Разное

НОХЧАЛЛА

Нохчийн къам — хIокху дуьненан кийрахь уггар ширачех шира къам хилар, хIокху Кавказан кийрахь, шел хьалха кхечу къомо ког левзина ала,шел хьалха кхузахь кхин къам даьхна ала хIинцалц схьа тIетовжа цхьа а лар, тоьшалла кароза, бухболу къам хилар — Iилманехь сецна даьлла бакъдерг ду.ХIокху Кавказан са ду нохчийн къам!ХIокху Кавказан дог ду Нохчийчоь!И хенан йохалло гайтина дацахьара, ваьш хесто синайамна дуьйцуш ду аьлла, цхьа кхардам къаста а мегара оцу дешнашкахь. И дешнаш харцдеш бало бух, тоьшалла цахиларо кхардамах хьалхадоху уьш.Шен лар генарчу шираллехь шумерийн а, хурритийн а нуьцкъала пачхьалкхаш лаьттинчу хьаьттанашкарчу тIулгаш тIехь Iилманчашна кара а йина, шен гIоьнца церан къайленаш а яьстина, уггар ширачех шира мотт бу нохчийн къомо буьйцуш болу нохчийн мотт.Суна ала хуур дац бIешерийн дохалла нохчийн къомо ца ловш, цунна ца гуш хlун дисна. Адамо шен цIе мел йоккхуш йолчу харцонах, адамна мел девзаш долчу Iазапах и чекхдилинийла а, хIокху лаьтта тIера цуьнан лар яйъа гIиртинарш, цуьнан доь дайъа гIиттинарш кIезиг ца хиллийла а-м хаьа суна. Суна ца хаьа и хьанна новкъа хилла хилла а, цо хьенан хIун къедина хилла а, цо хьенан багара лам даьккхина хилла а, и хьенан маршонна тIекхийдина хилла а. Лаккхарчу тIегIанна тIехь синисбаьхьалла а йолуш, хIора хIусам — хьуьжар йолуш, лулахь дехачу къаьмнаша деза-даккхий, сийлахь гIиллакхаш Iамо шайн бераш шайга схьа а луш, шайн куьйгашца къахьегна кхиийна даьккхинарг даа а дууш, Дала кху дуьненан кийрахь шена билгалбинчу махкахь хьанал дехаш схьадеана къам хилла нохчийн къам.ХIора къомана дуьненан кийрахь шен-шен мохк билгалбаьккхина Дала. Вайна нохчийн мохк белларг Дела ву. Вай нохчий кхоьллинарг Дела ву. Вайна нохчийн мотт, нохчийн бос белларг Дела ву. Уьш Делан Лаамах ду, Дела воцчуьнга, цхьаьнгге дIа а дахалур доцуш. Вай хаьржина дац уьш.Вай кхечу къаьмнел лакхара ду а ца боху вай, я лахара ду а ца боху.Вай кхечу къаьмнел тоьлаш ду а ца боху вай, я оьшуш ду а ца боху.Вай Дала лардойла оцу дакъазаллах! Далла гергахь сийлахь верг — Делах кхерар алссам дерг ву. И сецна даьлла.Делахь а, нохчалла национализм а ю, национализм динехь мегаш а яц, бохуш, нохчийн хIуманаш сийсаздеш, уьш дайдеш, цхьа адамаш даьржина вайна юккъехь, буьйцуш нохчийн мотт болуш. ХIинцалц арахьара мостагIа гIиртинера вайн къам синоьздангаллах дохо. ХIинца чуьра мостагIий бийла буьйлабелла вайна. Уггар кхераме мостагIий уьш бу! Дукхахберш тилийна лелош а бу царех, царна шайна а шаьш буйла а ца хууш. Йоккха кIело ю цигахь. Къаьсттина хIинца тIекхуьуш болчу вайн кегийрхойн кхетам галбаккха, церан хьекъалшна тIехьажийна ондда болх вайн мостагIийн, кхане цаьргахь, оцу кегийрхошкахь юйла а хууш. ХIинца вайн къоман мостагIашна кхин некъ карийна вайна дуьхьал. Динца дин дIадаккхар, суннатца суннат дIадаккхар. Цара дуьйцург баккъал нийса дин ду моьттуш, дин дезаш волу жиманиг Iехало. Иза шен дена а дуьхьал волу, нанна а дуьхьал волу. Царна дуьхьала ваьлларг махкана а, халкъана а дуьхьалваьлча бан тамаш а бац!