ТКЪЕ ИСС ДЕ
Хьайн ницкъ мел бу дIаоьхура хьо.
Тоьла готта а, тIуьна а йара. Iаьржа а. Бетах, куьйгех гезгамашанаш хьерчара. Хьуна цкъа охьалахвелла, цхьажимма садаIа лаьара. Настаршка, йазйеллачу голашка садаIийта. Корта тхьусбоьллера. Ойланаш йаьржинера. Хьуна билггал хаа а ца хаьара хIинца хьайн ойланаш йу а, йа йац а. Хьан цхьа Iалашо йара. Серлонга кхача. Серлонга сатеснера хьан даго, сино. Йекъаче ког билла лаьара хьуна, дегIан дозаллица тIе а вазлуш. ХIинца ахь хIора мел боккху ког, хьайн дегIан йозалла йухаийзош, и сецош боккхура. Цхьанхьа, цхьана сацкъарна йуккъе а летта бисарна кхоьрура ког. ХIан-хIа, кхерам а бацара иза, цхьа дегазалла йара, цхьа къаьхьа дегазалла.
Цкъацкъа, тоьлано голатухучу меттехь, хьуна масех гIулч хьалха, цхьа серло кхетара, гIовгIа а йоцуш. Хьо оцу серлонна тIе дIаоьхура.
Хаддаза коьрта тIе, йуьхьа тIе, дегIа тIе ка-мIараш хьоькхура ахь, гезгамашанаш охьахьоькхуш…
Ахь ши бIаьрг схьабиллира. МIара къовзийра хьайна. БIаьргаш биллира хьу ву йа вац хьажа. Кхин цкъа а къовзийра, чIоггIа…
Журнал кара а эцна хьо дIатаьIаш, ахь коьрте биллина чIурам баьгна а баьлла, дIабан гIерташ, лелхаш, бетталора, кIайн полла санна. Меллаша куьг дIа а гIортийна, кIегархиира хьо, бешна лаьтта чIурам хьайн гIайби тIе ца Iанийта. Хьала а гIаьттина, массо чухула волавелира, хIора кора хьалха дIа а хIуттуш. Х1оразза а шийлачу куьзган бIаьрга тIе хьайн хьаж таIадора ахь.
Тийна, Iаьржа буьйса йара. Геннахь деттачу герзийн татанаш хезара. Иза диканна дацара. Тийналла а йацара диканна. Хьуна наб ца кхетара ишттачу тийналлехь. Хьо ца тешара цунах. Хьо ойланаша хьийзавора. Iаткъам лаьттара тхьусбоьллачу коьртехь. Хьо хьайн корта хьаийта гIертара, ойланаш нисйан…
Сан доьзал… Цу тIехь ойла сацо ца лаьара. Хьуна ца лаьара хьайн ойла цхьанна а гучуйаккха. Иза хьан къайле йара, хьан гIап.
Дийнахь кетIа а, ураме а волура хьо. Гергарчийн уьйтIа а… Цаьрца цхьацца забар йан а гIоьртара. Хьуна хьайца цхьаъ къамеле волийла лаьара, доьзал а хьахош…
Уьш тIедачу дечиган кIуьрлахь цхьацца кхача кечбан гIерташ хуьлура. Ах буьйда, ах дагийна хьокхамаш чуидадора, цIе йаьлча санна.
Чайник чуйоьхура чохь болчара, тоьли чохь.
ТIаьххьарниг чайник а карахь, водий, тоьлина дуьхьал оьллинчу кирхьи тIехьа къайлаволура, кхин ара а ца хьожуш…
Хьо, жимма йаьгна йоллучу цIерна йуххехь а Iай, меллаша дIаволалора. Хьуна ца оьшура цхьа а чайник а, церан буьйда йа даьгна хьокхамаш а.
Ахь, цкъа, хьо хIун йууш ву, аьлла, хаьттича: бакъийна дум а, сухарш а ду, цкъачунна, сан даар, аьллера. Уьш тийшира. Цунна цхьа бахьана дара.
