Год истории-2024 год

Рицкъанан хало бахьана долуш сингаттаме ма хила хьо

Бакъдолуш, рицкъа луш верг – Цхьаъ волу АллахI ву хьуна, адамийн рицкъа Цуьнгахь ду хьуна, Цо иза Шена тIелаьцна а ду хьуна, «Стиглахь ду шун рицкъа а, шуна хир ду аьлла кечдина дерг а».

Ткъа, рицкъа луш верг АллахI хилча, адамаш адамашна хьалха рицкъанан дуьхьа хьесталуш сийсаз хIунда хуьлу? Лекха волчо аьлла ма-ду: «Лаьтта тIехь лелаш цхьа а хIума дац АллахIа цуьнан рицкъа  Шена тIелаьцна долуш бен».  Кхин а ма аьлла Шен цIе сийлахь йолчо: «АллахIа адамашна Шен къинхетам схьабиллича – иза сацо цхьа а вац; ткъа Цо иза сацийначул тIаьхьа иза дIахеца цхьа а вац».

Баланийн хало атта йен бахьанаш

1. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIера йо́ле́ а, ме́ле́ а догдахар: «Бакъдолуш, собаре хиллачарна дIакхачор бу церан ме́л, доза доцуш».

2. Балехь, халонехь берш гар. Хьажа хьайна гонаха, аьтту агIор а, аьрру агIор а.. Шегахь цхьа бала болуш, йа цхьа хало йолуш, йа ша́ цхьана кепара зуьйш волуш карор ву хьуна массо.

3. И хьайна тIехIоьттина хало а, бала а кхечул атта буй хаар; хьайна цул халаниг хила тарлорий хаар.

4. И бала хьайн динца боьзна боцуш, хьайн дуьненца боьзна буй хаар.

5. Хазахеташ долчу хIуманна тIехь АллахIана муьтIахь хиларал доккха дуй хаар, халахеташ долчунна тIехь АллахIана муьтIахь а хилла, Цо динарг къобалдар, цунна реза хилар.

6. Хилларг хилла даьллий, хIинца дан хIума доций хаар.

7. Iаламийн Эла волчу АллахIа хаьржинарг дерриге а дика дуй хаар: «Шуна цхьа хIума вон хета мега, (ткъа ма-дарра долчуьнга диллича) иза шуна дика а долуш».

Ирсе хиларна цхьайолу бакъонаш

1. Хаийла хьуна, нагахь санна хьо хьайн таханлера дийнан дозанашкахь ца вахахь, ойла йаьржина хир йу хьан, гIуллакх лартIехь дIагIур дац хьан, гIайгIанаш а, сагатдарш а совдевр ду хьан. И ду хIокху дешнийн маьIна: «Хьуо Iуьйренга ваьлча суьйренга ма хьежа; хьуо суьйренга ваьлча Iуьйренга ма хьежа».

2. ДIайахана зама а, цу чохь хилларг а дицде. Хила а хилла дIадаьлла долчуьнца бала кхачар хьекъале цахилар ду, кхетаме цахилар ду.

3. Хиндолчун дукха гIайгIа ма йе, иза вайна девзаш доцучу къайлах долчух ду. Цу тIехь ойла йар Iадда дита, иза схьадеана даллалц.

4. Критике хьуо вега ма вайта, и бахьана долуш воха а ма воха. Хаа деза хьуна, критика хьо мел мехала ву хьаьжжина хир йу хьуна.

5. АллахIах тешар (ийман) а, дика Iамал (гIуллакх) а – иза ду хьуна дика а, ирсе а долу дахар.

6. СинпаргIато а, синтем а, тийналла а йезаш волчо Лекха волу АллахI хьеха войла.

7. Делан лайна хаа деза, массо хIума Делан кхиэлаца а, Цуьнан хIоттамца а лелаш хилар.

8. Цхьанггара а баркалле ма хьежа, хьайна баркалла аларе догдохуш ма хила.

9. Уггар хала дерг, уггар вон дерг тIехIоттарна кийча хила даим.

10. Хилларг хьуна диканна хила а мега хьуна.

11. Делан кхиэл йерриге дика йу бусалба стагана.

