Год истории-2024 год

1абдуссалама динчу дейтта хаттарна Устаза делла жоьпаш

Бисмиллах1иррохьманиррохьийми!

 Бусалба болчу шен лайн дегнаш гулдинчу Далла хастам бу, тешаме  волчу цуьнан Элчанна салават-салам хуьлда; шайна т1аьхьабозучеран имамаш хилла болчу цуьнан асхьабашна, цуьнан ц1ийнан ох1ланна хуьлда.

Тхо шайт1анна а, керстанийн ох1ланна  а карадаханчу хенахь, тхайн вежарех а, х1усамех а тхо генадевллачу хенахь, оцу заманан Элаца (Хьаьжица) сан цхьаьна 1ер дахделлачу хенахь, оцу цхьаьнакхетарх пайдаэца вуьйлира со, хьем бар доцуш (сихха), къахьегар дира ас диканийн бахьанаш гулдарехь а, барх1 долчу жовх1аран (ялсаманин) кочарш д1адехкарехь а. Х1ара боца некъ даиманна хилира тхуна, Зуль-Хьиджат баттера Джумадал –Ахире  кхаччалц. Дала къинхетаман дог1а делхош денош дахкийтира, оцу денойн серлонашкахула са Хьаьжица лийлира, со цуьнца цхьаьна 1ара буьйсанан  боданашкахь, к1еззигчу хенашкахь.

Со Хьаьжина т1аьхьавезира цуьнан ламазашкахь. К1еззиг даах1ума дууш цуьнца цхьаьна шуьне хиира со. Оцу хенахь Дала со винера цунна дукха везаш волчу ден доьзалхочун метта.

 Хьуна ду (ахь д1аэца, х1ай мурид) цуьнгара ас гулдинчух т1аьххьара дакъа, цуьнга динчу хеттаршна, жоьпаш дина, ас къастийнарг. Ас иза д1айаздина хоьттуш болчарна къеггина далил хилийта, цуьнан караматех (сийлаллех) цуьнан муридашна къеггина билгало хилийта, и Камил вели  хиларехь. Ас х1окху жайнин ц1е йаьккхи «Дин даржош волчу Устазан жоьпаш, дин довзар лоьхуш волчу муридан хеттаршна», аьлла. Делехь ду гечдар а, къинт1еравалар а. Гочдарехь соьгара доьжначунна сов валарна йа эшам барна, ас цуьнга 14 хаттар дира, цо царна жоьпаш делира, Дала шена, д1а а диллина, хаийтина долчу 1илманца а, цо шена дагатосуш долчу 1илманца а.

                                                                     Хьалхара хаттар

                Дела везар а, И везаран дарж кхочушхиларх а лаьцна ду

 Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) боху цунна жоп даларехь: «Х1ун маь1на ду Дала бохучун: «Шен лайшна ша баккъал а веза ма-веззара ца  веза. Царех цхьамма дуьненан партал (товар) хоржу ша везарал. Йалтийн дас, шен йалтех хьаьжк1ан кана экхано биъча, масийтта буьйса ха деш ларйо, шен йалта 1алашдеш; жа1уьно ше жана йуккъера г1ийла газанан буьхьиг барзо  йаьхьча, набарх д1а а къаьстий, масийтта буьйсанна шен жа лардо. Амма к1еззиг хили кхоччуш цхьа буьйса денъеш верг Ша реза варехь, Ша везар 1алашдарехь». Хьаьжк1ан кенан меха а, йа газанан буьхьиган меха а доцу  Дела везар кхочушхила герга дуй те?! Дац  шуна!

 Оцу дерригенал т1аьхьа хьуна уьш гуш бу Сан ц1ерш наджасатана т1ехь хьехайарх лар ца луш. Соьга боьхачу меттигашка кхайкхарна т1ехь лар ца луш. И меттигаш йу уьш, Сан балхаца там боцуш йолу, шайна чохь хьехо а, Со цу меттигашка кхайкха а (кхузахь дуьйцарг хьарамчу х1умнех шайн кийранаш буьзна а болуш, Дела хьехавар ду).

