Год истории-2024 год

СУЛАЕВ МУХЬАММАДАН ДОӀАНАШ

Сулиман ЦӀоьбигӀеран Абун воӀ Мухьаммад Сулаев ГӀойтӀахь вина 1920-чу шарахь. Школехь, тӀаккха Соьлжа-ГӀалахь рабфакехь дика доьший, 1941-чу шарахь Бакохь лоьрийн Институт чекхйоккхий, лоьран говзалла Ӏамайо Сулаев Мухьаммада.

Цуьнан да Абу ГӀойтӀара ИбрахӀим-Хьаьжица гергарло долуш, керла хӀоьттинчу Советийн Ӏедалан амалш йевзаш, йукъарчу хӀуманах дика кхуьуш, хьекъал долуш стаг хилла. Цундела шен доьзале дешийта аьтто баьккхина Абус. Лоьрийн говзалла дика тӀаьхьало йолуш хир йуйла хууш хилла цунна. Мухьаммад шен ден лаамехь дешарехь дика кхиамаш бохуш хилла.

Мухьаммад стихаш йазйан хьалххе волавелла,шен 14–15 шо долуш. Дуьххьарлера шен говзар «Малх тулур бу» цо йазйо 1943-чу шарахь Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш. Оцу поэмин чулацам патриотически бу. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. СССР-на тӀелетта луьра мостагӀ. И мостагӀ Ӏаьржачу боданан суьртехь ву. И бода, маьлхан серлоно иэша а бина, дуьне паргӀат доккхур ду. Цу кепара метафорически аллегорех пайдаоьцу къоначу поэта.

Схьахетарехь, бусалба Ӏилманах а, нохчийн халкъан поэзех а кӀорггера кхиъна хилла Мухьаммад. И билгалдолу Сулаев Мухьаммадан 1942-чу шарахь цо Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш йаздина доӀанаш дешча.

ДоӀанаш нохчийн фольклоран уггаре а ширачех жанр йу. Цуьнан чулацам АллахӀ-Деле беш болу кхайкхам бу, дехар ду. Ткъа нохчийн исбаьхьаллин литературехь доӀанийн поэзин лиро-эпически жанр кхуллуш дуьххьара къахьега волавелларг Сулаев Мухьаммад хилла. Шеко йоцуш ду къоначу поэта нохчийн фольклоран поэзех, къаьсттина нохчийн халкъан доӀанех, пайдаэцна хилар. И гӀуллакх вай лахахь Ӏилманан талламца масалш а далош тидаме оьцур ду.

Ткъа кхузахь вай билгалдоккхур ду поэтан доӀанийн уггаре коьрта маьӀна – Сулаев Мухьаммад АллахӀ-Делах тешар, цо бусалба дин, ийман кӀорггера кхетамца тӀеэцна хилар. Цундела вирзина и доӀанашка. Амма и чӀогӀа къайлах хилла, нагахь ца хиллехь Мухьаммад дийна а вуьсур вацара цу заманахь.

И хан Сулаев Мухьаммада, ша-шеца ойланаш йеш, АллахI-Деле кхойкхуш, цуьнга дехарш деш, исбаьхьаллин лаккхара чулацам болуш, философски маьӀна долуш доӀанаш кхуллу хан йу. ДоӀанашца йу цуьнан бакъйолу поэзи, дагтӀера йолу ойланаш. Царах цхьадерш вайга схьакхаьчна –1996-чу шарахь уьш «Орга» журнала  тӀе «Сан доӀанаш» аьлла, Шайхиев Ӏалвадигахула зорбатохийтина М.Сулаевс. Оцу доӀанашна тӀаьхьа Шайхиев Ӏалвадис Мухьаммадера эцна интервью а йу «Делан диканца!» аьлла цӀе а йолуш. И ший а хӀинца воцуш ву. АллахӀ-Дала декъалбойла уьш!

Дешархошна Сулаевн доӀанаш довза аьттонна хӀокху статья тӀехь уьш йуха а зорбане дохур ду вайн ТӀетохаран декъехь.

Дешархойн аьттонна, доӀанашна  тIера масалш далош, доӀанийн а, стихийн а могӀанийн рогӀалла терахьашца билгал а йоккхур йу – хьалхарчу терахьо доӀанийн рогӀалла къастайо, ткъа шолгӀачу терахьо доӀанийн поэзин рогӀера могӀа билгалбоккху.

