Хьаша ца вог1учу керта ирс ца дог1у
Делкъа ламаз а дина, тасбихь а, вирд а даьккхинапарг1атваьллачу шен дедега Мохьмада элира:
— Воккха-Дада, х1ара сан накъост, Хьусайн, веана-кх хьашат1елацаран, хьошалла даран г1иллакхех дерг ахь шенадуьйцийла лууш, хьайн карах далахь дийцахьа цунах лаций.
— Дера дуьйцур ду-кх, сайна хууш дерг-м. Муха дуьйцурдацара, шу и хаа лууш хилча. Ламазна тесначу кхакханнатехь д1а а нислой, цо шен къамел доладо:
— Вайн халкъо уьншарахь дуьйна вовшашца а, кхечу къомахболчу нахаца а хьошаллаш лелийна. Цуьнга хьаьжжинахьошаллин г1иллакхаш кхолладелла вайн. Халкъалахь олуш ду: «Хьошалг1ахь ца хиллачунна хьаша т1еэца а хуур дац». Иза иштта дан а ду.
Йуьрта кхаьчначу хьешо пхьоьхана х1уттий: «Хьаша т1еэца аьтто болуш мила ву?» — олий, хоттуш хилла. Т1аккха пхьоьханахь лаьтачарах цьамма хьаша шеца шен х1усаме д1авуьгуш хилла. Нагахь санна хьешо: «И хьенех мичахь1аш ву», — аьлла хаьттича, цо ц1ейаьккхинчу стеган х1усаме д1акхетош хилла. Х1инца санна: «Хьуьллахь 1аш ву», — олий дахьажош (д1авохуьйтуш) ца хилла.
Цхьана хенахь, аьтто болчо, леррина ша къастина, хьешанаолий, ц1а деш хилла, чу-ара валийта, хьешан аьтто хилийта. Цу чохь текх-цаца лелош ца хилла. Хьаша цхьаьннанкерчахь сецна, цкъа рицкъанах кхетта велахь, шолг1а оцуйуьрта веача, кхечу х1усаме хьаша хилла ваха йиш йолушца хилла. Иза г1иллакхе лоруш ца хилла. Нагахь санна изакхечанхьа сецнехь, хьешан хьалха хиллачу х1усаман дена, иза шена къинт1ера воккхуш, хьаша х1инца т1евоьссинчо газа йала йезаш хилла.
Хьешо, ша хьалха хиллачу йа шена хьалха вевзина хиллачух1усаман ден кевне кхаьчча, цуьнан ц1е а йоккхий: «Хьенех, чохь вуй хьо?» — мохь тухий, хоттуш хилла. Араваьллачу х1усамдас, салам-маршалла хаьттинчулт1аьхьа (говрахь, машенахь велахь): «Охьавосса, чувола», — олий, керта вуьгуш хилла. Х1усамдас хьаша шел хьалхаволуьйту. Ц1ийнан не1арна т1екхаьчча, иза схьа а йоьллий: «Чоьхьа вала», — олу хьеше. Хьешо, чохь мила ву а хьожий, салам ло йа де (суьйре) дика до, йуха: «Дика мел дерг дог1ийла кху чу (х1окху х1усаме)», — олу. Нохчийн 1адатца салам схьаэца дог1уш верг чохь хилахь, цо салам схьаоьцу.«Диканца дукха вехийла, марша вогийла», — олу, векхалой, велалой.
Шена йеллачу метте охьахаа веза хьаша. Цунна т1ехь дац, ша г1иллакх х1оттадо бохуш, чу веъ-веанчунна шена йелламеттиг д1акхийдор. Хьаша чохь а волуш, чувеана стагараволуш, хьешана т1ехь дац цунна таьхьавалар. Изах1усамден декхар ду. Хьешо хьаша новкъавоккхуш ма цахуьлу.
Хьаша веача х1усамдас цунна уггаре а хьалха кхачахьалхах1оттабайта беза, чай-бепиг бен иза дацахь а,хьешана лерина кхача кечбина баларе а ца хьоьжуш. Тханзаманахь хьаша веача уьстаг1на урс хьокхура. Х1инца-м д1адаьллачу новкъа ду и г1иллакх.
Хьошалг1ахь ша лелон дезарг хууш хила веза неханх1усаме ваханарг. Ша бахьанехь х1усамдайшка дукхакъахьегийта ца деза. Шуьнехь оьзда, чоь чуоьзна хила веза. «Нехан шуьнехь гай а ма дузаде, нехан хьаьвди т1ехь дин а ма бустабе», — олуш хьекъале кица ду вайн. Цо гойтуночичун са а, амал а маьрша хила йезаш хилар, неханшуьнехь сутара хила везаш цахилар.
