УМАЛТ-ХЬАЬЖА (МАТА)
Келиев Умалт-Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла цуьнан) Нажи-Йуьртан кIоштарчу Iалара йуьртара ву. Келин доьзалехь вина а, ваьхна а ву иза. Цуьнан муридаша Мата олу цунах.
Накъшбандин тIарикъатан шайх а, устаз а ву иза.
Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин мурид хилла иза. Сесанарчу Воккха-Хьаьжас доладеш хилла цуьнан. ГIеза-Хьаьже аьлла хилла Воккха-Хьаьжас, ша дIавалахь, цуьнан доладеш хилалахь аьлла.
ГIеза-Хьаьжин хьуьжарехь дешна Матас. И чекхйаьккхича, Дагестанерчу гIарабевллачу Iеламнехан хьуьжаршкахь дешийтина цуьнга. ГIеза-Хьаьжас, ша Макка дIавахале, шен муридашна билгавина хилла иза.
Умалт-Хьаьжа дIакхелхина 1883-чу шарахь. 66 шарахь ваьхна иза. Дуьне дIатесна, халбатахь хан йаьккхина хилла цо. Дийцарехь, гIодайукъ, шина куьйга йуккъе тарлуш, йуткъа йолуш а, дегIана жима а хилла иза. ХьаьжцIа вахана хилла Умалт, шеца дуккха а Iаларойх нах а эцна.
Ткъе итт шарахь сов бусалба динан Iилма хьехна Умалт-Хьаьжас. Цуьнца дешна хилла ДаьргIара Испайха, Къосум-Хьаьжа. Иштта Зандакъара Хьесамак-молла, Iаларой-Эвлара Абзат-Хьаьжа, кхин а. Ша дIавала гергавахча, Абзат-Хьаьже кхайкха стаг вахийтина цо. Оцу заманахь Мескитахь имам хилла иза. Ша хир вац цо кхойкхург аьлла, ца вахана Абзат-Хьаьжа. ШолгIа ша дIакхойкхуш стаг ваийтича, вахана иза. Дуккха а нах хилла, оцу белхан теш хила лууш, гулбелла. Эццахь, шел тIаьхьа хIара дашо зIе (накъшбандин силсил) Дала хьоьга луо боху шега, и схьа ца эцча вер вац хьо, аьлла Умалт-Хьаьжас.
Умалт-Хьаьжин муридаш бу Iаларойн йарташкахь.
Пхи кIант хилла цуьнан: Iумар, Iела, Мохьмад, ИбрахIим, Абубакар.
Умалт-Хьаьжин зерат ду Iаларахь. Цуьнан ши кIант: Iумаррий, Абубакаррий ву зерата чохь шайн дена улле дIавоьллина. Iумар Умалт-Хьаьжел хьалха дIаваьлла. Iумар валарчу вирзина хилла. И дIаволла меттиг билгалйан хIинца зерат долчу гу тIе ваьлла Хьаьжа. И гу даима, «зумм» бохуш, бекаш хилла. Iумар дIавоьллича, бекачуьра сецна и. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, Умалт-Хьаьжа а дIакхелхина.
Муридаша цуьнан коша тIехь зерат дина. Шен муридашна вирдаш тIедехкина цо. Дала и шайхаш, эвлайааш ларар лойла вайна!
(Бешил-Ирзерчу йуьртан маьждиган имама Хатуев Жабраила дIайаздина хIара дийцар. Дела реза хуьлда цунна!)
М. Заурбеков