ТIедогIург тIекхаччалц Iаддита
«Герга беана АллахIан болх, ткъа аш сих ма бе иза (хенал хьалха)». Хиламашна хьалха ма вийла. Ненан кийрахь кхиъна да́лале дожо гIерта хьо бе́р?! Кхиъна ба́лале схьабаккха гIерта хьо стом?! ТIекхачаза йолу кхане – бакъ йац, иза йоцуш йу, цуьнан чам бац, бос бац. Ткъа хIунда хуьлу вай даима цуьнан ойланаш йеш, цуьнан баланех кхоьруш, цуьнан хиламашка хьоьжуш? Цуьнан бохамаш лардо вай, ткъа и кхане вайна тIекхочур йу йа йац а ца хаьа вайна, вайна и гур йуй а ца хаьа вайна. ТIекхаьчча а, гича а, самукъа а, хазахетар а хир дуй ца хаьа вайна иза. Иштта хила мегий иза-м, ца мега? ХIинца а хIокху дуьнен тIе кхачаза ма йу иза, вайна хууш йоцучу къайленех ма йу иза. ТIайна тIе а кхачале цунна тIехдийла ца деза вай. Хьанна хаьа, цу тIе ца кхочуш совца а ма мега вай, йа вай тIекхачале чудожа а ма мега иза. ТIе а кхаьчна, могаш-маьрша тIехдовла а ма мега вай цунна.
ТIедогIучух лаьцна ойла йарна вай ве́шан хьекъалша шуьйра некъ дIабеллар, къайленийн жайна вай дIаделлар, тIаккха цигахь хила мегаш долчу вочу хIуманашца вай вешан синош а, дегнаш а, хьекъалш а цIергахь даттар шариIато сийсаз деш ду. ХIунда аьлча, иза сатийсамаш дукха беха хилар ду. Хьекъалан агIор а сийсаз хIума ду иза, хIунда аьлча, иза IиндагIах летар долу дела. Дукха бу хIокху дуьненахь шайгахь шайн кха́не́нашкахь мацалла хиларе ладоьгIурш, барзакъ доцуш биссаре ладоьгIурш, цамгарш, къелла, баланаш хиларе ладоьгIурш. Ткъа иза дерриге а шайтIанан хьехарш ду: «ШайтIано къелла хьоьху шуна, боьханиг де́ олу шуьга; АллахIа Шегара гечдар а, комаьршалла а хьоьху шуна».
Дукха бу боьлхурш, шаьш кхана мацлур болу дела, цхьа шо даьлча шаьш цомгаш хир болу дела. Цхьа бIе шо даьлча дуьне дIадер ду бохурш. Шен оьмар кхечун керахь йолчо шен болх доцуш долчу хIуманца бо́зар догIуш дац, ша маца лийр ву ца хууш верг доцуш долчу, бакъ доцучу хIуманан ойлано лацар нийса дац.
Кхане Iадйита, иза хьайна тIекхаччалц. Цуьнан хабарех лаьцна ма хетта. Иза тIейожаре ма хьежа, хIунда аьлча, хьо хьайн таханенца воьзна ву, хьан бала – тахане бу.
Ткъа хьуна цецвала лаахь, цецвала хIума ду хьуна, шен малх схьакхетаза йолчу кханенера тахана декхарийна сагатдар доккхуш долу адамаш. Цундела, верлахь, дукха деха сатийсарех ларлолахь.
Цхьаьнггара а баркалла хиларе ма хьежа
АллахIа Шен лайш Ша́ хьехавайта кхоьллина, Шен кхолларшна рицкъа а Цо цаьрга Шена баркалла алийта делла, ткъа царах дукхах болчара кхечунна Iиба́дат дина, царах дукхах болчара кхечунна баркалла аьлла. Синошкахь алсам дерг ду и, шайна дика дина хилар тIе ца лацар, керстадар, йухатохар, шога хилар, диканашна къера цахилар. Ткъа хьо цецвала ца веза цу кепара болчара ахь дина дика къобал ца дича, хьо шайца дика хилар цара дагийна дIадаьккхича, ахь шайна дина дика царна дицделча. И дина ца Iаш, уьш хьоьца мостагIалла а, хьагI а лелон бевлча, кхин цхьа а бахьана доцуш, ахь шайна дика дина хилар доцург.«Цара гамо ца лелийра, АллахIа а, Цуьнан Элчано а шайна Цуьнан комаьршаллица бахам белла хиларна бен».
