Вопросы и ответы по Шариату

Наха хоьтту, Хож-Ахьмада дуьйцу

Кехатех (карташ) ловзар бусалба динехь мегаш йа ца мегаш сацам бина дуй?

Кехатех ловзаран хьокъехь Дала Къуръан чохь аят далийна, иза бехкам бина ду вайна. Бусалба нахана шовкъе ловзарш Дела хьехорехь, ламазаш дарехь, Къуръан дешарехь г1опала веш долу х1уманаш, Далла гергахь Іамал оьшуш хьо волу дела, дуьненахь пайдехь хьуна доцу дела, уьш бехкамаш бина вайна Дала Къуръан чохь аятца. Цундела цуьнга а хьаьжна, кехатех ловзар магийна дац, къаьсттана, йуккъе даьхни а дуьллуш, цунах даьккхина долу даьхни хьарам хир долуш, цо къахьоьгуш даьккхина долу даьхни бехлур долуш, беркат оцу балехь эшор долуш ду. Цундела и беркат эшорах вай лардаларан дуьхьа вайна бехкам бина. Кехатех ловзар хилла ца Іаш, хьо Дела хьехорах д1ахьийзош долу хІума — муьлхха а. Х1инца къаьсттана, нахера схьадаьлла долу х1ума ч1ог1а т1елоцуш ду вайн бераш. Г1алийн урамашкахула хьо волавелча, цхьацца Іиндаг1ашкахь хевшина нардех ловзуш карабо, иштта баккхийнаш а карабо, уьш Дела оьг1азвахана долу ловзарш ду, Дала ца магийна ловзарш ду уьш. Цундела Дела хьехорехь хьо г1опал веш долу хІуманаш хьарам ду.

Цхьаболу нах Дела цхьаъ веш хуьлу, амма ламаз деш ца хуьлу. Хьо бусалба вуй, аьлла, шайга хаьттича, лата а г1ерташ хуьлу, амма ламаз ца до, марха ца кхобу. Ишттачу нахаца гергарло а, царна саг1ийна х1ума йалар а муха ду?

Бусалба динан арканаш пхиъ йу: хьалхарниг — иза, керстанан хьолера стаг бусалба воккхуш, шахІадат даладар ду, цо шахІадат далийнехь, бусалба а ву иза, велча бусалба стаг санна д1а а вуллур ву иза. Амма бусалба дин дуьззина хилийта лело йезаш цунна тІаьхьа йог1уш йолу йиъ рукъун йу: ламаз дар, закат далар, марха кхабар, ницкъ кхачахь, Делан ц1ен т1е — Хьаьжц1а вахар.

Иштта и нах хьо санна Дела хьехорехь жигара бацахь а, зуькаршкахь гуш бацахь, а рузбанехь, маьждигехь уьш гуш бацахь а, уьш хьайна дуьхьалкхетча, цара хьайга салам делча, х1ара-м керста вара аьлла, цуьнан духаре хьаьжна, цо ша бусалба ву аьлла делла долу салам духа ма тоха. Иза бусалба ву, цундела цуьнан оцу бехкамашца лерам бан безаш бу.

 Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен заманахь керста нахаца а лелийна гергарлонаш, вайна бехкам ца бина и лелорехь. Бакъду, безамаш ма хитта царех, боху вайга, амма хьайн дуьненан йукъаметтиг лелон декхар ду, лулахь и велахь, хьайн бусалба вешел тешаме волуш, оцу керстанца ваха а мегаш, вайна и т1е диллина хилча, муха къестар ву бусалба нахах. Ша бусалба ву бохуш волчу стаге, хьо вац олийла дац. Тахана цхьаъ нисделла бусалба дин чу нисвелла иза, Делан къинхетам цунах хьарчахь, кхана ламаз долор ду до, закат лур ду, аьтто баьлча, Хьаьжц1а вахар хир ду цуьнан. Делехь ду и нисвар, вайгахь дац. Цундела бусалба стаг ву ша бохуш волчунна, хьо вац аьлла, букъ тоха мегар дац, цуьнца дика хила веза, цунна х1ума кховдо мегар ду, цуьнца лерам лело мегар ду, накъосталла дан мегар ду. Вайн бусалба дин ц1ена дин ма ду, керста нахана шех эхь хоьтуьйтуш, ма оьзда нах бу и бусалба нах, аьлла. Церан бІаьргаш т1ехь соцуьйтуш, шех б1аьрг дІа ца бодуьйтуш долу хаза г1иллакхаш х1отто дезаш ву бусалба стага шен динца. Цундела и вайна т1ехь ду. Дала иштта халкъаца дазар лойла вайна.

