Хаттарш а, ШариIатехь жоьпаш а
Юхалург ахча делча, сагIа лучул а деза ду олуш хезнера, цунах лаций дийцахьа боху.
Элчано (Делера салам, маршалла а хуьлда цунна) дийцина, ша стигала хьалаваьккхинчу хенахь ялсаманин неIара тIехь йоза гира шена, цхьана сагIийна дуьхьал итт дика долуш, стаг гатвелча, цунна юхалург декхар далар, берхIиттаза лекха ду, аьлла.
Хаттар кхолладала герга ду эццахь, сагIа юха схьадахьар долуш ма дац, юхалург делларг тоьхначу хенахь юхакхочур долуш ма ду, ткъа и берхIиттаза лекха хIунда ду-те, сагIанал лекха хIунда ду-те и аьлла. Дера ду цуьнгара долучу беркатна. Оцу сагIица цкъа дика дина оцу стага, и дика дIаэцначо цунах шена пайда а бина, цундела и иттаза хьаладаьккхина Дала Шен комаьршаллица Ткъа юхалург деллачу даьхнино и стаг гаттонера хьалхаваьккхина, оцу стеган гIайгIа дIаайина, цунна гIо дина цо. И бахьана долуш лекха ду и декхар далар оцу сагIанал а.
Адам мел чIогIа Iамалъеш делахь а, цуьнгахь гIиллакх дацахь, цуьнан Iамал коьртал лакхаер яц олу. Цунах лаций дийцахьара боху.
Хаза гIиллакх ийманах ах ду аьлла. ХIовсал, и гIиллакх ийманах ах хилча, цуьнан Iамал нийсса ах ийман доцуш еш ю-кх. И цхьаъ ду.
Вайн Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Хьо дика а, хаза а долчу гIиллакх а тIехь вахийтина ву Оха дин кхайкхо», аьлла. Дала Шен Къуръана чохь.
ГIиллакх дацаро цо мел лелош долу хIума терзана тIехь дайдо Далла гергахь а, халкъана гергахь а. Мел лерина лелаш стаг велахь а, нахаца и гIиллакхе вацахь, цуьнан Iамал дIаоьцур йолуш яц Дала.
Больницера кеман тIехь цIа ялош аэропортехь ялар нисделла шайн ненан. Цунах дагахьбаллам бисина цIерачарна, больницехь йитинехь цунна гIоли хир яра, бохуш. Цунах лаций дийцахьа.
Дуьненчохь йоккхуш йолу зама хан тоьхна ю. Ткъа Iожаллаш – бахьанашца. Шу холчу ма хIуьттийла. Цара иза больницехь йитинехь а, хIокху дуьнен тIехь мел волу лор валийнехь а, оцу хена чохь цуьнан Iожалла хилаза ца йолура. Оцу нанна, цуьнан доьзалхошна хууш а доцуш, Дала цхьа дика дина: новкъахь ялар нисделла цуьнан. Новкъахь велларг шен дегIан гIазотехь хир ву аьлла.
Шуна Дала собар лойла, шун нана Дала декъал а йойла!
Шен зуда а, доьзал а болуш вехаш волчу стага шолгIа зуда ялайо, и тIейогIуш йолу зуда оцу стеган бухахь зуда а, доьзал а хилча, яха мегаш дуй?
Божаршна вайн динехь йиъ зуд яло бакъо йина.
Муха йина? И йиъ зуда кхаба шен таро а елахь, царна юкъахь нийсо а латтор елахь, яло магийна. Ша ларор вацахь, цхьаъ а ялийна Iад Iан веза. ТIейоьдуш йолчу зудчунна а хаа деза. ШариIато бехкамаш беш бац цигахь.
Къематдийнахь стаг шен хIусамненаца хир ву боху. Ткъа, дуьненахь ши хIусамнана йолуш стаг хиллехь, Къематдийнахь цуьнца муьлхарниг хир ю?
Шен цIийнан охIла ийманехь а кхиош, цIийнден лааме ла а дугIуш, и шена резавеш, гIиллакхе доьзал а кхиош, беркате хIусамнана хилларг хир ю цуьнца цхьаьна. Важа биснарш юьстах хир бу.
Цхьаболчу наха шайн бежана а, уьстагI а цомгаш хилча, урс а хьокхий, базара дохка хьо цуьнан жижиг. Иза мегаш дуй?
Шей хьайба цомгаш хилча, хIара кхин хьаште (пайде) дац, цхьа пайда бан беза хIокхунах аьлла, цунна урс хьокхуш волу стаг бехке хир ву Дала хьалха а, Iедалан низамна гергахь а. Цамгарш тайп-тайпана хуьлу: цхьаерш хьайбанера нахана схьакхеташ ю, цундела лоьрера сацам болуш бен дохка мегар дац жижиг.