Оцу метте Соьга кхойкхучунна там болуш дара шен дег1 зер а, ша хьажар а. Цунна шена тамехь хир дарий-те ч1ог1ачу наджасатех а, боьхаллех йуьзначу пхьег1ана гергахь ша сацар, и боьха  хьожа йеза а ца йезаш, шен мераца хьожа йахарна новкъарло а йоцуш.

 И цунна тамехь ца хилахь, цунна хуур дара, нехан хьарамчу даьхнех цо шен буьзначу кийрара йог1уш йолу боьха хьожа суна цай езий а, ирчачу х1умнашца а, боьхачу х1умнашца а цо шен бехдинчу даг т1ера боьха хьожа суна ца йезий а. Дуьххьара Делан лайна важиб дерг шен кийра ц1анбар ду дерриге а хьарам динчух. Цул т1аьхьа Дела хьехаварна чуволар ду. Т1аккха цунна, шеко йоцуш, и шен дагчохь карор ву. И Лекхахилла волу Дела Ша кхоьллинчу х1умнех Шен саца парг1ато ца хуьлуш ву лайн даг чохь бен, нагахь цу лайно шен дог ц1андахь Дела воцчух. Сихо йе аш, х1ай вежарий, дегнаш ц1андарехь, шу кхачархьама шаьш лоьхуш долчун лакхене.

 Хьаьжас элира: «Лекха волчу, беркате волчу Дала боху: «Со элийн Эла ву паччахьийн Паччахь ву, х1ора ницкъ беш волчу стеган хьаж Сан ницкъан карахь ду.  Х1ара болх иштта хиларца цхьаьна, Сан лайш Сох ца кхоьру, шаьш цхьаболчу ницкъ болчу нахах кхерарх терра.

 Цхьа ницкъ бечу паччахьо даккхийчу зуламех царна зулам динчу хенахь, ша толлалц царна ницкъ  беш, бало ца магийначу церан гергарчу зударийн сий дайарца а, важаб долу х1уманаш дитийтарца а, хьуна и лайш го шаьш и паччаь вазварехь совбуьйлуш, цуьнан хьукманашна а,омранашша а т1аьхьабозуш. Царна йуккъехь Шен эвлайаэх цхьаъ гучуваьллачу хенахь, Ша царна бакъдерг а, ц1ена дин а билгалдеш, Ша уьш нисбеш нийсачу новкъа, хьуна уьш го цунах кхаьрдаш, цунна инкарло йеш, шаьш цунна  цатемаш беш  т1аьхьа ца бозуш а. Уьш Сох кхоьруш а,Сан ницкъ лоруш а хиллехьара, Сан дикачу лайна дийриг (кхардамаш а, цатемаш а) дийр дацара цара. Сайн Возаллехь а, Сийлаллех а дуй буу ас, сан некъе (дине) кхойкхуш волчун некъаш хедош волчун ойланаш д1ахедоза 1ийр ма вац Со. Царна хуур ду ларарца, т1аьхьавазарца оцу шина тобанах т1ех хьакъ муьлхарниг йу (ницкъ болу паччахь ву те, йа Делан дине кхойкхуш болу эвлайааш бу те)».

 Дала Шен хьехам д1алоцучарех дойла вай! И Дела Шега кхойкхуш волчунна герга а ву, до1анна жоп луш а ву.

Шолг1а хаттар

Деле кхачаран а, Далла герга х1оттаран а куьцах лаьцна ду

 Хаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) боху, цунна жоп даларца: «Лай шен Элан аг1орг вирзинчу хенахь (цунна герга кхача), цунна Дела воцчу  массо а х1уманах д1ахада лиъначу хенахь, цо шен ойла дуьненан балхе а, эхартан хьелех а д1ахадийначу хенахь, иза Дела хьехо волавелча, Делан белхийн ойла йарна чувоьлча, Далла муьт1ахь хиларх д1адаьлла долчу, Делан къинхетамах гена даьккхина долчу шайт1ано цуьнца хьаг1 лоцу, шен бозбуанчаллин пхерчий цунна т1е а кхуьйсу, шен бозбуанчаллица цунна ша Лавхьул-Мухьфуз ду моттийтталц, ша цунна йалсманин а, жоьжах1атин а, тамашийна долчу кхечу х1умнийн а сурт х1оттадаллалц шен мекарлонца.