Хьайна гонаха долчу дуьненан тептаре хьо хьажахь, цуьнан цхьайолчу агIонашкахь карор ду хьуна шен кIант кхиийна волчу цхьана ден дийцар:кхиийна цо и, цунна тIедуха а, даа а, мала а латтийна цо, цунна оьшург Iамийна цо, цуьнга наб йайта ша́ сема Iийна иза, и вуьзна хилийта меца Iийна иза, цуьнга садаIийтархьама кIадлуш лелла иза. Ткъа хIокху кIентан мекх гучудаьлча, хIара гIеметта хIоьттича, жIаьла хуьлий дIахIутту иза шен деца, атта хетта цунна иза, ца ваьшна иза цунах, ца везна цунна иза, дуьхьал ваьлла иза цунна, Iазапе лаьцна цо иза..
Кхолларан цIена бух телхина болчарна гергахь, нехан лаамаш бохочарна гергахь шайн диканийн кехаташ даьгнарш синтеме хуьлийла-кх цундела, Шен хазнаш кхачор йоцучуьнгара шайна хир йолчу йо́лаца гIоза бехийла уьш.
ХIара зевне кхайкхам хьо дика хилар хьоьга Iаддитийта беш бац, кхечарна дика дарх хьо йухатоха беш бац, хIан-хIа. Хьан дика ца гуш берш хир буй хьуна хаийта беш бу хIара, хьо цунна кечвеш дуьйцуш ду хIара, цара дечунна хьо сингаттаме ца хилийта дуьйцуш ду хIара.
Дика хIума деш хила хьо АллахIан дуьхьа, хIунда аьлча, массо агIор хьо толаме хуьлу хIума ду иза. Ткъа хьуна резавоцург реза цахиларо хьуна дан зен дац, йа цунна хьан дика ца гаро а хьуна дан зен дац. АллахIана хастам бе ахь, хьо дика хIума деш хиларна, ткъа дIалуш долу куьг гIоли ду хьуна схьаоьцуш долчу куьйгал. «Оха шуна кха́ча балар (йуург йалар) – АллахIан доьхьа ду; шуьгара (диканца) бекхам а, баркалла а ца деза тхуна».
Хьекъал долу дукха нах цецбийлина хIума ду кхетам боцучу нахана шайна дина дика ца гар, цара иза керстадар, сийлахьчу Къуръана тIехь цу кепара болчу нахана довдар шайна цкъа́ а гина доцуш санна: «Шена тIе бохам беъча Тхоьга кхойкху адамо, ша́ шен агIонна тIехь (дижина) долуш, йа хиъна Iаш долуш, йа ирахь долуш; ткъа Оха цунна тIера цуьнан бохам дIаайбича, шена хиллачу бохамах ша́ Тхоьга кхайкха а ца кхайкхича санна лела иза кхидIа».
Айхьа цхьана Iовдалчу стагана совгIатана къолам белча, тIаккха цо цуьнца хьуна сардамаш йаздарх цец ма вала хьо. Йа ахь цхьана шога стагана гIонна Iаса йелча, цо иза хьуна коьртах тохарх цец ма вала хьо. Иштта ду хьуна адам. Лекха волчу Кхоллархочуьнгара, ша́ Кхоьллина волчуьнгара шена хуьлуш долу диканаш цунна гуш ца хилча, цо уьш керстадеш хилча, соьца а, хьоьца а муха хир ду аьлла хета хьуна иза?!
Балхаца-Iамалца эккхайе мукъалла
Дахарехь мукъа Iаш болу нах элирий-бахарий охIланах бу, эладитийн доьзал бу, церан ойланаш йаьржина йолу дела. [ТIаьхьа севцначу зударшца хила реза хилла уьш].
Хьекъална уггар кхераме хьал ду цуьнан да деш хIума доцуш, эрна хан йойъуш, мукъа Iаш волу хьал. Ша-шаха чухецайелла йоьдучу машенах тера хуьлу иза цу хьолехь, цкъа аьтту агIор таьIаш, тIаккха аьрру агIор таьIаш.
