Основы поклонения

Буьйсанан ламаз – мелан хазна

siluet-orang-shalat-2Буьйсанан ламазан дозалла гойтуш ду Лекха волчу Дала Шен Пайхамаре (ІалайхІис-салату вас-салам) иза де аьлла омра дина хилар, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «Буса (вижинчуьра гІаттий), Къуръан дешарца (тах1аджуд) ламаз де, хьо Кхиош-кхобучо (Эхартахь) хастаме йолчу меттахь д1атарвийрву хьо».
(«Исраъ» сурат; 79-гІа аят)
ХІара омра Делан Элчане (ІалайхІис-салату вас-салам) дина делахь а, массо а бусалба нахе кхочуш ду, цунна тІаьхьадазар вайн декхар долу дела.
Буьйсанан я Iуьйкъан ламаз дар вайна деза суннат ду.
Буьйсанан ламазаш деш берш, Делан къинхетамна а, Цуьнан диканна а хьакъболуш хилар билгалдина ду. Дала, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла «Баккъал а (Делах) кхийринарш (ялсаманин) бошмашкахь а, шовданашкахь а (хир) бу, шайн Кхиош-кхобучо мел луш, шайна делларг (ниІматаш) схьаоьцуш, (Дала шайна биначу лерамна резаболуш). Баккъал а уьш хьалха (шаьш дуьненчохь болуш) дика Іамалш еш хилла, буса наб яр кІезиг долуш (ламазаш дукха деш) хилла, Іуьйкъенашкахь (шайн ледарлонашна) гечдар доьхуш хилла».
(«Аз-Зарият» сурат;
15-18-гІа аят)
Буьйсанан ламазаш деш болчарна Лекха волчу Дала ийманца тоьшалла дина, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «Баккъал а Тхан (Къуръанан) аятех тешаш берш – цаьрца шайна хьехам бича (Далла хьалха) суждане оьгуш берш бу, шайн Кхиош-кхобучунна, Цо шайна деллачу ниІматашна тасбийхь доккхуш хастам беш, Цунна муьтІахь хила Іибадат дан куралла ца еш берш бу. Церан агІонаш (догІмаш) айло буьйшучу меттигашкара (тахІажжуд ламазна гІовтту уьш), шайн Кхиош-кхобучуьнга, (Цуьнан) Іазапах кхоьруш, къинхетаме догдохуш (доІанаш деш) кхойкху цара, Оха шайна деллачу рицкъанех (дикачу агІор) харжаш йо цара».
(«Ас-Саждат» сурат;
15, 16-гІа аят)
Буса ламазаш деш берш а, буьйсанан ламаз дитина берш а цхьатерра цахилар гойту Лекха волчу Дала Шен дашехь: «Далла муьтІахь хилла, Іибадат деш, буса сужуд деш ламазехь лаьтташ верг, эхартан Іазапах кхоьруш верг, шен Кхиош-кхобучун къинхетаме (ялсамане) догдохуш верг, тера вуй керстаналла деш Іесаваьллачух? Ахь ала: «Цхьатерра буй хууш берш а, цахууш берш а?». Баккъал а хьекъал дерш кхетар ма бу».
(«Аз-Зумар» сурат; 9-гІа аят)
Хууш берш а, цахууш берш а цхьатера цахиларе терра, Далла муьтІахь берш а, Іеса берш а бац цхьатерра бохург ду иза.
ХІорш буьйсанан ламазан дозалла дуьйцучу аятех цхьадерш ду. Цул сов, буьйсанан ламазан дозалла дуьйцуш дукха хьадисаш ду. Делан Элчано аьлла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «ХІай нах, салам даржаде, яахІума а яае, гергарлонаш леладе, нах бийшина болуш ламазаш а де, ялсамане гІур ду шу маршонца».
(Ат-Тирмизий)
«Кхиош-кхобург (Цуьнан къинхетам) лайна уггар герга хуьлу буьйсанан (кхаа декъах) тІаьххьарчу декъехь, оцу хенахь Лекха волу Дела хьехочарах хила хьайн ницкъ кхачахь, хилалахь».
(Ат-Тирмизий)
«Марха кхабарна Рамазанал тІаьхьа уггар сийлахь берг, Делан бутт Мухьаррам бу, фарз-ламазал тІаьхьа уггар сийлахь дерг буьйсанан ламаз ду».
(Муслим)
«Буьйсанан ламаз дийнахь диначу (суннат-ламазал) деза ду, къайлах делла сагІа гучохь деллачул деза хиларх терра».
(Ат-ТІабраний)
Іайшата дийцина: «Баккъал а Делан Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса ламазехь лаьтташ хилла, шен когаш бестталц, царна тІера чкъор лелххалц. Ас элира тІаккха: «ХІара хІума хІунда до ахь (хьайна тІехь), хьалха хиллачунна а, тІаьхьа тІе хиндолчунна а (хьан дикалле диллича, къа ларалуш долчу хІуманна Дала) хьайна гечдина ма ву хьо?» Цо элира: «Суо (Далла) дукха шукра деш (хастамбеш) лай хилар ца деза суна тІаккха?!» – аьлла.
