Год истории-2024 год

ШАЙХ ЧИММАРЗА (МАЙРТУЬПА)

Шайх Таумирзаев Чиммарза Курчалойн кIоштан Майртуьпара хилла. Къадарин тIарикъатехь шайх хилла иза. Кунта-Хьаьжин мурид  а хилла. Цо векал вина хилла Чиммарза тобанаш хьеха, къадарин тIарикъатехь муридаш кхио. Оцу  заман  чохь  Iедало  новкъарлонаш  йеш хилла  динан  дайшна.  Динан  тхьамданаш  хьийзош хилла. Къаьсттина  Iедалан тидамехь хилла, зуькарш деш, муридаш кхиош хилар. Кхин бахьана дацара Чиммарза махках ваккха. Миска стаг вара  иза.  Амма  хIетте  а  1911-чу  шарахь  Калуге ссылке вахийтира. Вайн махкарчу кхечу эвлайаашца хан йаьккхина цо цигахь. Обарг Зеламхина гIо деш ву бохург дара цунна тIехь кхоьллина.

45 шо долуш вара иза цу хенахь. Ши зуда йара цуьнан – Субайдат а, Хурамат а. Пхи йоI йара церан. Цхьаьннан а цуьнан бахамах хьега меттиг йацара. Дуьненан рицкъа леха гIертар кIезиг дара цуьнан.  Дерриг  дахар  муридаш  кхио  гIертарна тIехьажийна дара.

Калугехь дукха хан ца йоккхуш, цIа ваийтира иза Iедало, цуьнан бехк цахилар хиъча.

Калугехь  шайхийн  вовшашца  гергарлонаш хилла.  Вовшашна  тIекхочуш,  уьйр-марзо  дика латтош хилла цара.

Муридаша  дуьйцуш  иштта  дийцар  ду.  Цхьана дийнахь Iавда а, Соип-молла а, Чиммарза а хилла цхьаьна Iаш. Соип-моллас аьлла Iавде:

– Со-м, молла ву аьлла, ваийтинера кхуза, хьо

– шайх ву аьлла. Ткъа хIара Чиммарза хIунда ваийтина-те?

– ХIокхо ша лур ду цунах жоп, – аьлла Iавдас.

– Ма алийтахьа соьга хIумма а, – аьлла Чиммарзас. Iавдас, тIедожжош, жоп луо аьлла.

– ХIунда ваийтина-м хаац суна со. Вуьшта, вайша, дукха ца  Iаш, цIа  гIур вуй-м хаьа  суна. Ткъа хIара  Iавда кхузахь дIакхелхар ву, – жоп делла Чиммарзас.

Чиммарзин шайхалла гучудаккха дина къамел ду и эвлайааша. Иштта нис а делла и. Соип-молла а, Чиммарза а, бехке вац аьлла, цIа ваийтина Iедало.  Цигахь  Делан  кхиэле  дIавирзина  Iавда Iедало, ша гIо а деш, цIа валавайтина. Эвтарахь дIавоьллина иза, шен кертахь.  Iелас тIехь зерат дайтина цунна хIеттахь. ХIинца вайн Мехк-Дас тодайтина иза.

 Иштта хилла церан йукъаметтигаш, гергарлонаш, вовшашна боккха лерам болуш.

Калугехь  Чиммарзин  кIант  хилла.  Цунна  цIе тиллар Iавдехь дитина массара а.

– Калуга хир йу цуьнан цIе, – аьлла Iавдас.

Иштта,  Калугера  цIа  богIуш, жима  доьзалхо Калуга а валош баьхкина ЧиммарзагIар.

ЧIогIа зуькар ду Чиммарзин муридаша дийриг. ЖиргIа тухуш, до цара и. Божаршца цхьаьна зударий ца хуьлу зуькар деш. 

Майртуьпарчу  кешнашкахь  дIавоьллина  ву шайх Чиммарза.

Шен устаза Кунта-Хьаьжас хьехна вирд  доккхуьйту цо шен муридашка.

Дала, къобалйеш, дIаоьцийла церан Iамалш!М. Заурбеков