Музаев Нурди
1913-чу шеран эсаран беттан 15-чу дийнахь Белг1атойн-Эвлахь бехачу нохчийн доьзалехь дуьненчу ваьлла поэт, йаздархо, драматург, гочдархо, 1илманча, хьехархо Музаев Нурди. Йуьртара школа кхиамца чекхйаьккхина, дешна Соьлжа-Г1аларчу рабфакехь, Москвахь журналистикин институтехь. Болх бина «Ленинхо» газетан редакторан даржехь. 1941-1945-чуй шерашкахь хиллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархо ву. Дуккха а шерашкахь болх бина Нохч-Г1алг1айн Университетан хьехархо волуш. Йаздан волавелла школехь доьшуш волуш. 1938-чу шарахь дуьйна Нохч-Г1алг1айн драмтеатрехь х1иттош йара Музаев Нурдис йазйина «Мекхаш-Мирза», «Асет», «Колхозхойн деза де», «Уггаре хьомениш», «Сирлачу новкъа» иштта дуккха а пьесаш. 1983-чу шарахь дуьйна вайца воцуш ву Музаев Нурди. Дала геч дойла цунна!
Газиева Аза