Зуькаран а, шовкъан а хьолах, мехаллех, муридийн ойланех…
(Тхан дас Джунайда дуьйцуш хезна, д1айаздина)
Ткъоьсналг1ачу б1ешаран кхузткъалг1ачу шерашкахь муридашка тобанаш дайта волавелла Эвтарара Бамат-Гири-Хьаьжа.
Цул т1аьхьа дукха хан йалале муридаша зуькар дар мелла а кхечу кепе дирзира, тахана вайна гуш йолчу кепе.
Цхьана меттехь 1авдас шовкъан хьокъехь иштта аьлла:
«И шовкъ мел экаме х1ума йу аьлча, нагахь дечигах ц1е латош хилча и муха латор йара вай? Кегийчу чамхалгех хьалха латош, цул т1аьхьа цу т1е жим-жима цул йоккханиг т1е туьллуш, и йарна кхоьруш, меллаша «х1уп» олуш, жим-жима серла йоккхуш, латор йарий вай? Иштта вала веза шовкъан хьоле.
Амма цул т1аьхьа — ларйан а йеза. Коран б1аьрг боцучухулу цхьа олхазар эккха-кха цхьана х1усама чу? — масал далийра 1авдас. – Цул т1аьхьа, шена араэккха меттиг лохуш, оцу чухула д1аса хьоду и олхазар, цкъа цхьана корах кхеташ, т1аккха вукха корах кхеташ…, эххар шена аьтто баьллачу корехула араэккха и. Оцу кеппара экаме йу и шовкъ, цхьа жимма а новкъарло шена хилахь, оцу чуьра ара а эккхар йолуш, цундела ларйан йезаш йу шовкъ», — бохуш дийцира 1авдас.
Шовкъ масийтта тайпана хуьлуш йу.
Кхечу вирдашкарчу муридашна тахана а тамашийна хеташ ду 1авдин, 1елин муридаша кортош лестош шовкъ йар.
Х1ун ду-те и «шовкъ» бохург? Цунах лаьцна дийца, и довзийта хьовсур ду вай, ницкъ кхачаран барамехь, вайна Дала беллачу кхетамца. Нагахь сан кхетам гал хилахь, Деле гечдар доьху ас.
Ламасте дирзина долу и шовкъан зуькар муридаша, кхийса а луш, хьала-охьа саде1арца доладо.
Са чуозар – иза дахар ду, араозар – валар ду, ткъа валар – иза асар ду, дуьненан балех д1акъаьсташ, парг1ат валар ду…
Зуькарехь долу валар – жима валар ду. Иштта и зуькар деш мурид асаре волу, цунах олуш ду и шовкъ, шовкъан хьал. «Шовкъан хьоло вахийна ву и», олуш хилла 1авдин заманахь цхьаболчу муридашна. И бохург х1ун ду? Дуьненан белхашна ойла йар жимдина, Деле а, шен Устазе а йолу ойла-марзо совйаьккхина, цунах тоам бина, 1амалйеш волчу муридана кхин гуш х1ума ца хуьлу оцу шен Устазе а, цуьнгахула Деле а йолчу марзонал совдаьккхина…
Шовкъан мехаллех лаьцна 1авдас (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) иштта дийцина:
«Шовкъ кхаа кепара хуьлу.
Хьалхара шовкъ – зуькаран мукъамехь Дела а, пайхамар а, шен устаз а хьехоре ладоьг1на, дуьненан хьашташ дицдина, доккхачу эхартан ойла йеш, дукха къахьегар доцуш, муридаш шовкъан асаре бевлла д1ах1иттар. Иза цхьа шатайпа, башха шовкъ йу, Далла гергахь тоьлла, лакхара меттиг йу.
Шолг1а – зуькар хила а дезаш, амма оцу хьоле кхача ца луш, цхьа г1оьртина меттиг хилча, Дала мукъ лахь, х1ара меттиг т1ейаккхаза 1ийр ма вац ша аьлла, шен йерриге а ойла Деле, шен устазе кховдийна, шена йеана шовкъ йоццушехь, тохавелла, х1оккху-эцца кхоссавелла, кхечу муридашна оцу зуькарх пайда балийтина, уьш асаре бовлийтина, и меттиг тойина, т1ейаьккхина волчу муридана Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уллехь г1азот даьккхинчунна йолччул йал хир йолуш шовкъ йу.
Кхоалг1а шовкъ йу – шовкъан хьоле ваьлла волчу муридан уггаре а лакхара макъам йу «син долара дегI дIадаьлла меттиг».
