Нохчийн маттах – нохчийн маттахь
Пхьоьха дийцар
Хьан бах хьо, сан Даймохк, йаханчу хенахь,
Йоза а хьайн доцуш,бIарзбелла баьхна?!
Къийсамехь аьгначу хьан тIулгийн белшехь
Гуш ду-кха йаздина тхан дайшка кхаьчнарг.
М. Мамакаев.
Ишколехь «тIаьххьара горгали» бекачу денна лерина гIуллакх чекхдаьлча, цхьа йийца а хуун доцчу дог-ойлано синош айъина, цIа веара со а, Ширвани а. Май-беттан тIаьххьара денош дара уьш. Дуьззина шен басаршца чIагIйелла бIаьсте йара арахь, аьхка санна, къевкъина малх а бара. БIаьстенан деха де суьйренга лестина хан йара тIехIоьттина. Жимма чохь садоIуш Iийначул тIаьхьа уьйтIарчу баьллаш кIелхула волавелла лела со, волу-волуш, кетIа велира. Цхьа шатайпа синна марзйеллачу ховхачу ойлано ЗаIарехьа дIаийзавора со. Ширвани а суна тIаьххье охьаволавелира.
Селхана Устрада-Г1алара со волчу хьошалгIа веанера иза. Ишколехь «ТIаьххьара горгалин» денна кхайкхина вара иза. Ши шо хьалха Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхеттачохь вевзинера тхойшиъ, цул тIаьхьа вовшашца мерза йукъаметтиг лелош, схьавогIура. ЦIеначу дагара а, оьзда а, самукъане а стаг хиллера Ширвани. Иза суьрташ дохуш вара.
Лулахойн керташкахула а вуьйлуш, жимачу новкъа воьдура тхойшиъ. Таханлера де чIогIа эвсаре чекхделира Ширванин. Сурт даккхийта луурш дукха гулбеллера. Дешархой-м хьовха, йуьртахь мел волу воккха а, жима а бохург санна, схьагулбеллера. Безамечу амалшца церан лаамаш кхочушбеш, каде хьийзина Ширвани чIогIа хIоьттинера. Цундела цуьнга дикка са а даIийтина, жимма кхузара меттигаш гайта дагахь аравелира со. Тхан луларчу IадизагIеран уьйтIа тхойшиъ ма-кхеччи, гучуйелира ЗаIаре. УьйтIарчу хьайбанан дитта кIел хиина йара Вахьидат (оха Жима БучIа олура цунах). Тхох шен бIаьрг кхетташшехь, маршалла а хоттуш, хьалаайъайелира иза. Цуьнан гIиллакхна дуьхьал гIиллакхе волуш, сихвелла элира ас:
– Жима БучIа, ма-ма…ма… гIаттахьа хьала!.. Хьан берел а жима ма ву тхойшиъ!..
– Шуьшиъ-м жима ву… Амма зудчо дицдан мегар дац божаршца лело деза гIиллакх. Ша чохь са долуш йелахь, божарий тIебаьхкича, гIатта йеза нохчийн зуда. Воккха-жима хилар дац цигахь коьртаниг…
– Иштта-м, дера, дара иза… делахь а… – холчаваьлла, Ширванис а элира.
– Ткъа хIара мила ву? Хьешех стаг волчух тера ма хета суна… – хаьттира Вахьидата. – Стенгара веана хIара?
Ширвани Аргунера веана хилар а хоуьйтуш, йоккхачу стагана баркалла а аьлла, тхойшиъ церан кех аравелира. БIе гергга гIулч йаьккхича, ЗаIаре дIакхечира тхойшиъ.
– Iале-е-е-лай!.. ХIокху йуьртана совгIатана йелча санна, ма хаза меттиг йу хIара! – тамаш бира хьешо.
