Ибриев Сайд-Эми
Республика йухаметтах1оттайинчул т1аьхьа нах ц1аберзарца стамйала йолайелира «Ленинан некъ» газетан редакцин коллектив. Керла т1ебог1уш болчарех цхьаццаберш газетан г1уллакх девзаш, оцу белхан доккха зеделларг долуш бара. Царах цхьаъ вара Ибриев Сайд-Эми. Коллективе веана дукха хан йалале балхана т1ера хиларца, шена йуххерчу накъосташца герггара йукъаметтигаш д1ах1итто хаарца билгалвелира Сайд-Эми. Дерриге а йукъариллин г1уллакхашкахь шен жигараллица къаьсташ вара иза. Эшначунна дан г1о-накъосталла, бан хьехам бара. Шеца къамел дечуьнга ладог1а а, хаьттинчунна хьекъале жоп дала а говза вара иза. Цуьнан белхан а, дахаран а, леларан а йерриге а дикаллаш йуххера йевзара суна – тхойшиъ цхьаьна, редакцин цхьана отделехь болх беш вара: Сайд-Эми газетан партийн отделан заведующи вара, ткъа со – оцу отделан мог1арера белхахо.
Дуккха а диканиг 1емира суна Сайд-Эмигера: газетехь стенах лаьцна йаздан деза, карарчу хенахь мехалчарех муьлха г1уллакхаш ду, царах лаьцна муха йаздан деза. Материал кечйеш, цо хьоьхура хьаьнца къамел дар г1олехь ду, г1уллакхан муьлха аг1онаш гайта йеза. Т1аккха йазйеш йолу материал, хуьлда иза статья, очерк, йа мог1арера хаам, шен буьззина чулацам болуш хуьлура. Нахаца х1ора дийнахь долчу дахарехь г1иллакх-оьздангалла лелоран масалш гойтура цо.
Ала деза Сайд-Эми республикехь а дика вевзаш а, наха лоруш а хилла хилар. Шайн х1ора дийнахь долчу г1уллакхашкахь цунах дагабовла бог1ура иза вевзаш берш. Царах х1оранна а бан дика хьехам а бара цуьнан.
Сайд-Эмиа жигара дакъалоцура республикин а, редакцин а йукъараллин дахарехь. Белхан коллективехь иза йуьхьанцарчу партийни организацин секретарь, партин горкоман, райкоман декъашхо вара. Цуьнан хьехаме ладуг1ура обкоман, республикин Министрийн Советан куьйгалхоша а. Царна йукъахь сий-ларам а бара цуьнан.
С-Э. Ибриев вина 1926-чу шеран х1утосург беттан 21-чу дийнахь Йоккхачу Атаг1ахь. Цуьнан да Ибриев Сайда йуьртахь хьехархочун болх беш вара. Вайн республикехь Советийн 1едал д1ах1отточу шерашкахь Сайдас дуккха а болх бира нохчийн шира эшарш, туьйранаш, дийцарш гулдеш. Ц1ейаххана вевзаш волчу нохчийн поэтаца Нажаев Ахьмадца цхьаьна цо арахийцира «Нохчийн иллеш» ц1е йолу книга. Цунна йукъадахара «Обарг Зелимхан илли», «Зайтан Шихмирзин илли», кхидерш а. Сайд-Эмиа шен дерриге а дахарехь 1алашбира нохчийн метте, фальклоре, вайнехан ширачу, оьздачу г1иллакхашка, 1адаташка шен дас шегахь кхоьллина, кхиийна безам, уьйр.
