Йа АллахI
«Доьху Цуьнга стигланашкахь а, лаьттахь а мел волчо; хIора дийнахь (массо хенахь) гIуллакхехь ву Иза». (Сурат «Ар-Рахьман», айат 29)
ХIорд лела баьлча, цуьнан тулгIенаш меттахйевлча, буьрса мох хьиекхабаьлча, хIордакемана тIехь болчара кхойкху: «Йа Алла́хI!»
ГIум-арахь къепал тилаелча, некъа тIера и дIайирзича, некъ боьхна шаьш диссича, цара кхойкху: «Йа Алла́хI!»
Сингаттам тIебеъча, бала тIебоьжча, халоно ша́ лаьцча, сингаттамо хьовзийнарг кхойкху: «Йа Алла́хI!»
ГIо лоьхучарна хьалха́ неIарш дIакъевлича, дехар дечарна хьалха́ пардош хIиттийча, уьш кхойкху: «Йа Алла́хI!»
Лелон некъ ца биссича, дан амал доцуш вай диссича, сатийсамаш чекхдевлча, бахьанаш кхачийна дIадевлча, вай кхойкху: «Йа Алла́хI!»
Шен шораллехь хьуна хIара латта гатделча, шен мохьца хьуна хьан са дазделча, хьо кхайкхалахь: «Йа Алла́хI!»
Цуьнга хьалаайлуш ду дика дош, цIена доIа, бакъдолу кхайкхар, цIена бIаьрхиш, боьхна хьийза лазам.
Цуьнга хьалаайдеш ду Iуьйкъенашкахь куьйгаш, хьашташ кхочуш хилийтар доьху куьйгаш, бохамаша хьовзийна бIаьргаш, сингаттамаш дIаайъар доьху доIанаш.
Цуьнан цIарца кхуьйкхуш ду меттанаш, Цуьнгара орца ду цара доьхург, Цуьнгара гIо ду цара лоьхург.
Иза хьехорца дIатоь дегнаш, хуьлу синтем, дIахьаьа синхаам, меттайогIу ойланаш, туоло кхетам, нисло билггал Цунах тешар, ткъа АллахI къинхетаме ма ву Шен лайшца.
АллахI – уггар хаза цIе ю, уггар хаза элпаш ду, уггар бакъдолу а́лар ду, уггар мехала дош ду, «вевза ткъа хьуна Цунах тера цхьаъ?! Ван ма вац И саннарг…».
АллахI.. Тоам бу хьуна, даималла ду хьуна, ницкъ, гIора, гIо ду хьуна, возалла, хьекъалалла ду хьуна. «Хьенан ду тахана паччахьалла? АллахIан ду, Цхьаъ волчу, Толаме волчу».
АллахI.. Къинхетам, Iалашвар ду хьуна, орца, гIо ду хьуна, безам, дикалла ю хьуна. «Шуьца долу муьлхха дика – АллахIера ду».
АллахI – возаллин, воккхаллин, сийлахьаллин, нуьцкъаллин да ву хьуна.
Йа АллахI, везан Дела, баланан меттана синтем хилийта Ахь, сагатдаларна бекхам самукъа хилийта Ахь, кхераман меттана маьршо хилийта Ахь.
Йа АллахI, везан Дела, дегнийн баланаш билггал Хьайх тешарца дIаайде́ Ахь, синойх летта цIе Ийманан хица дIайайъа Ахь.
Йа АллахI! Наб йайна хьийзачарна Хьайгара маьршонан наб ло́ Ахь, синхьовзамо лаьцна болчарна Хьайгара синтем ло́ Ахь, гергарчу хенахь Хьайгара толам ло́ Ахь.
Тхан Дела! Са дIадаьхьна леларш Хьайн серлонга нисбе Ахь, тилбелла леларш Хьайн нийса некъа тIе нисбе Ахь, галбевлла леларш Хьайн бакъона тIе нисбе Ахь.
Йа АллахI! Дагчу оьху вон ойланаш Хьайн нуьраца дIаяха Ахь, синош талхар Хьайн бакъонан эскарца дIадаккха Ахь, шайтIанан мекарло Хьайгара гIонца богIучу бIоца йухато́ха Ахь.
Йа АллахI! Сингаттам дIаайбе́ Ахь тхуна тIера, сагатдар дIадаккха Ахь тхоьгара, гIайгIа а генаяккха Ахь тхуна.
Хьо воцуш кхечунах кхерарх ларло тхо Хьоьца, Хьо воцуш кхечунна тIетовжарх ларло тхо Хьоьца, Хьо воцуш кхечуьнан кера болх баларх ларло тхо Хьоьца, Хьо воцуш кхечуьнга дехарх ларло тхо Хьоьца, Хьо воцучуьнгара кхечуьнгара гIо лахарх а ларло тхо Хьоьца! Хьо ву тхан доладийриг! Ма дика доладархо ву-кх Хьо, ма дика гIоьнча а ву-кх Хьо, тхан дика Дела!