Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
Орам цхьаъ болуш долчу дитта т1ехь, масала, 1ожан дитта т1е кхорийн синтар дуг1уш, цхьана aгlop 1аж латош, вукху аг1ор кхор латош, и белхаш леладо. Ткъа бусалба динехь цунна цхьа а бехкам болуш х1ума дуй-те?
Цхьа масал дало лаьа суна шун хаттарна. Делан Элча (с.1.в.) схьавог1уш а волуш, хурманийн зазанаш чуьчча детташ, оцу хурманийн буьххье а бевлла, и къахьоьгуш байна цунна Іаьрбий. Уьш шена гича, шу х1ун деш ду, х1окху йовхонехь ма къахьоьгуш ду шу, аьлла цо. «ХІара зазанаш чуьччатухуш ду тхо. Х1орш чуьчча ца тоьхначохь стом ца латабо тхуна. Мох хилча-м, махо чуьччахьора уьш, мозий а, зингаташ а хилча, цара а чуьччахьора уьш», аьлла цара. Т1аккха Элчано, и-м дича а, ца дича а х1умма а дацара аьлча, вай стенна хьоьгуш ду х1ара къа аьлла, охьабиссина уьш цу дитташ т1ера. Оцу гуьйранна стом к1езиг хилла царна. Балхам бира цара т1аккха, Элча волчу а бахана. «Ахь аьллачух а тешна, тхо и зазанаш чуьчча а ца тухуш, Іад1ийнера. ХІинцалц латош хиллачул эшна латийна тхан хурманаш. Тхан дахар а г1ел ма делла», — аьлла цара. Элчано аьлла хиллера цаьрга: «Шари1атехь, динехь дерг шега хатта, дуьненахь шайна зеэделларг шайна зеэделлачу барам т1ехь лело бакъо йу шун». Эцца ладоьг1ча, дуьненахь зеэделларг ду, стом стоьма т1е бог1ар, цхацца аьтто цуьнца лахар, беркат цуьнца лахар — Далла гергахь бехке долуш х1ума дац, бакъо йолуш ду. Шена оьшучу барамехь шен беш тойийр йу-кх беш лелош волчо.
Бусалба динехь божарша йуьхьа т1ехь чо лелор (маж лелор) суннат лоруш ду олу. Ткъа цхьаболчара бусалба стаг оьзда хила веза, йуьхь ц1ена лело йеза олуш а хеза. Цунах дерг билгалдаккхахьара.
Зударийн кечбалар мас йахйаларца, коьрта чоьшца ду, божарийн кечбалар маж-мекхаца ду. Цундела, эцца а хьаьвсина, суннат ду Делан дуьхьа йуьхьа т1ехь чо битар. Т1аккха эццахь даьхкина акъвалаш а ду, и маж-мекх деха лело деза йа ца деза аьлла. И чо йуьхь т1ехь лелош волчунна бехкам бина, мера к1елахь лелош болу чо — мекх — йуучу х1уманна чу ца Іитталучу барамехь, балди т1ера жимма йухатоьхна хила дезаш ду.
Амма тахана, ма1-ма11ерчу хабаршка ла а доьг1уш, вайн чу питана дохьуш баьхкинчу наха, мера к1ело йаьшна хила йеза, маж лело йеза, бохуш дийцинчу хабаршка ла а дег1на, мера к1ело д1а а йаьшна, мажош охьа хецна, эрчабевла лелаш нах а бу вайна йуккъехь. Иза суннат дац. Суннат ду мера к1елахь чо лелабар, йуьхь т1ехь чо лелабар, шен дег1а т1ехь оьздангаллица, шега лелаллучу барамехь. Цо Делан дуьхьа и лелош делахь, иза суннат а ду, йал а йу. Амма и Делан дуьхьа лелош а доцуш, керастанаш а ма гина вайна йаккхий мажош а йолуш, иштта дуккха а керастанаш ма гина вайна маж-мекх а доцуш.
Бусалба нехан куц ду-кх х1ара, бусулба нехан г1иллакх ду-кх х1ара аьлла, Делан дуьхьа и лелочунна йал хир йу-кх.
Кешнашка баьрзнаш тодан боьлхуш болчу зударийн кеп муха хила йеза, и баьрзнаш тодечу хенахь мегаш дерг а, доцург а дийцахьара.
1аьно х1отточу хьоло ло т1едиларца, дог1анаш совдийларца, кошан баьрзнаш духуш меттигаш дукха хуьлу. Оцу хьолехь уьш карийча, царна т1ехь г1уллакх дар — шайн веллачун хьурмат дарх хир ду. Бакъду, цхьанхьара арара латта т1е а кхоьхуш, баьрзнаш хьала а буг1уш, кир тухуш, поппарца уьш хьоьхуш, кешнашкахь лелош долу х1уманаш шари1атехь магийна дац.
Шайн дег1ан а, меттан а дола а деш, шен 1оврат дІахьулдечу духарца а, Делан цІе йаккхарца а кешнашкахь шайн бан безаш болу болх зударша барх новкъа дац.