Дукха хьалхе да кхелхина, шен ненаца висира Сайд-Эми. Тех хьалхе девзира дахар, шен йерриге а дикачу а, вуочу а аг1онашца цхьаьна. 1935-чу шарахь Соьлжа-Г1аларчу №15 йолчу школе деша вахара. Ткъа 1941-чу шарахь деша мехкадаьттан рабфаке велира. Амма фашистки Германица беш хилла т1емаш гергабахкарца Соьжа-Г1алара мехкадаьттан институт а, цигахь йолу рабфак а Йуккъерчу Азе д1акхалхийра. Цул т1аьхьа дуьххьара балха вахара Сайд-Эми. Белхаш бира Нохч-Г1алг1айн респотребсоюзан финансийн декъехь, цул т1аьхьа Йоккхачу Атаг1на йуххехь т1еман аэродромехь лаьтташ хиллачу буьйсанан бомбардировщикийн авиаполкехь аэродроман хьашташ кхочушдаран батальонехь.
1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь дерриге а нохчийн халкъаца цхьаьна Казахстане д1абахийтира Ибриевг1еран доьзал. Гира оцу бохаман инзарлла, 1аьвшира хало а. Амма дахаран кхолламо хьалхах1итточу оцу зиэрашна хьалха къар ца делира, к1ел ца дисира. Ч1ог1а чолхечу хьелашкахь тарктористан а, мог1арера белхало волуш а белхаш бира. Цул т1аьхьа бухгалтер а, финансийн, кхечу корматаллийн белхахо а хилла къахьийгира.
Х1етахь, Казахстанехь а, Йуккъерчу Азин республикашкахь а дехаш долуш, нохчаша вовшашна т1екхаьчча, могаш-парг1ат аьлла бистхиллачул т1аьхьа, уггаре а хьалха вовшашка хоттура: «Вай ц1а дохуьйту ца боху?» Вайнах ч1ог1а сатуьйсуш бара ц1абахка. Вайн интеллигенцин векалша оцу хенахь дан тарлуш дерг дерриге а дора вайнах ц1ерабахар законехь цахиларх халкъ кхеторна а, нийсо меттах1отторна г1уллакхаш дан дезаш хиларна а. Т1аьхь-т1аьхьа, пачхьалкхан куьйгалла хийцаделла, хьал мелла а парг1атдаьлча, адамаша хозуьйтуш д1ахьедан долийра ц1ерадаьхна халкъаш даймахка йухадерзо дезаш хилар.
Иштта, 1956-чу шеран б1аьста Джамбул г1алахь а, Г1ирг1изойн ССР-н Таласски областехь а бехачу нохчаший, г1алг1аший гуламаш бира, законехь доцуш ц1ерадаьхна халкъаш даймахка йухадерзор а, Нохч-Г1алг1айн АССР меттах1оттор а лоьхуш. Оцу гуламшкахь жигара дакъалецира Сайд-Эмис а. Иза йукъахь волчу тобано оцу г1уллакхах лаьцна Джамбул г1алин къинхьегамхойн д1ахьедар кечдира КПСС-н ЦК-н а, СССР-н а куьйгалле. Нохчийн, г1алг1айн векалша и д1ахьедар оцу кепара долчу кхечу кехаташца цхьаьна 1956-чу шеран асаран беттан 9-чу дийнахь д1аделира СССР-н Министрийн Советан Председателан хьалхарчу заместителе А.И. Микояне. 1957-г1а шо долалуш Г1ирг1изойн Компартин ЦК-с т1едилларца Сайд-Эмис жигара дакъалецира Г1ирг1изойн Таласски областера нохчий, г1алг1ай меттах1оттийначу Нохч-Г1алг1айн АССР-е йухаберзор вовшахтохарехь.
1957-чу шеран х1утосург баттахь даймахка йухабог1учу нохчех хьалхарчаьрца цхьаьна шен доьзалца ц1авеара Ибриев Сайд-Эми. Ц1а кхаьчначу хьалхарчу деношкахь КПСС-н обкомо радиокомитетан коьрта редактор хьажийра иза. Цигахь Сайд-Эми билгалвелира хьанал къинхьегамхо хилла ца 1аш, амма дика вовшахтохархо а хиларе терра. Дукха хан йалале Москвахь КПСС-н ЦК-хь йолчу Лаккхарчу партийн школехь куьйгаллин партийни, советски белхахой кечбаран йалх беттан курсашка хьажийра иза. Т1ехдика дешна, курсаш чекх а йаьхна, Нохч-Г1алг1айн Республике йухавирзинчул т1аьхьа «Ленинан некъ» газетан партийни отделан заведующи х1оттийра Сайд-Эми. Оцу хенахь цо йазйира республика экономикин а, социальни а кхиорехь, партийни болх тобарехь доккха маь1на долуш хилла йолу дуккха а статьяш а, очеркаш а.