– Йуьртан йуккъехьа озалуш, лекха гу бу хIара, дIасахьаьжча, йуьртара массо меттиг а гуш. Сарахь Хьал-тIерачу нехан пхьоьха гулло кхузахь. Охьа-чохь, БакаргIеран бIара кIел а, гулло цунах терра пхьоьха. Дехьа йуккъернаш пхьоьхана Хучин гу тIе хIуьтту, – хьешана тамаша хетан дерш, куьйга-эшара дIагойтуш, довзуьйтуш воллура со. – Арен тIера цивилизации йевза нах дика кхетар бац хIокху акхачу ломахь лелочу хIуманех. Амма хIара тхан дахаран кеп йу, кхузахь баьхначу тхан дайша генарчу заманашкахь тхоьга кховда ма-йарра, мискъала зарратал хийца а йалаза. Тхо ца мега кхунах хаьдча – тхан синойн шовкъаш йосту гу бу хIара. ЗаIаре олу хIокху меттигах. Цхьана заманчохь зIар тухуш йуьртан йист хилла кхузахь. Йурт йиллинчу ТIуртIин гIотанийн кетIахь туху зIар кхузахь хиллера бохуш, дуьйцу тхан баккхийчара. ЗIар-м дIадаьлла, амма меттиган цIе иштта ларйина,ворхIе а дайша ма-тиллара.КIеззиг а шен таро йерг, хьалхо болх чекх а боккхий, кхаш тIера а, кхечу гIуллакхашкара а цIа богIуш меттигаш нисло, кхуза йуьртан пхьоьхана кхача сихлой. Ткъа арен тIехь иштта дац. Вайна ма-хаъара, суьйренца, тобанаш а йой, кино а, театре а боьлху цигара нах. СадаIа ресторанашка а лела арен тIера адамаш. Цигахь маларш мийла меттигаш а шорта йу. Мелла а цивилизацина гергахь ду цигара хьал. Кхузахь уьш дац. Лам чохь бехарш берриге а нохчий бу, цара буьйцург а нохчийн мотт бу… Маларш мийла меттигаш а вуно кIеззиг йу, цу тIе, кхузара нах, банне а, эвхьаза бац иштта долчу тамбоцчу гIуллакхаш тIехь. Бакъду, халахеташ делахь а, ишттаниг йукъ-йукъа нисло йуьртахь а.
– Ас ойла ца йина цу белхан хIинццалц. Лурчах вайшиъ вевзина ца хиллехьара, хIара мохк, кхузара дахар, хIара инзаре тайна адамаш а довзаза висина ваьллера со. Мах боцу зовкх ду хIара, – цецвуьйлура арен тIера хьаша.
– Аре йоцуш а, цигахь долу атта дахар ца девзаш а, ца деха тхо кху ломахь. Баккхийчийн лаам тергалбеш, къоман оьздангалла а, орамера нохчийн шира Iадаташ лардан болчу лаамо сецадо. Инзаре йоккха хало ловш, деха тхо кху ломахь. Йоькхане денош а нисделла, аьтто хили хьан, дIасахьажа а, волавала а йиш йолуш. Йочанехь веанехьара кхин хьежам хир бара хьан кху махке. Гоьллелц хатт, дохк-дерз, мустделла Iалам, урамашкахь хIиттина айманаш… Амма арен тIерачу «цивилизацин зовкхах» хуьйцур дацара оха кхузара дахар.
ЧIогIа лерина ладоьгIура Ширванис.Цунна тамаш хетарг кхин дIа а дуьйцура ас:
– Хьажал, Ширвани, вайшинна нийсса дуьхьал долу лаьмнаш. Кавказан лаьмнийн Йоккха рагI йу иза. Оцу регIал тIехьахь йу Гуьржийчоь. Росси-пачхьалкхан къилбера доза цигахь ду, ткъа хIара кIотар мелла а дозанна гергарчу йартех йу.Аьтту агIор гуш берг Башлам бу… цунна тIехьа Iаьржа хIорд бу. Сочи а, Батуми а йу цу агIор… Ткъа дIогахь, аьрру агIор, гуш дерш Дагестанера лаьмнаш ду, хIинца а баххьашкара ло а дашаза долу.
Шена гучу суьртах тамаш бина, инзарвуьйлура Ширвани. ТIомайевллачу ойланашна йуккъехула, суна томана бохуш, йукъ-кара цхьацца дош а олура цо.
– Хьажахьа, хьо-м цхьа аьрзу ма-ду!.. Хьуна муха хаьа и дерриге а?! – ала ларийра иза.
– Ду, дера, со аьрзу!.. Кхузахь мел верг массо а ду аьрзу…Аьрзуш бен даха цало кху ломахь!.. – цуьнан хаттарх терра жоп делира ас а.
Дехьуохь долчу бIара кIел гуш вара Iела а, Билал а. Чуччавахана, цхьаъ дуьйцуш воллура и шиъ. Тхойшиъ тIекхочуш хьалагIеттира и шиъ – хьешан лерамбар дара иза, ткъа суна хьалагIаттар цаьршиннан декхарех дацара.
