Год истории-2024 год

МУХЬАММАДАН ДАХАР ДОВЗАР

(АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна)

Байташкахь  дийцар

Дела цхьаъ веш, Элча бакъ веш,

Эвлайааш къобал а беш,

Тхо нийсачу новкъа нисдеш,

Ахь къинхетам би тхох Дела.

Мухьаммадан гIиллакх дуьйцуш,

Оьздангаллех масал оьцуш,

Тхуна даха некъ гайтарна,

Хастам хьуна Везан Дела.

Сийлахь Элча, хьох мел дийцарх,

Кхачам хилац тхан дегнашна.

Кху дуьнен чохь хьо мел вийцарх,

КIорда ца до бусалбашна.

Бусалбанна тIехь ду декхар,

Динан Iилма Iамор, дешар.

Хаа лаахь доккха Iилма,

ТIехь ду Элчан дахар довзар.

Веза Сийлахь волчу Дала,

Сийлахь Къуръан шега доссош,

Дахар хаздан ша кхоьллина,

Бакъ дин Ислам вайна кхайкхош.

Боданера халкъ дIадаккха,

Вайна Iу веш ваийтина.

Делан Элча ва Мухьаммад,

Салам-маршо цунна хуьлда.

Уггаре а бакъ дош хьенан?..

Лекха волчу Делан дош ду.

Уггаре а нийса некъ а,

Сийлахь волчу Элчан некъ бу.

Лекхаволчу Делан Элча,

ХIай Мухьаммад, тхан Пайхамар.

Хьан сийлалла йийца воьлча,

Цунах хуьлу дика хьехам.

Къинхетаме Элча хилла,

Собар, ийман шеца долуш,

Догдикалла, оьзда гIиллакх,

ДогцIеналла, эхь-бехк долуш.

Сов эсала, кIеда-мерза,

КъинтIера вала кийча волуш.

Вайн дахаран оза терза,

Ша тешаме, нийса волуш.

Хьарамалла, дов ца дезаш,

МаслаIате низам долуш.

Кху дуьнен чохь машар безаш,

Комаьршалла шеца йолуш.

Вай мел дийцарх кхачор ма дац,

Вайн Элчанан дика гIиллакх.

Цул сийлахь верг веъна ма вац,

Далла везна иза хилла-кх.

Дала Элча вазвинера,

Цуьнга Къуръан доссийнера.

Лекхаволчу Делан къамел

Вайн Элчано схьадуьйцура.

Сийлахь волчу Везчу Дала,

Мухьаммад цIе тиллийтарна,

Оцунна теш массо вара,

Делан ниIмат и хиларна.

Цулла хьалха цхьана дена,

И цIе тиллина ца хилла.

Оцул сийлахь, цулла йеза,

Кху дуьнен чохь цIе ца хилла.

Йа Раббана АллахI Дела,

Хьуна хастам бу тхан Дела.

Сийлахь Элча вовзийтарна,

Цуьнан умматах тхо кхолларна.                                                                          Пашаев Нурди