Исмаилов Халид
1957-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР метта а х1оттийна, хьалха цабог1учарна йукъахь нисбелира тхан доьзал. Соьлжа-Г1ала кхаьчна цхьа-ши де даьлча кхайкхина, партин обкомехь гулбира газетехь белхаш бина, и г1уллакх мелла а девзаш берш. Цигахь тхоьга хаам бира «Ленинан некъ» газет меттах1оттош хиларх а, тхо иза арахецар вовшахтоха гулдина хиларх а лаьцна. Вовшахкхеттарг масех стаг бен вацара. Царна йукъахь Нажаев Хожина билгалдира газетан редакторан декхарш ханна кхочушдар, Исмаилов Халидана — жоьпаллин секретаран, соьх цуьнан заместитель вира. Нохчийн маттахь газет арахеца вовшахтоьхначу коллективо, болх беш оьшучу г1ирсашца кхачо а йоцуш, йа ур-атталла охьаховша стол-г1ант а ца тоьаш, вуно чолхечу хьолехь хьалхара номер арахийцира 1957-чу шеран асаран беттан 15-чу дийнахь.
Х1етахь редакцин белхан коьрта йозалла жоьпаллин секретарана Исмаилов Халидана кхочуш йара. Ала деза, иза шена хьалхалаьттачу декхаршца кхиамца ларош хилла хилар. Журналистан белхан доккха зеделларг а, лаккхара корматалла а йолуш хиллачу цо дика вовшахтухура редакцин коллективан болх. Цунна дика хаьара редакцин муьлхачу журналистан муьлхачу темина материал йазйан корматалла йу, газетана муьлхачу хенахь х1ун материал оьшу. Оцо газет чулацаме а, заманан лехамашна жоп луш а дора.
Шен белхан декхаршца доьзна дан деза гІуллакхаш дукха хиллехь а, Халид ша а вара газетехь тайп-тайпанчу теманашна материалаш йазйеш. Уьш, муьлххачу а жанрехь йазйина хилча а, цхьабосса чулацаме а, газетдешархочун йеша догдоуьйтуш а хуьлура. Къаьсттина дика нислора могІарерчу къинхьегамхочух лаьцна цо йазйина очеркаш. Уьш йара, масала, Т1ехьа-Мартан к1оштарчу «Лермонтовский» совхозан йоьалг1ачу отделенин буракаш лелочу звенон къоначу куьйгалхочух Терлоев Мохьмадах а, Соьлжа-Г1аларчу слюдяни фабрикин Веданан к1оштахь йиллинчу филиалан белхахочух Гацаєва Маремах а, Шелан к1оштарчу «Джалка» совхозан йоьалг1ачу отделенин шурин-товарни фермин хелиозархойх а лаьцна а, дуккха а кхийолу а очеркаш. Д1адаханчу бІешеран кхузткъалг1ачу шерашкахь йазйина йолу уьш хІинца а шайна боккха тидам т1ебохуьйтуш йу.
Цул сов, нохчийн хьалхарчу журналистех цхаъ волу Халид нохчийн а, оьрсийн а меттанаш шера буьйцуш а, бевзаш а волу говза гочдархо а вара. ХІетахь цо оьрсийн маттера нохчийн матте гочйира СССР-н, РСФСР-н, Нохч-Г1алг1айн АССР-н Конституцеш, партин коьрта документаш, марксизман-ленинизман белхаш. Цо иштта нохчийн матте гочйира нохчийн, оьрсийн, гуьржийн, кхечу халкъийн цІейаххана бевзаш болчу йаздархойн исбаьхьаллин произведенеш: Арсанов Саь1идбейн «Маца девза доттаг1алла», Горький Максиман «Нана», Толстой Леван «Хьаьжа-Мурид», гуьржийн йаздархочун Казбеги Александран дийцарш, повесташ, дуккха а кхийерш а.
Нахаца тарлуш, леларца а, т1ерачу духарца а оьзда, комаьрша вара Халид. Дуккха а доттаг1ий а, накъостий а бара цуьнан. Халид ша а ма-хиллара, оьзда а, дика кхетам болуш а бара уьш, олуш ма-хиллара, нохчийн халкъан интеллигенцин заза дара цунна йуххехь. Уьш бара республикин куьйгаллин векалш, журналисташ, йаздархой: Мамакаев Мохьмад, Вахаев Хаси, Гайрбеков Муслим, Магомаев Хасмохьмад, Габисов Бийсолта, Чалаев Билал, Музаев Нурди, Хасмагомадов Хьамид, Сулаев Мохьмад, дуккха а кхиберш.
Нохчий ц1ерабахале хьалха дуьйна тхан деваша Магомаев Хасмохьмаддий, Халиддий ши доттаг1а вара. Цуьнца доьзна соьца, со шен к1ант волуш санна, шатайпа даггара йукъаметтиг йара Халидан. Иза сан да а, журналистан лаккхара корматалла йолу хьехамча а, сан дахарехь т1етовжа дика г1ортор а йара. Эшначохь гуттар а г1о-накъосталла дора цо суна. Сайн дахарехь а, балхахь а гуттар а цунах тера хила г1ерташ а, лууш а схьавеара со.