– Марша вогIийла, хьаша! – Ширванина дуьхьал волуш, мараиккхира Билал. Ткъа Iелица тахана ишколехь цхьаьна Iийнера тхо.
Салам-маршалла хаьттина довллушехь, йуха а, Iелина йуххе охьа а хууш, цуьнан «кочавахара» Билал.
– Со хьайна стенна реза вац, хаьий хьуна, директор?.. Аьлларг деш вац хьо… тхо долчу богIу некъ дIатесна ахь.Кестта дIаваккха герга ву хьо…
– Оййй!.. Сих ма лохьа… ладогIахьа… – воьлура Iела.
Ишколехь, цIе йаьлча санна, сиха дохку шаьш, лара ца во ша бохуш, цо дийцарх а, ладогIа туьгуш вацара Билал.
– Хьо дика мутаIелам вац – дIаваккхаза вер вац хьо… – шаьшшиннан къамел бегашина хилар хоуьйтучух тера, велакъажарца Ширванина тIевогIавелира Билал. Амма Ширвани ца кхууьура оцу къамелах.
– Ахь тхо ма вуон хьийзадо, хIай Билал!.. Йерриге а вайн къайленаш гучуйаьхна а вели хьо-м… – шен ма-хуьллу Билал сацо хьаьжира Iела. – Арахьара баьхкина кхин а нах бай кхузахь-м…
Амма Ширвани ца кхетара, аьлча а, инзарвуьйлура шена гуш-хезаш долчух.
– Ванах, хIара хIун ду-у-у?..К1оштахь тоьлла волу ишколан куьйгалхо… ХIара накъост, шен ден хенарчу стагаца сел атта къамел дан а муха хIутту?.. Ткъа директора сел боккха лерам Билалан бар а стенна тIе доьгIна ду?..Цхьа къайленаш а йуьйцу кхара… – шеконаша йукъахьарчийра Ширвани.
– Со-м соцур ву… амма хIинца а цхьана баттахь хьехча бен, «Ясин» Iамийна вер вац хьо, директор, – шен къамел дерзош, гIеттина, йуха хьешана тIевахара Билал. – Цхьа, тхешан, кхузарчу нехан куьцара, дуьйцура оха-м. И чекхдели… Ткъа хьо маца веана? Могаш-паргIат дарий шу дерриге а?..
– Селхана веанера со. Тхо дика Iаш ду. Шу а дуй могаш-паргIат? – жоп делира хьешо.
– Ширвани, иштта «телхина» адамаш хуьлу, хьуна, ломахь дехаш. Сан къайленаш йерриге а дIакхайкхий кхуо. Хьуо арен тIе дIавахча, тхо ма-дарра дIа ма дийцалахь цигарчу нахе! – ша Iеминчу куьцара бегаш бора Iелас шена хьалхуо дуьйна вевзачу хьеше.
ХIинца Ширвани а кхоччуш кхеттера хьалхахIоьттинчу суьртах. Ишколехь цхьана хенахь Iелин хилла дешархо Билал хиларх а кхийтира.Iеламнехан кертара иза хиларх а кхийтира. ХIокху маIадаьллачу Iедалехь къайлах Къуръан Iамош ишколан директор ву бохучух инзарваьллера. Муха мегар ду?! Муха тарло?! Ша-шена жоп делира Ширванис:
– Мегар ду… тар а лур ду… доггах лелачунна…
Амма хIоранна а билггал хаьара цхьаъ – цхьамма а цхьана а меттехь хьехо йиш йолуш гIуллакх дацара иза.
Оцу ойланех хIора а йукъахвоккхуш, охьа-чуьра хьала мохьтуьйхира цхьамма:
– Ва-а-а, Билал!.. Охьахьажахьа – даьхний дуй гуш?!
ГIойтукхин кIант Iумар вара иза. Керайуккъехь санна, гора Йокъалнера дежийлаш, цундела, эрна даьхни лоьхуш ца лелархьама, хаьттира Iумара.
– Ва-а-а Iумар!.. Ка ма-доллу чехка гIолахь!.. Жимин ирзун ке-бертехь ду шун бежанаш!.. Цигара гIораш дIадаьхна гуш ду!.. Нагахь даьхни куьпана чоьхьадовлахь, цана хьошур йу цара!.. – дуьззина жоп делира Билала.