Оцу хьолехь цкъа хиллачу муридана Макка вахана Хьаьж дича санна йа Делан новкъахь г1азот даьккхиначунна санна, йа 1амал-1ибадат деш холбатахь 1ийча санна йал хир йу Делера.
– Хоттучо хоттур ду-кха, х1унда йу-те и тайпа шовкъ оццул йеза аьлла, – кхид1а а дийцина 1авдас, – Макка Хьаьждан воьдург дуьненан белхийн ойла ца йеш йа цхьа х1ума дага ца тосуш хир вац. Иштта цу ойланех парг1ат хир вац Делан новкъахь г1азотана йукъ йихкина араваьлларг а, Дела хьехош холбатахь 1ийриг а.
Ткъа цу шовкъан хьолехь волу мурид х1умма а гуш-хезаш хир вац, шега кхаьчна долчу оцу шовкъан хьолана там беш, Дела а, шен устаз а хестош болу зуькаран мукъам боцург. Цундела йу и шовкъ иштта йеза.
…Оцу зуькарх пайдаоьцуш, цу йукъахь болчу, оцу эвлайаан вирдехь болчу муридашна бен ца хаьа ма-дарра оцу зуькаран а, шовкъан а хьолах дерг. Къаьсттина тидам т1ебахийтина довзийта лаьа суна 1авдас (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) йийцинчу оцу кхоалг1ачу шовкъах дерг. Цу шовкъан хьоле кхаьчна мурид, ша деш долу зуькар – шовкъана веттавалар а, кхийсавалар а хуьйций, дег1 озадой, дакъа санна вужуш меттиг нисло, хезаш-хаалуш х1ума а доцуш. Уллехь зуькар дечу муридаша когаш т1е а х1оттавой, шовкъан зуькаран низаме верза г1о до цунна. Иштта бен йуха ца волу и мурид шега кхаьчначу хьолах.
Шен дег1аца т1ом беш, шеца долчу кхачамбацарех д1ац1анлуш, ша-шеца бечу боккхачу белхан жам1 ду иза, Дела везарехь, вовзарехь соввоккху хьал ду». Иштта ду Митаевг1еран къадарин т1арикъатан вирд а, зуькар дечу хенахь, ийман ч1аг1дарехь соввоккхуш долу хьал а.
Шен устазан хьехамаша д1алаьцначу, шен са а, ойла а ц1ена латточу муридана цкъацкъа, зуькара йукъахь и вацахь а, зуькаран мукъам геннара хезча а кхачо йу цу хьоло д1алаца.
Цхьаболу муридаш мажлисехь гулбеллачу хенахь, Делан Дош далош, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьехамашка, шайн устазан къамелашка, цара динчу г1уллакхашка, церан хазачу г1иллакхех лаьцна долчу дийцаршка ладуг1уш, цара дукха лайначу баланех лаьцна дуьйцуш, йа и дерриге а назмане и диллина, мукъамехь д1ааьлча а тоам хуьлу шовкъан хьоле бовла, зуькар деш ца хилча а. Иштта зуькар х1оьттина меттиг дуккха а пайден йу муридашна, къахьега ца дезаш, хьолаца а йолуш, зуькар дан атта а долуш. Х1унда аьлча, оцу заман чохь церан ойланаш Далла мелла а гергахь хуьлу, вуочу х1уманна генахь хуьлу, ткъа шовкъ — ойланаш Веза-Сийлахь волчу Аллах1ана герга кхачош йу…
Ойла йел аш, шина-кхаа сахьтан барамехь и зуькар лаьтташ делахь, шовкъехь берш устазехула шайн ойланаш Делах хоьттина, 1амал йеш хуьлу. Йоккха 1амал йу иза, доккха беркат ду иза! Мурид Далла герга вуьгуш 1амал йу иза!
Масална дало лаьа… 1авдин а, 1елин а мурида, сан вашас Жимачу Атаг1арчу Заурбеков Сайд-Эмис (Дала декъалвойла, х1инца воцуш ву иза) дуьйцура, советийн заманахь цкъа ша теш хилларг. Х1етахь Соьлжа-Г1аларчу «Южная» автостанцехь диспетчеран болх беш вара иза.
Цхьамма кхайкхина араваьккхира со, автобусаш д1асайоьлхучу майдана. Сайн б1аьргашна гучух цец а ваьлла, ца тешаш висира со. Гонаха х1иттина нах а болуш, асаре ваьлла, шовкъ йеш вара г1еметтах1оттаран зилал т1ехъиккхина волу стаг.