Нехан х1уманна т1екховдар, церан хІума лачкъор бусалба динехь муха лоруш ду? Цунах лаций алахьара, боху.

Даккхийчу къинойх къа ду нехан хІуманна т1е куьг кховдийна, и шен долайаккхар, «лачкъор» олу вай цунах. Ламазехь вайн хиллачу ледарлонна, марха кхабарехь хиллачу ледарлонна, закатехь хиллачу ледарлонна, хьаьж дарехь хиллачу эшамна, «Шена луучунна гечдийр ду Ша, Шена лиъначунна Іазап лур Ша» — аьлла, и Шен лаамехь дитина Дала. Амма нехан хьакъ дууш волу стаг, цо и хьакъ диъна волу стаг къинтера ца ваьлча, геч ца дича, йа цуьнан хьакъ йуха ца дерзийча, Дела оцу нехан хьокъана гечдийр долуш вац. Нехан хьакъ нехан ду. Цуьнан къа ас цхьана масалца гойту шуна. Стеган мах хадийна шари1ато б1е эмкал, и мах хадийна волчу оцу стеган къолана кховдош долу и куьг, цу цхьана куьйган мах шовзткъе итт эмкал мах бу вайн. Девнехь д1адаьккхича, цунна такхам беш хилча, нийсса ах дег1ан мехах хуьлуш долу и куьг, къолана кховдийна, цхьа динаран доьалг1а декъе кхачаллц долу и даьхни лачкъийча (вайн ахчанца кІезиг хІума йу иза, б1е туьма), оццул деза долу и куьг даккха боху шари1ато. Оццул охьабаьккхина къолано оццул сийлахь долчу куьйган мах. Къа мел хир ду, и хоттуш волчуо ша ойла йийр йу. Оццул сий дайина-кх къолано оццул Дала сий дина йолу меженан. Дала лардалар лойла вайна хьарамах а, нехан даьхнех а.

 Деца-ненаца оьзда а йолуш, шена ала х1ума а доцуш, цхьана а кепара ледарло а йоцуш йу ша, т1аккха вайнехан к1анте маре йахар шен нислуш ца хилча, кхечу къомах волчу к1анте маре йаха мегар дуй?

Бусалба динехь, бусалба дин лелош болу нах, мичча къомаха хуьлийла, мичча меттера хуьлийла, мичча махкара хуьлийла, вовшашна зуда йина йало а, маре йаха а маьрша ду. Амма цхьа хьекъал а, кхетам а болчу наха шайн доьзалан кхиар цхьана хоршехь латто г1ерташ, гергарлонаш вовшашца дина. Шемин, Туркойн, Иорданин мехкашка д1а а бахана, имам Шемалан заманахь дуьйна, вайн исторехь цхьацца т1емаш хуьлуш, дІаихна дукха нах бу вайн. ДІабаханчу меттехь цара шари1ато магош долу захалонаш дина. Масала, девешин к1анта дейишин йо1 йалош гергарлонаш дина, кхечу къаьмнашца и захалонаш ца дан г1ерташ, шайн къам Іалашдан, шайн мотт Іалашбан, шайн г1иллакхаш Іалашдан г1ерташ. Дела реза хуьлда царна, ас дукха лекхара мах хадийна х1ума ду иза, шайн хьекъалан лакхалла дина цара иза. Кхечу къаьмнашка хьо маре йахча, дехьо-о мел йели йахар хала хир дуй-те хьан, сан йиша? Тахана ца йуьгуш йелахь а, кхана йига ма тарло хьо. Ницкъ кхаьчча, шен къомаца гергалонаш лахахьара. Амма хилла даьлча, муьлххачу къомах хилча а, башхалла йац, бусалба хилчахьана.

