Магомаев Леча
Къоначу журналистийн школа чекхйаьккхинчул т1аьхьа, 1958-чу шарахь «Ленинан некъ» редакце балха веара х1етахь ткъоьсна шо кхаьчна (вина 1939-чу шеран мангалан беттан 12-чу дийнахь) жима стаг волу Леча. Оцу муьрехь газетехь йаздеш, зеделларг долуш ца хиллехь а, амма цунна гуш бара тхан девашас Магомаев Хасмохьмада беш болу болх а, цуьнан хьехамаш а, цуьнан дахар газетаца, нохчийн журналистикица герггара доьзна хилар а.
Леча тхан МагомаевгІеран доьзалера кхозлаг1а журналист ву. Дахарехь муьлхха а г1уллакх иза дезаш, цунна муьт1ахь хилчий бен кхиамца дІа ца доьду. Лечас шен белхан хьалхарчу дийнахь дуьйна гайтира ша хаьржина корматалла шена даггара йезаш хилар. Шена ца хуург хоттуш, зеделларг долчу журналистех Іама боккха лаам болуш вара Леча. Журналистикех лаьцна йолчу литературах хаддаза пайдаоьцура цо. Дукха хан йалале Лечас гайтира ша журналистике ларамза веана цахилар. Редакцехь цунна тІаьхь-тІаьхьа жоьпаллин декхарш тІедахка долийра. Уьш цо кхиамца кхочуш а дора. Кест-кеста хастайора цо йазйина очеркаш, зарисовкаш, проблемаш хьалхах1иттош йолу статьяш, репортажаш. Къаьсттина йазйора Лечас йуьртан бахаман темах лаьцна. Оцу декъехь иза воккха говзанча ву.
Йуьхьанца Леча редакцин йуьртан бахаман отделан корреспондент вара. Ткъа дукха хан йалале, цуьнан корматаллин таронашка а хьаьввсина, оцу отделан заведующи х1отто магийра. Цкъа а хилла дацара партин обкоман бюрохь партехь воцу стаг балха вахийтина, ч1агІвеш. Амма Леча партехь а воцуш, редакцин йуьртан бахаман отделан куьйгалхо хІоттийра. Лечас дика вовшахтуьйхира отделан болх. Уггаре а хьалха цо йиллира йуьртан бахаман штатехь боцчу корреспондентийн йукъараллин редакци. Цунна йукъабахара йуьртабахаман говзанчаш — коьртачу декъана бахамийн говзанчаш а, йуьртабахаман Іилманан-талламан иститутийн Іилманчаш а. Уьш кест-кеста гуллора республикин йуьртан бахамехь долу хьал дийцаре дан, отделана хьалхалатташ долу декхарш билгалдаха. Говзанчаша газете статьяш йазйан график х1оттайора. Иза кхочуш а йора.
Советийн хенахь хІора йуьртахь бохург санна бахам — колхоз, йа совхоз хуьлура, цкъацкъа цхьана йуьртахь шишша а, цул сов а йолуш. Лечина дика бевзара оцу бахамашкара, цигара хилла а ца 1аш, совхозийн отделенешкара а, колхозийн бригадашкара а куьйгалхой, производствон хьалхелелорхой, оцу бахамашкахь долу хьал, хаьара царах тоьлашха болх муьлхачу совхозо, колхозо бо, тІаьхьайуьсург муьлха йу. Лечин дика дІатийсина уьйраш йара республикин йуьртан бахаман министерствон а, к1оштийн а куьйгалхошца а, говзанчашца а. Оцо г1о дора цунна йуьртан бахаман декъах лаьцна материал оьшшучу хенахь а, сихха а кечйан. Редакцин болх цхьана Іалашонна т1ехьажийна дІабахьарехь иза коьртаниг ду.
