Разное

Хьанал болх бу латта лелор

Вайн халкъ гуттар къахьоьгуш хилла ду. Лаьтта т1ехь дуьйчуьнца, дерзочуьнца хене бевлла уьш. Лаьтто, д1адийнарг дукхазза сов доккхий, юха схьало. Цуьнца беркат ду. Латта лелош волу стаг меца ца вуьсу. Шена хеневала цуьнан даима а кечам хуьлу.

Шен могашалла, аьтто болуш латта тесна дуьтуш верг – цхьанхьа д1акхевдина схьаэцча яа х1ума а йолуш, и схьа ца оьцуш, меца 1аш волу стаг санна ву.

Хьанал болх бу латта лелор. Шен куьйгашца къа а хьоьгуш, хьанал рицкъа доккхуш волуш стаг динехь а ву веза вуьйцуш.

Латта тесна цадитар, и дуьйш-дерзош лелор декхар ду. Вайн даима а иштта хилла а ду иза.