Цара мегар яц, национализм ю бохуш йолу нохчалла хIун ю, цо хIун чулоцу билгалдаккха деза цкъа уггар хьалха.Нохчалло шен мохк безар чулоцу.Вайн Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша вина, ша кхиъна шен мохк безаш хилла хилар — вайна хууш долу бакъдерг ду. Нохчалло гIиллакх чулоцу.Къематдийнахь шена шух уггар гергахь хинверг — шух гIиллакх хазадерг ву, аьлла Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).Нохчалло эхь чулоцу.«Эхь — ийманах цхьа дакъа ду» — аьлла Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).Нохчалло воккханиг ларар а, жимачуьнга къинхетам хилар а чулоцу.Вайх вац шуна, аьлла Элчано (Делера салам-маршал хуьлда цунна), жимачуьнца къинхетаме воцург а, баккхийчеран сийлалла ца хуушверг а. Нохчалло хьаша-да ларар чулоцу.ЦIенна дуьххьал хьешана шенна деш «оти» олуш цIа хилла нохчийн, хьаша паргIат хилийта. Хьаша вагIахь а, бохуш, хьешана дIабиллина латтош кхача а хилла.«Делах а, къематдийнах а тешаш волчо хьаша-да лоьрийла», — аьлла Элчано (Делера салам-маршалла хуьйла цунна).Нохчалло тешаме хилар чулоцу.Вайн Пайхамарал (Делера салам-маршал хуьлда цунна) тешаме а волуш къонах ца ваьхна лаьттан букъа тIехь! Цуьнан шен мостагIаша а тоьшалла деш хилла цунна, тешамев ву хьо, бохуш. Стагехь уггар кIезиг хIума ду аьлла вайн Пайхамара (Делера салам-маршал хуьлда цунна): кхераррий, писаллий. Цхьамма а къовсур доцуш, дуьненна а хууш, дуьненахь майраллица девзина къам ду нохчийн къам. И амал а оцу вай далийначу Элчанан (Деллера салам-маршал хуьлда цунна) къамелца йогIуш карйо вайна. Нохчий комаьрша нах хилла. Ша ваьлла, керла хIусам а, доьзал а кхолла, охьахиъна волчу гIийла воллучу стаге, цхьа хан билгал а йоккхий, хIоккхул йолчу хенан юкъана, олий, воттана даьхни луш ламаст хилла нохчийн, цуьнга шен даьхни доладайта. Вукхо, и хан дIаяьлча, шега схьаделла долу даьхни юхалуш хилла, оцу юкъана дебна, совдоьвлла долу даьхни цунна шенна а дуьсуш, даьхни долчо тIера ял а ца оьцуш. «Воттана даьхни далар» — олуш хилла цунах нохчаша. Цундела даима беркат лаьттина Нохчийчохь. Комаьршо йолччохь беркат а хуьлу. Нохчий даима хилла камаьрша а, вовшка хьовсуш а, де доьхна веанчунна дан гIо долуш а.Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) стагехь уггар кIезиг хIума ду, аьлла, билгалдаьккхина долу кхераррий, писаллий нохчаллица йоцуш карий вайна.Иштта, охьадагардан кхин а дуккха а ду уьш. Вай масаллина далийнарш коьртанаш бен дацара. Вайна билгалдолу-кх — нохчалла суннатах лаьтташ хилар, нохчалла – хаза гIиллакх хилар.