Цхьана дийнахь хьоьга кхайкхира, бехк а боккхуш. Чу-тIе а ца вогIу хьо, къехкаш-м вац хьо, аьлла.
– Вац, – элира ахь.
Хьо вахара.
ХIинца-м чохь йогуш йара церан цхьа жима аьчка-пеш «буржуйка», тIехь цхьа чайник йиллал меттиг а йолуш.
Чайник кхехккалц Iийра шу. ХIусамнана чуьра пхьегIаш дIасайаха хIоьттира.
Йуха…
– Хьажахьа, чайн-буц чекхъйаьлла хиллийца, – йоьхна хьаьвзира.
«Йоьхь хиллийца», – цхьогало аьлларг дагатесира хьуна.
– Со хIинцца схьавогIу шуна, – аьлла, аравелира хьо, кирхьа дIа а тосуш.
Хьо волчохь чайн-буц йара.
Иза ахь дIайаьхьира. ДIайелира…
Ахь дIакховдийначу чайн-бецо метта ца далийра цуьнан йоьхна хьовзар.
«Со чувале цхьаъ хезна-те кхарна», – ойла керчира хьан. Ахь хьайн ойла йира. Хьуна цхьатерра тешам боцуш хетара церан самукъадалар а, церан гIайгIане хилар а. Ахь ца гайтира хьайн хорам, хьайн ойланийн лар-тача.
Куьйган керайуккъе а йоьхкина, куьйггал тIе кIурз биллина, хьаргIа санна Iаьржа, Iаь йетташ лаьттачу чайник чу тесира чайн-буц.
Тоьли чохь гIоьртина лаьтта, ша-тайпа йеза хьожа дIасатоттуш, чайн-бецан архь йаьржира.
– Чай-м вониг дацара, хIинца чутаса шекар делахьара, – элира хIусамнанас, – чекхдаьлла хилла-кх иза а.
Хьо кеда чохь шекар дохьуш схьавеара…
Доьттина чай малдала кхиънера.
Iайгаца бага шекар а лоцуш, хьайна ца деззашехь, масех къурд бира ахь. Хьуна цхьанна а, хIумма а дагадан ца лаьара. Иза бен а дацара, чай а, шекар а хьеннан хилча а. Хьайх доьзна долчунна хьо къинтIера ваьллера.
Йа къинтIа хета а ца хетара хьуна. Жимма самукъадаккха гIоьртира хьо.
Ахь дийцира:
– Мацах цкъа шен лулахо волчу вахана хиллера цхьа хьенех. ХIусамнанас чIепалгаш хьалха хIоттийча, хIусамдас: «СхьатIехила, цхьаьний дуур ду вай чIепалгаш», – аьлла хилла.
Шен дагахь, шозлагIа кхайкхахь, тIехир ву-кх ша, – ойла йина хьенеха.
Кхин тIехила, даа, олуш ца хилла.
Цхьаъ дуьйцуш, дууш чIепалгаш а долуш, хIусамдас дозаллица:
– ХIара чIепалгаш дан морза-м, хил дехьарчу Дукин ДашагIаьргара хьаха, деана…
– И морза ДашагIаьргара деанехь-м, ас а хьаха дуур ду уьш, – аьлла, сихха шуьна улле шершина боху и хьенех.
– Цунна а дайна, бахьанаш ма ду вай лелораш, ца дала гIерташ, – аьлла, ахь дерзийча, цхьаберш бийлабелира, вуьйш кIелд1ахула хьуьйсура, куршки чуьра чайнах даккхий къурдаш а деш.
Мацалла хала йолчух тера дара, цул а халаниг хьуна тIе ца хIоьттинехь…
Йуьртана кхо гуо бина бохуш дуьйцура. Арарниг чу а ца воуьйту, чуьраниг ара а ца волуьйту…
Йуьртахь нах биса а ца бисина… КIелхьарвала кхиънарг массо а араваьлла…
ДIабахана…
Фронтан зил-сиз малхбале кхаччалц, шун йурт а лоцуш, дIанисбелла бохуш хезара приемник чухула.