12. Хьайна Дала деллачу диканашна тIехь ойла йе, тIаккха уьш хьайна деллачунна баркалла а ала.

13. Хьоьгахь хIинца долуш долчуьнца хьо дуккха а болчу кхечарал гIоли ву хьуна.

14. ХIинцца ца хилахь, жимма Iийча паргIато хир йу хьуна, атто а хир йу хьуна, синтем а хир бу хьуна.

15. Баланаша доIа дойту.

16. Баланаш – кхетамашна даьтта санна бу, дегнаш чIагIдеш болу ницкъ а бу.

17. Бакъдолуш, халонца (цунна тIаьххье) атто (паргIато) а йу.

18. Кегийчу хIуманашка хьуо хIаллак ма вайта.

19. Бакъдолуш, хьан Дела Шен гечдар шортта долуш ву хьуна.

20. ОьгIаз ма гIолахь. ОьгIаз ма гIолахь. ОьгIаз ма гIолахь.

21. Дахар – бепиг а, хи а, IиндагI а ду хьуна. КхидIа долчух хьайна дукха бала бан ца оьшу хьуна.

22. [Стиглахь ду шуна шун рицкъа а, шуна хьехна (доьгIна) дерг а].

23. Шех кхоьруш долчу хIуманех дукхах дерг ца хуьлу.

24. Шайна бала а хилла, и бала лайна а, ловш а болчаьргахь масал ду хьуна.

25. АллахIа Шена цхьа адамаш дезча, (халонца) зоь уьш.

26. ГIайгIа-баланан доIанаш йух-йуха деш хила.

27. Баккъал а бан ма-безза болх беш хила, шех хуьлуш пайда болу болх беш хила. ХIумма а ца деш Iан ма марзло.

28. Бух боцучу хабаршка ла ма дегIа, эладитанаш бакъ а ма де.

29. Ахь хьагI лелоро а, хьо оьгIаз эхаро а, хьо дIадекха гIертаро а хьайн мостагIчунначул дукха хьан могшаллийна зен до.

30. Хьуна хуьлуш долу дерриге хIума хьан къинош дIадойъуш ду.

Ийманан мехалла

Хьекъале болчарна бен гуш доцучу Делан диканех ду бусалба стаг керста стаге хьажар, ша́ бусалба дин тIе нисварца АллахIа шена дина дика цо дагадаийтар. АллахI Дала и керста стаг санна ца хилийтина хьо, цо шен Делаца керстаналла дарехь, иза Цунна дуьхьал вийларехь, иза Цуьнан а́йатех цатешарехь, цо Цуьнан (дозаллин) куьцаш керстадарехь, иза шен доладечунна, ша кхоьллинчунна, шена рицкъа латточунна дуьхьал вийларехь, цо Цуьнан элчанаш а, Цуьнан жайнаш а харцдарехь, иза Цуьнан омранна Iеса хиларехь… ТIаккха дагадогIу хьуна хьуо бусалба хилар, Дела цхьаъ веш хилар, хьой АллахIах а, Цуьнан элчанах а, Къематдийнах а тешаш хилар, кхачамбацаршца дахь а айхьа Делан парзаш кхочушдеш хилар. Ткъа иза – кхин хIумма а ца хилча а – Дала хьуна делла ниIмат (дика) ду, мел доккхачу даьхница эцалур доцу, мел даккхийчу хьесапашца тидалур доцу, вайна гуш долчунгахь шех тера цхьа а хIума доцу.

[Вуй ткъа (АллахIах а, Цуьнан элчанах а, эхартах а) тешарг (и тешар шеца доцуш волу) Iеса стаг санна?! Цхьатера бац уьш]. (Сурат «Ас-Сажда», 18 айат)

Къуръанан маьIна дина болчу цхьаболчу Iеламнаха хьахийна ду, йалсаманин охIланна Дала лур долчу зовкхах а, диканах а хир ду уьш жоьжахатин охIланга хьовсар, тIаккха цара шайн Далла баркалла алар, Цунна хастам бар, шайна и дика даларна.

Олуш ма-хиллара, «дуьхьал долчуьнга хьажарца билгалдолу хIума».

Ирсе маца хуьлу?

