Год истории-2024 год

Хилларг – дIадаьлла

Хилларг-лелларг дагаийхийтар, иза коьртехь латтор, и бахьанехь даима сингаттамехь, балехь Iар хьекъале хIума дац, лааман бер ду, карарчу хенара дахар эрна дайъар ду. Хьекъале болчара хиллачун-леллачун тептар дIакъовлу, дуьйцуш диллина ца латтадо иза, дицдаран басах кхуссу иза, чIогIачу буржулшца ба́ла ца хиларан набахте чу кхуссу иза, цундела цкъа а цигара хьала ца долу иза, цкъа а серло ца го цунна, хIунда аьлча иза хила а хилла дIадаьлла хIума долу дела. Сагатдаларо йухада́ло́ йиш йолуш дац иза, гIайгIанаша йуха дендан йиш йолуш дац иза, сахьийзаро керладаккха йиш йолуш дац иза, хIунда аьлча иза – доцург ду.

Хиллачун Iала́маташкахь ма ва́ха, дIадаьллачун IиндагIехь ма Iилла. Хила а хилла дIадаьллачуьнан гIалартех кIелхьарадаккха хьайн са. Хи йухадерзо гIерта хьо?! Малх йухаберзор лаьа хьуна?! Бе́р шен ненан кийра йухадерзо гIерта хьо?! БIаьрхи бIаьрга йухадерзо гIерта хьо?! Хилла дIадаьллачуьнца хьо ва́хар, цунна хьан сахьийзар, цуьнан цIарах хьо ва́гар, цуьнан неIсагIехь хьо охьавожар – чолхе хьал ду, кхераме хIума ду.

Даханчун тептарш дешар хIинцца долуш дерг дайъар ду, къинхьегамна новкъарло йу, карара хан талхор ду. АллахI-Дала хьалха хилла къаьмнаш, адамаш, умматаш дийцина, тIаккха аьлла Цо: «Уьш – хилла (дIадевлла) адамаш (къаьмнаш) ду». Чекхдаьлла, дIадаьлла иза, заманан чалх кегорах пайда хир бац, историн чкъург йухайерзалур йац.

Хиллачуьнга йухавоьрзуш верг аьхьна хIума йухаохьург санна ву, дечиган жир отуш верг санна ву. Хьалха-хьалха олуш хилла, хиллачунна воьлхуш волчуьнга: «Белларш кешнаш чуьра хьала ма гIиттабе».

Вайн коьрта сингаттам хIун бу хаьий хьуна? Вайн карарчу хенахь долчунна вай гIорасиз хилар бу, даханчуьнга вай алсам хьежар бу. Вайн хаза гIаланаш Iадйуьту вай, даханчун херцаршна белхарш до вай. Ткъа, хилларг йухадерзорхьама дерриге адамаш, жинаш цхьаьнакхетча а, далур доцу хIума ду и, хир доцу хIума ду и.

Адамаш тахана тIе́хьа хьоьжуш дац, йуха хьоьжуш дац. Мох ца гина хьуна, хьалхахьа́ хьоькхуш ма хуьлу иза?! Хи ца гина хьуна, хьалхахьа́ доьдуш ма хуьлу иза?! Къепал ца гина хьуна, хьалхахьа́ йоьдуш ма хуьлу иза?! Дахаран Iедал дохо ма гIерта хьо, цундела.

Таханлера де, хьайн таханлера де ларде́

Хьуо Iуьйренга ваьлча суьйрене ма хьежа. Деккъа таханлерачу дийнахь вехар ву хьо, шен диканца, шен вонца дIадахана долчу селхангахь вехар вац, хIинца а тIекхачаза долчу кханенгахь а вехар вац. Таханлера де, шен маьлхан зIаьнаршца хьуна серло йелла долу, и ду хьан де, кхин дац. Хьан оьмар цхьа де ду, цундела хьайн ойланехь цу цхьана денна ва́хар хилийта, цу дийнахь хьо вина а, цу дийнахь хьо лийр а волуш санна. ТIаккха хьан дахар даьржина хир дац йаханчу хенан гIайгIанашкахь, сингаттамашкахь, тIейогIучу хене ладегIарехь, цуьнан кхерамашлахь. Таханлера цхьана дийне хьажаде хьайн ойлайар, айхьа къахьегар, айхьа цхьа керла хIума дар, айхьа болх бар. Таханлерчу денна хила дезаш ду хьан Далла хьаставаларца ден ламаз, кхета гIерташ доьшу Къуръан, ойла йеш доьшу жайна, дог АллахIаца долуш зикр дар, хьайн гIуллакхаш йуккъерчу барамехь нисдина хилар, хьайгара ахь хаза амал, оьзда гIиллакх гайтар, хьо хьайна деллачунна реза хилар, хьайн куц-кеп ахь хаздар, хьайн дегI ахь могаш латтор, кхечарна ахь пайда бар.

