Аналитика

Вайн дайша Хьаьжц1а некъаш г1аш дина

Алдамов 1аьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, Нохчийчохь герзаца г1овттар хилира паччахьан эскарна дуьхьал. Оцу т1еман ц1ергахь йохийра 1878-чу шарахь Теза-Кхаьлла. Нохчий махках баьхначу 1944-1957-чу шерашкахь Теза-Кхаьллана Мокок ц1е тиллира Дег1астанан АССР-на йукъахь а йолуш. Ткъа 1958-чу шарахь йуьртана шен хилла ц1е йухайерзийна.
Теза-Кхаълла йуърта кхаъчнера ц1ейахханчу дешначу стеган Адамов Эмин (Дала гечдойла цунна) к1ант Сайд-1аьлви. Бусалба дешар дешна ц1ейоккхуш Сайд-1аьлви а ву. Иза кешнашка вахана хилла шен йалхалг1ачу ден Имхин каш а, чурт а карадой хьажа. Цо боккха болх бира шен 1алашоне кхача г1ерташ.
Т1аьххьара а, кешнаш долийначу йуьххье кхаьчна иза. Цигахь ул-уллехь доккха шиъ чурт карийна. Цхьанна т1ера йоза Сайд-1аьлвис иштта дешна: «Дуьххьара кешнаш долош д1авоьллина Пишха ву». Ткъа Пишха — Имхин цхьаъ бен воцу ваша хилла. Уллехь долчу чурта т1ера йоза ца къаьстина, замано д1адайина хиларна. Амма Сайд-1аьлвина хетарехь, ши ваша йух- йуххе бен д1авуллийла дацара.
Имхин а, Пишхин а т1аьхьенах нах алссам Сиржа-Эвлахь, Шелахь, Устрада-г1алахь, Гуьмсехь, Соьлжехь бу. Герггарчу хьесапехь ши б1е шо хьалха ваьхначу Имхин кхо к1ант хилла: Куркъа, Элда, Гада. Царах шиъ Хьаьжц1а вахана хилла. Элда-Хьаьжа шен леррина долу чурт а доьг1на Теза-Кхаьлларчу кешнашка д1авоьллина ву. Элда-Хьаьжин т1аьхьенах бу Сиржа-Эвлахь а, Шелахь а болу Адамовг1ар, Башаевг1ар, Абдуллаевг1ар.
Имхин к1ант Куркъа ша Хьаьжц1а ваха новкъа волуш цхьаъ бен ког боцуш хилла. Шолг1ачу коган метта цхьа дечиган потт а йолуш. Оцу шен балхаца и беха, хала некъ бина цо. Йаккхий халонаш а ловш, Дала т1едиллина фарз кхочуш а дина вог1уш волу Куркъа-Хьаьжа, х1ордал сехьаволуш, цу т1ехь цамгар а хьакхайелла, кхелхина. Д1аволлар а цу х1орда чохь хилла Куркъа-Хьаьжин. Цуьнан т1аьхьенах бу Сиржа-Эвлахь, Устрада-г1алахь, Гуьмсехь, Соьлжехь, Казахстанехь бехаш болу Израиловг1ар, Сайдулаевг1ар, Синбариговг1ар, Сайдулалиевг1ар.

Куркъа-Хьаьжин ши к1ант висна: Габастай а, Вачалай а.
Габастай а ца 1ийна шен дас, Куркъа-Хьаьжас, бина некъ ца беш. Ц1а вог1уш Сиржа-Эвла кхаьчначохь кхелхина Габастай-Хьаьжа. Дакъа Теза-Кхаьлла хьала а даьхьна, леррина долу чурт а дуг1уш, д1авоьллина ву иза. Габастай-Хьаьжин ши к1ант висна: Сайпулла а, Израил а. Шаьшшиннан дас а, дедас а дина Хьаьж цу шимма а кхочушдина, Израил-Хьаьжас шозза а деш, Сайдулла-Хьаьжас цкъа а деш. Сайдулла-Хьаьжин каш а, чурт а Теза-Кхаьллахь ду.
Израил-Хьаьжа дуьххьара Хьаьж кхочушдина ц1а веъчахьана йуха ваха безам болуш хилла, боху, Деле цигахь д1акхалхар доьхуш до1анаш деш хилла а боху.
Герггарчу хьесапехь 1913-чу, йа 1914-чу шарахь Теза-Кхаьллара Хьаьжц1а бахана Израил-Хьаьжа а, цуьнан дешича Баша а, цуьнан стунваша Висай а. Некъаца йолу халонаш лайна, оцу заманахь хиллачу к1еззигчу таронашца шайн Хьаьж кхочушдина цаара.
Хьаьжц1ахь до1ина Дала жоп луш цхьа меттиг йу боху. Шен накъостийн -Баша — Хьаьжин а, Виса-Хьаьжин а тидам шена т1ера д1абаьллачохь, Израил-Хьаьжас оцу меттехь до1а дина, боху, Деле ша Хьаьжц1ахь д1акхалхор, цигахь д1аволлар а доьхуш. Х1орш ц1а бахка новкъа бовлале, Израил-Хьаьжа цомгаш а хилла цигахь д1акхелхина. 1аьрбаша иза кечвой, цуьнан ши накъост йуххехь а волуш, ломах долчу хьеха чу охьавиллина Израил-Хьаьжа. Баша-Хьаьжас шегарчу ираллица чхар т1ехь йоза дина а хилла, йуха цига кхаьчначунна и меттиг йовзийта. Амма цул т1аьхьа б1е шарахь гергга вайн махкара, наггахь бен стаг вахийтина вац Хьаьжц1а.
XIopa доьзалехь а, тайпанах а, тукхамах а дийца диканиг долуш шортта нах бу вайн махкахь. Оцу масалшца кхетош-кхиоран болх бан беза вай. Т1аккха шегара галдерг даларна кхоьруш, ларлуш хир бу кегийнаш а, баккхийнаш а. Тахана вайн кегийчарна йуккъехь шен деда мила ву ца хууш берш дукха бу. Ткъа ворх1 ден ц1ерш йаха ца хууш бу дуккха а баккхийнах. Вай вешан доьзалийн истори йовзийта йеза уггар а хьалха кегийчарна, цул т1аьхьа къоман а, мехкан а истори талла а йеза.
Дерзош ала лаьа: х1окху шарахь Хьаьжц1а Нохчийчуьра 3 эзар стаг вахана. Царех 200 стаг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу йукъараллин фондо маьхза вахийтина. Церан Хьаьж Дала къобалдойла. Везачу Дала уьш вайн халкъана а, махкана а беркате а бойла! Амин!

Атабаев Султан