Буьйсанан ламаз тІехь ч1аг1велларг верг, хьесап доцуш, ялсамани чу гІур ву.
Делан салам хиларо аьлла: «Къематан дийнахь нах цхьана меттехь гулбийр бу, тІаккха кхойкхург кхойкхур ву, цо эр ду: «Мичахь бу (буса ламазна гІуьттуш) шайн агІонаш (догІмаш) буьйшучу меттигашкара айбелларш?» ТІаккха цхьа кІеззиг нах дІахІуьттур бу, хьесап доцуш, ялсамани чу гІур бу уьш. Цул тІаьхьа кхиболу нах хьесапе (бигарца) омра дийр ду».
(Аль-БайхІакъий)
Буьйсанан ламаз Далла герга вуьгуш а, вон Іамалш дІайойуш а, могашалла тоеш а ду.
Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Буьйсанан ламаз дар тІехь ду шуна, баккъал а иза шул хьалха дІабаханчу дикачу нехан Іадат ду, Кхиош-кхобуш волчунна шу герга дуьгуш, вон Іамалш дІайойуш, къа долу хІума дарх сацош, дегІера цамгар дІайоккхуш ду».
(Ат-ТІабраний)
Буьйсанан ламазах Ιаьрбийн маттахь къияму-ллайли олу, буса дΙавижинчул тΙаьхьа гΙаьттина деш долчух – тахΙажжуд (наб йитаран) ламаз олу.
«Ас нийят ди къияму-ллайли (буьйсанан) ши ракаΙат суннат (вижинчуьра гΙаьттинехь, тахΙажжуд (наб йитаран) ламаз Далла дан, АллахΙу Акбар», – аьлла, доьхкур ду.
Буса деш долу ламазаш шишша ракаIат доьхкуш дийр ду. Элчано ма аьлла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
«Суннат ламаз шалха-шалха ду».
(Аль-Бухарий, Муслим)
Буьйсанан ламазан дукхаллин биллина барам бац. Жундаб кΙанта Сумрата аьлла: «Делан Элчано (ΙалайхΙи-ссалату ва-ссалам) омра динера тхоьга дукха дай а, кΙеззиг дай а, буьйсанан ламазаш де, уьш витрунца дерза а де аьлла».
(Ат-ТΙабраний)
Шеца деш долчу суннат-ламазца цхьаьна пхьуьйра-ламаз дина ваьлча, лаххарчу барамехь цхьа ракаΙат витру ламаз динарг а буьйсанан ламаз динарг лору.
Амма барамах гΙолехь дерг Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ламазех Ιайшата (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг ду: «Рамазан-баттахь а, и боцучу хенашкахь а цхьайтта ракаΙатал сов ца волура иза…».
(Аль-Бухарий, Муслим)
Цуьнан хан пхьуьйра-ламаз диначул тΙаьхьа, Ιуьйра-ламазан хан хиллалц ерг ю.
Буьйса шина декъе екъча, шолгΙачу декъехь динарг дозаллехь сов ду, кхаа декъе екъча, юккъера дакъа деза ду, ялх декъе екъча доьалгΙа а, пхоьалгΙа а дакъа сийлахь ду.
Делан салам хиларо, фарз-ламазал тΙаьхьа ламазех уггар сийлахь дерг муьлха ду аьлла шега хаьттича: «Буьйса юккъе яхча дина долу ламаз ду», – аьлла.
(Муслим)
Ιибадатан уггар хала йолу хан ю иза, гΙопал хилар чΙогΙа долу хан а ю. Иштта цо (ΙалайхΙи-ссалату ва-ссалам) аьлла: «Ламазех Далла дукхадезнарг – Давудан (ΙалайхΙи-ссалам) ламаз ду, ах буьйса набарца дΙахьош хилла цо, цуьнан кхоалгΙа дакъа ламаз тΙехь доккхуш хилла, ялхолгΙачу декъехь охьавуьжуш хилла».
(Аль-Бухарий, Муслим)
Цхьаболчу Ιелимнаха буьйсанан кхаа декъах тΙаьххьара долу кхоалгΙа дакъа ламазна деза ду аьлла, цара шайна далийна долу делил (тоьшалла) Элчанан (ΙалайхΙи-ссолату ва-ссалам) хьадис ду: «Вайн Дела (Цуьнан омранца болу кхайкхам) хΙора буса, цуьнан тΙаьххьарчу кхоалгΙачу декъехь дуьненан стигала охьавуссу, тΙаккха Цо олу: «Соьга доΙа деш волчунна Ас жоп лур ма ду, Соьга (хΙума) доьхуш волчунна Ас лур ма ду, Соьга гечдар доьхуш волчунна Ас гечдийр ма ду».
