Ц1ена нохчийн мотт х1унда бац буьйцуш?
(Начало на предыдущем номере)
Адаман чархехь мотт лелочу, и бахочу дегIан меженех коьрта кхоъ йу: хье, дог, мотт. Хьеш телхина догIу, дегнаш ийманах, къинхетамах дакъаделла. Мотт бисина, доллучунна а бехке хилла. Шега схьакховдийна кхача аьзнашка берзор бен, кхин гIора доцуш бу иза. Нийса дуй-те, багара мотт бехке ларар? Бехкениг корта а, дог а ду. Вай олу: хаза мотт бу цуьнан, говза мотт буьйцу цо, дукха меттанаш хаьа цунна, олий. Амма, халахеташ делахь а, боьха мотт бу цуьнан, беха мотт бу цуьнан, жIаьлин мотт бу, мотт бетташ ву, мотт хьоькхуш ву – иштта а ма олу вай. Ткъа цунна бехкениг йуха а багара мотт бац, ур-атталла вай буьйцу мотт а бац бехке. Коьрта чуьра хье а, кийрара дог а ду бехке. Дала а ма боху вайга, Хастам бу Цунна: «Со шун матте хьоьжуш вац, со шун даге хьоьжуш ву». Вайн хье чохь кхоллайеллачу, даг чохь литтинчу ойланан IиндагI ду мотт. Даг чуьра схьадуьйлучу хьостанан чоргIе ду буьйцу мотт. Дагах схьаIийдало мерза, къаьхьа, чаьмза, дуьра мутт ду мотт. Вайн даг чохь доцург меттан буьххье ца кхочу. Стеган ойланехь эмкал йелахь, цуьнан IиндагI хорбаз хила йиш йац. Вай билггалчу новкъа нисдийриг мотт бац, вайн дахаран тай нисдийриг бац мотт. Мотт вай дечу гIуллакхан гIирс бу. Коьртаниг кхочушдийриг ойла а (дог-ойла), ша дог а ду. Коьрта чуьрачу хьега хьаьжжина, башх-башха хила тарло цу гIирсах адамо йийриг. Цу ойланан доладар коьртерчу хьекъалх ду. Iилманан дешнаш девза вайна, «базис а, надстройка а» бохуш долу. Нохчийн маттахь кхето хьаьвсича: бух а, цу тIера гIишло а бохург ду иза. Бух – иза адаман дог-ойла, кхетам, ткъа тIера гIишло – иза адамо буьйцу мотт. Бухарчу бухе терра хир йу тIера гIишло. Мотт коьрта а бу, цуьнга дерриге а дало бохург харц кхетам бу. Масала, моттцахуург схьаэцча. ЦIена дог-ойла а, кхетам а бу цуьнан, ткъа мотт бан а бац. Хьалха ойла кхоллало, цунна тIаьхьа лела мотт. Адамо шен цхьа хьашт кхолладелча бен, ца олу цу хьокъехь. Хьагвелча бен, ца доьху хи, вуьйцург мила ву хиъча бен, ца йоккху цуьнан цIе. Цунах нийса цакхетарехь ду меттан хьокъехь вай дечу къамелийн коьрта гIалат. Масала, цхьамма элира бохуш (цуьнгарчу Iилманан мах хадош ца воллу со), хезна суна: «Багарчу хIокху сайн матто лелош ву со». Хезначун ойла йича, шен хабаро, кицанашца кечдинчу, дустаршца кхелинчу, исбаьхьаллин сурт хIотторан басаршца къагийначу шен къамело вина шех лераме а, сийлахь а стаг бохург ду иза. Вайна цуьнгара ца хезна цIеначу, кIоргачу шен хьекъало, хьаналчу дог-ойлано, адамашка мерза хьежаро айина шен сий-ларам бохург. ТIаккха, куьце къамел а Iамийна (нехан къамел дагахь Iамийна а), халкъана иза дIакхайкхийча, богIур бу-кх сий-ларам?! Ма атта ду иза! Къамел хаза хиларх, иза гуттара а цIеначу даг тIера Iийдало ала хала ду. Амма цIеначу даг чуьра цIена къамел бен схьадогIург цахиларх теша вай. Къамел толкха хиларх а, дог-ойла сакхт йоцуш хила йиш йу. Бакъду, сакхте ойланан стом сакхте бен кхоллалур бац. Ойла тойан йеза!!! Дог цIандан деза!!!