 Делан лай оцу хенахь тиларна боккхачу кхерамехь ву, оцу лайна т1ехь ду цу хенахь ша аларх: «Ас ца лоьху йалсмане а, со ца кхоьру жоьжах1атех а, суна ца йеза сийлалла а, ас ца лоьху нур а. Сан лаам а, ас лоьхург а Аллах1 ву».

 Оцу хьахийначунна т1ехь ког сацо цуьнан ницкъ кхачахь, шайт1а эшна а долуш йухадоьрзур ду ша т1едеанчу меттехула, оцу дикачу лайно диначунна (г1айг1анан) лар йуьсу цунна т1ехь, кхерам хуьлу цунна, и стаг хиларна  шайт1анан мекарлонаш тоба хьалхайаккха ша бахьана х1уттуш.

 Оцу (вай бийцинчу) некъана чувулуш волчунна х1ара хьелаш гучудийларо нисво цо схьалоцуш хиларна Далла герга кхачар, иштта дацахьара (Далла герга кхочуш вацахьара) шайт1ано и тергал вийр вацара, цо иза 1адда вуьтур вара т1алам ца беш, хьесап ца деш.

 Делан лай оцу ворх1 даржана дехьаваьлча, шайт1ано цунах догдуьллу, и цунах йухадоьрзу х1умма а доцуш, цул т1аьхьа шен  мекарлонца а, бозбуанчаллица а и цуьнга ца доьрзу, оцу шайт1анна хаьа Далла герга кхача шен некъ боций (и стаг Далла герга кхаьчна волу дела). Оцу хенахь цу лайн аг1онгахьара д1айовлу боьха ойланаш, цуьнан кхетаман б1аьрг д1абеллало, дуьххьара цунна го шен устазан даржаш, цул т1аьхьа шен устазан устазийн даржаш, Элчанна т1е кхаччалц.

Иза Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) герга кхачарехь цунний, Даллий йуккъехь цхьа ша барам ца буьсу. Т1аккха цунна гучудуьйлу Дела цхьаъ хиларан нуьраш, цуьнан куц х1оттор а доцуш, цунах тера х1ума а доцуш.Оцу хенахь ша лелина д1авала герга хуьлу лай, Т1ура-Сайнаъ боху лам лаларх терра Дела шена гучуваьллачу хенахь. Хьалха д1абахана дукхахболу эвлайааш лелина д1абевлла, ц1арца ло дашарх терра.

 Дала Шений, цуьнан дагний йуккъе пардо х1оттадо, Шена гергахь саца цуьнан ницкъ кхачийта. Т1аккха Дала оцу пардонна т1ехьахула цуьнца къамел до: «Х1ай сан лай, хьо Со волчу кхачарх сацийнарг х1ун х1ума дара, Сан возалло сацийнера хьо, йа сан не1аре х1оьттинчу хехочо йухатоьнера хьо, йа Со лехарехь ахь ледарло йарца хиллера иза?» Лайно мук1арло дийр ду шен ледарлонна и хиларна.

 Х1ара хаттар хир ду Дала цуьнан дагчу дуьллуш, Мункаран, Накиран маликийн хаттарх тера доцуш. Т1аккха Дала цунна дагчу дуьллур ду Шега хаттар, стаг дакъаза волуш а, декъала хуьлуш а долчух лаьцна. Дала эр ду цуьнга:

 «Х1ай сан лай, ахь Соьга дуьненан возаллаех а, сийлаллаех а хотталуш долу х1уманаш дехахь, хьуна хоуьйла, хьо дакъаза волуш хилар. Ткъа ахь Соьга т1аьхьадуьсур долчу декъарлонах дехахь, хьайна а, Элчанан умматана а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнгахь (и дехрехь) даима хилла йолу декъалалла йу».Т1аккха оцу лайно доьху Дала шега омра динарг, Шен Сийлаллица а, Комаьршонца а Дала цунна жоп ло. Цул т1аьхьа цо доьазза «Ла илах1а иллаллах1» олу, дуьненан йеа а аг1онехьа воьрзуш. Оцу дешнийн нур го цунна Деле хьаладоьдуш, бутт йуккъе баханчу буьйсанна стигалара бутт гарах терра. Цуьнан мел Элчанан умматана ло цо, царна гечдар а доьху цо, баккъал а, Дала царна гечдо, хьалха динчу къинойх Дала уьш ц1анбо. Цул т1аьхьа иза даржашкахь кхочуш а хуьлу, Далла герга хиларехь сов а волу, шен даг  т1е доссалц Делера 1илма а, цуьнгара вахьйу (омар) а. Цунна хеза маликийн эшарш а, церан зикарш а,церан тасбихьаш а, церан молла кхайкхар а (ламазе кхайкхар). Х1ара т1аьххьарниг Пайхмарийн а, Элчанийн а дарж ду. Пайхамаршна а, Элчанашна а мух1ар та1ийначул т1аьхьа (кхин уьш бог1ур боцуш) оцу дарже кхача некъ бац.