1960-чу шеран лахьанан баттахь С-Э. Ибриев партийни балха ваьккхира. КПСС-н обкоман бюран сацамца вахийтина, партин Хьалха-Мартан райкоман шолг1ачу секретаран, цул т1аьхьа партин Грозненски райокман шолг1ачу секретаран белхаш бира. Ткъа 1965-чу шарахь КПСС-н Веданан райкоман хьалхара секретарь хаьржира. Оцу даржехь Сайд-Эмис болх бира пхеа шарахь сов. Дуккхазза а партин обкоман декъашхо, Нохч-Г1алг1айн АССР-н Лакхарчу Советан депутат хаьржира.
1970-чу шарахь советски балха воккху С-Э. Ибриев. Йуьхьанца цо болх бо республикин Министрийн Советан отделан, Госснабан отделан хьаькам, цул т1аьхьа промышленностан, энергетикин министерствон отделан хьаькам хилла. Пенсе ваьллачул т1аьхьа тайп-тайпанчу даржашкахь хилира – республикин редакционно-издательски комплексан директоран заместитель, ткъа 1995-чу шарахь республикин промышленностан министерствон отделан хьаькам. Республикина ч1ог1а чолхе даьхкинчу 1998-2000-чуй шерашкахь Россин Федерацин зорбанан министерствон Нохчийн Республикехь векал вара Сайд-Эми.
С-Э. Ибриевн журналистикин корматаллехула лаккхара дешар дара. Тайп-тайпанчу белхашкахь белхан а, дахаран а доккха зеделларг 1а1ийра цо. С-Э. Ибриевн хьанал къинхьегам билгалбоккхуш, цунна делла правиельственни 15 совг1ат. Царах цунна уггаре а дезаниг дара махках ваьккхина, Джамбул г1алахь вехачу хенахь, 1948-чу шарахь йелла йолу «1941-1945-чуй шерийн Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман муьрехь хьанал, ша-шен ца кхоош къахьегарна» ц1е йолу мидал. Ткъа цул т1аьхьа 57 шо даьлча Сайд-Эмиа йелира Россин Федерацин «Йукъараллин сий-ларам» аьлла йолчу къоман фондо йиллина йолу «Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болчу хенахь т1еман, граждански декхар кхочушдарехь къонахалла гайтарна а, Сийлахь-боккхачу Толаман 60 шо кхачарца доьзна а» «Йукъараллин сий-ларам» аьлла болчу Даточу седанан юбилейни граждански орден.
Ша ханна воккха вара аьлла ца 1аш, ша валлалц республикин йукъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара Сайд-Эми. Цо боккха болх бира Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман, къинхьегаман ветеранийн Нохчийн Республикин Советан председателан заместителан даржехь а волуш. Жигара дакъалецира республикин газетийн, журналийн редакцийн балхахь. Шена т1е тидам бохуьйтуш йу цо т1еман, къинхьегаман ветеранех лаьцна а, архивийн документашна т1ехь а йазйина материалаш.
— Со муьлххачу а балхахь хилча а, сан цхьа ойла хилла, — олура Сайд-Эмис, — х1ора стаг декхарийлахь ву шен махкана, халкъана хьалха долу шен граждански декхар хьанал кхочушдан. Цунах йу цуьнан оьздангалла а, доьналла а, къонахалла а. И башхаллаш йолу стаг сий-ларам бан хьакъ ву.
Ша иштта стаг вара Ибриев Сайд-Эми. Иза кхелхина 2013-чу шеран асаран беттан 21-чу дийнахь.
Магомаев Салавди