1илманан дозалла
Делан Элчано (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дала Ша цхьанна дика дан лиъча,цунна динехь кхетам ло,нийса некъ хьоьху.»
(Абу Бухари,Муслим)
Иштта Делан салам хиларо аьлла: «1еламнах пайхамарийн верасаш бу».
(Абу Давуд,ат-Тирмизи,Ибн Мажах1,Ибн Хьиббан)
Хууш ма-хиллара,пайхамарийн даржал лекха дарж дац,и верасалла шега кхачарал йоккха сийллала а йац.
Элчано (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) аьлла: «1еламстагана гечдар доьхуш ду стигланашкахь а,лаьттахь а мел дерг».
(Ибн Мажах1)
Стигланашкахь а,лаьттахь а долчу маликаша шена гечдар доьхуш волчун г1уллакхал лекханиг муьлха ду?!
Иштта,Делан салам хиларо аьлла:»Баккъал а кхетамо сийлахь верг шен сийлаллехь соввоккху,лай паччахьийн т1ег1ане кхаччалц лакхавоккху.
(Абу Ну1айм ва г1айрух1у бисанадин за1иф)
Делера салам хиларо х1окху хьадисехь дуьненахь хуьлуш болу 1илманан стоьмаш хьахийна. Хууш ма-хиллара,эхарт дика а,гуттара а лаьттар долуш а ду.
Иштта,цо (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Мунепикъехь (шалхонча)хир йоцуш ши билгало йу: дикачу нехан сибат а,динехь болу кхетам а»
(Ат-Тирмизи)
Х1окху заманахь цхьаболчу 1еламнаха шалхонаш лелайора алий,кху хьадисах шек ма валалахь. Делан Элчано (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) кхузахь дуьйцуш долу фикъх1а (динан 1илма) хьуна моьттуш дерг дац хьуна. Фикъх1а бохучу дешан маь1на лахахь хьахийна ду хьуна. Факъх1ан (1еламстаг,шар1 девзарг)уггаре а лахара дарж-эхарт дуьненал дика дуй хаар ду,и хаар даггара а делахь,цуьнца нифакъах а (шалхо),рийах а(моттарг1а)хьалхавер ву иза.
Элчано (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нахах уггаре а сийлахь верг ийманехь волу 1еламстаг ву,(нехан)шегахь хьашто хилча (царна) пайдехь волуш,хьашто ца хилча,(долчуьнца)шен дег1ана тоам беш волу»
(Аль-Байх1акъи бисанадин за1иф)
Иштта,Делан слам хиларо аьлла: «Ийман 1ора (дерзина)ду,цуьнан духар (Делах) кхерар ду,цуьнан къагор (хаздар)эхь-бехк долуш хилар ду,цуьнан стом-1илма(Делера вовзар)ду»
(Аль-Хьаким бисанадин за1иф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, Маршо а хуьлда цунна)аьлла: «Нахах пайхамараллин даржана уггаре а гергахь берш-1еламнах а,Мужах1идаш а (Делан новкъахь керста нахана дуьхьал т1ом беш верг»бу.
1еламнахах лаьцна аьлча,уьш,элчанаша деанчунна (Делан динан)новкъа нах х1иттош бу. Мужах1идех лаьцна аьлча,уьш элчанаша деанчун дуьхьа шайн таррашца т1ом беш бу»
(Абу Ну1айм бисанадин за1иф)
Делан салам хиларо аьлла:
«Тайпа далар дай ма ду 1еламстаг валарал».
(Ат-Т1абрани,Ибн 1абд-аль-Барр)
Иштта,цо (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна)аьлла:
«Адамаш дешин а,детин а маь1данаш (рудник)санна маь1данаш ду,царах жах1илиййатехь (боданан зама) дика хилларш Исламехь а дика бу,уьш динан 1илманах(шар1ах)кхеттехь.
(Аль-Бухари,Муслим)
Цо Делера (къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)аьлла:
«1еламнехан шекъа Къемата-дийнахь (Мийзан терзанна т1ехь)шах1идийн ц1ийца д1анисдийр ду»
(Ибн 1абд-аль-Барр бисанадин за1иф)
Иштта,цо ( Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)аьлла: «Сан умматана,суннатах (сох дозуш долчух)шовзткъа хьадис (дагахь 1амийна),цаьрга д1акхачадаллалц лардинарг милла велахь а, со цунна Къематан-дийнахь шапа1ат дийриг а,теш а хир ву»
(Ибн 1абд-аль Барр бисанадин за1иф)
Иштта,цо (( Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Веза –Сийлахь волчу Делан дин 1амош верг Лекха волчу Дала цуьнан сагатдеш мел долчух хьалхавоккху,цунна дагахь доццучуьра рицкъа а ло.
(Аль-Хатыб бисанадин за1иф)
Иштта,цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Дала, Веза-Сийлахь ву Иза,Ибрах1име (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)хаам бина6
Х1ай Ибрах1им, Со дерриг хууш ву,дешнарг массо а везаш ву».
(Ибн 1абд-аль-Барр)
Иштта, цо (Делера къинехетам а, маршо а хуьлда цунна)аьлла:»1еламстаг-лаьтта т1ехь Делан (ц1ена ву Иза) векал ву».
Ибн 1абд-аль-Барр бинадин за1иф)
Иштта,цо (Делера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) аьлла«Ши тоба йу сан умматехь,уьш дика белахь,нах дика хир бу,уьш телхина белахь,нах телхина хир бу:уьш паччахьаш а,1еламнах а бу».
(Ибн 1абд аль-Барр,Абу-Гу1айм бисанадин за1иф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Со Далла, Веза-Сийлахь ву Иза,герга вуьгуш долчу 1илманехь соввалар шена чохь доцу де суна деача,оцу дийнахь малх схьакхетар суна беркате дац.
Ат-Т1абарани,Абу Ну1айм,Ибн 1абд-аль Барр бисанадин за1иф)
Муртазаев Сайдмохьмад