ХIаъ, тахана хьо шена чохь дийна волчу хIокху цхьана дийнахь. Цуьнан сахьташ доькъу ахь, минотех шераш до ахь, сикондех беттанаш до ахь. Дика дIадоь ахь цу чохь, хаза хIума до цу чохь, къиношна гечдар доьху ахь цу чохь, вай кхиош-кхобуш волу Дела хьахаво ахь цу чохь, эхарте дехьакхалхарна кечло хьо, таханлера хIокху дийнахь хазахетарца, самукъанца веха хьо, маршонца, синпаргIатонца веха хьо, хьайна Дала деллачу рицкъанна резахуьлу хьо цу чохь, хьайн хIусамнанна (хьайн хIусамдена, хIай лераме йиша), хьайн берашна, хьайн балхана, хьайн хIусамна, хьайгарчу Iилманна, хьайн тIе́гIана реза хуьлу хьо цу чохь: «Схьаиэца ахь Ас хьайна делларг, (Суна хастам барца) баркалла олучерах а хила». Таханлерчу дийнахь веха хьо, сингаттам боцуш, дог этIар доцуш, оьгIаз эхар доцуш, хьагI лелор доцуш, цабезамаш боцуш.

Хьалха хьайн деган тептара тIехь, тIаккха айхьа болх бечу стоьла тIехь йаздина хила деза ахь: «Таханлера де, таханлера де ларделахь!». Тахана ахь мерза, довха бепиг дууш хилча, селхана ахь диинчу дакъаделлачу, вочу кхалларо, йа хIинца а хьоьга кхачаза долчу, хьо шега ладоьгIуш долчу кханенан кхалларо дан зен дуй хьуна?! Тахана ахь сирла, цIена хи молуш хилча, селханлера дуьра хи бахьана долуш са хIунда гатдо ахь, йа кханалера чаьмза, даьржина хи бахьана долуш са хIунда гатдо ахь?!

Хьуна хьо хьайца бакъхила лаахь, и лаам хьан болат санна онда, чIогIа а хилахь, «Таханлера хIокху денца бен вехар ма вац со» бохучу кхетамна кIел ва́лор ву ахь хьо. ТIаккха пайда оьцур бу ахь хIокху таханлерчу дийнан хIора минотах хьо кхиарехь, хьайн говзаллаш кхиорехь, хьайн Iамал нисйарехь. Ахь эр ду: «Тахана нисбийр бу ас айса лебен мотт, сан багара дер дац цхьа а вон дош, боьха дош, лер, гIийбат. Тахана нисйийр йу сайн хIусам, сайн жайни цIа. Даьржина, дIасакхоьссина хIума хир дац сан, массо хIума шен къепехь, шен низамехь хир ду сан. Тахана ве́хар ву со, сайн дегIан цIеналла ларйийр йу ас, сайн куц-кеп хаздийр ду ас, сайн духар тодийр ду ас, сайн лелар, сайн къамел нисдийр ду ас.

Таханенца вехар ву со, сайн Далла муьтIахь хиларехь къахьоьгур ду ас, уггар хазачу куьцехь ламаз дийр ду ас, суннат ламазашкахь сов ве́р ву со, сайн Къуръана тIе сих-сиха хьожур ву со, сайн жайнашка хьожур ву со, пайде дерг дагахь Iамор ду ас, пайде жайна деша гIоьртар ву со.

Йеккъа таханенца вехар ву со, сайн дагчохь дика хIума дугIур ду ас, цу чуьра вочун дитт схьадоккхур ду ас шен ирачу кIохцалгашца: кураллех, вазваларх, гайтамах, хьаьгIнех, оьгIазлонах, гамонах, вон ойла хилийтарх цIандийр ду ас иза.

Деккъа таханлерчу денна вехар ву со, цундела ас цхьа пайде долу хIума дийр ду нахана, сайгара цхьа хаза хIума кхачор ду адамна, цомгаш верг волчу гIур ву со, велларг дIаволла гIур ву со, хьере хилларг хьехарца нисвийр ву ас, мацалло хьийзочунна кхача лур бу ас, балехь волчунна гIо дийр ду ас, зулам хиллачунна улле хIуттур ву со, гIийлачун гIуллакхе хьожур ву со, сингаттам беанчун догоьцур ду ас, Iеламстеган лерам бийр бу ас, жимачуьнца къинхетаме хир ву со, воккхачун лерам бийр бу ас.

Таханлерчу хIокху цхьана денна вехар ву со! ХIай хила а хилла дIадаьлла дерг, чубуьзна хьайн малх санна къайлада́ла сан ойланера, со хьуна воьлхур вац хьуна, хьо дагаоьхуш се́цаш а со хьуна гур вац хьуна, хIунда аьлча хьо тхо дIа а тесна дIадахана, хьо цкъа а кхин йухадогIур доцуш дIадаьлла. ХIай хиндерг, хьо къайлах долчу Iаламехь ду, ткъа со гIенашна тIетийжар вац, сайн са ас хетаршна-моьттаршна духкур дац, тахана гучуда́ла йиш йоцург ас сих а дийр дац, хIунда аьлча кхана бохург – хIумма а дац, хIунда аьлча, иза хIинца а кхоьллина дац, хIунда аьлча, иза хIинцца долуш хIума дац».

Таханлера де, хIай адам, ирсан дошамна йукъахь уггар хаза дош ду, уггар сирлачу суьрташкахь шен дахар дезачунна, уггар хаза жовхIаршкахь шен дахар дезачунна.