Дуьххьара, батарейкаш чу а йохкуш, дугIура ла приемнике. Церан ницкъ кхачийча, лаьтташ йолчу машенийн аккумулятор тосура. Иза а охьахиъча… Цхьанна дагадеара. Кога-чархаца хьовзайора карахь лелочу магнитофонах йаькккхина йолу жима моторчик. Цо ток лора I2 вольт.
Керланаш дийцина бовллалц хьийзайора чарх. Когашца. Хийца а луш. Йуха кетIахь, урам-новкъахь цхьаьнакхетара. Цхьаберш ханнаш тIе ховшура охьа, вукхара, ирахь латта кIордийча, чуьра лоха гIанташ доуьйтура. Дуьйцура… Дуьйцура… Дуьйцура… Ла ца дегIча а, ца дийцича а гуш дара. Ма-дарра гора. Хьан бIаьргашна. Хьан дегIан чкъуро тIелоьцура…
Нана-ДегIаста цхьатерра иэгайора деттачу къизачу герзаша, хедайора луьрачу хIаваан кеманаша. Хьоьшура, хьоьшура.
ЦIе летта йогура. Стигал а йогура, латта а догура, гIаланаш йогура, йарташ, хиш-шовданаш догура, лаьмнаш догура.
Къематде! Къематде! Къематде!
Йа, АллахI Дела, муха лан деза хIара?.. Муьлхачу дагца? Муьлхачу ойланашца? ТIаккха муха хьежа веза кху дуьнене? Муьлхачу бIаьргашца? Мила ву хьо кху дуьненахь?
…Адам, са, йа мас йу хьо? Бен-башха а доцуш, бакъ-харц а доцуш…
Къематде!!!
Ойланаш хиэдара. Йан а йацара ойланаш. Уьш чевне йара, йиснарш атайеллера… артйеллера… аьгнера… Лелхара ойланаш, цIергахь йага а йогуш, Iаьржа кIур а туьйсуш…
Хьо чувеара. Йесачу хIусамашка.
Массо а Iуьллучу, кхозучу, кхоьссинчу барзакъан кисанаш харцхьадехира ахь. Палсаш кIел а хьийжира, сейф а кегийра… Къаьстина исс сом карийра хьуна. Новкъа вала!
Дуьххьара кхача веза йурт хаьара хьуна. Стунвашас бигнера хьан доьзал шайн йуьрта. Шу долчохь кхераме ду аьлла. Машенахь. Орца кIелхула даьхкина шаьш, элира цо. Некъаш къовлуш ду… Цхьадерш къевлина.
Тахана ткъе иссалгIа де дара уьш хьан бIаьргашна хьалхара дIабевлла. Иза-м хьесапе ца лоьрура ахь, хан-м… Кхин мохь бара хьан белшаш тIехь, хьан гехь, хIоз хилла, хьан коьртах хьаьрчина, денна къийлалуш, лаьхьа санна.
Орца кIелхула даьхкина… Орца кIелхула дIабахна…
Ахсахьт ца даьллера, хьуна а бевзачу новкъа уьш кхаьчна, аьлла хетачу хенахь. Орца кIеллахь…
Масийтта хIаваан кема чу а уьдуш, чуйетта доладелира. Гуо а туьйсуш, йуха а, йуха а, йуха а…
Йол-йолуш, генайелира и гIовгIа, уьш боьлхучу йуьртана улле мел кхочу лагI а луш.
Кхин цхьа а хаам бацара.
Хуьлийла а дацара.
Къевлира некъаш, къевлира йарташ.
Стигланаш къевлира!
Шу къаьстира. Сатийсам бисира.
Сатийсам дикане, дахаре, дуьне кхолларан хьесапе…
Ткъе исс де!
Йа ткъе исс шо?!
Йа бIе эзар исс шо?!
Ибаев Руслан