Буоберех къахетар, церан доладар
Ислам-дин шаьш т1еэцале буоберашна т1ехь йаккхий къизаллаш лелош хилла 1аьрбаша.
Шен дех бисинчу бахамах шен хьаштдерг схьаэца йиш ца хилла буоберан. Цуьнан доладийриг цуьнан даьхни дууш хилла, Делах ца кхоьруш. Буобер ахча д1а а оьций, деша йиш йоцуш дуьтуш хилла цара. Лекхачу Дала Шен Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуккха а айаташ диссийна, вайна – бусалбанашна буоберашца дика хилар 1амош.
Лекха волчу Дала аьлла: «Д1ало буоберашна церан даьхни. Ма хийца боьханиг (хьарам дерг) ц1еначуьнца (хьанал долчунца), ма даа церан даьхни, шайчуьнца иэдай. И доккха къа ду».
(Ан-Нисаъ, 2)
Буоберана д1ало дерриг а цуьнан даьхни, доккха а хилла иза кхетаман шерашка даьлча. Церан даьхнех а, лаьттах а, х1усамех а диканиг шайна дерзош, вониг царна дуьтуш ма хила, церан хьал схьаэций, шайнчух д1а ма эде, бохург ду иза.
Иштта, Веза-Сийлахь волчо аьлла: «Кхоьрийла уьш (версаш), шайл т1аьхьа кегий бераш дисарна кхерарх терра. Уьш кхоьрийла Делах (буоберийн доладарехь), цара олийла (буоберийн хьакъ лардарехь) нийса дош».
(Ан-Нисаъ, 9)
Буоберийн доладеш волчо ойла йан йеза, ша вала а велла, шена дукхадезаш долчу шен берийн доладеш кхиверг хилча, шена иза муха хила луур дара, аьлла. Шена санна, шен бераш дукхадезаш, цаьрца иза къинхетаме хила луур дара. Уьш кхиош, церан дола деш, цаьрга хаза вистхуьлуш хила луур дара. Хаза т1еоьцуш, даарца-маларца, духарца шайн берийн санна терго йеш, да воцуш хиларан бала царна байбеш хила луур дара.
Веза-Воккхачо ма-аьлла: «Буоберан даьхнина герга ма г1олаш, дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц».
(Аль-Ан1ам, 152)
Буоберийн даьхнина герга ма г1олаш, церан шайн х1уманна доладан хьекъал кхочушхиллалц. Церан даьхнина герга ма г1олаш, и даьхни лардан а, совдаккха а 1алашо йолуш бен, бохург ду иза.
Лекха волчу Дала аьлла: «Буоберийн даьхни дууш зулам деш берш, баккъал а, цара йууш йерг (Къемат-дийнахь) церан гайш чохь (летар йолуш йолу) ц1е йу, жоьжахатин ц1ергахь богур бу уьш».
(Ан-Нисаъ, 10)
Аллах1-Дела къинхетаме ву, нийса хьукма деш ву, цаторийла йолчохь, верасана буоберан рицкъанах кхета магийна Цо: «…Хьал долуш верг йухаозалойла (буоберийн даьхни даарх), мисканиг – цо диканца (шен хьаштоне а, ша динчу г1уллакхе а хьаьжжина) дуийла…»
(Ан-Нисаъ, 6)
Буоберан доладийриг шен цаторийла йолуш велахь – цунна буоберан рицкъанах кхетар магош 1елимнаха билгалдаьккхина диъ хьал ду:
1) Йухалург эцар.
2) Исрап (кхоамзал) доцуш цунах х1ума йаар.
3) Оцу буоберан г1уллакхна ша цхьа болх беш волчо, цунна дуьхьал, шен хьаштоне хьаьжжина, цуьнан рицкъанна т1ера х1ума эцар.
4) Шегахь хало йолчо, йуха шен аьтто баьлча меттах1оттор нийатца цуьнан рицкъан т1ера х1ума эцар. Меттах1отто шен кхин аьтто ца хилахь, буоберан доладеш, шен цаторийла хилла, исрап дар доцуш, цо дайъина долу даьхни хьанал хир ду цунна, Дала мукъ лахь
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) «Шен гергара долчу йа хийра долчу буоберана доладинарг милла велахь а, со а, иза а йалсамани чохь х1ара шиъ санна (герггерга) хир ву» , — аьлла, хьажо-п1елг а, йуккъера-п1елг а гайтина.
(Муслим)
Буоберан доладар – иза, цуьнан г1уллакхе хьажар ду, цунна йуург-мерг латтор ду, цуьнан дех дисина хьал делахь иза кхиор, алсамдаккхар ду. Хьал доцуш делахь, Лекха волчу Аллах1ан дуьхьа цунна напха латтор ду.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Бусалба нехан буобер, Лекха волчу Дала рицкъанна т1ехь цуьнан хьал тодаллалц, шен шуьне далийнарг, милла а велахь а, Дала цунна йалсамани чу вахар важиб дина, цо шена гечдийр доцу къа ца дахь».
(Ат-Тирмизи)
Иштта, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Дала бен хьостуш доцчу буоберан коьртах куьг хьаькхнарг милла велахь а, цуьнан куьг хьакхделлачу х1ора месан ц1арах цунна цхьа дика йаздийр ду. Шена гергахь долчу буоберана, к1антана йа йо1ана дика х1ума динарг милла велахь а, со а, иза а йалсамани чохь цхьаьна хир ву».
(Китабуль-Кабаири)
Цхьана къонахчо Абу-Дардаэ (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Хьехар дехьа суна».
Цо аьлла: «Буоберах къахеташ хила, иза хьайна герга даладе, айхьа йуучохь цунна а йаайе, баккъалла а, суна хезна Делан Элчано шен деган къизалла йалхо веанчунга аьлларг. Цо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла «Хьайн дог к1аддан лууш хьо велахь, буобер хьайна герга даладе, цуьнан коьртах куьг хьакха, цунна айхьа йуучохь х1ума йаайе, баккъал а, цо (ахь диначо) хьан дог к1аддийр ду, хьан лаам кхочушбийр бу».
(Китабуль-Кабаири)
Лекха волчу Дала Давуд Пайхамере (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаам бина хилла «Х1ай Давуд, буобераца къинхетаме волу да санна хилалахь, буо кхобуш йолчу зудчуьнца цунах дог лозуш волу ц1ийнда санна хилалахь, хьуна хаийла, баккъал а, айхьа йерах терра хьокхур йу ахь».
Ахь динчух терраниг хьуна а хир ду хьуна бохург ду иза. Хьо валаза ца волу, хьан буо т1аьхьадисаза а ца долу, хьан зуда а йисаза ца йолу бохург ду.
Давуда (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делах ша дагаволучу хенахь аьлла: «Хьан дуьхьа буоберан а, йисина 1аш йолчу зудчунна а г1о динчун бекхам х1ун хир бу?» Цо, Лекха ву Иза, аьлла: «Цуьнан бекхам, Ас динарг бен кхин 1индаг1 доцучу дийнахь. Ас иза оцу 1индаг1ехь вар бу».
Лекха волчу Дала Ша везачех а, Шена безачех а дойла вай! Амин, валхьамду лиллах1и Раббиль-1аламийн.
С.Б. Муртазаев