ХАДИЖАТ ВАРАКЪАТАХ ДАГАЙАЛАР
(Дела реза хуьлда цунна)
Хадижат шен майрачуьнца цхьаьна шен девешин кIант Варакъат волчу йахара, динах лаьцна долу жайнаш дукха дешна, керста нехан Iеламстаг вара иза.
Кхин а чIогIа тешна хила,
Хадижата ойла йира.
Варакъате иза дийца,
Дагайала сацам бира.
Шен шичера хьехам эшна,
Мухьаммадца и йахара.
Динах лаьцна жайнаш дешна,
Воккха Iеламстаг и вара.
Хадижата элир цуьнга:
«ХIай, сан шича, ахь ладогIахь,
Мухьаммада дуьйцучуьнга.
ХIокхо дуьйцур – гинарг ломахь.
«Дийцал шега, хIун ду хилларг…»
Варакъата ладуьйгIира.
Мухьаммада шена гинарг,
Ша ма-дарра дIадийцира.
Варакъата и бакъдира.
Хадижате цо элира:
И Жабраил-Малик хилар,
Цаьршинна цо и чIагIдира.
Дала, хьалха Мусана а,
Iийсана а даийтина,
ТIаьххьарлерчу Пайхамарна,
Мухьаммадна даийтина.
И бакъ ца веш, цу шен къомо,
Зенаш дийр ду цунна цара.
Кхуьнгахь чIогIа таIзар латтош,
Воккхур ву и цIера ара.
Цо шайн харц дин хийца аьлча,
И ца хийца лоьхуш бахьна,
Дела цхьаъ ве шайга аьлча,
Везар вац и тIаккха царна.
Варакъата хиндерг дуьйцуш,
И ирча кхаъ шена хезча,
Оцу балхах инзар вуьйлуш,
Цецвелира Делан Элча.
Жимчохь дуьйна, шен нахана,
Дукхавезаш вуй хаарна.
Амин аьлла цIе тиллина,
Гергара нах уьш хиларна.
Варакъате цо хаьттира:
«Со кхиъначу сайн махкара,
Аравоккхур ву со цара?»
Варакъата жоп делира:
«И ахь деънарг дохьуш халкъе,
Цхьа а веана вац хьуна,
Наха цуьнца тIом бешший бен.
Хьайна гур ду иза хьуна.
Ахь бакъ дин кхайкхочу хенахь,
Хьо бакъ веш, там хир бу суна.
Дуьненчохь со дийна хилахь,
Со накъост хир ву-кха хьуна».
Кхочур йолчу халонашна,
Иза ойлане велира.
Цу стигалан Iаршашкара,
Мухьаммадна аз хезира:
«Хьо кхера ма кхералахь,
ГIайгIане а ма хилалахь.
АллахI хьоьца ву хьуна.
Цо хьо ларвийр ву хьуна».
Оцул тIаьхьа, Хадижатан
ЧIогIа самукъадаьллера.
Цо лоручу Мухьаммадах (I.с.в.с.)
Делан Элча шех хилира.
Пашаев Нурди