Хьайн дахарехь хьуна хьо мукъа Iаш караво-кх, сагатдарна а, гIайгIанна а, баланна а кечлолахь. ХIунда аьлча, цу мукъалло дерриге а хилларш-лелларш схьатекхор ду хьуна, карарчу а, тIейогIучу хенан а хьашт йоцу ойланаш карзахйохур йу хьуна, хала хьал хIоттор ду цо хьоьгахь. Сан хьехар ду хьуна а, сайна а, хIаллаквеш долчу оцу мукъаллин меттана пайде белхаш деш хиларца, хIунда аьлча, хьо иштта мукъа Iар – хьо дийна воллуш къайлах каш чу вижор ду, лазар тедеш долчу молханца ахь айхьа хьо вер ду.
Эрна хан йайъар – бала цахилар ду, мукъалла – говза къу ву, ткъа хьан хьекъал цу харц тIемаша шайна йукъа хьекъна ижу йу.
Делахь, хьалагIатта хIинца, ламаз де, йа цхьаъ йеша, йа тасбихь де, йа цхьана жайни тIе хьажа, йа йазйе, йа хьайн чоь меттайалайе, йа хьайн хIусам тойе, йа кхечунна цхьа пайде долу хIума де хьайгара мукъалла дIайаккхархьама. Бакъдолуш, хьуна дика хила лууш ву хьуна со, цIенчу даггара деш хьехар а ду хьуна ас хIара.
Урс хьакхий йей дIайаккха мукъалла, сихаллехь ахь дан дезна долу и хIума бахьана долуш лоьраша шайна тIелоцуш ду хьуна ирсе хиларан ах да́къа — 50%. Йалташ лелочаьрга хьажа, гIишлошйархошка хьажа, кхидолу иштта белхаш дечаьрга хьажа – паргIатонца,самукъанца шайн иллеш олуш хуьлу уьш, олхазарш санна, ткъа хьо хьайн меттахь Iуьллуш ву, бIаьргара хиш дIа а хьоькхуш, воха а воьхна, цу мукъалло хьо къовзийна волу дела.
Лимонах мерза мутта де
Хьекъал долчо эшамаш са́нашка берзабо, ткъа кхетам боцучо шена хиллачу цхьана бохамах ши бохам бо.
Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) Маккара араваьккхина хилла, ткъа цо Мединатехь пачхьалкх кхоьллина, исторехь массарна гуш а, хезаш а хилла йолу.
Ахьмад ибн Хьанбал набахти чувоьллина хилла, ткъа цунах и бахьана долуш Суннатан имам хилла. Ибн Таймиййа чувоьллина хилла, ткъа иза араволучу хенахь доккхачу Iилманца араваьлла. Сарахсий йакъайелла гIу чу воьллина хилла, ткъа цо цу чохь волуш фикъхI Iилманехь 20 том йолуш жайна арадаьккхина. Ибнул-Аси́р лела ца луш кIелвисина хилла, цу хьолехь цо «Джа́миIул-усу́л» а, «Ан-НихIа́йа» а цIе йолу ши жайна йаздина, хьадисийн жайнашна йукъахь уггар гIарадаьлла а, уггар пайде а долчу жайнех ши жайна. Ибнул-Джавзий Багдадера араваьккхина хилла, ткъа цо ворхI кепара Къуръан деша Iамийна шена…
Хьайна тIе цIеххьана цхьа бохам хIоттахь, цуьнан серлачу агIоне хьажа хьо. Цхьамма хьоьга лимонан стака лахь, цу тIе шекар таса ахь. Хьайна совгIатана цхьамма текхарг лахь, цуьнан мехала цIока схьа а эций, йиссинарг дIакхосса ахь. Нагахь санна хьо скорпионо къовзавахь, хьуна хаийла, иза хьоларвеш долу молха (вакцина) хилар, текхаргийн дIаьвшана дуьхьало йен молха хилар.
Хьайн халчу хьолаца нисвала гIорта хьо, цу йукъара вайна тайп-тайпана бос хаза зезагаш да́хархьама. [Хила тарло шуна цхьа хIума ца дезаш, ткъа иза шуна дика а долуш].