 Лай х1оьтича Далла хьалха вели хилла, Дала иза Элчанна т1е хьовзаво, оцу велис схьаэцархьама Элчанан диканийн х1орда чуьра и диканаш, декъархьама лайшна т1ехь. Т1аккха Элча хуьлу цунна ишар йеш, цо наб йечу хенахь а, и сема волчу хенахь а. Делан лайна т1ехь ду шен Устазан 1индаг1ехь сецар (цунах хотта сема хилар)

 Х1ара хьелаш дуьссу (кхочу) Далла герга х1оьтинчунна х1оранна т1е, т1аккха и хуьлу шена и хьелаш хууш а, ша уьш дийца ницкъ кхочуш а.

  Иштта ца хилча, и Далла герга кхача х1уманехь а вац.

Кхоалг1а хаттар

           Вирдех а, зикарех а дезаниг а, зикаран мел кхайкхорах а лаьцна ду

 Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) жоп ло: «Вирдех дезаниг: «Лаилах1а иллаллах1» б1озза олуш, зикар дар ду. Оцу б1еннал хьалха пхийттазза «Астаг1фируллах1» алар ду, оцу б1еннал т1аьхьа доьазза  «Салават» диллар а ду (Аллах1умма солли 1ала Мухьаммадин ва 1ала али Мухьаммадин ва саллим). Цуьнан мел лур бу Элчанна а (Делера салам- маршалла хуьлда цунна), шен Устазана а, цаьршинна йуккъехь болчу берриге а эвлайаашна а, устазашна а. Т1аккха «Салават» дуьллур ду, пхи «Салават» дузийтархьама.

Т1аккха «Фатихьат» доьшур ду.

 Деза хиларехь шолг1ачу дарже дужуш долу вирд: б1озза «Ла илах1а иллаллах1» алар ду, цул хьалха «Астаг1фируллах1» а ца олуш, т1аьхьа «Салават» а ца дуьллуш. Бакъду, т1аьххьара дерзор ду цо: «Ла илах1а иллаллах1 Мухьаммадар Расулуллах1, саллаллах1у 1алайх1и ва салам»,-аьлла. Т1аккха цуьнан мел лур бу цо Делан Элчанна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен устазана а, шен дена а, нанна а.Т1аккха эр ду цо: «Везан Дела, цаьршинна рицкъа лохьа Хьайн къинхетамах а, Элчанан а, устазан а беркатах а». Т1аккха «Салават» дуьллур ду цо цкъа, т1аккха «Фатихьат» доьшур ду.

 Х1ара т1аьххьара вирд бакъдина, ч1аг1дина сацорхьама, Хьаьжас элира: «Цхьа йиш хезира шена (Делан аг1онгахьара), х1ора парза ламазна т1аьхьа б1ьзза «Ла илах1а иллаллах1» олуш, цуьнан мел шен дена а, нанна а баларна т1ехь даима хилларг хьесап дан а, 1амалш оза а сацор вац иза (къематан дийнахь). Зикарх а, вирдах а дезаниг а, эхартан ох1ланна т1ехь пайдехь дерг а: «Субхьаналлах1и, Валхьамдулиллах1и, ва ла илах1а иллаллах1у, Валлах1у акбар, ва ла хьавла вала, къуввата илли биллах1ил 1алиййил 1азийм» бохург ду.

