ТIАЬХХЬАРА ДУЙ
Машен сецира. Ахь тIаьххьара дог диллира кху дуьненах. Цхьа атта. Бен-башха а доцуш.
Хьуна кинош чохь а гинера хийлазза стаг вуьйш…
Хьалхара водуьйтура…
ДIагIо, дIавада! – олий, тешийта.
Йа гора хIоттавора, ши куьг коьрта тIехьа а дуьллуьйтуш.
ДIакарчавора тIаккха, «тIах» олий.
Воьжнарг цхьа тамашийна схьахьожура, бехк-бехкам а боцчу хаттарца: – ХIунда? Стенна?
Хьо-м воьллера оцу суьртех, туьйранех санна…
Хьан коьртах тIоьрмиг боллура, цхьа йахкайеллачу картолийн хьожа а йогIуш. ТIехьадихкина ши куьг хьала а таIош коьртехьа, машен тIера (УАЗик) чукхоьссира хьо, йуха, тIаьхьашхула букъ а лоцуш, мийра туьйхира. Хьо Iункар-бертал керччина дIавахара ирачу кIохцалш тIе корта а кхеташ. Башха лазам ца хаабелира хьуна, цхьана агIор дIа-м керчира, «ахI» а деш.
Меллаша голаш хьайн чIениг кIел хьалауьйзира ахь. Хебира, зу санна, дегI Iад санна дула а деш. Иштта атта хийтира хьуна лазам тIеэца… Iожалла… ЦIеххьана ахь катоьхна сацийна йолу ойла хьайх лаьцна йара. Хьо самавелира. Ойланца…
– Со ма вац аш вуьйцург, – элира ахь, хезаш йа ца хезаш. Хьуна ца хаьара. Ахь чIагIо йира:
– Сайна чохь са а долуш, сан ойлано болх мел бен, кхин сайн сих, дегIах, Iалашонех, лаамех ойла ца йан, дага ца леца…
Иза хьан тIаьххьара дуй бара, цхьа тамашийна чIагIо. Хьайн ненан сурт кхетамна хьалха далийра ахь.
Цхьана мIаьргонна.
Иза йоьлхуш гира хьуна, цхьа сингаттамечу бодашкахь, бете ши куьг а диллина, хIинцца къежйала йоьлла месаш а гуш, йовлакх кIелара схьагIоьртина.
Хьан цIе а йохуш…
– Сан цIе… ЦIе ма ца хезира суна.
Хьо къовлавелира.
– Сан цIе…
Хьуна дага ца йогIура хьайн цIе.
– Со мила, хьенан?.. Со стенгара?.. Собардел, собардел цкъа. И хIун?.. Муха ца йогIу?..
Машен дIайолайелира, чIоггIа гIовгIа а оьккхуьйтуш, чкъургаш кIелара жагIа схьа а кхуьссуш.
– Со… Со Iадвитина… Со веллах ваций? Йа…
Ахь хьайн корта хIинца а Iитталучу кIохцалш тIе таIабо. Хьо лазаво. Лаза муха ца во, кIохцалш хьан коьртан туьтанах дIагIоьртина хилча.
Ахь ладугIу. Коьрта чуьра зов дIа а долуьйтий, йуха лергашкара а.
Ойла йоду ма-хуьллу шерачу аренашкахула, коьллех а тиссалуш, гора-бертал а йетталуш. Соцу, ког дIа а тосуш, тIаьхьадедда догIу хьайн IиндагI хьайца дIа а нисдолуьйтуш, «хьуьхь» а деш, йуха «ахI» а.
– Со Iехош… Ас хIун до хьажа…
Шайн онддачу догIмаш тIехь лаьтташ, вовшашка бIаьцаш а йеш, цигаьркан кIур ирх а оьхуьйтуш… Сох бийла. Суна сайн са дезарх ца бешаш…
Йуха…
ТIейерзийна, куьг дIа а дахдина, йеха йуьхьиг а йолуш тапча, йа цхьа куро, цхьана куьйга лаьцна «калашник».
Ахь йуха а ненан сурт хьайн ойланийн куьзгана хаьлха озадо, хьаж а къовлуш.
