Год истории-2024 год

Пхийтта

Пхийтта-йалхийтта шо хьалха, х1инца санна хаза б1аьстенан малх кхеттачу дийнахь дара иза, суна хьалха гина вара, амма йуххера вевзаш воцу ши къонах, чу ван мегар дуй, аьлла, «Исламан з1аьнарш» газетан, сан белхан кабинета  чоьхьа велира. Салам делла, куьйге ца вог1уш маракхийтира. Со кхийтира, шаьшшиъ сол ханна жима волу дела соьца лаьцна г1иллакх дара цу шимма гучудаьккхинарг. Иза суна товш, хаза ларам бар хийтира. Хьеший охьаховшийна, хьал-де хаьттина даьлча, шаьш беана некъ бовзийтира. Соьца гергарло дезаш, йуххера вовза лууш и коьрта 1алашо йолуш ду шаьшшиъ кхуза варан бахьана. Ц1ера Хьалха-Мартан к1оштарчу Г1ой-Чу (Са1ди-к1отар) йуьртара ву – Исмаилов 1аьрби (Сулейман), Гакаев 1аьрби (1ийса). Т1аьхьо хиира суна, цхьаъ –журналистикехь иттаннаш шерашкахь дуьйна гергарло долуш хилар, важа – байташ йазйеш, хилла ваьлла поэт хилар.

— Схьакховдийна гергарло д1атоьттачарах дац вай, — аьлла, — Соьгара оьшачунна со волуш ву-кх  шуна муьлххачу хенахь, вайн наь1арш даима йиллина йу-кх шуна, — къобалбина т1елецира ас беана некъ. Гуш дара церан йаххьаш серлайевлла, самукъадалар.

Иштта, оцу дийнахь тасаделла гергарло тахана а соьца схьадохьуш ду церан.

Карарчу хенахь, вайн махкахь дика вевзаш, везаш волу РФ-н йаздархойн Союзан декъашхо Гакаев 1аьрби ву шех ала шортта диканиг долуш, шен арайелла книгийн гуларш йолуш, цуьнан дешнашна т1ехь даьхна иллеш ду наха дезаш, ладуг1уш. Дала мукъ лахь, цунах а, цуьнан кхоллараллех а дош олуш хан йог1ур йу. Ткъа тахана цуьнан йуьртахо а, гергара а стаг волчу Исмаилов 1аьрбех лаьцна ду вайн дийцар. Цуьнан ши бахьана ду: 1аьрби дуьненчу ваьлла 70 шо кхачарца а, кхоллараллин новкъахь къахьоьгуш волу 50 шо кхачарца а доьзна.

Исмаилов 1аьрби дуьненчу ваьлла белхалочун доьзалехь генарчу казахийн махкахь Семипалатинск г1алахь 1953-чу шеран бекарган беттан 12-чу дийнахь. Дуьххьара хьалхарчу классе деша вахна цигарчу г1алин № 18 йолчу школе. Итт класс чекхйаьккхина Сибрехара доьзал ц1абирзинчул т1аьхьа, дай баьхначу Хьаха-Мартанан к1оштарчу Г1ой-Чу йуьртахь. Дешна техникумехь, пхьар-г1ишлойархо говзалла карайерзош. Лаккхара дешаран заведенехь доьшачура йукъахвала дезна доьзалехь кхолладеллачу хьолана, боккха доьзал болчу дена оьшура йуххехь белхан накъост. 1аьрби доьзалехь воккхахверг вара.

Дуккха а шерашкахь шен дена йуххе х1оттина Омски областехь г1ишлошйаран бригадехь къахьегна ву. Йукъкара белхаш бина ц1ахь а: пионервожатый, радиокорреспондент, йуьртда, бухгалтер. Амма коьртачу декъана цунна дезнарг, цуьнан даго шокъ-марзо йолуш т1еэцнарг – иза газетаца долу гергарло ду. Ша ишколехь доьшуш волчу хенахь дуьйна таханлерачу денна т1екхачалца схьадахьаш ду Исмаилов 1аьрбис, доттаг1аша – Сулейман олий, йоккху цуьнан ц1е, зорбанца долу гергарло. К1оштан газета т1ера волавелла, г1алахь арадолучу газетийн а, масех книгин а, журналин а аг1онаш т1аьхь арабийлина цуьнан тайп-тайпанчу жанрашкахь йазбина белхаш.