Сулаев Мухьаммада ша доӀа кхоьллина хан а, меттиг а леррина билгалйоккху. Цундела поэтан кхолларалла толлуш волчун аьтто бу хӀора доӀанан нохчийн халкъехь цу хенахь хилла йолу истори а, социальни хьашташца йолу уьйраш а къасто, поэтехь болу сингаттам а, кхетам а гайта.

Хьалхара ши доӀа Итон-Кхаьллахь1942-чу шеран эсаран беттан 15-чуй, 25-чуй деношкахь кхоьллина ду. КхоалгӀа доӀа 1948-чу шеран мангалан беттан 12-чу дийнахь нохчийн халкъ дохийна долуш Казахстанехь йаздина ду. Цул тӀаьхьадогӀу диъ доӀа нохчийн халкъ ДегӀастана цӀа дирзинчул тӀаьхьа 1965-чу шарахь кхоьллина ду. 8-гӀий, 9-гӀий доӀанаш цӀахь 1967-чу шарахь йаздина ду. Ткъа иттолгӀаниг,шен цӀе «Къайлахара аз» йолу, драматизированни исбаьхьаллин говзар йу. Иза доӀанан жанрана йукъайогӀуш йац. Цу тӀехь бац доӀанехь санна Кхоьллинчуьнга беш кхайкхамаш йа дехарш. Амма Цуьнгара буй-техьа аьлла хаалуш хьехамаш бу хӀокху поэмин лирически турпалхочунна буьйсанна кхо сахьт даьлча 1969-чу шеран бекарг беттан 9-чу дийнахь гӀенах дуьхьалтесна. ХӀара говзар поэма йу ала бахьана ду, кхуьнан лирикан а, драмин а, эпосан а билгалонаш хиларна. Уьш вай тӀаьхьо къастор йу.

Ткъа доӀанаш чулоцу хан 27 шо зама йу: 1942-чу шарера 1969-чу шаре кхаччалц. Ша поэт доӀанаш йаздан волалуш ткъе ши шо долуш, кхиъна вогӀуш, лаккхара дешна лоьран говзалла йолуш Итон-Кхаьллахь болх беш къона стаг ву. И хан Советийн пачхьалкхо Германица уггаре хала а, луьра а тӀом бен хан йу.

Ала деза, советан Ӏедало 1920–1940-чуй шерашкахь нохчийн халкъ ша большевикаша лединийла а, шена тешнабехк бинийла ма-дарра кхиъна хилла. Дешна Ӏеламнах къиза хӀаллакбина хилла, йарташкахь къахьоьгуш баха гӀерташ болу нах, шай долаллех а баьхна, хенаш тоьхна, чубоьхкина, йа Соьлжа-ГӀалахь ЧК-хь байъина. Большевикийн Ӏедало лелош йолу харцо ла а ца йелла, цӀера арабевлла, шайн синош довдийна лаьмнашкахула лелачу ткъех обаргах бахьана а дина, масийтта бӀе къайлах болу НКВД-н белхахой арабаьхна хилла Советийн Ӏедало, «обаргаш» бу аьлла цӀе а тиллина. Цхьана агӀор оцу «обаргаша» хьийзош, Советийн Ӏедало вукха агӀор хьийзош хилла нохчийн йарташкара бахархой. Цул сов, Советийн Ӏедало, колхозашкахь мах ца луш, трудоденош йаздо бохуш, нах лебеш, мехаза болх бойтуш, Ӏазапехь латтош хилла нохчийн халкъ, кхидолу халкъаш санна.

Иштта цӀахь чолхе дахар доллушехь, Даймахкана (СССР-на) луьра мостагӀ 1941-чу шарахь тӀелетча, эскарехь болчу нохчийн тӀемалоша исторехь цӀе йоккхуьйтуш, майраллий-доьналлий гойтуш, йуха ца бовлуш тӀом беш хилла. Брестехь немцошна дуьхьал тӀемаш бинчу цӀечу эскархошца 250 гергга нохчийн тӀемалой хилла. Царах цхьаъ ву Итон-Кхаьллара Советскийн Союзан Турпалхо Узуев Яьхьян Мохьмад. ТӀом дӀаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна шен турпаллин некъ дӀаболабо Нурадилов Ханпашас. Пулеметан тачанкин говраш лелорхо бен ша воццушехь, дукха тӀом бина воццушехь, шен тӀеман синкхетам, майралла, доьналла гайтарца доккху Ханпашас дуьххьарлера тӀеман совгӀат. Эскаран хьаькама хӀун совгӀат де ша аьлча, Ханпашас пулемет йехна хилла. Оцу герзаца 920 мостагӀ вийна Нурадиловс, разведкашка оьхуш шийтта немцо йийсаре валийна. Шен нохчийн къоман сий айдина хилла Нурадиловс бӀаьхаллин хьуьнаршца.

