Год истории-2024 год

Кунта-Хьаьжин (Кишин Хьаьжин) вирд

Хьалхара вирд

Х1ора фарз-ламазана т1аьхьа:

— 15-зза астаг1фируллах1 эр ду:

— 100-зза ла илах1а иллаллах1 эр ду;

— 4-зза вайн Пайхамарна салават дуьллур ду.

Мел иштта д1акхайкхор бу:

«Айса динчу 100 зуькаран мел а, вайн пайхамарна диллинчу салаватан мел а Делан Элчанна Мухьаммад пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бели ас, сайн устазана Хьаьжина бели ас, Элчанан асхьабашна а, шайхашна а, эвлайаашна а бели ас. Дала кхачабойла цаьрга иза», — аьлла салават а диллина, «Фатихьат» доьшуш, до1а дийр ду.

Шолг1а суннат вирд

Дала Шен Къуръана чохь аьлла: «Шена а шукар де, шайн дений-нанний а шукар де, Шена аш деш долу шукар Ша къобалдийр долуш ма вац шуна, нагахь шайн дений-нанний шу шукар деш дацахь».

Цу т1е а доьг1на, Къураъанан аятехь билгал ма-даккхара, Устаза шайн дений-нанний вирд даккхийша аьлла.

Шолг1а вирд иштта ду:

100-зза ла илах1а иллаллах1 эр ду, б1озлаг1а аьлла ваьлча, «Мухьаммадур-Расуллах1» т1е а тоьхна, мел д1акхайкхор бу иштта:

«Айса динчу б1е зуькаран мел Делан Элчанна Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бели ас , сайн устазана Хьаьжина а бели ас, сайн дений-нанний а бели ас, сайн устазан Хьаьжин дений-нанний а бели ас.  Дала кхачабойла цаьрга иза», аьлла «Фатихьат» доьшуш, до1а дийр ду.

И шолг1а вирд ду устаза Хьаьжас шен муридашна т1едиллина. Къинхетаме волчу Дала цу т1ехь нис а делла, д1адахар лойла вайна. Амин!

Вальхьамду лиллаллах1и Раббил-1аламийн.

Х.-А.-Х. Кадыров