Год истории-2024 год

1уьйкъана деш долу тах1ажжуд ламазаш вайн Пайхамара (1алайх1и-ссалату ва салам) кхойтта рака1атал цкъа а сов деш ца хиллера, ламаза т1ехь Къуръан дешар дуккха хиллера цуьнан олуш хезнера суна. Т1аккха оцу кхойтта рака1атал дехьа ца волуш дезаш ду и, йа шена мел луъу а дан мегаш ду и 1уьйкъа ламаз?

Дала буьйсанна г1иттар деза хилар гучудаьккхича, вайн Паймахар (1алайх1и-ссалату ва салам) 1уьйкъанна г1иттарца шена ницкъ бан воьлла, ира а х1оьттина, Къуръан дешар совдохуш, настарш йестталц, къахьоьгуш хилла цо. Вижар к1езиг деш хилла  и. Т1аккха  Дала дийцина цунна и. Омар дина цуьнга Дала Джабраила маликан маттехула: «Ницкъ ма бе хьайн дег1ана. Иштта хьоьга хьайна ницкъ бе аьлла, йукъадаьккхина дац Ша и, цуьнан дозалла Ша йийцарх. Х1оккху барамехь хьо вахчахьана, оцу буьйсанний, дийнахьий болчу бараме кхочур ву хьо» аьлла, бийцинчу барамашка г1оьртина, сецна хилла Пайхамар. Цунах ду и кхойтта рака1ат бохург. Мегар дуй аьлча, буьйсанна сахиллалц а 1ен мегар ду, 1ибадат а деш. Цхьабакъду, оцу дег1ан хьакъ а ма ду д1адалаза ца долуш.  И муьлхарниг ду? Шен хенахь д1авижар, шен хенахь кхачанах кхетийтар, шен хенахь сада1ар. Хьо и деш ца хилча, 1амал-1ибадатна а хьайн дег1 эшадо ахь. Цундела, хьайн дег1ан хьакъ а лардеш, хьайн 1амал-1ибадат дай а ца деш, йуккъера некъ а лехна, д1адахьа дезаш ду буьйсанна деш долу 1ибадат.

Ламаза т1ехь руку1е воьдуш а, и1тидале хьалавог1уш а, куьйгаш айдаран хьокъехь тайп-тайпана дуьйцу. Цунах лаций бакъахьа дерг дийцахьара.

Куьйгаш айъарх лаьцна дерг шари1атехь дийцина ду. Куьйгаш ойъур ду ламазна хьала-охьа таь1ачу меттехь, ламаз доьхкуш ма-айъарра, хьала а дохуьйтур ду, йуха охьа а дохуьйтур ду аьлла, билгалдина ду. Цхьаболчу имамаша, и магийна, схьаэцна. Царех ву вайн мазх1абан имам волу Шафи1и. Цхьаболчара и схьа ца эцна, ткъа царех ву Абу-Хьанифат. Оцу мазх1абехь сецна волчу стага шайн имама хьехнарг лелийча, и бехказа ву. Шафи1ин мазх1абехь куьйгаш айъа сацам бина, ткъа вай цу мазх1абехь ду.

Хьекъална эшна болчу цомгашчу нахана ламаз дар т1ехь дуй?

Ламазан дозалле хьаьжна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ламаз доза ду, бусалбанна а, керстанна а йуккъехь». Нагахь ламазехь шу нисделла делахь, кхийолу 1амал нислур йу шун, нагахь ламазехь шу нисделла дацахь, кхийолу 1амал йал йоцуш хир йу шун, аьлла а ду вайн Элчано. Иштта деза дуьйцу и ламаз, цхьанна т1ехь дац ала адамийн г1ора к1езиг ду. И санна долу г1уллакх йуьртан къедано къасто дезаш ду. Цуьнга ала деза, шайн цомгашверг мелла а тергалвина, цуьнан хьекъал зуьйш, цхьацца хеттарш а деш, оцу цомгаш волчунна х1умма а тоса ца долуьйтуш, и цуьнан лазар мел генадаьлла ду билгалдаьккхахьара аьлла. Ламаз т1ера долуш долу белхаш хуур берг къеда ву цу йуьртахь. Цундела и, билгал а даьккхина, д1аалар цу къедана т1ехь ду.