Дела хьехочу хенахь шовкъ йог1ий, кхетамчуьра волий хуьлу цхьаверг. Дала, шайн шовкъ йеанчу хенахь, Ша ма хьехаве, аьлла олуш, хезнера шена цхьаболчара. Дела хьехочу хенахь шовкъ-марзонца, ша кхетамчохь волуш, стага Дела хьехаварх а, шовкъ йеана кхетамчура волуш, стага Дела хьехаварх а лаций алахьара боху.

Дала шен Къуръан чохь вайга омра дина ду: «Ша хьехавелаш, Ша цхьаъ варца, Шена хастам барца, Ша хьехош хилалаш Ша деллачу ни1матаца, Ша шу хьехор ду шуна ни1матехь шу совдахарца, шу динехь нисдарца, шу диканца Ша хьахор ду», боху. «Ша хьехаве хьо цхьаъ волуш а, тобанца волуш а. Цхьаъ волуш Ша хьехийнарг ша волуш хьахор ву Ша иза, тобанца Ша хьехийнарг шу тобанал дикачу тобанца хьахор ву Ша, маликийн тобанца», — боху Дала. Дала вайга вовшех ирс эцийтархьама межлисехь вай цхьаьна долуш Ша хьехавар, Шена гергахь лекха дуйла хоуьйтуш, гучудаьккхина оцу дашца. Межлисехь а, жамІатехь а вай Дела хьохоро вайна х1ун ло аьлча, вовшех ирс эцар ло вайна, вовшех шовкъ эцар ло вайна, вовшех марзо эцар ло вайна. Шовкъаца Дела хьехо мегар дац бохуш верг, иза цунах нийса кхетта вац. Шари1ат чохь тарикъаташ ду, накъшбандин тІарикъат ду, шазалин тарикъат ду, къадирин тарикъат ду. Оцу тарикъаташ чохь болчу наха Дела хьехор шайн башхаллаш йолуш туьдуш ду. ЖахІранца (хезаш) хьехор хаьржина цхьаболчара, къадирин тарикъат олу цуьнах. И бохург х1ун ду? Г1овг1а ч1ог1а йарца, йиш айарца, тохаваларца, тахкарца хаьржина цхьаболчара Деле боьду некъ, цунах г1опала к1езиг йу бохург хаьржина цара. Накъшбандин тарикъато тап-аьлла тийна хьехор хаьржина, ойла йарехь сов ду бохург хьалхадаьлла церан. Г1опаллехь хилар к1езиг долу дела тохаваларца, веттаваларца, таьхкарца, ластарца, йиш айарца, къадирин тарикъат болчара иштта хаьржина, накъшбандин тарикъато — г1ийла, охьатаьІна хиларца. Х1инца адам цунах нийса кхеташ дац, накъшбандин тарикъатехь долчу жайнашка хьо хьаьжча, накъшбандин тарикъатехь болчу наха Дела хьехочу заманчохь, хье йуккъе цунна олхазар хиъна хилча, и олхазар тахка а техкина  новкъарло йийр йоцучу кепара хьехор — дагца хьехор ду иза. Ткъа х1инца массо а цхьатерра ийна Дела хьехош ду вай. Йа ирх кхийсалуш, йа го боккхуш воьдуш и ца хилча, охьахиъна цо Дела хьехийча, цо мел ч1ог1а хьехийча а, и накъшбандин ду моьттуш хуьлу, иза иштта дац. Накъшбандин бохург, йиш тийна йолуш, къайлах Дела хьехор ду. Къайлах Дела хьехош берш Делан дикане кхачабойла. Шовкъаца Дела хьехош берш, вовшашкара шовкъ-марзо оьцуш, шайн дег1ера г1опала ДІа а йоккхуш, ирс-пайда оьцуш Дела хьехорца марзо совйоккхуш бу. Дала Шен ийманехь совбохийла уьш а. Коьрта дерг х1ун ду аьлча, Дала вайга Ша хьехаве аьлла, муьлхачу некъаца хьехавойла Иза. Далла т1е марзо йоьдуш ду, хьан дог доьдуш ду, хьайн дагчохь и Дела сецаварехь. Муьлхачу стеган дог ц1ан а делла, Дела хьехоре и даьллачу заманчохь, цуьнан дагчохь ву шуна Дела. Цхьа жимма бен доцчу стеган дагчу Дела ша хьехочу заманчохь охьавуссуш хилча, цуьнан дагчохь хаалуш ву Дела. Делан ц1а хила х1утту муьлха стеган дог и Дела хьехош волчу заманчохь. Оццу хенахь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен дашехь аьлла: «Дела хьехочу меттехь хьераваьлла ву моттуйтуш дукха хьехавойла Дела». Цундела, инкарло йарх Дала ларвойла, мотт лен а ца беш, дагца Дела хьехош, тап-аьлла Дела хьехош волчунна, къахьегарца, веттаваларца, шен дагна ницкъбарца, и Дела хьехорехь ша-шена соввуьйлуш, духьалх1оьттина волчо, цуьнгара шовкъ оьцуш, Дела хьехош болчарна а. Къинхетаме волчу Дала массарна а и Дела вовзар а, Дела везаре кхачар а лойла, Дела хьехочу нахаца марзо лойла вайна, уьш безар лойла вайна. Инкарло йан мегар дац, ирахь зуькар деш болчарна а, охьахевшина зуькар деш болчарна а. Инкарло шайт1анера йу. Дала ма аьлла: «Шу ламаз дина девлча, Дела хьехавойла аш, ирахь хьехавойла, охьахиъна хьехавойла, д1авижна 1аччохь хьехавойла». Ирахь хьахор хьалха х1унда даьккхина аьлча, ирахь Дела хьахош ницкъ бар сов хилча, хьуна йал сов хир йолу дела.

