Год истории-2024 год

Хьажин муридийн лорахХьаьжин мурид Илес вайн махка йухаверзор

Арсангирин к1ант Илес сан а, Ахьмад-Хьаьжин а кхозллаг1а да ву. Сан да Жабраил ву, цуьнан да 1абдул-Къедир ву, 1абдул-Къедиран да Илес ву. И Илес, Бенара цуьнан да Арсангира охьаваьллачу хенахь, к1отаршкахь 1ийна уьш, вайн хьуьна чохь.  Имам Шамилан т1ом д1абоьдуш болчу хенахь, йерриге йурт йохийна лелачу хенахь охьадовлар нисделла церан, дуьххьара Бена йохийча охьаваьлла ву тхан дайх волу Арсангири. Цул т1аьхьа Илес кхиъначохь тхан йурт йиллина, к1еззиг нах гул-гуллуш, тхан эвлахь сецна Илес. Х1инца оха и Илес д1авоьллинчу меттехь 1ийна и, мелла а ваьхнехь, ваьхна. Цуьнан йерриге оьмаран зама ткъе дейтта-пхийтта шо бен йац.  Эвлара зуда а йалийна, цо вина тхан да а, де деваша а, — шиъ к1ант волуш, т1аккха, Хьаьжа махках ваьккхича, цунна т1аьхьа д1авахана иза. И дакъа, хьажалахь хьайна, Дала х1ун нисдина, тхан воккхах волу деваша Шах1ад, 1абдул-Къедаран воккхах волу к1ант, исс шо долчу хенахь, тхан деда и дакъа а доьхкина, х1инца Рамзан-Хьаьжаг1ар 1аш болчу оцу керташкахь д1адоладелла церан  дахар.
 Рамзан-Хьаьжа 1аш волчу оцу декъа т1ехь х1инца а тхан девешин к1ант ву.  Эццахь дуьненчу ваьлла ву со а, оцу тхан керлачу меттехь. Иштта д1адевлла тхо а, цул т1аьхьа ши-кхо да хийцалуш оцу декъа т1ехь баьхна и цхьа кхи нах. Цаьргара и дакъа эца а эцна, йуха, царна массарна а ц1енош дан тхан махка т1ехь дакъош лучу меттехь, меттигаш йелла, царна уьш реза боллуш болу махбелла, и дакъа йуха дола даьккхинера Рамзан-Хьаьжас, вайн Мехк-Дас. И дола даьккхинчул т1аьхьа оцу т1ехь жама1ат маьждаг деш, берашна хьеха хьуьжар йеш, йаах1ума йаа, зуькар дан, массо а х1ума кечйина Рамзан-Хьаьжас дукха хаза, исбаьхьа. Иштта, «Хьаьжин беш» аьлла ц1е а тиллина, х1унда аьлча Хьаьжа, Иласхан-Йуьртара шайх оцу т1евог1уш хилла, Илес волчу. Иштта, Дала и меттиг дола йоккхучу хенахь Илес оцу меттиге вог1ур ву аьлла тхуна дагахь а дацара. Дала х1ун нисдина, цуьнан некъ толлуш, шен администрацин хьаькаме и болх талла накъостий а х1иттийна, и болх байта аьлла вайн Рамзан-Хьажас, вайн Мехк-Дас.

  Нохийн Республикан 1илманан академин Президент  Умаров Джамбулат коьртехь волуш,  йоккха тоба вовшахтоьхна, дуккха а къахьегна цо. Цо ша хьегначу къинна йерриге документально куьйгаш та1ийна, массо а х1уманца, кехаташца йерриге со волчу схьайеана, вайн Мехк-Ден омранца. Х1ара «хьанех» ву х1ара тайпа х1уманаш дика хуушверг, тхан воккханиг, аьлла х1ара шена гайтича, цо со волчу схьабахкийтина уьш. Шен администрацин хьаькам Таймасханов а, Умаров Джамбулат а. Дерриге а ша лелийна х1уманаш дуьйцуш шина-кхаа сохьтехь, сан тхевна к1елахь охьахевшина, суна уьш дерриге ган а гойтуш, цара бина белхаш Россин 1илманан академис а цхьаьна, дукха онда белхаш бина цара. Йуха суна ма-дийццара вайн телевиденехь Джамбулата д1а дийцина и вайн махкахь.