«Даг тIе мохь лацаелла», – олу вай ойла тIомайаьллачунна. Дог цIандан адамна гIийла хилар оьшу. Дала къайле тойойла Церан! Эвлайааш холбата булуш хилла, шайн догIмаш гIелдан. ГIорасиз чарха чохь са а гIийла хуьлу. ТIуртIи-КIотарарчу КIункIин Умалхьате цхьамма хаьттина хиллера, хIуъа хиларх, бIаьргех хи а долуш, велхалуш вац ша, дог чIогIа ду шен, и хIун ду-те аьлла. «Кхаа дийнахь-буса йуучух ца кхеташ Iехьа, гIийла бежана гича а, велха дог догIуш хир ву-кх хьо», – аьлла хиллера Умалхьата. Дуьнен тIехь, сом доцург, кхин хIумма дан а дуй-те бохург дагахь хилар ду кхераме. И санна волчунна дерриге а дицло: гIийланиг-мисканиг, заьIапниг, гIорасизниг… Шен къоман мотт, ша винчу шен ненан мотт а цхьаьна. Соьман лай хилла висар кхочу ишттачуьнга. Цунна гIиллакхаш а дицло, оьздангалла а йицло, там-товр… шарI-Iадат а дицло. Ахчано-бохчано дерриге а дIанисдинчуха дог-ойла кхоллало цхьаволчун, доллучунна а шен бакъо йу моттало, шех мел даьлларг гIиллакхе ду олий, ойла чIагIло цуьнан. Шен цIийнах, шен ворхIе дайх мел дерг а дицло. Ишттачун хье бассало, дог дакъало, маттах цхьа а йоцург хуьлу. Дог доцчу нохчичо буьйцучу нохчийн маттал дуьззина дог долчу нохчичо бийцина кхечу къоман мотт токхе хила герга ду. Аьтто-таро йолу нах йуьрта чохь алсам мел хили а, вайна пайда бу иза – халкъан экономикин бIогIамаш ду уьш. ШарIе диллича, закатан барам а хьалаболу. Ткъа иза Далла дезнарг ду! Дуьйцучух нийса кхетийта боху ас: аьтто-таро товш хуьлу нохчичуьнгахь, цуьнга ша ловзавойтуш иза вацахь. Цуьнгахь вуно тов нохчийн мотт а, гIиллакх-оьздангалла а, доьналла а. «Вуьззина нохчийн кIант ву иза», – бохург тов. Ткъа шегахь «нохчалла» доцчо буьйцу нохчийн мотт а чаьмзо хуьлу.