Гулбеллачех цхьаьннан карахь цу стеган куй а бара.
«Автовокзалан белхахошна хаьара со 1авдин вирдехь вуй, цундела кхайкхинера цара соьга, – дуьйцура Сайд-Эмис, – цкъа хьалха салават дилларца (зуькар дерзош ма-диллара), т1аккха дехаршца и меттавало г1ертара со, кхузахь иштта зуькар дар могуьйтур дац бохуш. И меттавеанчул т1аьхьа, нах болчуьра дехьа а ваьккхина, вистхуьлуш хаьттира ас цуьнга, х1ун дара и сел шовкъе хьо винарг, аьлла.
Автобуса т1ехь йаздина «Эвтара» аьлла йоза дешча, са ца тохаделира шега, элира цо».
Цу стеган ц1е а, и муьлхачу йуьртара хилла а ца хаьа суна, халахеташ делахь а, х1инца и хатта Сайд-Эми а воцуш ву (цхьаболчара дийцарехь, Шелара 1авдин мурид Додда хилла иза, х1инца иза а воцуш ву, Дала геч дойла цунна). Амма билггал хууш дерг цхьаъ ду: Дела вац аьлла шен коьрта идеологи йолуш, ч1аг1деллачу 1едалехьара шена бохам хир бара аьлла а, йа ша нахана йукъахь вара аьлла а, шен синхаамаш йуха ца берзош, зуькаран марзоне шен ойла д1айахьийтина, шовкъе ваьлла и хилла хилар.
Т1аьхьенан ойла йечохь ца хилла иза, цуьнан йерриге а ойла д1алаьцнарг шен устазе – Эвтарарчу г1овс 1авде болу безам хилла.
Цкъа 1авда (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) шен муридашца Гихтарчу Арснакъа-Хьаьжа волчу кхайкхина хилла бохуш дуьйцура баккхийчара. Тхан дас Джунида дуьйцуш д1айаздина видео сюжет йу х1окху белхан авторехь.
Дукха адам хилла Арсанакъа-Хьаьжин кертахь гулделла: цхьаберш зуькар деш, вуьйш шайн устазан хьехамашка ладуг1уш.
Шовкъ йеана ветталуш волчу цхьана муридан, охьавужуш, ламин терхех кхетта корта хадийна.
Велча санна, 1уьллуш хилла иза.
Хилларг шега хаийтича, 1авдас аьллера: «Т1улг иккхиний хьовса, т1улг иккхинехь, коьртана х1умма а хир дац».
Бахана хьаьвсича, т1улга т1ехь дот1ана карийна, ткъа мурид дукха хан йалале х1умма а ца хилча санна, шен шовкъан зуькаре х1оьттина.
Цкъа мукъане а шовкъан хьоле ца кхаьчначунна хуур дац цунах дерг ма-дарра.
Хууш ма-хиллара, советийн 1едалан заманахь бусалба динна дуьхьал идеологически т1ом латтийна КГБ-н белхахоша. Шайх Митаев 1елин мурид а, цуьнан нийсархо-накъост а волу Эвтарара Ахмархаджиев Хут1а т1екхайкхинера КГБ-н белхахоша. Иза суна цо ша дуьйцуш хезна. «Шовкъ йеана» олу муридаша, шовкъ бохург х1ун ду, аьлла шега хаьттича, Хут1ас жоп делла, дийцарх цхьа а кхетар вац цунах, цкъа ша цу хьоле ца ваьллачунна, аьлла.
ХутIа бакъ а хилла…
Зуькаран мехаллах нохчийн эвлайааша – къадирин т1арикъатан дайша, хьехамчаша – дийцина ца 1а.
Вевзаш волчу 1илманачас, хьадисийн талламхочо Аль Хьафиз ибн Къайима 1аьрбийн маттахь «Альвабилюль Сайиб» ц1е йолу жайна йаздина зуькаран мехаллах.
Зуькарх болуш цхьа б1е сов пайда бу бохуш, йаздо цо. Кхузткъа сов пайда йазбина охьа а биллина цо. Царах цхьадерг кхузахь даладо вай:
1. Шайт1а генадоккхуш, цуьнан ницкъ г1елбо зуькаро.
2. Дагчуьра сингаттам, г1айг1а д1айоккху зуькаро.
3. Хазахетар а, синтем а ло.
4. Синна а, дег1ана а ницкъ ло.
5. Дог самадоккху. Ч1ерана хи санна, оьшу дагна зуькар.
6. Зуькар – син а, деган а кхача бу.