Цунах олу и кIело. КIело иштта хуьлуш ю. Суннат а хьехош, суннатах долчу хIуманех, хазачу гIиллакхех нах юхабахар. ТIаккха Делан а, динан а, къоман а мостагIий ца аьлла, кхин хIун ала деза оцу декъазчу догIмех! ХIун бен ду и, нохчийн гIиллакх хилча а, гуьржийн гIиллакх хилча а, муьлххачу а къоман гIиллакх хилча а, хьаъа лелийча а, цуьнан цIе мухха яьккхича а. Хаза гIиллакх хаза ду-кх. Хьеннан делахь а. Дуьххьара куьг лоцуш салам дала буьйлабелла болу яманхой богIу шуна, аьлла-кх Пайхамара (Делера салам-маршал хуьлда цунна), церан къоман гIиллакх билгал а доккхуш, и гIиллакх цаьрга а дуьллуш.Нохчийн хIух доцу нохчийн мотт буьйцу адамаш кхетар дац вай дуьйцучух. Цхьа а наци йоцуш болчу царна и хетча бан тамаша а бац! Вай бусалба а ду, къам а ду!Вовшин ца хилча йиш йоцуш, вай цхьаъ ца хилча цадовларан цIарах, вай доькъуш, вайн барт бохош арахьара чубеана харц-кхетамаш, идеологеш дIа а теттина, вай мел ца дезачеран вайх луур цадалийтаран дуьхьа а, Нохчийчоь — хIора нохчичун хIусам йолуш, нохчийн къам — хIора нохчичун доьзал болуш, и иштта ца хетачо шена кхин къам лохуш, дерриг цхьаъ хилла, муьлхха а вай доькъуш болу кхайкхам баржо гIаьттинарг юкъара мостагI лоруш, вай цхьаъ хилла дIа ца хIиттахь, тIаьхье да воккхавийр воцуш, да хьоьгур воцуш го вайна.Вайх хIорамма шена тIехь, шен са а, дог а цIандарехь къа а хьоьгуш, вовшийн бIаьра дезарца, къинхетамца хьовсуш, яханчу хене юха а, йогIучу хене хьалха а хьовсуш, хIуманна хьесап деш, вай мел лайнарг карла а доккхуш, вайн мостагIий дукха хилар дагахь латтош, царна гергахь вай дерриг цхьаъ хилар, цхьа нохчий хилар ца дицдеш, Дала бохучуьнца нисделла, дIадаха хьовсахь, Дала гIо дийр ду вайна иштта хила.Кхо-диъ элп Iамийна, хьен тIум лаца а ялаза, хIара ширк ду, хIара бидIат ду, хIара керстаналла ду, хIара национализм ю, бохуш, нахана юккъехь питане, зуламе мел дерг, къоман барт бохош, къоман цхьаалла йохош мел дерг даржош, дийнахь-бусий ондда къахьоьгуш бу Делан а, нехан а мостагIий. И нах юкъабаржжалц, вайн ворхIе а дехь дуьйна, массара а, Дела цхьаъ веш, Элча бакъвеш, эвлаяаш къобал беш, сийлахь дерг сийлахь долуш, цхьабарт болуш, диканна, вонна цхьаьна дIа а хIуьттуш, схьадаьхкинера вай. Арахьара мостагI хала вац. Хала ву – хьан чуьра мостагI, хьоьца хьан мотт буьйцуш, ламазехь хьоьца могIарехь а нислуш, хьуна вела а къежаш, юха хьуна кIелонна а хуьйшуш, хьан ког шершича там хуьлуш, хьан ког чIагIбелча цатам хуьлуш. Билггал, бIаьрла волу хьан эзар мостагI гIолехь ву-кх тешаме воцчу хьан-хьайн стагал!Кху махкахь бийца бух болуш, цIеначу нохчийн хIух схьаваьлла волу стаг царна тIаьхьавозург цахиларх тешна ду-кх вайн сийлахьчу дайн чарташ, бIешерашкахь вай мел лайначун теш хилла лаьттина долу и къоьжа, бохь лекха лаьмнаш, къоман а, мехкан а маршонан дуьхьа вайн сийлахьчу турпалхоша, къонахаша дIаделла синош. Хабаев ИсмаьIил