Сурт цхьа даьржина го хьуна. БIаьргаш дIахьаббо ахь, чIоггIа. Iаьржа бода. Стигал. Можа стигал. ДIахьаьвдда йоьлху цIен мархаш а.
Йуха цхьа дашочу маьлхан бIарлагIа, бIаьрса а дойуш… –
Со Iехош… Ас хIун до хьажа… Шайн онддачу догIмаш тIехь лаьтташ, вовшашка бIаьцаш а йеш, цигаьркан кIур ирх а оьхутуш… Сох бийла. Суна сайн са дезарх ца бешаш…
Мел хан дIайаьлла а ца хаьа хьуна. Хьуна хIинца хIумма а ца хаьа.
Хьан цхьа агIо гIорийна. ДегI иэгадо, цергаш а йетташ.
Хьан голаш чIениг кIел гIоьртина йохку, лаца а йелла.
СадеIарца хьуна хьуо цхьана арахь хилар хаало. Кийра буьззина са чу озо гIурту хьо, хIаваъ…
Мерах деттачу цIийно новкъарло йо. Са кхача а дой, йовхарш туху, кийра а лазош.
Ког дIагIортабо ахь, нисбан. Йуха – шолгIаниг. Вовшахъхьакхабо буьххьера. Нана-пIелгаш хаало. КогашIуьйра…
Кийрахь цхьаъ Iиттало.
Хьо дIахила гIерта оцу Iитталучу тIулга тIера, ца хаьа пIендарш кегдина хилар.
Меллаша тхьуздоьлла дегI йухаозадо ахь, кIохцалш тIера нацкъара хила а гIерташ. Коьртах боьллина тIоьрмиг дIатасало.
Куьг кховдо гIурту хьо, паргIат дерг. Цхьамма важа озадо, даI сама а доккхуш.
Аркъал керча хьо, меллаша, ши куьг дегIа кIелахь дIа а нисдеш.
Къилба а догIу хьуна дага, ца торуш санна. Сихха лоллу и ойла, цхьаъ кхоьссина дадийтина жIаьлин кIеза санна.
Ас хIун до хьажа… Шаьш со Iадвитинчух, тешийта…
КIелдIашхула бIаьстенан соьналла санна кхин ойла ийало, са а кIамдеш.
ПаргIатоне сатосу ахь.
Сиха йастало хьан къийлайелла йолу ойла. Цхьана мIаьргонехь йуху хьан Iожалла тIеоза кечйелла йолу кеп. Iанайоьлху керташ, цхьацца агIор охьа а оьгуш. ТIаьххьара тхов а бужу чу, боккха ченан кIур а оьккхуьйтуш «гIар-гIар-раст» олий.
Да виса-кх хьан, паргIато!
Куьйгаш – тIехьа, голаш чIенигах гIоьртина, цергаш а гIорийна.
ПаргIато!
Хаайели-кх хьуна иза, хIетте а.
Ахь бехк билла бахьанаш лоьху хьайн дегIан чархана.
Иэхь ца хета ала кечло, да велла йиса и.
Чахчийначу кхетамо шен некъ лоьху, аьхна некъ, серлонга, малхехьа айъа а луш. Кхетамах тийссало ойла.
Хьо дагадаийта гIерта…
Шадерриг. Хилларг, йа цахилларг…
Хьо самаваьлла а ца ваьллера, сатасале чу а лилхина, неIарш а кегйеш, хьоькхучу маьхьаршна йуккъехула, когашIуьйра хотталхула, коьртах, белшах автоматан бух а тухуш…
Хьоьга даима хеттарш дора, Iаьржачу тоьли чохь, бIаьргаш дуьхьал фонарикаш а лоьцуш.
– ХIун хаьа хьуна?! Схьадийца ма-дарра!!! – бохуш. Хьуна хIумма а ца хаьара. Ахь иштта дIа а олура:
– ХIумма а ца хаьа.
ХIун хаа деза ала ца ларавора хьо, тоьхначу хIумано корта охьаоллаболуьйтура, некха тIехула мелачу цIийн Iовраш охьа а хьодуьйтуш.
Масозза а – иштта. Цул тIаьхьа а. Йуха а, йуха а…
– ХIун хаьа?! ТIаьххьара а хоьтту хьоьга, подонок! – элира хьоьга. Хьуна дагадеара.