Нохч-ГӀалгӀайн ВКП(б) обкоман цӀарах 1942-чу шарахь 4-гӀа гвардейски кубански гӀалгӀазкхийн дошлойн корпусан командушис инарла-лейтенанта Кириченкос даийтинчу кехата тӀехь йаздина: «Ваши люди, представители Чечено-Ингушетии, дерутся в боях замечательно, показывая пример и мужество настоящих сынов нашего народа» («Шун нах, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан векалш, тӀамехь дика лета, вайн халкъан доьналла а, къонахалла а гойтуш»).

Ткъа цӀахь болчара бӀеннашкахь шайн лаамца тӀаме бахийтар доьхуш военкоматашка заявленеш делла хилла. Оцу хенан сурт дика хӀоттадо «Комсомольски правдин» тӀеман корреспондент хиллачу, тӀаьхьа гӀараваьлла оьрсийн йаздархо хилла дӀахӀоьттинчу Анатолий Калинина шен дуьххьарлерчу «Искры над Грозным» цӀе йолчу литературин очеркехь. Цо йаздо: «Грозный называли прифронтовым городом… В военкоматы шли толпы: безусые юнцы и седые ветераны…».

Мехала ду цо шен очеркехь зорбатоьхна Вашиндарарчу воккхачу стага Ильясов Исалис ша тӀаме вахийта аьлла йаздина заявлени: «Сан кхузткъе ворхӀ шо кхаьчна, амма сайн дегӀехь ницкъ хаало суна хӀинца а. Сан лаам бу ЦӀечу Эскаран могӀарехь мостагӀ ата. Со дошлойн дивизе дӀаэцар доьху ас. Сан дехар кхочуш ца дахь, сан сий лахдина хетар а ду суна».

Пхийтта шо кхачаза волу макӀажо Алиев Ваха къайллаха Висаитов Мовлидан эскадронца тӀамтӀе воьду. Нохчийн халкъ  ДегӀастанера дохийна Сибрех дахийтича, Алиев Вахас Сталине девне кехат йаздо. Хан ца кхачарна, АллахӀ-Делан къинхетам хьалха а болий, тоьпаш ца тухуш кӀелхьара а волий, итт шарахь Колымахь чохь воллу жима Ваха, амма къар-м ца ло, ша динчунна дохко а ца волу.

Цу кепара хилла йукъара хьал ДегӀастанехь (Нохчийчохь) тӀом болабале а, болабеллачу хьалхарчу шерашкахь а Сулаевс шен дуьххьара доӀанаш кхуллучу хенахь. Кхин а цхьа шой, биъ буттий ца кхоччуш хан йисина хилла нохчийн халкъ дохийна Сибрех дахийта. Поэта оцу хенан муьрехь кхоьллина ши доӀа а, «Малх тулур бу» цӀе йолу поэма а. Уьш йешча, вайна хаало Сулаевгахь болу кӀорггера сингаттам. Иза боьдучу луьрачу тӀамца боьзна ца Ӏа. Поэтана дукхахболчу нахана ца гург го, цунна дукха хӀума хаьа, хинйолу халонаш а, сингаттамаш а сема хеза. Цул сов, бусалба дин а, шен къоман барта кхолларалла а дика йевзаш хилла Сулаевна. Оцу хьелаша къастийна хилла поэтан нохчийн литературехь керлачу жанрийн лехамашна тидам тӀебахийтар.И дерриг билгалдолу шен доӀанашкахь поэтически гӀирсашца цо хӀиттош долу исбаьхьаллин суьрташ тидаме эцча.