Балхахь иза оьг1азвахана меттигаш к1езиг хуьлура. Бакъду, иза цкъа а ца дицло суна, цкъа иза мелла а оьгІазвахана, делийра цо тхо.
Йуьхьанца редакцин дукхах болу белхахой спортзала чохь теннисан стола хьалха дІанисбеллера. Царна йуккъехь вара тхан суртдиллархо-ретушер Солсаев Супьян а. Газетан кечйеш йолчу рог1ерчу номеран макет х1оттош, цхьа сурт эшна, Супьянна тІевеара Халид:
— К1ант, и сурт мича даьхьна ахь? — хаьттира цо Супьяне.
— Халид, и сурт ас хьоьга дІа ма делла, — жоп делира Супьяна. Дера ца делла соьга-м.
— Халид, и сурт ас хьоьга дІаделла, — йуха ца волура Супьян.
Дов гена долуш дара. Оцу хенахь, дуьхьал тесна шаршу а йолуш, залан сцени т1ехь лаьттачу пианино т1ехь, иза шерра д1а ца локхуш, ноташ хоржуш, керла илли д1айаздеш вара, ша чувог1уш Халид волчу кабинета чу а веана, ша оцу пондара т1ехь керла илли дІайаздан веана хилар хаийтина волу республикехь цІейаххана вевза пондарча Димаев Іумар.
— Х1инца и мила ву, пондар бекош верг? — хаттира Іумар вар дицделлачу Халида.
Т-с-с, иза Димин Іумар ву, — элира Супьяна.
Т-с-с бохург х1ун ду? Суна и хьайн лецначу нехан мотт буьтур бу ахь. Ас айса текхна, ара а ца волуш, итт (иза, «Ас набахти чура ара ца волуш, чохь итт шо хан йаьккхина», бохург дара).
Халиданий, Супьянний йуккъера кхийсарш дІайерзаза а йолуш, стоьла хьалха Іаш йолу машинистка Хакишева Човка хьалха даржийна Іохкучу кехаташна т1е куьйгаш детта йолайелира.
— Хьо хІун деш йу х1инца, оцу лоькхучу пондарна тІаьхьара вота йетташ-м йац хьо? — хаттира Халида.
— Вота йетташ-м ма йацара со, цІоьмалг лоьхуш йу-кха, — элира Човкас.
— Ой, кехаташна йуккъехь хуьлу цІоьмалг? Хьо хьера йолуш-м йац?
— Ватта, сан Дела, ас х1ун дуьйцу? Йоьхна, айса х1ун дуьйцу ца хаьа суна-м. Со-м машинки т1ехь ца оьшучохь кхетта цІоьмалг дІайайа резинка лоьхуш ма йара, — аьлла, йелайелира Човка.
Оцу хенахь ша тодеш долчу суьрта т1ера хьалахьажначу Супьянна гира Халидан аьрру куьйган цхьана хенахь лазийна, х1инца сетташ боцчу шина п1елга йуккъехь долу цо лоьху сурт.
— Халид, и ахь иштта ч1ог1а лоьхуш долу сурт хьан карахь ду-кх.
Суьрте а хьаьжна, вела а велла, Халида элира:
— ВаллахІи, дан а ма ду. Соьга хьалхе х1унда ца элира ахь иза?
Ша шех велавелла, Халид аравелира. Цу тІехь «дов» дІадирзира. Амма чохь хилларш бехха бийлира дагахь а доцуш х1оттинчу суьртах.
ДІадаханчу бІешеран 30-чу шерашкахь Халида чекйаьккхира — Москвара Г.В. Плехановн цІарах йолу Халкъан бахаман институт. Цул т1аьхьа цо республикехь тайп-тайнанчу меттигашкахь куьйгаллин белхаш бира.
1943-чу шарахь Халид йамартчу наха харц тоьшалла дина, НКВД-с лаьцна, чувоьллира. Соьлжа-Г1алахь «Ложаллин набахти» олуш йолчу чохь воллуш волу иза нохчий ц1ерабаьхна, халкъан мостаг1а ву аьлла уггаре а луьрачу Карагандарчу лагере д1авигира. Цигахь цо шена тоьхна хилла 10 шо хан йаьккхира. Лагерера араволуш, цуьнан документашкахь йаздина ма-хиллара: «Иза махках ваьккхина, Казахстане дахьажийра». Цигахь Халид шен доьзалх а, гергарчу нахах а д1акхийтира.
1957-чу шарахь республика метта а х1оттийна, «Ленинан некъ» газет йуха а арахеца долийча, цига жоьпаллин секретаран балха вахара. Кхузткъалг1ачуй, кхузткъе иттолг1ачу шерашна йуккъерчу муьрехь белхаш бира республикин филармонин директор, махлелоран министран заместитель хилла.