– Хелхавала хаьа, хелхавала, кхин хIумма а…
Хьо хебира гIанта тIехь, тIехьа дихкина ши куьг а долуш.
Уьш бийлабелира, цхьа гIаддайча санна.
– Смотри на него! – олуш.
– Будешь танцевать сейчас?! – хаьттира хьоьга, хьо гучаваккха санна, йа ловзар дезарна.
– Буду, – элира ахь, белшах хьайн йуьхь-марш дIахьакха а гIуртуш.
– С музыкой, или?!
– Бен а дац, – элира ахь… бен а…
Хьо схьаваьстира.
Гуо шорбира, тIе фонарикаш а лоцуш.
Хьо йуккъе велира, хьажийначу серлонна тIе бIаьрг а хIоттош.
БIаьргаш хьалхахула массо а тайпа бос болу серлонаш хьаьвзира, хийца а луш, цхьана гура чохь санна. Ахь ког айбира ,баьццарчу бай тIе охьа а буьллуш. Йуха важа – дIаса а хьожуш. Гуо боккха гира.
МогIаршкахь хьан нийсархой, доттагIий, хьуна гергарлонца бехке болу кIентий гIевттира, цхьабосса тIараш а тухуш, «Iайт-Iийт» а деш. – хьовзайе! – олу, – хьан нанас йина йац хьуна!
Хьо хIинца боккха гуо тесна воьдура, дуьне санна, малхана гуо туьйссуш долу.
– Хьовзайе йоI, хьовзайе! – хеза хьуна, – вайн нус, – тIетуху цхьамма, – гергарло сихдеш, хIета а, вета а хин йолу нус, – бохуш санна.
– ХIаъ! – олу кхечо, – дика ду! Дуьйцуш гена а даьлла, ца хила герга а кхаьчна!
«Iайт-вайт»! – а хеза. Забар, забар ца хаьа шуна?!
Вотано ткъес туху, дорцан амало санна, дитт а дижош, гIа-буц а. Стелахаьштиг а ластош. Пондаран аз кхерста шерачу аренашкахула, хьаннашкахула, лаьмнашкахула. Коьртера когашка кхаччалц ирахIутту дегIа тIера чо, коьртан чкъор тхьус а долош.
Хьо когабуьхьар хIутту, корта аркъал а таIош, дегI а нисдеш, лам тIе хIоьттича санна. ХIинца когабуьхьар йоху ахь гIулчаш, сил дукхайеза йуьртара йоI хьовзо, нийсархошна улле йига, бохь богIа, стигал-латта а къовкъош, Iалам-дуьне а доккхуш цец.
Цхьа шовкъе! Цхьа инзаре!
Нана а го хьуна, цхьана зудаберашна йуккъе таьIна, йоккхайеш, Iадийча санна, бIаьргаш тIе а къарзийна. Да а. Иза йухаволу, иэхь хетча санна, бехк лаьцна…
– Довольно! – хеза хьуна, фонарикаш тхов тIе хьала а йерзош.
– Молодец! Так надо!
– Имран! Валяй ему подарок!
Хьуна хьалха кIайчу баьпкан цастарш а, « Пепси» шиша а хIоттадо. «совгIат» аьлла, тIе а тухуш.
Хи молу ахь, аьлча а, чудутту-кх, жагIанна йуккъе санна, Iаьпаш йуьйлуьйтуш.
ЦIеххьана хьан корта хьаьвза.
Хьо, цхьа тамашийна мал а лой, охьашерша, пена тIе дIа а хьаьхаш.
Йуха дIакерча, лаьтта буха воьдуш санна, са мере хьала а гIуртуш…
Самаволу хьо, кIайчу кIедачу меттахь.
ЦIахь!
Ненан букъ го хьуна, арайолуш, цхьанна тIаьхьа…
– Со нана йала хьан, ма кегвина-кх хьо, бе а бехк а боцуш…
ТIаьххьара дешнаш йовлакхан тIома йуккъехь къайладовлу, дуьрачу бIаьрхишца цхьаьна дIа а уьйш.
Ибаев Руслан