ШАЙХ БАМАТ-ГИРИ-ХЬАЬЖА (IОВДА)
Шайх Бамат-Гири-Хьаьжа Митаев дуьнен чу ваьлла Шелан кIоштарчу Эвтарахь 1838-чу шарахь. Халкъалахь йоккхуш йолу цIе Iовда йу цуьнан. Цуьнан ден цIе МитIа хилла, ненан цIе – Жансу. Денден цIе Анзор хилла. Вайн берриге а махкахь гIараваьлла вевзаш стаг хилла Анзор. Эвтарний, Сиржа-Эвланий йуккъехь хIинца а йолуш йу иза ваьхна, Iийна меттиг. Анзоран-кIотар олу цунах.
Дукха жима волуш дуьйна Iовда хIуманна тIекхиар дика долуш хилла. Цундела Кунта-Хьаьжас, шена улле озийна, тергойеш хилла цуьнан. Цхьана дийнахь кешнашкахь шен муридашца хилла Хьаьжа. Цо тидамбина ловзуш долчу берийн. Жима кIант Iовда, цхьацца коша тIе а воьдий, цу тIе лерг а дуьллий, ладоьгIуш хилла. ТIаккха кхечу коша тIехь а иштта ладоьгIуш хилла. Хьаьжас шеца болчу муридашка хаьттина:
– Оцу беро лелош долчух кхетий шу? – аьлла.
– Тхуна-м ца хаьа, ахь дийцахьа, Хьаьжа, хIун деш ву иза? – хаьттина муридаша.
– Оцу хIора коша чохь дерг гуш ву и. Цаьрга ладоьгIуш ву, – жоп делла устаза.
Цул тIаьхьа шена улле озаво Хаьжас Iовда. Шен тобанца шаьш доьлхучу зуькаршка вуьгу. Иштта цхьана мурида хьошалгIа кхайкхина хилла Хьаьжа. Дела хьахош, Iамал йина бевлча, охьахевшина хилла муридаш. Йуург, кечйина, чуйеана, хьалха охьайиллина. Жижиг-галнаш хилла охьадехкина. ХIусамда вистхилла:
– Хьаьжа, йуург схьакхаьчна шуна, йаа дIайолайе, – аьлла. ТIаккха Хьаьжас аьлла:
– Бамат-Гири мичахь ву? Гучувала алал цуьнга. Дехьачуьра сехьаваьлла Iовда.
–ХIара йуург вайна йаа мегар йолуш йуй? – хаьттина устаза.
– Йац, – жоп делла Iовдас.
– Делахь, вайна йаа мегачу хьоле йаккхал хIара, – аьлла йуха а Хьаьжас. Iовдас галнаш а, жижиг а, кегош, декъна пхьегIаш чохь. ТIаккха аьлла цо:
– Хьаьжа, хIорш даа мегар ду, хIара вуьйш мегар дац.
– Делахь, даа мегар дац аьлларш арахь долчу жIаьлешна дIало, – аьлла Хьаьжас хIусамдега.
ХIума йиъна бевлча, Хьаьжас къамелдина муридашка:
– Оцу Бамат-Гирис, йаа мегар йу аьлла, къастийна галнаш ламаз карахь долчу зударша йина йара шуна. Вуьш – ламаз карахь доцчара йинера.
ХIусамдас жа дажо шеца лелош жIаьла хилла. Нана йоцуш хилла оцу жана йукъахь цхьа Iахар. Шен кадаьлча, бодий, жIаьлех бекхаш хилла и. Оцу Iахаран жижиг дара оцу Бамат-Гирис даа мегар дац аьлларг. Иза воцчунна къасто хуур дацара и, – бохуш, дийцира Хьаьжас.
Иштта кхуьуш вара Iовда.
Шен 8-9 шо долуш, Мескар-Эвларчу ненахошца цхьаьна дуьххьара хьаьждан вахана Iовда.
Шен хьехамашца Далла гергавуьгуш долу Iилманаш цунна довзийтина, эвлайаан дарже ваьккхина иза Хьаьжас.
ШолгIа ХьаьжцIа вахана Iовда, шен 34-35 шо долуш. ХьаьжцIа ваханчуьра цIавеъча, шен кертахь ор а даьккхина, цу чохь халбата воьлла иза. Далла Iамалйеш, йалх шой, ах шой даьккхина цо цу чохь. Цхьаболчу муридаша дийцарехь, 13 шарахь Iийна иза. Цу чохь Дела хьехош, йуучу хIуманах кIезиг кхеташ хиларна, дукха гIелвелла хилла иза. Иштта бу оцу эвлайаийн Далла гергакхачаран некъ. Дела алсам хьехош, йуучух кIезиг кхеташ.
Далла гергахилар кхоччуш къобалхилла цуьнан. Цул тIаьхьа, Делера хаам а хилла, керла зуькар йукъадаьккхина Iовдас. И зуькар цо муридашка дIаалийтина. ХIинца а иштта ду цуьнан муридаша деш долу зуькар. Зуькарца болу дукха пайданаш бийцина Iовдас:
Зуькаро мурид къинойх цIанво;
Даг чуьра сингаттам, бала дIаоййу;
Дагна а, дегIана а ницкъ ло; Ойланаш цIанйо;
Зуькар деш болчарна Дала жоп ло, доIанца доьхуш болчарна санна.
Iовдин доьзал хилла: ши кIант – Iела, Iумар цIераш йолуш, кхин йоIарий а хилла.
Муридашна хьехар деш хилла Iовдас: «Зуькарш делаш, вовшашца магалаш, вовшашна дезалаш, вовшийн ларалаш. Кхоъ вовшахкхетча а, салават диллий, зуькаран мукъам ца олуш, дIаса ма довлалаш», – бохуш.
ХIетахьлерчу Iедална кхераме хетта Iовда дуккха наха лоруш хилар. Шозза Сибрех вахийтина иза. Дуьххьара Украинерчу Херсонашахьара, деа шарна. ШолгIа – Калугашахьара, пхеа шарна. Амма Калугехь и хан текхна валале, Деле дIавирзина. Муридаша, цIерпошта тIехь цIа валийна, Эвтарахь, ша Iийначу кертахь, дIавоьллина иза. Цуьнан кIанта шайхо Митаев Iелас зерат дайтина цуьнан коша тIехь.
2008-чу шарахь вайн Мехк-Ден Кадыров Рамзанан омранца тодина иза. Уггаре а хазачех ду иза вайн Нохчийчохь. Зератан доладеш, и Iалашдеш, хIора дийнахь муридаш хуьлу цигахь. Цхьаммо а диэ бохуш дац и. Шайн устазе лерам хилар ду.
Шен муридашна, Дела хьехош, Iамал йан хIора парз-ламазана тIаьхьа вирд даккхар тIедиллина Iовдас.
Дала и эвлайааш безар лойла вайна! Амин! М. Заурбеков