Год истории-2024 год

ТИДАМ

КIайн шаршу хилла Iуьллура ло.

Тахана, гIеххьа иэхье схьахьаьжначу цIестачу малхо, маьI-маьIIехь гучуйаьхнера малхбалехьа Iуьллучу лаьттан  керайаккъаш. Цхьалхадевлла  лаьттачу  диттийн гаьннаш а кхозура, набаре дирзича санна. Декара тайп-тайпана кегий  олхазарш.

Наггахь,  Iай   хьаьжначу  маьлхан  зIаьнарша Iехадой, накхармозий  аралелха дела, накхарна дуьхьал цхьа хIума хIотто дагахь со беша ваьлча, цхьана даьIахках зIок йетташ йоллу къиг керта тIе хиира, чIог1а резайоцуш, мало йеш санна, тIемаш а тухуш. Цуьнан пхьор  цадохор-кх  ас  аьлла  со  йухаволучу  хенахь, цхьа кIайн-къорза цициг а делира суна уллехула, когах хьакхалуш ца хьакхалуш. Йухахьаьжча къийго цицигна  йен йиш-маIаш  гира  суна, иза  даьIахк  тIе ца кхачийта. Цициг, ша дахкана тебча санна, охьа а таьIий, даьIахкана улле шершара. Къиг ша йолччохь кхиссалора, тIемаш а уьйуш, «къар-р-р» деш. Лаьтта тебначуьра нис а ца луш, корта хьалатаIабора цициго.

 «Кхин дIа хIун до-те кхуо?» – хир дара цуьнан дагахь. Ша хIумма а дийр дацахь а, къар ца лора важа а. ДIаса а хьожий, резайоцуш айалора, хIинца-м  хIара тIекхета йоллу олий  хоьтуьйтуш. Башха сиха а йацара. 

Эххар а, цицигана кIордийра и гIоьртина долу хьал; кхин хIума дагадеана хир дара цунна, йа даьIахках дог диллина. Цициг, шен боларца керт а хадош, сехьаагIор а даьлла, дIадоладелча, суна а лиира къийго кхин дIа хIун до хьажа. Цо со цецваьккхира.

Ша хIинццалц ларйина дIаьIахк а йитина, цициг доьдучу  агIор  йолчу  керта  тIе  хиира  иза,  цхьана питанна санна, дIаса а хьоьжуш. Цициг-м  йуха а ца хьожуш  доьдура. Керта йуххе кхаьчча, кхоссаделла цу тIе хьала а даьлла, божалан тхевнехьа доладелира иза, керта тIехула. Тхов тIе кхоссадала дагахь, цо шен дегIан меженаш йулучу маьIаргонехь, цхьа вон Iаьхира къиг, цицигана тIе а йирзина. Iаьхира бохург-м  дан а  дац…  Эра  эккхийтинера-кх  «къа-къар-р-р-къа», къар-р-р-  къа-къар-р-р»,  бохуш,  айкхйуьйлуш, ша хиъна Iачуьра жим-жима цициг долчухьа, улле схьа а кхисса луш. Сан семалла чIогIа гIаьттинера. Со а ца кхетара цо лелочух. ХIуьттаренна лелаш санна-м  хетара и. Хетарехь, цициг а даьллера цец. Шен аьхначу букъ  тIехула хьоьжура иза, йуха а дирзина, баккхий  бIаьргаш  а  къарзийна. Дехха  лаьттира  иза,  иштта, къийгана    тIе  а  дирзина. Корта  ластош  а  хийтира суна-м  цо хаттарца:  «Кхаа бIешарахь йаьхнашшехь, кхин хIумма а ца Iемина хьуна?» – бохучух.

Ибаев Руслан