Мел йоккха чов а йерзайо нанас
-Цхьана доьзалан нана кхелхина йа иза йитина,кхин зуда йалийна аьлла хезча,сан дег1е хорша йог1у. Цу м1аьргонехь сунна дагатосу сайца цхьаьна Советски эскарехь Даймехкан декхарш кхочушдеш хиллачу накъостан Эльбрусан дийцар.
Дог ца дуьллуш, цо шен нене сатийсар. Шен хиллачу бераллех,нисделлачу дахарх цо сайга дийцича,бераллехь дуьйна сайна иза вевзаш санна хийтира сунна,-дуьйцу Нойбоьрарчу вахархочо Элипханов Султана.
-Х1инца а иза дагадеача,жимачу берана санна, сан дагчу кхерам тосий хаьий хьуна?-аьлла долийра цо шен Эльбрусах долу дийцар. Цо цуьнга иштта дийцинера:
-Жимачохь дуьйна,к1ант вара аьлла доцуш,ч1ог1а т1ера вара со сайн нанна Амантина. Доьзалехь со сайн нанна Амантина. Доьзалехь сой, Хьаваний,Зезаггий-кхоъ дара, воккхахверг со а волуш. Цкъа а барт ца хуьлура тхан ден-ненан. Ас иза хала ловра,цхьанна а ца гойтуш,воьлхура.
Цхьана дийнахь школехь ши «пхиъ» даьккхинера ас.
Цунах самукъадаьлла, х1инца сайн «пхеаннаш» Амантина гайтина,цуьнан самукъадоккхур ду ас бохуш,школера чу кхечира со. Дог хьостуш сурт дацара суна гинарг. Ша йиша йоьлхуш йара,нана гуш йацара.
Соьга мохь белира,нана,нана мичахь йу,аьлла. Хиллачух кхетта,со велха волавелира.
Т1аккха тхан дас Юнуса элира,хьо воккхахверг ву,Эльбрус ц1е йолу к1ант вилхича,эхь ду,Хьаваний,Зезаггий кхерайо ахь,аьлла. Цу дийнахь дуьйна воккхачун дукъ т1елаца дийзира сан. Ворх1 шо хан йара сан,тхан да-нана д1асакъаьсташ,аьлча а, сан нана д1айохуьйтуш.
И шиъ къаьстинчул т1аьхьа, тхан дас, Аманта йолчу дахар а,иза гар а дихкира тхуна. Тхан ненан дец1а,д1ахьаьжча,кораш а гуш,уллехь дара. Иза гуттар а хала дара. Генахь йоцийла а хууш,ненан марзонах хьоьгуш хан йаккхарал хала х1ума ца хиллера. Нана д1айаханчул т1аьхьа,дедеций,дененаций 1аш дара тхо.
Жимма хан йаьлча,Юнуса зуда йалийра-Зараъ. Т1аккха к1ант хилира. Цхьа а къинхетам бацара дестечун тхоьца. Мел деза г1уллакх а дойтура цо соьга. (Зараъ йалийча бен,сан итт шо а ма ца кхечира).
Бежанашка хьажа дезара,сайна т1едиллинарг со дина ваьлча,г1уллакхдечу сайн шина йишина г1о дан дезара. Къахетара суна цу шиннах. Жим-жима дешарх хервала дийзира. Сайн нийсархошна йуккъехь суо эшна хетара суна.
Йуххехь нана а йацара, т1ейуха бедар а наггахь бен эцар ца нислора. Зараана ца лаьара эрна ахча дохка. Цхьана дийнахь сой,Юнуссий базара ваханера. Цигахь мачаш хазйеллера суна,амма уьш механа йеза йуй а хууш,вист ца хуьлуш,т1ехволуш вара со. Хьажа мукъане хьажий со кхаьрга аьлла,цхьа мача схьаэцна,б1аьрг тоьхна,охьайиллира ас иза. Т1аккха Юнуса элира: «Хазахетий хьуна уьш? Схьаэца!». Цунах самукъадаьллачу ас сихонца схьаийцира уьш. Цу дийнахь хилла хазахетар нана д1айахчахьана а хилла дацара. Шина йишина гойтур йу ас бохуш,ц1акхечира сой, Юнуссий. Чоьхьаволлушшехь,сайн самукъадалар ца лечкъош,ас мохь туьйхира: «Хьажал,сан хаза мачаш»,-аьлла. Цаьрга б1аьрг а ца тухуш, Зараа элира: Эрна ахча дохка меттиг йаьлла-кх шуьшинна»,-аьлла. Дерриге а самукъадалар дайра. Ас дечу г1уллакхийн,цу мачийн мах а бацара техьа аьлла,къайла а ваьлла,вилхира со. Нана хиллехьара эр дацара цо иза. Шена ца йууш а, ца йухуш а сунна оьцур йара. Т1аккха,тхан дедас Абус олуш дерг дага а тосий,айса сайн синтем бан х1уттура. Дадас олура, «х1ара дуьне баланийн ц1а ма ду,х1ун хир ду кху чохь сингаттам бен»,олий. Дерриге а ловра ас,амма Зараа шина йишина тоьхча,иза цу шинна т1ечеха йоьлча,ца лалора соьга.
Жимма сайна мукъа хан йеача,д1ахьаьжча,гуш долу тхан нана 1аш йолу ц1ийнан кор лардора ас. Иза гур йацара техьа сайна,олий. Цкъацкъа ойланашка а волий,сохьтехь 1ара. Наггахь,иза геннахь гича,цунах а там хуьлура. Иза дуьненчохь хиларо ваха ницкъ лора.
Дуьненах самукъадолучунна сиха а йоьдуш,дагчохь бала,сингаттам болчунна,т1ех йахлуш кхойтта шо зама д1айахара. Денна ницкъ алсам бала безачу сан г1ора довш дара.
Могашалла а г1елйелира. Т1аьххьара а меттахь висира. Со г1елвинарг г1уллакх а дацара,йа хуьлуш йолуш хало а йацара. Нене сатийсаро,цунах къастаро к1елвитинера со.
Цхьана дийнахь дедега ас элира: «Дада,суна цхьа а дарба ца оьшура,кхойтта шо хан к1еззиг хан йац, тхо а даккхий хилла,нана оьшура тхуна. Х1ара дуьне тахана,кхана ду ца хаьа,ненан марзо йовзийта алахь тхуна Юнусе. Цу шимма х1инца къийса х1умма а дацара».
Цунах къахеттачу Абун б1аьргех хиш дуьйладелира.
«Ахь оццул х1умма схьакъадийна хилча,ма боккха бала хилла хьоьгахь,Эльбрус. Х1инццалц 1ийнехь а,тахана цу г1уллакхан ас йист йоккхур йу. Ненан ховха куьг, чаккхе йоцу къинхетам оьшуш волчу Эльбрусана г1оли хилира.
Делан къинхетам боккха хиларна,доьзал цхьанакхийтира. Хаза чаккхе йогу, туьйранехь санна, дагна хьаам беш,дикачу аг1ор хийцаделира Эльбрусан дахар.
Ма боккха бу-кх ненан ницкъ.
Шен доьзална даима а дика лор йу-кх иза…
Сагаева Залина.