Хуьлуш долчун иэс деш воллу Ширвани йуха а цецвелира. ТIетаьIIина суна герга а веана, элира цо:
– Iалелай!.. Мел инзаре хIуманаш ду кхузахь!.. Ма доккха гIо-накъосталла хили цу стагана… цхьана сохьтехь лоьхур дара цо шен даьхни, Билала ца дийцинехь… Суна хетарехь, кхузахь хIора дитт а шен цIе йолуш ду-кх!..
– Шуна, арен тIера нахана-м, дера, моьтту кхузара нах кхеташ бац… Амма шуна дIахаийла, хьекъале мел дерг дерриге а кхузахь, лаьмнийн махкахь, кхоллалуш ду, – элира ас, Ширвани жимма ловзаваккха дагахь.
– Иза стенах ду?.. Кхузара хIаваъ цIена хиларна ду иза?.. – бегашина элира хьешо, билггал ас шен «беша тIулгаш кхийса» кечамбеш хилар гина.
БIаьстенан мела суьйре меллаша йуьжура ломан жимачу кIотаран белшаш тIе. Кхаш тIера адам а йуьрта чу иэха дуьйлира.Ишколан спортан майданахь буьрка ловзочийн гIовгIанаш совйийла йуьйлира. Дийнахь маьI-маьIIехь белхаш бина, йуьртехьа цIехьа гIертачу машенийн угIар а хезара йукъ-кара. РегIахь жа-бажа а гучуделира – кестта йуьрта чу хецалур ду даьхни а…
Оцу хенахь Дойна-чуртехь говрахь вогIу стаг гучувелира. ДIабуза цIийбеллачу маьлхан зIаьнаршлахь дика ца къасталора иза. Хьем ца беш, йуьртана дикка гергавеара бере, тIаккха гучуделира иза кху йуьртара стаг цахилар а. Йуьртара йа лула-кулара говраш тхуна йевзаш йара.Стенгара ву-те, лаа вуй-те бохуш, ладоьгIура оха. Дукха йеха зама йалале, тхуна герга схьакхечира йуьрта вогIург. Тхуна тIекхачале бIе гIулч герггахь говра тIера каде чувоьссина, йуьхь лаьцна говр тIаьхьа а йалош, тIевеара жима стаг. Ша мелла а тхол жима хилар хьесапе ца лоцуш, даррехь вистхилира хьаша:
– Ассалам Iалайкум!.. Суьйре дика хуьлда шун! – аьлла.
– ВаIалайкум салам! Марша вогIийла, хьаша! – цунна дуьхьал масех гIулч а йоккхуш, вистхилира Iела.
Ламанан гIиллакхца товш долчу кепехь хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, жимха вистхилира:
– Со Ялхой-Махкара ву, Iаллара ваха ваьлла со… Йуьрта чухула, дуьхьал-новкъа чекхвала Iалашо йолуш, чувирзира со. Сирла йоллуш йухаверза лаам а бара сан. Йочанаш йахйалар бахьана долуш, некъ текхна тхан, машенца дехьа-сехьа ца валалуш. Ирзешкахула гIашлойн некъашца, дуьхьал дол-долчухула схьавеара.
– ХIокху тIейеанчу суьйренца хьан новкъавалар лаа-тара дарий ткъа? – гIиллакхца догIуш хиларна хаьттира Iелас йуха.
– Ши де даьлча, Ялхой-Махкахь машарна адам вовшахкхеташ меттиг йу – йукъахь мостагIалла долуш, ийгIина болу кIотаршкара шина цIийнан нах куьйге бохуьйтуш. Вайна хууш ма-хиллара, экам гIуллакх ду иза, цундела адам оьшура цигахь. Тхан йуьртан имам волчу Бициев Яхьйас ваийтина со, Iалларошка гIо деха аьлла, – шен некъ бовзийтира кIанта.
– Хьан цIе муха йу?
– ИбрахIим олу сох.
– ИбрахIим, Iалларахь и кост хьаьнга дIатоха дагахь ву хьо? – хаьттира тхох воккхах волчу Iелас. Тхо ладоьгIна лаьттара. Ширвани а цхьаьна.
– Шоптукаев Абусупъянна тIе гIо аьлла соьга. Шуна вевза хир ву иза?! Цаьрга ваха муха бегIийла хир дара-те суна?.. – хаьттира, эрна хан ца йойуш, сихха йухаверза лаам болчу кIанта.