(Аль-Бухарий, Муслим)
Шен пхьуьйра-ламаз а дина, буьйсанан ламазна гΙоттур ву-кха ша аьлла нийят долуш дΙавижинчунна, иза кхин сама ца волуш, Ιуьйра-ламазан хене ваьлча а, мел хир бу цунна.
Абу-Дардаа далийначу Элчанан (ІалайхІис-салату вас-салам) хьадисехь ду: «Буса хьалагΙаьттина, ламаз дийр ду ша аьлла нийят долуш дΙавижинарг – набаро эшийна, иза Ιуьйренга ваьлча, цо дагалаьцнарг дΙаяздийр ду цунна. Цо йина йолу наб шен Делера сагΙина хир ю цунна».
Ша буса гΙаттаза висарна кхоьручо, дΙавижале буьйсанан ламазаш дойла, тΙаьхьара витру ши ракаΙат а, тΙаккха витру цхьа ракаΙат а деш. Цул тΙаьхьа буьйсанна я Ιуьйкъана самаваьлла шен тахΙажжуд ламазаш дан лаахь, Абу-Давуда а, и воцучо а дийцинчу «Цхьана буса шиъ витру ца хуьлу», – бохучу хьадисана тΙетевжина ламазаш дийр ду; ша дΙавижале тΙаьххьара динчу цхьа ракаΙат витру (нечетни) ламазах шафΙу (четни) хилийта хьалха цхьа ракаΙат витру-ламаз а дина, тΙаккха шена ма-луъу тахΙажжуд ламазаш дийр ду, цул тΙаьхьа уьш дерзош, юха витрунца дерзор ду. Ибн Ιумара а, Турпал-Ιелас а (Дела реза хуьлда цаьршинна), и шиъ воцчо а динарг, аьлларг ду хΙара.
Буьйсана я Ιуьйкъана гΙаттар шен Ιадат лаьцначо, витру-ламаз тΙаьхьататтар мелехь ду.
Иштта мелехь ду шен хΙусамнана а ламазна гΙаттор. Абу-ХΙурайратера долчу Элчанан (ΙалайхΙи-ссалам) хьадисехь ма ду: «Дала къинхетам бина, буса хьалагΙаьттина, ламаз дина, шен зуда а самаяьккхинчух (ца гΙоттуш) дуьхьалъялахь, цо юьхь тΙе хи тухур ду цунна. Дала къинхетам бина буса хьалагΙаьттина, ламаз дина, шен майра а самаваьккхинчух, гΙатта реза вацахь, цо юьхь тΙе хи тухур ду цунна», – аьлла.
Буьйсанна самаваьлча, набаран лар дΙайоккхуш юьхь тΙе куьг хьокхур ду, цергаш цΙанйийр ю, стигал хьалахьаьжна, «Субхьанал-Маликил-Къуддус» эр ду. Цул тΙаьхьа «Алу-Ιимран» суратан чаккхенера итт аят доьшур ду (Инна фи халкъи-ссамавати вал-арзы) бохуш долалуш ду уьш. ХΙокху аятел хьалха а, тΙаьхьа а Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш хилла долу доΙанаш дийр ду, «Бусалба стеган гΙап» олучу, вайн матте даьккхинчу жайни чохь хьалхарчу декъехь яздина а ду уьш.
Иштта мелехь ду буьйсанан ламазаш дацдина долчу шина ракаΙатца долор, цул тΙаьхьа деш дерш шена ма-луъу дахдар. Фатихьатал тΙаьхьа деха сураташ доьшуш ламаз тΙехь латтар, юх-юха доьхкуш дацдеш дукха динчу ламазел а сийлахь ду.
Буьйсанан ламазаш мел кΙеззиг дина а деш хилар, дечо цадитар мелехь ду. Делера салам хиларо ма аьлла Ιамр бин Ιас кΙанте ΙабдуллахΙе: «ХΙай ΙабдуллахΙ, буса ламаз деш, тΙаккха дуьтуш волчух тера ма хилалахь», – аьлла.
(Аль-Бухарий, Муслим)
ТахΙажжуд ламаз деш волчо иза дитар карахΙат (динехь ца дезаш долу хΙума) ду бохург ду иза.
Буса дечу суннат-ламазна гΙаьттинарг, шен наб дΙа ца ялахь, юха дΙавижар гΙоле ду. Ιайшата далийначу, Делера салам хиларан хьадисехь ма ду: «Шух цхьаъ буса гΙаьттича, Къуръан нийса ца доьшуш, ша дуьйцург хΙун ду ца хууш верг – юха дΙавуьжийла», – аьлла.
(Муслим)
Иштта Ιайшатера (Дела реза хуьлда цунна) ду: «Ιамалш шайн ницкъе хьаьжжина йе, ВаллахΙи, Дела шун мел дΙахадош ма вац, аш шайн Ιамалш дΙахадаяллалц», – бохуш долу хьадис а.
(Аль-Бухарий, Муслим).

 

Муртазаев С.