуьнах ларбала беза болх бечунна тIехIоьттича а, тезетахь а, алссам адамаш вовшах кхеттачу кхечу меттигашкахь а.
Вайн халкъан векалш муьлххачу а паччахьалкхехь, шахьарахь кхечу халкъех къаьсташ хуьлура шайн дIахIиттарца, мараэккхарца, вовшашца къамел дарехь ларъечу яккъашца, кхучуьнца. Вайх нохчий деш долу гIиллакхаш дара уьш, тахана а, кхана а хилла диса дезаш а ду. Цундела, цхьана-шина дашца аьлла дерзо йиш хиллехь а, шуна мелла а алсамо цуьнах дерг дийца лии суна,-дерзийра Воккхачу-Дадас шега деллачу хаттарна жоп луш дина къамел. Къоначарна цо дийцинчух дукхах дерг дуьххьара хезаш дара. Шайн йоцачу оьмарехь царна тайп-тайпана гинера, хезнера мараэккхарх дерг, къамел деш ларъян езачу яккъех дерг. Хийцалуш йогIучу замано шен Iаткъамаш бо-кх вайн гIиллакхашна а. ХIун дер тIакхха иштта ду-кх дахар. Амма вайн йиш яц заманан керлачу хIуоне вайн халкъан гIиллакхашна, дайн Iадаташна иэшам байта. Иштта маьIна даьккхира къоначара Воккха-Дадас диначу къамеле ладоьгIначул тIаьхьа цо дийцинчун.
Дадаев Сайд-Хьасан