 Зикаршна т1ехь а, вирдашна т1ехь а соввала лууш шена лаам белла ву. Дуьххьарлера вирд даккха ницкъ ца кхочуш волчунна, шолг1ачу вирдо кхачам бийр бу. Вирдан зикар дагардан ницкъ ца кхочуш волчунна суьлхьанаш цахиларна, йа хан к1езиг хиларна (саца а сецна, дагардеш 1ен), б1е кхочуш хиларца дагна тем хиллалц, маттаца зикар даро кхачам бийр бу. Мел баларна гергахь б1е зикар аьлла, билгалдийр ду, цо. Шен дуккха а и вирдаш дисинчунна, цо и вирдаш доькхуш дахарехь, цунна кхачам бийр бу цхьана вирдан пхийтта «Астаг1фируллах1» а, «Салават» а. Оцу вирдан мел д1абаларехь лоьхуш долу дешнаш (олуш долу) оцу зикар динчо алар ду: «Ас бели х1окху зикар дарах хилла болу мел Делан Элчанна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн устазана  (Хьаьжина),цаьршинна йуккъехь болчу устазашна а, эвлайаашна а. Везан Дела, суна рицкъа лохьа Хьайн къинхетамах а, церан шафа1атах а, суна церан беркатах беркат кхачадехьа, х1ай 1аламийн Дела! Цул т1аьхьа церан беркатах сайна хиллачу мелах терраниг бели ас сайга до1ица весет баьхначунна а, сан беркате догдохучунна а».

  Шена маь1на хаахь, 1аьрбойн маттахь эр ду цо иза,ца хаахь-ша кхетачу маттахь эр ду.

 Къуръан дешаран а, зикар даран а, уьш доцчу вирдийн а мел д1абаларехь лоьхуш долу дешнаш цо алар ду: «Везан Дела, сайн 1амалийн мелах терраниг ас хьовзабо Хьоьга а, Хьан Элчане а, сайн устазе а, аш и бекъархьама  цуьнга хьакъ волчунна, шу долу дела х1ума нийса декъаран ох1ла а, сан 1амалийн мелана сол т1ех хьакъ дерш а». Х1ара хаза некъ бу, иза 1алашбе ахь, х1ай сан к1ант, Дала нисвийр ву хьо.

Доьалг1а хаттар

  Устаз лацарехь, и лоцуш куьг лаьцна тоба дарехь олуш долчу дешнех лаьцна ду

 Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) аьлла: «Устаз лацар- лайно тоба дар ду. Х1окху жайнин йуьххьехь шен куц дийцина Камил волчу велин куьг лаьцна, йу цуьнан векалан, йа цуьнан векалан векалан куьг лаьцна, иштта и мел лаха валахь а, лайно и устаз вар ду (виллар ду,) ша цо Далла а, Делан Элчанна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) т1е вуьгуш. Дуьненан а, эхартан а берриге а белхаш оцу устазе бахкар ду. Устаз лацарехь мах бар — устазаца цхьаьна хиларна а, йа цуьнан векалца цхьаьна хиларна а йуккъехь къастам бац. И лоцуш волу устаз дийна хилча, векалца мах бар мегаш хилар йукъалоцу. Велларг устаз лаца мегар дац, векал а, векалан векал а, йа цунна т1аьхьабозучарех цхьаъ йукъалацарца.

Устаз лацарехь олуш долу дешнаш тоба динчо ша кхетачу маттахь алар ду: «Везан Дела, ас мук1арло до Хьоьга а, Хьан Элчане а кхача со г1орасиз хиларна а, Бодане а, нуьре а пардонех сайн дог ц1андан со г1орасиз хиларна а. Сайна билггал хууш ву со, х1ара дуьне эхартана йалта д1аден меттиг хилар. Дуьненахь д1адийнарг бен эхартахь хьокхур дац. Со тешна ву, х1ара  ас Устаз лоцуш волу Хьан лай Хьоьга кхаьчна хиларх, наха иштта тоьшалла а до цунна. Везан Дела, ас и ви суо Хьуна т1евалош, сайний, Хьуний йуккъе х1оттош, сан 1амал хьуна т1екхачорхьама. Ахь со цунна т1аьхьабозучу ох1ланах вехьа».

  Х1орш Устаз лоцу дешнаш ду. Аш уьш 1алашде, нисдаларехь сов девр ду шу, Дала мукъ лахь.

Асхабов 1абдул-Хьамидан Мохьммад

Т1аьхье хир йу..