Францехь революци хилале хьалха цхьа сийлахь ши байтанча чувоьллина хилла. Цаьршиннах цхьаъ ойла даима дика йолуш, дикане сатийсам болуш хилла, важа даима вон ойланаш йечерах хилла. Набахти чуьра шаьшшинан кортош ара а даьхна, ара хьаьжна и шиъ. Дика ойла йерг стиглара седарчашка а хьаьжна велавелла хилла. Вон ойланаш латтош верг урамера сацкъаре хьаьжна вилхина хилла.
Халонан вукха агIоне хьажа, хIунда аьлча, дерриге а вон дац хьуна хиламехь, мелхо а цуьнца цхьаьна дика хIума а ду хьуна, пайде агIо а, керла некъ, ме́л а бу хьуна.
Тоьаш ву вайна АллахI, дика доладархо а ву Иза
Болх АллахIан кара дIабалар, Цунна тIетовжар, Цуьнан диканах тешар, Цо дечунна реза хилар, Цуьнца йолу ойла дика хилийтар, Цуьнгара гIо хиларе хье́жар – АллахIах тешаран (Ийманан) уггар даккхийчу стоьмех ду, АллахIах тешаш болчеран уггар сийлахьчу куьцех ду. ТIаьхьало дика хирг хиларх Делан лай тешна хилча, шен массо гIуллакха тIехь шен Далла тIетевжаш хилча, Цуьнгара Iуналла а, доладар а, тоам бар а, гIо а, толам а карабо цунна.
ИбрахIим пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIерга кхоьссинчу хенахь, «Хьасбуналло́хIу ва ниIмал-ваки́л» — «АллахI тоьаш ву вайна, дика доладархо а ву Иза» аьлла хилла цо, тIаккха и цIе АллахIа цунна шийла хилийтина, зене йоцуш, маьрша хилийтина. Вайн Пайхамара а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаша а аьлла хилла, керстанийн эскаршца, жаIаршна корта беттачеран тобанашца шайна кхерам тесча: [АллахI тоьаш ву тхуна». ТIаккха уьш бирзира АллахIера диканца, Цуьнан комаьршаллица; шайна хилла цхьа а зен доцуш; АллахI реза хиларна тIаьхьа баьзнера уьш; ткъа АллахI йоккхачу комаьршаллин (дозаллин) да ву].
Адаме шега цхьаьнга дуьхьало ца йало хиламашна, ца къийсало цуьнга шегга бохамашца, ца дийлало иза ша́ баланашна дуьхьал, хIунда аьлча, иза гIийла, гIорасиз кхоьллина ду, шен Далла тIетевжаш иза дацахь, шен Делах тешаш иза дацахь, шен болх цо Цуьнан кара дIалуш бацахь. Иштта иза ца хилахь, хIун далур ду оцу гIийла, сийсаз волчу лайга, баланаш цунна тIеэгча, халонаша цунна го бича? [АллахIана тIетевжийла шу (болх Цуьнан кара дIалойла аш), нагахь шаьш (Цунах) тешаш делахь].
ХIай хьенех, хIай айхьа хьайна дика лууш верг! Нуьцкъала волчунна тIетевжаш хила, Тоаме волчунна, ницкъ болуш волчунна тIетевжаш хила, халонех, баланех Цуьнга хьо кIелхьараваккхийтархьама.
«Хьасбуналло́хIу ва ниIмал-ваки́л» — «Тоаьш ву вайна АллахI, дика доладархо а ву Иза» боху дешнаш хьайн байракх хилийта. Хьайн даьхни жимделча, хьайн декхар дазделча, хьайн некъаш гатделча, хьайн белхаш гIелделча, хьо кхайкха: «Хьасбуналло́хIу ва ниIмал-ваки́л»!
Хьо мостагIах озалахь, йа зуламхочух кхералахь, йа балано Iа́давахь, аз айдеш ахь ала: «Хьасбуналло́хIу ва ниIмал-ваки́л»!
[Ткъа хьан Дела тоьаш ву хьуна (диканна тIе) нисвийриг хила а, (толамца) гIо дийриг хила а].
1аид аль-Къарни
«Са ма гатде» жайни т1ера,
Гочдинарг – Тазабаев Олхазар