Оьздачу адамаша буьйцуш хаза бу нохчийн мотт. Халкъ, дийнна схьаэцча, цIена ду, оьзда ду, хьекъале ду. Шен мотт аьшнашбар ца лов халкъо. Халкъ доккха ду, халкъ сийлахь ду. Халкъаца а, къоман маттаца а забарш йан мегар дац, цхьаьнгге а кхаьчна йац къоман кхолламах шена луъург дан бакъо. Мотт къоман бу, мотт къоман бахам бу. Сий-тIалам беш, шен меттан доладийриг къам ду. Нохчийн меттан Iилма а ду кхиъна, кхуьуш а. Iилма а, Iилманан некъаш а Iилманчашна оьшу. Халкъана мотт дIахьеха а, халкъе шен къоман мотт Iалашбайта некъаш леха а Iилманчашна оьшу Iилма. Халкъана, цIе йаьлча санна, сихонца оьшург меттан Iилма дац. Профессорша талламаш бан беза – ненан мотт хазбеш, марзбеш, и адамийн дегнаш чохь чIагIбеш долу некъаш довзуьйту долу талламаш. Хьоьхучара, халкъана а, Iилманна а йуккъехь зIе а латтош, и талламаш эвсаралле берзо беза. Тахана мотт нийса бийца а, йаздан хаъане а ца хууш волчу стагана кIорггера чулацам болуш йолу статьяш йа монографеш ца оьшу. Мотт йукъара дIа ца балийта Iалашо лаьцна долчу халкъана, цIанбеш, мотт нийса бийцар, нийса йаздан Iамар оьшу. КIорггера хаарш долчу меттан говзанчашка керла кепаш, некъаш лохуьйтуш, керла журналаш, газеташ, радион, телевиденин керла передачаш йукъайахарца дан деза и гIуллакхаш. Эвсараллера дIайевлла, ширйеллачех тера а йоцуш, мелла а керла, вайн заманан лехамашца йогIуш а йолу, кегийрхойн хьежамашна жоп луш а йолу, амма нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла лар а йеш йолу керла кепаш каро йеза. Дахар кхиъна, кхидIа кхуьур ду, ткъа керлачу чкъурана нийcа Iаткъамбаран кепаш ширанаш йу хIинца а. Цу декъехь вай хIумма а ца дина бохург дац иза. Iаламат дукха а, мехала а ду динарг, амма, динчух, тоам а бина, совца йиш йац. Цу декъехь болх жигарабаккха беза. ХIоранна а хаьа, ша мила ву, шегахь мел Iилма-хаарш ду. Шена хуург кхоо ца деза, амма шегахь доцчунна моттаргIанаш лело маггане а мегар дац.
Къоман мотт цхьаъ бен бац, хила йиш йолуш а бац. Доллучу а къомана оьшуш бу нохчийн мотт. Цхьана билггалчу кIоштахь, йа цхьана билггалчу йуьртахь, йа куьпахь буьйцучух къоман мотт ца олу. Уьш диалекташ йу. Диалекташ, Iилманан а, фольклоран говзанчаша гул а йина, талла а теллина, зорбане йаьхна, йовзийта йеза. Нагахь халкъо шена эшахь, дезар дийр ду царах, нагахь ца эшахь, словарехь йуьсур йу. Литературни мотт олу вай йозанна магийначу, йукъаралло шех дезар оьцучу маттах. Шен йуьртахь йа кIоштахь бен ца йевзачу диалектизмашца литературни мотт талхо гIерта ца беза журналисташ а, йаздархой а. Нажи-Юьртара, йа Аьккхара, йа Теркайистера, йа Ламаройн хуьлийла иза. Диалект диалект йу. Диалектах нохчийн литературни мотт хир бац. Зорбанна а, радиона а, телевиденина а тIе куьг кхочучу нехан мелла а аьтто болу ишттаниг дан. Тайп-тайпана дешнаш ду йукъакхуьйсуш. Цара мотт бехбо, талхабо. «Бабо», «мамо», «вешо», «йишо», «децо», «стаго», «йоIо»; «йаззош ду (йоза)», «баззош бу (кхоллам)», «Вахха вара», «аьлла дара», «аьг дац», «аз хуг дац», «тхан бергаш», «шун бергаш», «цуьнцани» «хьоьцани». Сан а, кхечеран а диалектизмаш йу уьш, вайн маттана мехала а йолуш, вайна оьшуш а йолуш – нохчийн мотт хьоле беш йолу. Масала, Нажи-Юьртан кIоштарчу ТIуртIи-КIотарахь олу: «ЧIуьлиган гIожмаш санна (шортта, дукха)», «Пезин далла санна (Iаьнна, йаьржина)», «Шал-дукъа (гена)», «Эламирзин шовда санна (шийла)». Тхан йуьртахой вуно дика кхета церан маьIнех, амма теркахой а, чIебарлой а, ткъа иштта кхечу йартийн бахархой а ца кхета. Иза литературни маттара къамел ду бохуш, цаьрга бехкаш даха бакъо йац сан, йа церан – соьга а. Литературни моттий, диалекташший вовшех къасто йеза бохург ду вай дуьйцург. Царах хIораннан а шайн-шайн йу мехалалла а, пайдаэца беза меттиг а. И цахуург телевизор чу ма гIерта. Йа шен белхан декхаршца шена и тIедоьжна делахь, Iамо хьажа веза. Ненан мотт Iамор – иза йайдакх говрахь космосе гIо бохург-х даций!