Иштта вайн газетахь зорбане валар нисло кхуьнан. Оха зорбане даьхна цуьнан Шайх Митаев 1елех, цуьнан накъост лаьттинчу ???? Ибрах1иман дахарера бакъдерш, шина номерехь арайаьлла йолу «Хьаьжц1а боьду некъ» ц1е йолу материал, г1аш Хьаьжц1а баханчу нохчийн 7 стагех вовшахкхеттачу тобанех, цара массийтта баттахь бинчу халчу некъах лаьцна, тобанан хьалхаваьллачу Хьалха-Мартан г1алара вахархочо Юсупов Сайд-Селима х1ора дийнахь некъаца динчу йозанех пайда оьцуш.

«Исламан з1аьнарш» газет кхолладелла 30 шо кхочуш лерина арадаьллачу газетан аг1он т1ехь цуо йаздина вайн бусалба динан газето шена а, шен гергарчарна а мел пайден х1ума гучудаьккхина. Динех доьзна кхолладеллачу дуккха хаттаршна жоьпаш карадо, Пайхамарех, эвлийаэх, шайхех, дикачу нахех, церан дахарех, цара вайна т1аьхьа дитанчу дикчу масалех шуьйра пайда иэца аьттуо хуьлу.

Билгалдаккха дог1у, Исмаилов 1аьрбин сих-сиха хуьлу редакци вар. Со волчу чоьхьаволуш, зерати веъна ша олий, чоьхьа волу. Суна хааделла цуо массо а, аьлла, йаздархойн, 1илманчийн кхоллараллина лерина йечу суьйренашкахь, презентацишкахь дакъалочуш хилар, шен геннара схьаван дезашехь. Иза ву Айдамиров Абузаран ц1арахчу къоман библиотекехь вовшахтоьхначу  кхоллараллин «Литературни хьешац1а» ц1е йолчу тобанан декъашхо. Х1ора баттахь шозза гулло, хьошалг1а кхайкхинаг хуьлу махкахь г1арабевлла болу 1илманчаш, йаздархой, артисташ. Дуьйцу церан дахарех, кхоллараллин  некъах лоций, х1ора тобан декъахочуьна бакъо йу хьешига хаттар дала, цуо жопп ло. Цхьаьнакхетар дерзош безамна сарташ доху. Х1ора, аьлла, цхьаьнакхетарх дуьйцуш статьяш арайовлу республикан коьрта газеташа аг1онаш т1ехь.

1аьрбех лаьцна дийца кхиъ хир дара, делахь дийцар дерзош билгалдаккха лаьа цхьа х1ума: 1аьрби адам дукха дезаш стаг ву. 1амал-1ибадат дарца, маьждаге, зераташка боьду некъ херца беш, цамгарца волчунна т1ех1уттуш, г1илачунна шега далун г1о деш, тезеташка, наха кхайкханчу мовлди-саг1е воьдуш, йуьртахь, к1оштахь йукъараллин г1улкхана оьшучохь дакъалоцуш схьавог1у 1аьрби.

Цуьнан ирс хилла шеен дахарехь дуьненна г1арабевлла пох1ма долу нах бовза, цаьрца гергарло лело. Вахар-вар нисделла Советан пачхьалкхе йукъайог1уш хиллачу дуккха а республикашкахь, дозанал арахьа а.

Цуьнан ц1ийнах шеен хенахь махкахь бевзуш 1елам а, дешна а нах хилча, Нохчийчохь ц1е йоккхуш хиллачу бусалба нахаца гергарлонаш лелийна цара. Оцу хиллачу хазчу гергарлонех йаздан 1алашо йолуш ву ша, аьлла, хаийтира суна 1аьрбис. Иза дика х1ума ду, т1аьхьенашна хаийта деза дайш лелийна гергарлонаш, уьйр-марзонаш хедийта ца йезийла, бусалба дин ч1аг1дарехь ондда бух бу иза.

Дала вовшен дезар лойла вайна.

Заурбеков М.