– И хабар дIатоьхначул тIаьхьа кхин дIа хIун дагахь ву хьо, ИбрахIим? – хаа лиъна, хаьттира Iелас.
– Цул тIаьхьа сихонца йухаверза хьожур ву…
– ИбрахIим!.. – кIеззиг соцунгIа а йина, йуха вистхилира воккханиг. – Вай хIинца цхьа барт бе?.. Хьан некъ, хьан лаам тхуна дика бевзи. Хьо, хIинца керта а вигна, жимма са а доIуьйтуш, рицкъанах кхетуьйтур ву. Нагахь буьйса йаккха реза ца хилахь, кхуззера хьо дIавохуьйтур ву…
– Дика мел дерг догIийла шун хIусамашка, беркат шорта лаьттийла!.. Шуна сайх балабина лелар вац со… Шун оьздангалла тай суна, – гIиллакхе ваьлла, жоп делира ИбрахIима.
– Иштта долчу гIуллакх тIехь вовшийн гIо-накъосталла дан декхар ду вайна тIехь. Иза тхуна дуьххьара нисделла а дац. Абусупьян тхуна дика вевзаш ву – тхан гергарло ду цаьрца. Яхьян цIарца ахь новкъадаьккхина и гIуллакх цхьа сахьт хан йалале ас оцу Абусупъянах дIатухур ду. Машенца гIур ву со. Далла хастам бу, некъаш цкъачунна вон дац кхузахь, – кIант вистхилийта дагахь соцунгIа йира Iелас, амма сихха йуха дIадолийра шен къамел. – ИбрахIим, хьуна хIун аьлла, хета, тхо дахка оьший цу мехалчу гуламе?
–Вайна ма-хаъара, ишттачу меттехь адам сов ца долу. Нагахь шун аьтто белахь, ас сайн цIарах цига кхойкху шу!..ДIадагIахьара шу а!.. Дела реза хуьлийла шуна!.. Бехк ма биллалахь суна, хьан цIе йийцахьа!
– Сан цIе Iела ю. Иза-м коьртаниг дац. Тхайн ницкъ кхоччучу кепара тхо дIадогIур ду… ИбрахIим, шайн имаме Яхьйага, Iадиза шена тIелаьцна и кост дIатохар, ала. Уьш вовшийн дика бевза. СапаргIатде цуьнан. Ткъа хIара Iадизан кIант Билал ву, тхойшиъ цхьаьна гIур ву Iаллара а. Са ма гатде ала Яхьяга – Iалларойн бакъо йац шун гIуллакхна йуьстаха латта.
– Хьажахьа, ма доккха накъосталла хили суна!.. Дала сийде шун!.. Велла дIаваллалц аш сайна дина гIуллакх дицдийр дац ас!.. Марша Iайла, Дала диканехь гойтийла!.. – циггахь йуха а вирзина, ша схьавеанчу агIорхьа говре йум йайтира ИбрахIима.
Дукха хан йалале Дойна-чуртехь беречун гIаларт регIал тIехьатуьлуш бIаьрг кхийтира тхан.
Оццу боларехь оха тхайн пхьоьха дIайаьхьира. Ткъа Ширвани-м, ишттаниг шена дуьххьара гуш хиларе терра, цхьана генарчу туьйране кхаьчча санна, вогIавеллачохь лаьттара.
… ЗаIарена гена воццуш веха Iалади а, шайн кех ара а ваьлла, тхуна тIевогIуш гора, даим а санна, пхьаьрса кIел лаьцна газетийн йоккха бог а йолуш. Хьарчийна кехатан чучал а йара цуьнгахь каралаьцна. Iаладех бIаьрг ма-кхийтти, цунна тIехьаьдира кегийчу берийн арданг. Лахо бай тIехь бумбареш лоьцуш, гIовгIанашца уьш уьду дикка хан а йара. Вовшашна тIехула а лелхаш, Iаладина тIехьаьлхира уьш.
– Почти-Ваша! Почти-Ваша!.. Суна а лохьа, суна а лохьа!.. – цIогIанаш а детташ, Iаладина тIекхийзабелира уьш.
Цкъа хьалха берашна кемпеташ дIайийкъира воккхачу стага, цул тIаьхьа хIоранга шен-шена тIейазйина нехан цIераш йолу газеташ дIаделира. Газеташ а буйнахь маьI-маьIIе нехан керташка дIасахьаьлхина бераш суьйренца хьайеллачу гIовгIанашна йуккъехь къайладевлира…
Iаса а теIош, паргIат вогIу Леид а гучувелира.