Тирмизийс дийцина иштта хьадис: «Шена цхьа а кхерам боцуш, шен дегIаца могаш волуш, шен дийнахь баа кха́ча а болуш Iуьйренга ваьлларг дерриге а дуьне шен до́ла даьлларг санна ву».

Уггар дикачех ирс долуш, уггар даккхий диканаш долуш ву бохург ду цуьнан маьIна, баа кхача болуш, чохь Iен меттиг йолуш, могаш-маьрша верг. Ткъа и хIума дуккха нахана хуьлуш ду, делахь а царна дага ца догIу иза, уьш ца хьовсу цуьнга, и шайгахь хилар ца хаало царна.

Кхачамбацарех цIена а, лекха а волчо боху Шен Элчане: «Сайн ниIмат (дика) делла Ас шуна». ХIун ниIмат ду-те и Элчанна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) кхочуш хилларг?

Дуьне ду-те и? Йуург-мерг йу-те и? ГIаланаш, хIусамаш, деши, дети ду-те и? Ткъа цуьнан-м царах хIумма а хилла ма йац.

Бакъдолуш, цу воккха Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) вижар-гIаттар поппарх йина йолчу, тхов хурманан диттан ге́не́х бина болчу чоьна чохь хилла. Мацалла бахьана долуш шен гай тIе ши тIулг боьхкуш хилла цо. Хурман диттан гIанех бина болу миндар коьрта кIел буьллуш хилла цо, цунах йуьхь тIехь лар йуьссуш хилла цунна. Ткъеитт сахь хиллал болу мукх баьккхина хилла цо декхарина цхьана жуьгтичуьнгара, цунна караделла шен гIагI цуьнгахь а долуш валар а нисделла цуьнан. Кхо де хан йолуш хилла цуьнан, вониг хилла а, хурманах кхалла хIума ца карош, цунах вуьзна а вуза йиш йоцуш.

«Эхарт дика ма ду хьуна (кху) дуьненал. Хьан Дала лур а ма ду хьуна, реза а хир ма ву хьо». (Сурат «ад-Духьа» 4-5) «Бакъдолуш, Оха хьуна делла Кавсар (татол а, доккха дика а)». (Сурат «ал-Кавсар» 1)

Хаза, дика дахар

Ирс хуьлуьйтуш долчу уггар даккхийчу бахьанех ду Iаламийн Дела волчу АллахIах тешар. Иза иштта хилар билггал сецна долу хIума ду, цу тIехь цхьа а шеко йац. Дерриге кхидолу вай дуьйцуш долу бахьанаш а, пайданаш а схьа а гулдина, уьш дерриге цхьана стагана совгIатана делча, цуьнгахь АллахIах тешар ца хилахь, и хазна цуьнан дагчохь ца хилахь, оцу вукхара цунна бан цхьа а пайда бац хьуна цкъа́ а. Цундела, шеца Делах тешар доцучо ирс хуьлуьйту и важа бахьанаш лоьхуш ша́ кIадван ца оьшу.

Коьрта дерг, бух – АллахI шен Дела хиларх тешар ду, Мухьаммад  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен пайхамар хиларх тешар ду, Ислам шен дин хиларх тешар ду.

ЛадогIал хьайна, сийлахь-цIена волчу вайн Дала хIун боху цу хьокъехь: (АллахIах а, Цуьнан Элчанах а) тешаш а волуш дика Iамал йинарг, хуьлийла иза стаг йа зуда – Оха иза во́хуьйтур ма ву дикачу дахарца, Оха царна лур ма йу церан йал, цара деш хиллачу уггар дикачуьнца.

Ши биллам бу хьан кхузахь: АллахIах тешар, тIаккха дика Iамал йар. Бакъдолуш, (АллахIах) тешна а болуш, дика хIуманаш динарш – Къинхетаме волчо хуьлуьйтур бу царна (адамийн дегнаш чохь) безам.

Ши пайда а бу хьан кхузахь: дуьненахь а, эхартахь а дика дахар, Веза-Сийлахь волчу АллахIана гергахь йоккха йал. Кхаъ бу царна дуьненан дахарехь а, эхартахь а.

1аид аль-Къарнин

«Са ма гатде» жайни т1ера.

Гочдинарг – Тазабаев Олхазар