Мотт хуучара, цуьнца бала болчара дегабаам бо, къоман мотт аьшнашбича. Нохчийн йуьхь-сибат долуш, тайна куц-кеп долуш волу стаг телевизор чохь гойту. Даккхий декхарш шена тIехь а долуш, халкъан дахаран дийнна цхьа дакъа кара а делла, охьахаийна волчу стаге ладогIа охьаховшу хьовсархой. Шен белхан говзанча ву иза. Амма цуьнан къамел кхеташ ца хуьлу, маьIнаш талхош хиларна. Цу стаге йуьхьанца кхоллайелла шовкъ сихонца гIелло: цунна бехке бу цо буьйцу «нохчийн» мотт. Оьрсийн а, кхечу меттанийн а дешнаш йукъадалорца, догIуш делахь а, дацахь а, ша «грамотный» хилар гучудаккха гIерташ верг а хуьлу. Кхечу меттанийн дешнаш йукъахь а доцуш, ша дина къамел беркъа хеташ, дерзина хеташ, саготта хуьлу цхьаверг. Иза нийса муххале а дац, мелхо а, телхина гIуллакх ду. Масала, «Сельский администрацеш собратьса дина», «прокуроры районаш тIекхайкхина», «студенты филфака сесси дIало», «Мэры городаша субботникаш организовать йина». Изза деш цхьаболу куьйгалхой а бу. «Посевной участкаш пахать йина, бороновать йина, весенний посевана стопроцентный подготовка а йу тхан», йа «Послеоперационный период дика протекать деш ду, цул тIаьхьа реабилитационный действеш дIахьур йу, полный восстановлени хиллалц». ГIуллакхаллин (деловой) стилехь нохчийн мотт лело Iемина ца хилча, иштта буьйцу мотт. Ткъа литературни нохчийн маттахь иштта хила деза: «Бабас», «мамас йа нанас», «вашас», «йишас», «децас», «стага», «йоIа»; «йаздеш ду (йоза)», «йазбеш бу (кхоллам)», «вахара йа ваханера», «элира йа аьллера», «эр дац», «иза хир дац», «тхан берш йа тхайнаш», «шун берш йа шуьнаш», «цуьнца» «хьоьца». Къамел нийса хир ду иштта дича: «Йартийн администрацийн куьйгалхой схьагулбелла», «районийн прокурораш тIекхайкхина», «филфакан студенташа сесси дIало», «гIаланийн куьйгалхоша субботникаш вовшахтоьхна», «Дуьйш-дерзо латтанаш аьхна а, мекхабаьккхина а ду, бIаьста йалташ дIадерна буьззина кечам а бу тхан», «Операци йинчул тIаьхьа болу мур хила ма-безза дIабоьдуш бу, цул тIаьхьа могашалла меттахIотторан гIуллакхаш дIахьур ду, хила дезачу хьоле кхаччалц.»
Ма аьхна, кIеда-мерза бека нохчийн мотт ша бевзаш а, буьйцуш а волчун озехь. Ма хьалдолуш бу иза! Муьлхха а хазахетар, халахетар дIаалало нохчичуьнга цу маттахь. Ма зевне дека цу маттахь «Дада. Нана. ДоттагI. Йиша. Даймохк. АЛЛАХI» боху дешнаш. Ткъа дуй-те хIокху доккхачу дуьненахь, нохчаша санна, цадашарца ненан маттана инкарло йеш долу кхин къам?! Шен къоман, Даймехкан, ненан, ненан меттан тIалам цабарна эхартахь бартхоттур бу, боху. Цундела ала лаьа:
Iамабе нохчийн мотт, кIентий, шен дуьххехь!
Бийцийша, мехкарий, йеш цуьнан чот!
Мункаре, Накире эхартан дуьххьехь
Муха вай лур ду-те хаттарна жоп?