– ХIей Ванюша!.. ТIаьхьа хIунда висина хьо?! – Леидна дуьхьал хичаш йан волавелира Iела.
– ЖIаьлеш хитIа диггал мукъа нах, дера, ду шу-м!.. Болх цабархьама хьалххе схьагуллуш долу!.. – дуьхьал хазийра забаршна тIера волчу Ванюшас (иштта цIе ГIиргIизехь тиллинера Леидна).
Тхуна йуккъехь хьаша а гина, цунна хьалха там боцуш ша аьллчунна бехказа а вуьйлуш, тIевеана Леид а, цуьнца Iалади а Ширванина мараиккхира.
– Директор!.. В-о-о директор! – Iелица къамеле вала лиъна, цунна гергагIоьртира Iалади. – Муха ду гIуллаккхаш?! Хьан линейка дика чекхйелин? Реза вуй хьо?..
Iалади даима а ишколе вогIу газеташ а, кхийолу почта а дIайекъа. Цундела ишколан декъехь мел деш дерг девзаш а, массо а санна, ишколан кхиамех воккхавеш а, сагатдеш а хуьлу иза.
– Сан линейка ма йацара иза, Iалади. Бераш вайн ду, иштта и линейка а вайн йара, алахьа. Вайх хIора а ву цу декъахь, хIара вайн беркате хьаша Ширвани а цхьаьна.Шен хан а, могашалла а ца хьехош, кху нацкъарчу ломан чIожа а веана, вайн берийн самукъадаьккхинчу кхунна доккха баркалла боху вай!..
Цхьаъ вукхунна тIаьххье схьакхечира Iанди а, Зауди а, Дуда а, Дикалу а. Меллаша тIевеара кIеда-мерза волу Апа а. Дехьо кеш йуккъера сехьавелира Ширван а (ТIуров), цунна тIекхиъна Салади а вогIура. Кхин хьем боцуш, схьакхечира Хьасайн а. Кестта ШахIид а тIевогIур ву – хIинц-хIинцца говрахь шайн керта воьдуш хаавелира иза.МаьI-маьIIера схьагулбелира кегийхойш а, иттех хир вара уьш. Меллаша, цхьацца ког боккхуш, суьлхьанаша карахь (цкъа а охьадохкуш а дацара уьш), шайн ринжех а ваьлла, гIашлой-новкъа охьавогIура Iадиз а, Билалан да. Кегийчу берех а ткъех вара, гIовгIанашца ЗаIаре йекош, уьдуш. Пхьоьханан жима майда йуьзира…
Гулбеллачара тайп-тайпана къамелаш дора. Баккхийчийн цхьа а дош тIех ца туьлуьйтуш, сутара ладоьгIура йуьстаха лаьттачу кегийчара. Таханлерчу дийнах а, кхана дан леринчух а дуьйцура, дIатетта йиш йоцу гIуллакхаш а довзуьйтура. ТIаьхье-хьалхе ларйеш, воккха-жима лоруш, дора къамелаш, ткъа бисинчара ладугIура… ХIора а вара сема ладугIуш…
БIаьстенан деха де чаккхенга лестира. ЦIарул-цIен маьлхан экъа Къоьжалган регIа тIехьа керчина йолуш йоллура. Олхазарш а шайш исбаьхьа эшарш йерзочу мукъамашна тIекхечира. Суьйренца шайн-шайн кегий бераш цIа кхуьйкхучу нанойн гIовгIанаш а алсамйевлира.Оцу дерригенна йуккъехула деана схьахIоьттира куьпара жа а. ЗаIарера баса ма-кхоччура, масех тобане дIасадаржа дуьйлира жа. Жана дуьхьалдаьхкинчу бераша гобиллира. ТIаккха дIайолаелира гIар-гIовгIа:
– Iожа-а-а!.. Тхан маIа кагъелла ка гой хьажалахь!.. – мохьбеттара цхьамма.
–Селахь!.. Шала бина кIайн ши Iахар ца карабо суна!.. – кхойкхура кхиверг.
– Лерг хадийна жий схьалацалахь!.. – хезара кхин а зевне аз.
– Эра ка нахе ма бахийталахь!.. – декара кхечу маьIIехь.