Цхьаболчара инкарло йан там бу эццахь хьехийнарг ламаз ду аьлла. И ламаз ду бохучунна духьал далийна ма ду и аят. Ц1енчу меттехь хьо хилчахьана, хьайн дег1аца ц1ена хьо хилчахьана Дела хьехорехь Дала хьуна бакъо ма йина. Вай вовшашна инкарло йарца иблисан карадоьлху вай. Дела хьехош болчу нехан цхьана а кепара инкарло йан бакъо йац. Дела вовзарехь лакха бийлина болу эвлайааш муха хилла аьлча, оцу Т1арикъатан жайнашка хьаьжча «Альхьамдулиллах1», «Альхьамдулиллах1» аьлла, хьуна Далла хастам бан дагадоуьйтуш, дуккха а х1уманаш хьахадо  оцу чохь. Массо а эвлайаъ вукхунна до1а деш ву боху-кх: «Веза Дела, шен макъамехь кхин а лакхаваккхахьа иза, Айхьа цунна дина долчу диканехь кхин а совваккхахьа иза», — бохуш. Иштта д1абахана и эвлайааш. Тахана накъшбандин т1арикъата чохь ву бохург а, къадирин т1арикъата чохь ву ша бохург а, шазалин т1арикъата чохь ву бохург а, муьлха а хуьлийла иза, Дела вовза г1ерташ, Дела хьехош воьдуш волчу стага, уггаре хьалха, схьаэца дезаш дерг х1ун ду, ша санна Дела хьехош болчу нахана инкарло ца йар. Оцу эвлайааша вовшашна деш долу до1а санна вовшашна дикаллица до1а дар, вовшашна диканиг лаар, вовшашца магар а схьаэца деза вай. Некъаш тайп-тайпана делахь а, и Дела хьехош волчу некъашлахь терго цхьаъ йу вайн, т1аккха вай инкарло йича и терго йохор йу вай, и д1аоьцучу меттехь. Хьуна х1ун хаьара оцу стага лелош болу некъ Шена гергахь мега йа ца мега, аьлла Дела бехк боккхур болуш ма ву. Цундела Дала боккхур болчу оцу бехках ларлуш, вовшашна долу дош д1адоккхуш ма дац цхьанна дашо, Дела цхьаъ вина нах вовшийн вежарий бина ма боху Дала. Хила вай т1аккха вежарий. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) весет дина вайга: «Вовшийн дезалаш, Далла дезар ду шу», — аьлла. Вай вовшашна дезарца бен вайн ийман дуьззина камил хилла х1уттур долуш дац. Вай вовшашна aгlo бетташ, гома хьоьжуш хилахь, иблисана лиънарг деш ду вай. Къинхетаме волчу Дала вовшашца тардалар, магар лойла вайна.