7. Даг т1ера мекха д1айоккху зуькаро.
8. Къинойх а, г1алатех а ц1анво.
9. Зуькар бахьанехь хьайн мотт гIийбатах ларбо: эладитанах, аьшпех, девнах, десачу къамелех.
10. Зуькаран гулам – малийкийн гулам бу, зуькар ца дезачийн, деса къамелаш дечийн гулам – шайт1анийн гулам бу.
11. Зуькар дийриг а, цуьнга ладуг1ург а ирсе хуьлу.
12. Зуькар дечунна алсам кхочу, до1а дечарначул а.
13. Дела вовзаран стоьмаш луш долу дитт ду зуькар. И зуькар дукха мел ди а, цу диттан орамаш ч1аг1ло, орам ч1ог1а мел хили а, стоьмаш дукха ло.
14. Зуькаро Дела вовзарна герга вуьгу.
Зуькарера бевллачул т1аьхьа: «Дуьненан бохамаш а, эшамаш а бицбелла, сица ц1анвала кхин цхьа а х1ума дац-кха зуькар а, шовкъ а доцург!..» – олий, оцу хьоле волу мурид, со суо а ву хийлазза оцу хьоле валар нисделла. Ирсе ву иштта хьоле валар нисделла стаг – мурид.
И дешнаш олучу муридашна цу хьолан мехалла йевзаш хилар ду и.
1авдин а, 1елин а мурид а волуш, цу шовкъан хьолехь дукхазза а хилла, и хьал дийцарехь а доцуш, девзина суо волу дела сайгара т1етоха лаьа суна.
Зуькар а, шовкъ а къасто йиш йоцуш, вовшашца дозаделла ду, 1алашо а цхьаъ йу – Далла гергавахар, дуьненан г1уллакхаш дицдар, ойла ц1анйар.
Зуькар хьалхара д1аолучуьнга ладуг1уш, цуьнан мукъам, х1ора дош, х1ора аз схьалоцуш, цунах марзо а оьцуш хуьлу, зуькарехь шовкъе волуш верг. Цунна хаало шеца зуькарехь болчийн хьал а, царах мила муьлхачу макъаме, муьлхачу хьоле кхаьчна а.
Зуькаран а, шовкъан а хьал кхоччуш шех кхетта воцург улле нисвелча, шовкъехь волчунна хала хуьлу асаре хила, шовкъан хьоле вала, цул т1аьхьа лакхарчу макъаме кхача а, шена ма хетта цунах пайдаэца а.
Ткъа зуькар д1аолучо лерринчу тидамехь латтадо шовкъехь болчийн хьал. Цаьрца цхьаьна ша а шовкъе а хуьлуш, лакхарчу макъаме а кхочуш.
Зуькар д1аолучунна хаьа, ша муьлхачу хенахь муьлха мукъам бало беза, муьлха байт д1аала йеза, салават маца дилла деза, зуькар дерзо хан маца йу. Сахьтехь, шина-кхаа сахьтехь и зуькар латтарх, шовкъан зуькар дечу муридашца йолу з1е мал ца йо цо, цунах доьзна ду уьш шайна товш йолчу макъаме муха кхочур бу а, зуькар мел дахлур ду а, цул т1аьхьа зуькар дерзо деза хан а…
Йоккха говзалла оьшуш болх бу и. Зуькар олуш болчу муридийн хьокъехь 1авдин 1елас иштта аьлла олура тхан дас Джунайда:
Зуькар хьалхара олуш волчу муриде Кхоьллинчу Дала кханалерчу Къематдийнахь шозза барт хоттур бу. Хьалха: тоьлла д1ах1оьттина, д1адоьдуш зуькар а долуш, кхача дезачу метте д1а ца кхачош, сиха и дерзийнехь йа кхечуьнга д1а а делла, шовкъехь болчу мурийдийн дегнашна вас йина, и меттиг йохийнехь, цкъа барт хоттур бу, вуьшта, Дала Ша Шен дерриге а халкъе хоттуш болу барт а хоттур бу, аьлла. Оцу дешнаша гойту мел доккхачу гечехь ву зуькарехь хьалхе лелош волу мурид.
Аз а, зуькар ала лаам хиларх а, зуькар ала хаарх а тоьаш дац. Делан новкъахь дукха къахьоьгуш, динан вежарша лоруш, царна везаш хила веза иза, муридийн дегнаша т1еэцна хила а веза, т1аккха бен цо олуш дерг дагах кхетар дац шовкъан зуькарехь болчарна.