Вайн дай баьхначу халачу заманашкахь а хьешана леринац1а йа къаьстина цхьа чоь латтийна ца 1аш, кхачa а, мотт-г1айба а латтош хилла. Тахана а, цхьадика, дукхахболчунохчаша ч1ог1а лардеш ду и г1иллакх.
Хьан не1 а, ков а тоьхна, салам-маршалла а делла, «Хьашаоьций аш?», — аьлла хьан керта, ков-берте веанарг хьешандарже волу. Иза бохамах ларвар, цунна хьошалла дар т1едужу х1усамдена. Цуьнан г1уллакхе хьажар, иза д1аваха новкъаволуш новкъаваккхар т1ехь ду цунна.
Хьешана тешнабехк, йамартло йар, 1иттарш йар, бохамахларцавар ночашца дог1уш доцу эхье, ледара х1уманаш ду. Иза диц ца деш, т1аьхьенаша шайн т1аьхенашна довзуьйтуш, лардеш д1акхехьа дезаш г1иллакх ду. Цухьокъехь вайн халкъан дуккха а иллеш ду.
Хьешан оццул боккха сий-ларам х1унда бан беза бохушверг волу наггахь. Цунах кхета дукха хьекъал ца оьшу. К1еззиг а ойла йича, кхеташ ма ду: хьаша хийрачу йуьртахь, хийрачу махкахь-м муххале а, цхьалха, г1ийла, г1орасиз ву. Хьеннан а ницкъ кхочур бу цунна г1ело йан, тешнабехкбан. Цундела муьлххачу а нохчичун декхар ду хьашат1елацар, хьошалара валлалц иза ларвар. Кхо-де буьйсадаьлча хьошалара волу т1евеанарг. Цул т1аьхьа цуьнцалелон деза г1иллакхаш цо арабаьккхинчу некъе хьаьжжинахила деза. Амма, т1аккха а дагахь латто деза иза цхьалха, т1етовжа аг1о йоцуш стаг хилар.
Хьешо муьлххачу хенахь а хьайн не1 тоьхча, хьуо мелг1ийла-миска воллуш велахь а, цунна дуьхьал араваьлла, иза хьайн х1усаме кхайкха веза.
Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц х1усамдас цуьнгахоттуш ца хилла: «Хьо х1ун г1уллакх эцна араваьлла?» Хьал-де хаьттинчул т1аьхьа хьешо ша дийца дезаш хиллацунах дерг. Вай хьалхо хьахийра-кх хьаша новкъаваккхавезаш хилар. Вайн г1иллакхашца кхачаме дац кет1а кхаччалц т1аьхьавалар а. Д1аваха ваьлла хьаша гучуьракъайлаваллалц кет1ахь латта веза х1усамда, хьешо шенат1аьхьа (шеца) ван пурба ца деллехь. Нагахь санна зама кхераме йелахь (т1ом болуш, талорхой баьржина, и. д. кх.), хьаша йуьртах валлалц йа цунна кхерам боцчу меттитекхаччалц новкъа ваккха веза.
Хьошалг1а вахаро хьешана т1еоьгуш долу цхьадолудекхарш а хьахор ду вай, дийца дуьйладеллачуьра. Цхьаьннан х1усаме хьошалг1а а воьссина, оцу х1усамехь, туьханах а, бепигах а кхетта волчунна т1оьгуш долчудекхаршна, къаьсттина х1окху заманахь, сема хила безаш букъонанаш. Хьошалг1ахь хиллачунна мегаш дац оцух1усамехь кхиъначу йо1ана т1ехьовза. Иза оьзда цахиларлору вайн халкъо. И санна нах кхин осала, ледара х1ума шегара далийтинчунна «шена хьошалла динчу х1усамден шун бехдинарг ву иза» олий, вуон ц1е йоккхуш хилла вайндайша. Цкъа хьошалг1ахь хиллачунна т1едужу цуьнандиканехь а, вуонехь а дакъалацар. Оццул деза ду шена дина хьошалла хаар, хьошаллин маь1на довзар.
Нохчийн халкъ мел деха нохчашна йукъахь лела дезаш духьошаллин г1иллакхаш. Хьаша т1еоьцучунна а, хьошалг1а воьдучунна а хаа дезаш ду уьш. Ца хиъча йуьхь1аьржа а хир ву. Цундела дийци ас, к1ант, хьуна царах цхьадерш. Хан-зама йаларца кхидерш а девзар ду хьуна, хьо нохчихила г1оьртичхьана. Уьш довзарх тоьаш дац хьуна, лело ма-дезза и г1иллакхаш лелон доьналла дацахь, — дерзийраВоккха-Дадас шен къамел. Цуьнан 1одика а йина, аравелираМохьмад а, цуьнан накъост Хьусайн а.
С-Хь Дадаев.