Основы поклоненияСемья и дети

ЛАМАЗ ДАР

Ламаз уггаре а деза Iибадат лоруш ду бусалба динехь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Массо хIуманан корта Ислам дин ду. Цуьнан бIогIам ламаз ду, Делан новкъахь къахьегар цуьнан бух бу». Иштта Муслима далийначу хьадисехь ду: «Ламаз дитинарг куфр (керсталла) динарг ву», – аьлла.
Дала уггаре а хьалха тIедиллина Iибадат ду ламаз. Веза-Сийлахьчу АллахIа Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ворхI стигалал лекха ваьккхина, Жабраил-маликал (Делера салам хуьлда цунна) Шена герга а вигна, омра дина цуьнга, ламаз де, аьлла. Ламазна тIера долалур ду адаман Iамалийн хьесапдар. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Къематдийнахь адаман Iамалех хьалха хьесап дийр дерг ламаз ду. И нийса хилахь, йисина Iамалш нийса хир ю, гал хилахь, йисина Iамалш гал хир ю».

Ламаз эцаран кеп — «БисмиллахIиррохьманир-рохьим. Ас ниййат ди, ламаз эцаран суннаташ кхочушдан, Делан дуьхьа» – аьлла, ши куьг дуьлур ду (кхузза);
2 — Бага хи кхорзур ду аьтту куьйга (кхузза);
3 — Мер чу хи кхорзур ду аьтту куьйга, мара аьрру куьйга цIанбийр бу (кхузза). Бага, мер чу цхьаьна хи кхарзар бегIийла лерина.
4 — «Ас ниййат ди, ламаз карара далар дIаайа, Делан дуьхьа» я «Ас ниййат ди, ламаз эцаран фарзаш кхочушдан, Делан дуьхьа», – аьлла, ниййат деш, юьхь юьлур ю (кхузза); Юьхь юьлуш, хьаьжа тIе, лергийн йистошка, чIенги тIе, лога тIе хи кхачийтар важиб ду. Юьхь йила хьаьжа тIера волалур ву (лакхара охьа). БIаьргийн сенаш хьакхор дика лерина ду.
5 — Голаш цхьаьна аьтту пхьарс буьлур бу, хьалха пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
6 — Голаш цхьаьна аьрру пхьарс буьлур бу, хьалха пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
7 — Коьртана масхьу деш, керлачу хица тIадийна ши куьг коьртах хьокхур ду (кхузза);
8 — Юха а ши куьг тIадийна, чухула (хьажо пIелгаца), тIехула (нанапIелгаца) лергашна масхьу дийр ду (кхузза);
9 — Хьорка а цхьаьна аьтту ког буьлур бу, пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
10 — Хьорка а цхьаьна аьрру ког буьлур бу, пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза).

Ламаз эцна ваьлча, хIара доIа дар
суннат ду
АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу́ ва росу́лухIу. Алло́хIуммажIальни́ минат-тавва́би́на, важIальни́ миналь-мутатIоххIири́на (Ас тоьшалла до, АллахI воцург, кхин Дела вац аьлла; Ша цхьаъ ву Иза, Шеца накъост воцуш. Ас тIаккха а тоьшалла до, Мухьаммад Цуьнан лай а, Элча а ву аьлла. Везан Дела, со тобадиначарах а, цIанойиначарах а вехьа).
Ламаз еза Iамал ю. Цундела цунна кечам беш, ламаз лерина эца деза. Дика лерина ду, ламаз къилбехьа (ламазе воьрзу агIо) вирзина эцар, ког-куьг хьорканел сов долуьйтуш дилар.
Ткъа ламаз оьцуш дукха хи Iенорах ларвала веза, ламаз оьцуш волуш къамел дар дика дац. Ша ламаз эцалуш волуш, кхечуьнга шена гIо дайтар (хи доттийтар, …) дика дац, юьхьах (тIараш детташ) хи деттар дика ца лерина.
Ламаз карара долу шен гIуллакхна хьаштагIа чу вахча я мох арабаьлча, набкхоьтуьйтуш дIавижча, хьекъала чуьра ваьлча, яло хьанал йолчу зудчух хьакхавелча. Ламаз карара даьллачо, ша ламаз дан валлахь, юха а ламаз эца деза.

Ламаз деш волчо лардан деза ламазан гIиллакхаш
Адам шен дахарехь гIиллакхе хила дезаш ду. Цуо гIиллакх лело деза шена гонах мел долчуьнца: нахаца, дийнаташца, Iаламца. Дика адам вуочух гIиллакхо къастадо.
Ламаз деш волчо шен дагахь хилийта деза ша АллахIана гуш хилар. Ламаза тIехь меттахъхьуьйр вац, ламазана хьала-охьатаIар доцург, я аьтту, я аьрру агIор хьоьжур вац, я куьйган пIелгаш лестор дац, кхийолу меженаш меттахъхьейийр яц цуо, ламаза тIехь меттахъяккха езашъерг бен. Ламаз деш верг стигала, дIаса хьоьжур вац, ша сужда дечу метте хьожур ву.
Ламаз деш верг шен дегIнисдеш дIахIуттур ву; цхьана кога тIера вукху кога тIе а хIуьттуш, ловзур вац иза, хIунда аьлча и меттахъхьеро Делах кхерар дIадоккху цуьнан даг чуьра. Иштта, бусалба стага шен духар тIехь я ламаз дечу меттехь адамийн я хьайбанийн сурт долуш,ламаз дар дика дац. Цул сов, ламаз деш йолу меттиг, тIера бедар цIена хила езаш ю. Ша ден ламаз, сих ца луш, хьала-охьа таIарехь, нисваларехь тем беш дан деза бусалба стага.

Ламаз дохош долу хIуманаш
Ламаз духур ду хIокху тIаьхьадогIучарах цхьаъ ламаз дечуьнгара даьлча:
1) Лаамана вистхилча я, шина элпах лаьттарг даьлла а, дош далахь. Амма, вицвелла, дош аьллехь я лаамза велар иккхинехь, ламаз духуш дац;
2) Дуккха и меттахъхьийча я рукнийн кеп хийцича. Цхьана рукнехь тIеттIа кхузза меже меттахъхьайича я кхо меже цхьаьна меттахъхьайича, ламаз духуш ду. Масала, Бисмилла доьшуш, корта, куьг меттахъхьадина, ког баккхахь, ламаз духуш ду. Амма цхьана куьйгаца коьртара пес нисъяро, я шега салам делча куьйган эшарца и схьаэцаро ламаз ца дохадо;
3) Цуьнан дегIа тIе я бедар тIе нажжас (боьхалла) хьакхаелча;
4) Iавратах цхьа хIума гучуяьлча;
5) Цхьа хIума кхаьллича я мелча (хууш я вицвелла);
6) Дуьххьарлера салам далале хьалха цуьнан ламаз карара даьлча;
7) «Ахьа-ахьа» аларца и велавелча я вилхича;
8) Динах араваьлча;
9) Хуъушехь, рукна хадийча (кхочуш ца йича). Масала, рукуIе охьакхаьчна валале хьаланисвалар;
10) Ламазан рукна йитича;
11) Хуъушехь, рукнанийн рогIалла хийцича.
Магомадов Сулиман.