Хан йаларца хааделира Халида Карлагерехь къиза даьхна шераш а, цигара араваьлча лайна халонаш а. Могашалло сингаттаме хаамаш бан болийча, ша винчу йуьрта, Жимачу Атаг1а д1авахара Халид. Цигахь цо белхаш бира «Джалка» совхозан 4-чу отделенин урхалча а, цул т1аьхьа йуьртан Советан председатель а хилла. Оцу хенахь цо дуккха а г1уллакхаш дира йурт тойарехь а, куьце йалорехь а, бахархойн дахаран хьашташ кхочушдар тодарехь а.
Жимачу Атаг1арчу бахархоша х1инца а хастаме дош олуш, сий дарца хьахаво Халид. Дуьйцу йуьртарчу бахархойн дуьхьа цо динчу дикачу дуккха а г1уллакхех лаьцна. Къаьсттина билгалдоккху цкъа к1оштара налог йаккха бахкинчу хьешашка цо дина къамел. Ткъа хилларг иштта дара: Бердайистош огуш, Атаг1ана т1етт1а гергакхочуш долу Орга хи йуьртана мелла а генадаькихина, хорша дерзорхьама, цунна дуьхал вал беш, латта а, жаг1а а хьакха вахийтинчу тракториста бинчу балхана реза воцуш, цунна оьг1азвахана, дов деш, дарвелла Іаш Халид а, йуьртсоветан кхиболу белхахой а болуш, цуьнан кабинета чу веара ши хьаша. Салам-маршалла, могаш-паргІат хаттар чекхдаьллачул тІаьхьа Халида хьешашка хаьттира:
— Шу х1ун дохьуш даьхкина, хІинца шун гІуллакхе а хьовсур ду-кха вай?
— Тхо Шелан к1оштарчу налогийн инспекцера ду-кх, — жоп делира хьешех цхьамма. — Тхо налог йаккха даьхкина ду-кх.
Цара «йаккха» аьллачу дашо волчунна т1е а огІазвахийтинчу Халида хаьттира:
— Оха йелчий бен йоккхий аш иза? Ткъа х1ун налог йу шу «йаккха» дахкинарш?
— Дохнна а, з1акардохнна а т1ера йоккхуш йолу налог йу-кх, — жоп делира хьешо. — Нийса аьлча, даьтта а, х1оаш а д1адала дезар ду. (Оцу хенахь колхозийн а, совхозийн а куьйгалхоша пачхьалкхана д1адала и сурсаташ шайн цахиларна уьш туьканашкара оьций, д1алора).
Гуш дара хьешаша дуьйцучунна резавоцуш, Халид йуьхьа т1ехь бос хийцалуш, кхит1е а оьгІазвахана хилар. Иза уггаре а резавоцург дара и налог йаккха баьхкинарш т1ех майра, безабеш къамел деш хилар. Амма Халид а вацара йухавер волуш.
— Шаьш налог йаккха даьхкина боху аш? — хаьттира цо. – Цунах г1уллакх хир дац. ХІунда хир даций? Тхан и сурсаташ цахиларна хир дац-кх. Тхан йуьртахь даьхний ду. Амма царна йукъахь узурш хуьлийла дац. Цхьа а йетт а бац узуш. Ткъа уьш ца хилча, даьтта хуьлийла дац. Тхан дохнна йукъахь йерриге а бугІанаш, стерчий ду. Шолг1а-делахь, х1оаш а дац, х1унда аьлча уьш тхан цахиларна, тхан йуьртахь котамаш йац, уьш муха хуьлу а ца хаьа тхуна-м. Тхан йерриге а нІаьнеш йу. Х1инца шун г1уллакх чекхдели. Даьттий, х1оашший хьахийна кхуза йуха ма дуьйла. Х1инца дІадаха мегар ду шуна. Вуьшта, хьеший хилла, шу кхузахь совцахь, нохчийн 1едалехь, г1иллакхехь шун г1уллакхе а хьовсур ду-кх тхо.
Т1етоха а, дІадаккха а хІума доцуш, иштта вара Халид, цо дина къамел цуьнан амалехь дара. Осала а вацара, ала дезачохь дуьззина дог1уш долу дош ала хууш а вара, иза йуьхьадуьххьал д1а а эр дара цо.
Бертахь, оьзда доьзал кхиийра Халида а, цуьнан х1усамнанас Марема а. Церан кхаа к1анта а, йо1а а лаккхара дешаран заведенеш чекхйаьхна, дахарехь ч1ог1а оьшуш йолу корматаллаш карайерзийра. Карарчу хенахь медицинехь, махлелорехь, кхечу дакъошкахь белхаш беш бу уьш. Бакъду, Халидан воккхах волчу к1анта Іимрана, ден новкъа х1оьттина, журналистика хаьржира. Иза цуьнан ден Халидан лаам а бара.
Исмаилов Халид вина 1913-чу шеран г1уран беттан 29-чу дийнахь, кхелхина 1974-чу шеран х1утосург баттахь.
Магомаев Салавди