Зорбатухуш йолчу материалийн чулацамах лаьцна газетдешархочунна алссам хаамаш балархьама а, кхайкхам баран кепехь а Лечас газетехь шуьйра пайдаоьцура тайп-тайпанчу рубрикех. Уьш йара: «Аренашкара хаамаш», «Белхан хьалхелелош йолу кепаш — дахаре». «Йуьртан бахамна — шефийн г1о», «1илманчаша — йуьртан бахамна», «Вай а, Іалам а», дуккха а кхийерш а.
Лечас шен материалаш гуттар а ц1енчу нохчийн маттахь а, газетдешархочун йеша догдоуьтуш а йазйо. Хаза, чулацаме, маь1не хуьлу уьш. «Нагахь санна нохчийн маттахь йазйеш болчу журналисташа массара а Лечас санна шайн материалаш кечйахьара, уьш тойеш болу редакторш оьшуш а бацара», — олура «Даймохк» газетан коьртачу редакторан хьалхарчу заместитела Дадаев Сайд-Хьасана. — Лечин материалаш йоьшуш, ас садо1у-кх».
«Лечех масал эцна, хаьржира ас журналистан корматалла, — дуьйцу республикехь дика вевзаш волчу журналиста Исаев Ахьмада. — Леча ша а ма-хиллара, бакъ, оьзда, к1еда, нийса, дог-ойла г1аттош хуьлу цуьнан статьяш. Иштта ша а ву иза, шен оьздангаллица, шен комаьршаллица, оьшучунна муьлххачу а хенахь г1о-накъосталла дан кийча хиларца, адам дезарца гуонаха болчеран ойланаш шена т1ейерзош. Цундела миччанхьа а болх беш хилча а, иза массара а сий деш а, лоруш а ву.
Йуьртан бахам даггара безарна, к1орггера бовзарна, цигахь долчу хьолан дика а, вуон а аг1онаш шен дагах хакхалуш хиларна Лечас 90-чу шерашкахь, «Даймохк» газетехь ша беш болчу коьртачу балхана йукъах а ца волуш, болх саца а ца беш, «Нохчийн латта» аьлла цІе а йолуш газет диллира. Кхузахь таро хилира цуьнан йуьртабахаман производствехь долу хьал массо а агІор гайта, и аг1онаш шена муха го, йуьртан бахам кхиорна х1ун дан деза бахамийн куьйгалхошна дийцарца царна г1о дан. ХІетахь и газет йуьртабахаман белхахошна йукъахь сий-ларам болуш а, хьашт долуш а, дика д1аоьцуш а дара.
Т1амал т1аьхьарчу уггаре а чолхечу хенахь Лечас болх бира Соьлжа-Г1алин мэрин пресс-службин куьйгалхо хилла а, г1алин «Вести Грозного» газетан коьрта редактор волуш а, цул т1аьхьа «Грозный-информ» агентствон коьртачу редакторан даржехь а. Амма «Даймохк» газет арахецар йухаметтах1оттийча, редакце йухавеара Леча. Карарчу хенахь ша редакцин штатехь вацахь а, цо х1инца а йазйо проблемни а, публицистически а статьяш, лах ца белла церан чулацам, маьІна.
«Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь кхузткъа шарахь сов болх бина Лечас. Оцу хенахь дуккха а диканиг а, вуониг а, халонаш а лайна. Амма ша дерриге а дахарна хаьржинчу корматаллина тешаме хилла висина Леча. Цо йоккха хазна йукъайиллина нохчийн журналистика кхиорна.
Редакцин а, республикин а куьйгалло дуккхазза а билгалбаьккхина Лечин дуккха а шерашкахь ша шен ца кхоош, хьанал бина болх. 80-чу шерашкахь цунна «Ночийн Республикин культурин хакъ волу белхахо» аьлла сийлахь цІе тиллира. Ткъа масех шо хьалха «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгІат дира. Дукха йу цунна йелла Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а, ахчанан совгІаташ а. Амма уггаре а деза, дагна хьоме совг1ат лору Лечас 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана шена белла холхазан куй.
Магомаев Салавди