Сулаевс нохчийн литературехь дуьххьара кхоьллина доӀанаш. Уьш нохчийн фольклоран доӀанех терра, диалогех пайдаоьцуш, цундела драмин билгалонаш йолуш, керлачу поэзин жанрехь йазйина исбаьхьаллин говзарш йу. И диалог, фольклоран доӀанехь диалог санна, шатайпана йу. Поэта дуьйцуш дерг (кхайкхам, дехар) ша тешаш волчу вай Кхоьллинчуьнга хьажийна ду, амма цуьнгара къамелаца жоп хиларе сатесна дац. АллахӀ-Дала къинхетам а бина, доӀанехь деш долчу дехарна йоццачу хенахь йа заманан йохаллехь хиндолчу хьолаца жоп даларе сатесна ду. Цундела, нохчийн литературехь а, фольклорехь а доӀанехь йолу диалог шина агӀор дуьхь-дуьхьал къамел цхьаьна догӀуш йац. ДоӀанан диалог йацйина йа йуьззина йоцу диалог йу. Иза доӀанан жанран коьртачех билгало йу ала тарлуш ду.

Нохчийн литературин поэзехь поэтан исбаьхьаллин говзалле  хьаьжжина доӀанан жанран башхалло цхьацца халонаш а, аьттонаш а кхуллу. Халонийн агӀо йоьзна йу поэтан хӀора дешан а, вастан а массо маьӀнийн инзаречу  жоьпаллица. Поэтан динца доьзна долу Ӏилманан, историн, философин, филологин Ӏилманийн кӀорггера хаарш хила деза Кхоьллинчуьнга доӀанца дехаре, кхайкхаме волуш. Ткъа аьттонех коьрта ду аьлла хетало поэтан доӀанера лирически турпалхочуьнца цхьаьна шатайпа исбаьхьаллин цхьааллехь шен дог-ойла дешархочунна гайта аьтто баларца.

ХӀокху статьяца дӀаболо дагахь ду вай Сулаев Мохьмадан доӀанаш а, кхийолу жанрийн говзарш а толлуш Ӏилманан болх. Кхузахь вай филологически тидам беш анализ йан хьовсур ду хьалхарчу доӀина.

Сулаевн хьалхара доӀа шина декъе декъало. Хьалхарчу декъехь поэта ша доӀа дале, АллахӀ-Деле кхайкхам бале, шен йерриге ойланца, дагца ша бина кечам буьйцу:

«Сайн сица, йуьхьаца

Хьоьгахьа вирзина,

Йерриге ойланца

Хьуна тӀевирзина,

Меттан ницкъ берриг а

Сайн дагца гулбина,

Йо, Дела, со Хьоьга

Доьхуш ву тахана:…».

Нохчийн фольклорца исбаьхьаллин  уьйраш билгал йовлу поэтан доӀанан хьалхара могӀанаш долалушшехь. Вай къастадо коьчалниг дожарехь доӀанехь хьалхарчу стихашкахь коьрта долу ши дош: сица, йуьхьаца. Поэта тидаме оьцуш дерг, къастош дерг ду адамо деш долчунна жоьпаллин ши хӀума хилар: стаг велча Кхоьллинчунна жоп дала дуьхьал хӀуттун долу са а, лаьттах схьайаьлла йолу йуха лаьттан кийра гӀон йолу дегӀан чӀуьйриг (чарх) а адаман йуьхьца (дагца) цхьаьна.

Сулаевн хьалхарчу доӀанехь пайдаоьцуш вай лакхахь къастийначу шина дешан маьӀница шен-шен уьйр йолуш дешнийн ши тоба йу:

Сица – ойла, хьекъал, корта;

Йуьхьаца – дог, мотт.

И дешнийн тобанаш къастош, реконструкци йеш вайна билгалйолу Сулаевс пайдаэцна нохчийн фольклорехь а, буьйцучу маттахь а поэтически формула хилла лелаш йолу дешнийн цхьаалла: дог-ойла. И дешнийн цхьаалла поэта ма-йарра шен кепехь доӀанан текстехь йалийна йац. Амма и поэтан синкхетаман контекстехь хиларан тачанаш билгалдовлу хьалхарчу стихан коьртачу дешнийн тобанаш къастийча. Контекстехь йолу формулан дешнийн рогӀалла а, цуьнца цхьаьна йукъара маьӀна а хуьйцу Сулаевс, поэтана дика йевзаш йолчу фольклоран поэзехьа, буьйцучу маттахь а (халкъан философехь) хьалхадоккхуш–цундела коьрта ларалуш дерг дог ду. Масала, «Мусин Юсупан илли» тӀехь Юсупа шен даге боху:

– Да велла диса хьо,

Кийрара дилхан дог,

Хьайна там ва хилча,

Йишин бер ва санна,

Ма коча качло хьо.