Лаьттахь а, хи чохь а, хIаваэхь а мел йолчу садолчу хIуманашна йукъахь кхетамболуш кхоьллина цхьа адам бен дац. Нийсаниг-гоманиг, диканиг-вониг, шениг-неханиг вовшех къасто кхетам бу адамехь. Иштта кхетам Дала ца белла дийнаташна, олхазаршна, акхарошна. Амма шайн тобанах дерг-доцург къасто, шийла-йовха къасто, кIорнеш кхио а, уьш кхаба а хаьа царна. Аллах1а делла иза царна. БIешерашкахь, эзаршерашкахь шайн тобанан гIиллакх лардеш, дийнатийн йа акхаройн Iедал ца талхош, деха и синош. Шайн кIорнеш кхиор тайп-тайпана ду церан. Iилмано дийцарехь, и гIуллакхаш, цхьана а кхетамо хьоьхуш а доцуш, кхочушдо цара. Шайн дахар довзар, дIадахьа хаар делла царна Дала. Вай цIераш йаьхначу синошца дуьстича, адам ма башха хIума йу. Шайн дахар довзар, дIадахьа хаар доцург, и шайн дахар хийца, и кхолла, кхечарна иза пайдехь долуш дIахIотто хаар а делла адамна. Лаьтта тIехь низам лардан пачхьалкхан Iедал делла, Делера низам лардан динан Iедал делла. ХIетте а Iаш дац адам, низам талхош бен. Шайна ца магийна даарш мерза хета, шен къоман доцу гIиллакхаш деза, шайна хийрачу къаьмнийн духарш хазло, цIармата уьш мел хили а, жирга ца хеташ. Акхароша а, дийнаташа а эзарнаш шерашкахь лардечу церан дахарна йукъагIерта, царна кхерамаш а туьйсуш. Къаьмнаш вовшашца ца тарло, тIемаш бо. Къаьмнийн культураша зазадаьккхина мур бу (цивилизаци) бохуш, хIуъ-хIуъа а тардолуьйту. Шена хьакъдоцчу гIанте кхийда даржан дуьхьа.
Миска уьйраш тоьду, мерза гергарлонаш хедадо. Даккхий совгIаташ дан гIора долчаьрца гергарлонаш лоьху, шаьш ца дешашшехь, захалонаш до цаьрца. Изза кхаьчна тахана нохчийн адамашка а. И уьйраш, марзонаш дIалело мотт оьшу. Мотт харжарна тIекхочу гIуллакх. Токхе берг, сане берг, цуьнгахула шена пайда хинберг – шен-шен некъана беркате берг, дукха лерина лохий, къастабо. Оьрсаша – ингалсан мотт, туркоша – Iаьрбийн мотт, гуьржаша – оьрсийн мотт, и дI.кх. Ткъа нохчийн матто нохчашна мел пайда бохьу?! Захалонаш дийцар, синкъерамаш лелор, иллеш-эшарш лекхар. Кхин?! Ойлайича, кхин дан а дац. Цунах таро йина Iен йиш йац кхузаманан нехан. Тоьлла даарш, деза духарш, Iаьржа машенаш, лекха бIаьвнаш, деши-дети. Нохчийн маттах тешна Iийча, царна тIе кхочург цахилар девзина царна. Дуьненайукъара политика а, экономика а йац цу маттахь йуьйцуш. Интернетан цIарматчу сайташ чохь а бац нохчийн мотт, цхьана а пачхьалкхан ахчан тIе йазбина а бац, Iаьржачу машенийн хьаьркаш тIехь а бац, банкийн мухIарш тIехь а бац, мехалчу (ценные бумаги) кехаташ тIехь а бац. ТIаккха нохчийн маттах хIун до? Иза стенна оьшу? И Iамош, къа а стенна хьоьгу?
Амма шен меха хIумма а доцу нохчийн оьздангалла а, дозалла а ду-кх цкъа а лийрбоцчу нохчийн маттехь! «Нохчалла!» ду-кх нохчийн маттехь! Дуьненан пачхьалкхийн векалша: «О! Шешан! Шешан! Кадиро-ов!» – аьлла, нохчий хастийча, дог доккхадоьй, хьаьвза – цIера а, арара а – муьлхха а нохчи.