 1949-чу шарахь даьккхина долу Ахмад-Хьажин ден 1абдул-Хьамидан сурт дахьийтина цигга цуьнга, оцу вукха таллам беш болчарна тхан деда лоьхий хууш а доцуш, байтина талламаш. Нохчий хилар сецца долуш, д1абоьхкина хилла эццехь берш. Йерриге а антропологин бустамашца  бинчу талламашца  схьааьхкина  болу нах, 1илманчаша бинчу талламашца нохчийн къомах хилар билгалдина ду: дег1ан йерриге а меженийн даь1ахкийн барамаш,  уьш нохчий хилар сацийна. Т1аккха, гучудаьлла вайн Илесан номер 52 хилла хилар. Оха дахьийтина долчу суьртаца гергарлонан з1е йу-йац хьовсуш, х1ара цуьнан к1ентан-к1ант ву бохург хьехош а доцуш, таллам байтина. И таллам бечохь сурт х1оьттина (билгадаьлла) 95% 1абдул-Хьамидан суьртаца цхьаьна дог1уш хилар.

Т1аккха тхан хаттар кхоллало, тезет х1оттор дуй вай? — олий.

Х1оттор дац,  аьлла ас вайн Мехк-Дега. Оцу лаьцна лаьттанчу наха, Хьаьжица лецна 1ийначех веккъа Гихтара Коврнакъ бохуш волу цхьаъ бен ц1авеана вац, цо дийцинчу х1уманца эццехь Хьаьжас а, Мовсара а кечвина, докъа ламаз дина, шаьшшимма лахьти чу вуьллуш д1авоьллина шун да аьлла, тхан дедевеше 1адсаламе и дийцина. И дийцина хиларца оха кертахь тезет х1оттийна оцу заманахь. Шайн дена тезет х1оттийна доьзалша. Х1инца йуха тезет х1оттор дац вай аьлла, ас вайн Мехк-Дена и дош т1едахьийтина.  Д1а мичахь вуллур ву боху хаттар х1оьтти т1аккха. Дала шен даккхийчу 1аламаташца и Илес  охьахиина 1ийна долу дакъа, Хьаьжа цунна т1евог1уш хилла долу дакъа, йуха вайн дола даьккхина, вайн Мехк-Дега Рамзан-Хьаьжега и ц1ан дайтина, кхала а кхелина, беш йуг1уш, междиг, зуькар дан меттиг, зерат буьйса ларйан меттиг, дерриге а д1анисдина болх бина цо. Оцу метте, беша д1авуллур ву вай иза. Каврнакъ Гихтара ву аьлла, Гихтахь рузбанан маьждиг дайтина вайн Мехк-Дас. Тахана шен беша д1авуллур ву вай Илес. Ваьшна лаахь зерат дан шари1атехь бакъо хир йу вайн, х1унда аьлча дакъа вайн ду. Дакъа вай эцна, вайн дола даьлла.

И д1о йукъахь, вайн йуьртан кешнаш долчохь, д1авоьллинехь иштта  парг1ато йацара вайна. Шен буха т1ехь д1авуллур ву аьлла, иштта и болх бина оха, и цига д1аверзийна. Дерриге а х1ума Делан кхиэлаца ду. Иштта и талламаш суна хьалха охьа а бехкина, йерриге а йеша а йоьшуш, хьажа а хьожуш даьхна суьрташ, таллам бинчул т1аьхьа и хилар сецча, иштта и дина оха, иза доккха 1аламат ду. Т1аккха и лахьти чу виллале ас элира: «Хьаьжас, Мовсара лахьти чу д1авоьллланера х1ара вайн дада, х1инца шен бераша вуллур ву х1ара, шен бешахь лахьти чу». Чувоссал, аьлла, вайн Мехк-Дега, иза лахьти чу  а воссийтина, со цуьнца чу а ваьлла, тхаьшимма схьа а эцна, цуьнан дег1ан даь1ахкаш, д1айоьхкира оха оцу меттехь. Альхьамдулиллах1, оцул доккха 1аламат дуй-те аьлла, оццул доккха х1ума ду иза! Дала иштта оцу т1енисдина иза. Хьажалахь цуьнан кхин а цхьа некъ. И Илес санна Хьаьжица хьирчина болчу нахаца махках ваьлла а воцуш ц1ахь висина волу 1аьндара 1умар-Хьаьжа 1едало лаца а лаьцна, д1авигна, Аштаркханехь лаьцна чувоьллина, эццахь д1акхелхина. Ц1а вало йиш ца хилла, циггахь цхьанхьа д1ата1ийна иза. Цул т1аьхьа, къайллах муридаша, масийтта шо даьллачул т1аьхьа схьа а ваьккхина, х1урданал сехьа ваьккхина цара иза, эццехь йуха д1авоьллина цара иза. Йуха хан йаьлча, 1аьнда а валийна и ша ваьхначу метте д1авоьллина. Т1аккха доккха зерат а дина цунна. И зерат дайтинарг вайн Мехк-Да ву. Дош аларца, 1уналла дарца, г1о динарг со ву. Цига х1инца а лелаш ву со.

Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа