Ахьмад-Хьаьжин къамела т1ера…..
1. ХΙорамма а шена йожон луу чΙагΙо къастайо. Цхьаволчунна и чΙагΙо го хааршца, кхетамца шел тоьлла волчу стагехь, цо шен берриг ницкъ тΙебохуьйту и эшон, къарван. Амма кхечу кепара адамаш а ду – адамашлахь а тоьлларш – цара гуттар а дов хьедийриг йеккъа цхьа чΙагΙо йу – шайн синкхерч.
2. ХΙаъ, со гΙалат хила а мега. Хьалххе дерриг дуста, оза ца ларорна. ТΙаккха ткъа?! Амма шовкъ лахъелла-м ца хилла. Схьахетарехь, халкъалахь олуш ма-хиллара, со, боьхий а, шайна бала бохьучех ву. Цхьацкъа-м айса-сайх белам а хуьлу суна: стенга гΙерта со, хьан кхайкхина, хьан декхарвина, олий. Иштта нах а буьйлуш хилла хир бу. Амма хΙетте а, вахалой кхечу кепара! ХΙан-хΙа, вехийла а дац! Ахь деш – ахь дΙакхоьхьург кху лаьтта тΙехь хьайн гуллакх ду!
3. Цхьа а, цхьанна а вон болх хила а ца лиъна суна, Ιожаллех а ца кхийрина…. Дахаран маьΙнех долу къамелаш цкъацкъа мархашлахь панавалар санна хета. Цунна бахьана, адамаш, барта хьовха, ойланехь а Ιожаллин сурт хΙоттон цабахьар ду.
Вай къона а, могаш а мел ду, къоналло шен энашца-уьнашца неΙ тоххалц вайна цкъа а лийрдоцуш санна хета. Стенна оьшу хΙора мΙаьргонехь гергакхочучу Ιин чу хьежа? Кхерамех уггаре а луьраниг – валарх кхерар ду. Амма и кхерам эшийнчул тΙаьхьа бен адам синмаршоне кхочур дац. Гегелан «Син филосови» ешар хиллера сан. Цигахь цхьа тΙехула хьехийна дара, сийлахь-баккхий нах исторехь шайн декхар дΙаделлачул тΙаьхьа бен бала ца ле аьлла. Ас ойла йира: дерриге а адамашна тΙедогΙуш ма ду и! ХΙораннан а шен-шен декхар ма ду исторехь! Ткъа хΙинца, кху вайн аьрхачу, кΙуркΙаманечу заманахь вайна гуш ма ду мел вовшех ийна адамийн кхолламаш, хиламаш, мел тΙеΙаткъам бо вай вовшашна, мел дозуш ду вай вовшех…
ТΙаккха ас а эца деза-кх и декхар сайн белшаш тΙе. Нагахь со мехала гΙуллакх айса, юха а, тΙаккха а айса бен кхочушдийр дац аьлла дог тешна велахь, суна кхераме дац мел луьра зераш… Ιожалло а собардийр ду…
4. Къонах вича лаьмнашкахь борз ехкина, къонах велча лаьмнаш гΙайгΙане хилла лестина, олуш ду.
5. Кадыровн амал йуьйцуш дуккха а дустарш дало мегар ду – «йахь йолуш», «цхьаннех возуш воцуш», «тешаме», «къонахалла йолуш», «оьзда».
Амма цуьнан амалан бохь – доза доцуш нийсо йезар бара. Ткъа иза хьоьхура цуьнан АллахΙах тешаран а, кхераран а ницкъо.
6. «……….адаман кхоллар (декхар) вон эшийна ца Ιаш, иза дикане дерзор ду!».
7. Хаьий шуна, – олура цо – халкъалахь олуш ду-кх – боданна неΙалт кхайкхочул, мел жима а чΙурам латор тоьла.
8. Дахарехь хийла нисделла цхьамма сайна бан кечбина тешнабехк гучуболуш. И кхерон, йа цунна дицделлачу хенахь бекхам бан мегар дара. Амма ас хьоккхий тΙе а воьдий хоттура! Стенна оьшу и хьуна? АллахΙан оьгΙазло, хьайн иэхьана боккха мохь хиларал сов, кхин хΙун лур ду цо хьуна?
9. Цкъацкъа адамна луучунна кΙелсацаро цунна пайдабо, хьуна зен а ца деш. Шеца лелийна гΙиллакх гуш, цо кхечунна вон болх бийр бац.
10. Ткъа нагахь эхь ца хетахь?
ХΙетте а дохковер вац, хΙун хуьлу хьажарна. Цхьана стагана таΙзар дан хала дац, амма хазахетар ца дохьу-кха цо.
11. Уггар хьалха шег-шега луьра хаттам бан беза – тΙаккха бен тΙеΙаткъам балур бац кхечарна. Шена хьалха хила беза бехкамаш, оьздангаллин бехкамаш, шайх доьзна дерриг а долу бехкамаш…
12. Хала ду хΙинца вайца боцчу нахах лаьцна дийца а, йаздан а, къаьсттина – уьш вайна чΙогΙа уллехь оьшуш хилча. Амма зама дΙауьду. Уьду вай ца кхоош, вайн цΙена ойланаш, дегнийн лехамаш шеца хьош, ткъа уьш вайца ца хилча вайн дахар цхьана а маьΙне ма дац…
13. Вай кхеташ йа ца кхеташ, амма вайх хΙораннан а бакъо йу харжамна: дуьненан зовкхех марзо а оьцуш ΙиндагΙ санна текхна-шершина чекхвала, йа аттачух, дорахчух Ιехацалуш, йочанна-йоькханна къар ца луш, къизаллина кΙел ца соцуш хьалхахьа эха. Хьалхара некъ, шеко йоцуш, атта бу, амма мел сийлахь бу-кх шолгΙа некъ, мел очакхе и белахь а!
Шен оьзда, дΙасацахьийза хьежам кхоллабеллачул тΙаьхьа бен хила йиш йац бакъдолу адам, тΙаккха бен йиш йац шен дахар маьхза дац ала.
14. Адамо латта оху, иза стигалан Ιаьршашка дуьйлу, цо гΙишлош йо, зарратийн къайленашка кхочу – цунна ша девза, шен хьекъалан, син чарх йахчайо – иза нахана йукъахь даха Ιама. Тахана, адаман керла хьежам кхоллар коьрта декхар хилла ца Ιаш, чΙагΙделла низам хила деза. Дан а дац, хила йиш а йац адам шен кхолламан да, историкхоллархо Ιаморал коьрта декхар!
15. И декхар йукъараллина хьалха хилла ца Ιаш, хΙора стагана хьалха лаьтташ ду. Тахана гуттар чуччадахана – йукъараллина хьалхара декхар а, ша-шена хьалхар декхар а.
16. ХΙокху дийцарехь къеггинчу, дуьззинчу дахарх чакхваьллачу стагах лаьцна дуьйцуш, со ца воллу сан турпалхо санна ирсе, адамалле хила кийча жоьпаш карор ду аьлла шу тешон. Дан а дуй те оцу хаттаршна жоьпаш-дарбанаш?!
17. Цкъа веха со дуьненахь…
ХΙора а кху дахаре хаттаршца вогΙу: Мила ву со? ХΙунда ву со кху дуьненахь? ХΙораммо а шен вахарца лоху цу хаттаршна жоьпаш. Амма цкъацкъа нисло вайна кхечеран дахаран некъо масал луш а, лакхене кхийда, синтем ца карош къийса Ιамош а. Адам оьздангаллехь нис мел ло а, цуьнан ша-шена резацахилар ирло – селхана ша-шена гечдинарг, тахана логе х1уттий хьийзаво.
Адам шен оьмаран йохаллехь Ιема. Адам хила Ιема…
У. Лорсанукаев, гочдинарг П. Петирова