Хьайна там ца хилча,

Меца борз ва санна,

Ма чӀогӀа дарло хьо.

Сайн нанас биллинчу

КӀедачу ва меттахь,

Хьешана диначу

Готтачу оти чохь,

Наб кхета ца вуьтуш,

Ахь чӀогӀа хьийзаво,

Кийрара дилха дог.

Диканна ва хуьлда

Хьан карзахдалар,

Сан ойла дӀайаьхьна,

Сан синтем бохийна

Обарган хала дакъа

Ва соьга кхийдош,

Ахь чӀогӀа хьийзаво,

Кийрара дилха дог…(6).

ХӀокху узаман жанран билгалонаш йолчу инзаре хазачу исбаьхьачу говзарехь дог гуттар а эпитеташца (кийрара, дилха) къастадо. Ткъа ша узам диалоган кепехь кхоьллина бу. Диалог узаман турпалхочо (Юсупа) шен дагца йеш йу. Юсупа карзах даьлчу шен даге бехкаш доху: даго вижа ца вуьтуш шен ойла дӀайаьхьна хиларна, синтем бохийна хиларна, обарган хала дакъа шега кхийдорна. Даго дуьхьал жоп луш йалош йолу бакъонаш, бахьанаш онда а, мехала а хуьлий, йохье ваьккхина волу Юсуп къарло. И обарган буьрсачу новкъа волу. ТӀехӀуттун йолчу герггарчу хенахь инзаречу халонашкахь, кхерамашкахь ша-шен дог зуьйр дуйла а хоуьйта Юсупа.

Тидаме эца деза хӀокху халкъан говзарехь а, буьйцучу нохчийн маттахь а коьрта маьӀнин меттиг дӀалоцуш дерг дог хилар. Вай йалийначу фольклоран говзарехь синан-ойланан маьӀна долу дешнаш коьртачу могӀарехь а дац, иэшаман позицехь а ду: (даго)ойла дӀайаьхьна, (даго) синтем бохийна.

«Арадахарх узамехь» а билгалйоккху кийрара деган  чӀогӀалла а, цуьнан коьрта хиларалла а:

«И чуьйна болат ма чӀогӀа ду, –

И сенчу цӀаро лаладо,

Хьо стенах дина,кийрара дог?

Ма чӀогӀа хиллера хьо, кийрара дог,

Везчу Дала кхиэл йина,

Цу гуьржийн нехан лаам хилла,

Даймахках дала хьайга аьлча,

Ца дегира, ца дешира кийрар дог,

Хьо стенах дина хиллера хьо?

Ма чӀогӀа дина хиллера хьо?..» (7).

Шен даге хьажийна бу «Ваша вийначу йоьӀан узамехь» цхьалха йисинчу, маьлха дуьне диттал дакъаз йаьллачу йоӀа беш болу кхайкхам а:

«Ма делха-а,сан кийрар дог,

Хьо хьистинарг гур вац хьуна,

И ца гучу кху дуьненчохь

Лаьттан кийрахь товр ду вайна…» (8).

Хьалха даге а кхойкхий, тӀаккха шен сине йистхуьлу «Хьуьнхахь йисначу йоьӀан узаман» лирически турпалхо а:

«Да велла диса хьо,

Сан кийрара дилха дог!

Хьайна ловза ца тоьъначу

Баьссачу кийра

Хьо таӀий дижа-кха.

Да велла диса хьо,

Хьан куралла йохийна,

Ӏожалла кхечи.

Да велла диса хьо,

Сан кийрара мерза са!

Вайша даккха ца хилла

Вайшинна орца,

Сан дегӀах хьо къаста

Хан герга хилла,

ДӀакъастий далахьа,

Да велла диса хьо!..» (9)

И. Б. Мунаев

(Х1ара материал «Даймохк» газетехь зорбатоьхна йу)