Ламазан хенаш хоуьйтуш рузманаш йу вай лелош. Уьш цхьатерра ца хуьлу, цхьайолчу меттехь цхьа хенаш йу, вукханхьа кхин хенаш йу. Цхьаболчара маьрк1ажа ханний, малхбуза ханний йукъахь ши сахьт хан хила йеза олу. И ламаз нийса хилийта муьлхачу рузманна т1ехьаьжча нийса ду, ткъа ши сахьт хила деза аьлла йолу билгало сецна йуй цигахь?

Ламазах лаьцна долу хаттарш со дезаш ву, цу т1ехь нисбала г1ерташ болчу нехан хаттарш ду уьш. Ламазан хенаш сахьташца йац, ламазан хенаш Дала малхаца билгалйина, маьлхан 1индаг1ца билгалйина, малх кхетарца, малх бузарца, бода къовлабаларца – иштта билгалйина ламазан хенаш. Сахьташ адамаша шайн говзаллица йина х1уманаш йу, сахьташца ламазан хенаш нисйар адамаша шайн говзаллица нисдина ду. Цундела адамаша дина долу х1ума куц хуьйцуш хир ду, оцу адамийн шайн кхетам 1илманан к1оргалле кхачаре хьаьжжина хийцамаш хир бу рузманна т1ехь. Долуш дерг х1ун ду: сатесчахьана, малх кхетталц 1уьйра ламазан хан йу, малх делкъанна йукъаметте д1анисбелча, малхбузехьа д1атевжича, 1индаг1 малхбале д1атевжаш долчу хенахь, 1аьрбаша «завал» олу цунах, аьлча а, товжар. 1индаг1ан товжар ду иза, иза делкъахан хиларан билгало йу. Малхаца а, 1индаг1ца а йу иза. Малхбуза ламазан хан и делкъахан хиллачу хенахь вай дехачу х1окху меттигашкахь малх делкъанна нисбеллачу хенахь, аг1ор т1е хьожуш, мелла а хилла, х1уманна цхьа 1индаг1 хуьлу. Оцу 1индаг1 т1ера т1аккха дахлуш, и 1индаг1 д1адоьдучу заманчохь и ахь х1оттийна йолу х1ума, х1уъу йелахь а, цуьнан локхаллин барамехь, делкъанна малх йуккъе нисбеллачу 1индаг1а т1ера д1а оцу локкхаллин барамехь айхьа и цхьа х1ума йиллича, эцца кхаьчча, и малхбуза хан йу шари1ато сацийнарг. Ши 1индаг1 хила дезий, цул сов хила дезий бохуш, даьхкина акъвалаш (дийцарш) жайнашкахь, къуьйсуш схбадаьхкина, делахь а, толош дерг, сецна дерг, шен жоьпана хьакъдерг ас хьалха аьлларг ду. И малхбуза хан йу, малхбуза хан лаьттах малх д1абуззалц, цул т1аьхьа маьрк1ажа хан йу, малх гучура д1а ма-белли, бода къовла баллалц, бода къовлабалар — пхьуьйра хан йу. И пхьуьйра хан йахло сатассалц. Иштта тидамаш бу, цундела рузманашца долуш долчу х1уманашца доьзна шайна халонаш ма йе, маьлхаца тидам бан 1амаде шайна. Бакъду, вай долчохь цхьа а маьждиг доцучу хенахь, шайн жама1ат дохаза, жама1ат рузба дохаза хиллачу заманчохь, пачхьалкхаца бертахь а долуш, доккха шайн дина маьждигаш дара Хасавйуьртахь, Буйнакск шахьарахь, Махачкалахь, Таьшкичохь. Рузбан-ламаз дан оцу хенахь цига ихначех ву со. Цигахь цара лелийна йолу рузма х1окху сохьтехь лелош ду тхо, иза т1ех нийса хета суна. Вайн махкахь цхьаццамо х1иттина рузманаш гина суна. Делахь а суна зеделларг вайлахь рузба доцучу хенахь Хасавйуьртахь лелийна йолу, вайлахь дин лело г1ело йолчу хенахь, шайн динан маршо а, парг1ато а йолуш, ондда къахьегна 1елимнах болуш, цара лелийна и рузма йу ламазан тидам бан луучунна, и лелийначохь нийсо хир йу моьтту-кх, ткъа хаар Делехь ду.