ЮНЕСКО-с бинчу талламца… нохчийн мотт дуьнен тIера дIадовла гергадолчу меттанех лору. Мотт дIабаьлча, къам а дIадолу, нохчий кхечу къомах дIаоь. Шаьш дIаийначу къоман мотт Iамо дезар ду нохчийн. Лаахь а, ца лаахь а! Цуьнан гIиллакхаш схьаэца дезар ду. Лаахь а, ца лаахь а! Заманан йохалла захалонаш а дийр ду, цу къоман ловзарш а деш. Ден-ненан кошан барз а цу къоман битамехь хIоттор бу. ХIунда? «Нохчи» бохург олуш йа йаздеш хир дац. Чуччара чуччадуьйлуш, кетар санна, харцахьа а дуьйлуш, дIагIур ду и гIуллакх. Цунах олу доьхна де. Дийна а волуш, къемат-дийне кхачар ду иза. Иза валар, къам далар ду. Валарал а доьхнарг ду иза. Цул тIаьхьа нохчичо хIун до дуьненах? Цул тIаьхьа нохчичо хIун до бахамах, даьхнех, дешех-детех, даржах… Шайн дайшкахь дуьйна лай хилла лаьттинчийн лай хилла ваха везахь, товр дуй нохчичунна? Дика ойла йича, цу тIе догIу иза.
Вайн республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана, цу дийнах къам лардеш, кхайкхам бо вайга. ЛадогIа вай! Накъостий хила хьовса вай!
Р.А. Кадыровн кхайкхамо дог ир-карахIоттийна, йукъйихкина, нохчийн меттан гIайгIа бан арабевлла дуккха а нохчийн дика кIентий а, оьзда мехкарий а. Дала аьттобойла церан! Дала сийдойла церан!
Цхьана адаман йа йукъараллин – хIораннан а цхьацца хIума ду сийлахь: стеган цIе, да-нана, Даймохк. Адаман сих а, цIийх а дIаийна ду уьш. Ткъа йукъараллин а (хуьлийла иза пачхьалкх йа къам) ду сийлахь хIумaнаш. Масала, Байракх, Герб, Гимн. Байракхан сий-тIалам бо халкъан векало. Баьрчехь дIатарйо вай Пачхьалкхан Герб а. Пачхьалкхан Гимн локхучу хенахь, хьалагIовттий, сий-ларам бо вай. Къоман цIий а, хьацар а хуьйдина, халкъаца цхьаьна цIергахь а, дорцехь а йахчайелла Сийлаллаш йу уьш. Нохчийн къоман йуьхь а, адамалла а, оьздангалла а – деза а, гергара а, хьоме а мел дерг дерриге а шайна чухуьйдина цу кхаа дашо. Ткъа къоман мотт?! Мотт бораха бац Байракхал, Гербал, Гимнал. Мелла а беза а, бIаьрла а бу. Къоман са а, сий а, дог а ду ненан маттана чудиллина. Нохчийн меттан дешнаш дац Гимнехь дерш? Нохчийн къоман хьаьркаш йац Байракхна а, Гербана а тIехь? Соьга хаьттича, цу могIанан коьрттехь хила хьакъ бу къоман мотт – ненан мотт – нохчийн мотт. Байракх, Герб, Гимн аьшнашйинчунна законца таIзар до. И нийса а ду. Ткъа хIунда дац ненан мотт аьшнашбечунна таIзар дан закон?
…ХIор шарахь даздо вай оханан беттан 25-г1а де – Нохчийн меттан деза Де. Ас даиманна а декъалбо – цIера а, арара а – берриге нохчий оцу сийлахьчу денца. Могуш а, ирсе а хуьлийла хIор нохчи! Дика кIентий а, оьзда мехкарий а алссам кхуьийла беркатечу Нохчийн Лаьтта тIехь!
Джунаидов Аюб