Год истории-2024 год

Хамидов 1абдул-Хьамид

1920-чу шеран эсаран беттан 15-чу дийнахь дуьненчу ваьлла ву схьаваларан орамаш Йоккхачу-Атаг1ара долу нохчийн йахь йолу к1ант -Хамидов 1абдул-Хьамид. Йуьртара школа чекхйаьккхина, дешна Эна-Хишкарчу хьехархойн курсашкахь. Болх бина нохчийн къоман театрехь. 1938-чу шарахь деша вахана Москварчу Театральни институте. Вайнах ц1ерабаьхначу муьрехь къахьегна Г1ирг1изойн махкахь, казахстанехь. 1955-чу шарахь Алма-Атахь «Къинхьегамхойн байракх» газет схьадоьллуш къахьегначу нохчийн къоман интеллигенцин жигархо ву Хамидов 1абдул-Хьамид. Казахстанехь нохчийн маттахь болх беш хилла радио схьайиллинарг а ву иза. Йаздан волавелла институтехь доьшучу муьрехь. Хамидов 1абдул-Хьамидан дешнаш т1ехь даьхна иллеш вайн тоьллачу иллиалархойн Магомедов Султан, Дагаев Валид, Усманов 1имран, Маккаев Султан, иштта кхечеран репертуарехь хилла а. Цо йазйиначу пьесаша дуккха а шерашкахь къагийна латтийна нохчийн къоман театран репертуар. Царах «Совдат, Дауд», «Ломара йо1», «Т1ам сийна кхокха», «Бож-1ела», «Лийрабоцурш»спектаклаш.

Газиева Аза