Ас леррина тергалвора сайн хьаша (кхидолчух со башха цец ца волура). Жа къастош хьийзачу берийн леларх инзарваьлла лаьттара Ширвани. Йуьхь-сибатан леларца а, дегIан меженаш хьейарца а билгалдолура и саннарг сан хьешана дуьххьара гуш хилар. Цхьа хIума йукъара ца туьлуьйтуш, тергалдора цо хуьлуш дерг. Шайн-шайн жаш а дуьгуш, сихонца бераш дIадахара. ЗаIаре тIехь йуха а тийналла дIахIоьттира. Тахана жен рогIехь хилла волу Iаднан, шен карара пIаьлдиг а, кхоллар а йуьстах охьа а йиллина, баккхийчарна тIевеана, Iаладигахьа а вирзина (куьпахь жен рагI ларйарна тIехIоттийна ву Iалади), вистхилира:
– Тахана бохам Iоттабелла вайн жана… Делкъахь Сайхин хитIехь йолчу руьйтане дIалаьллира ас вайн жа. Нойшна жа тIекхоччушехь, лакхара бухйаьлла цхьа токхам тIехьаьдира – со жа кIелхьардаккха лара ца вира. Мелла а иза дIакъахко сан ка ца даьллехь, ах сов жа хIаллакьхила кхерам бара… Бакъду, кIеззиг зулам хилаза ца диси. Iадиз, хIуьнна битина болу шун кIайн ка лецира оцу токхамо. ТIиэхьара ши ког кагбеллера цуьнан. Ойлайеш Iан хан йацара – цаваьлла урс хьаькхира ас цунна. Новкъа йогIучу машенца ас схьадаийтира цуьнан жижиг, сан цIахь охьадиллина ду. ХIинца аш барт бинччу кепара дерзор ду-кх вай иза…
Кхин цхьаъ а ду!.. Токхамо нойш йохийна – жана хи мало меттиг йац цигахь, сихонца тойан йеза руьйта… – иштта тIаьххьара дош а олуш, къамел дерзийра Iуьно.
– Ка баларна-м хIун ден дара?! Руьйта тойаза йер йац, дуьненчу сатесначул тIаьхьа, – хьалха вистхилира массарал воккха волу Iадиз. – Iалади! Аш хIун олу хIинца?! Кхана адам вовшахтоха ларор дуй вай?
– Хьанна хIун хета шуна?! – гулбеллачаьрга вистхилира Iалади. – Вайна ца хууш, дийцина-хьехийна кхин хIумма а дуй-те йуьрта чохь? Вайн куьпара нах тоьий а ма ца хаьа, схьадийцарехь.Охьа-чу а орца ца дехча, ларор дуй-те?
ДIа ца тоьттуш, кхана Iуьйранна Сайхин хитIера руьйта тойан даха барт хилира.
– Мохьмад! – мохьтоьхна, жимха тIекхайкхира Iаладис. – Вадий-гIой, Ахьяде хабар дIатохахьа, кхана Iуьйранна бархI сахьт даьлча, шайгахь белаш а, дагарш а долуш, Мусин гу тIе адамашка дIагулло боху, алийтахьа. Хьостамий а, лоьмаш а вай хьур ду… Ткъа хьуна хIун аьлла, хета, Iаднан: маса стаг ларор ву-техьа цигахь?
– Суна хеташ долчуьнца, шовзткъа стаг мукъане а ца хилахь, ларор дац цигахь. Вуно боккха токхам бу тIешершинарг, – жоп делира рогIехь хиллачо. – Шуьга ца аьлча ца волу со, кхана сан цига ван йиш хир йац – больницехь белхан смена схьаиэца йезаш йу ас.
–Дала сий дойла шун! Суна тайна аш хIинца бина сацам-барт, – вистхилира сема ладоьгIна волу Iадиз. – ХIара дуьххьара а йа тIаьххьара а дац. Вайн йуьртан дахаран цхьа де ду хIара. Вай диннарг мегар ду – иза нийса сацам а бу. Ткъа и жижиг… кхана руьйта тойечу белхашна делкъейан Делан дуьхьа сагIина дIало ас!Дала меле лорийла аш вайн йуьртана мел дийриг… Ламазан хан а герга йу, хIинца дIасадевр ду вай, – аьлла, къамел дерзийра воккхачу стага.
Со йуха а сайн хьеше хьоьжура, шен бIаьргашна гучу суьртан муха мах хадабо-те цо бохург хаа лууш. Iелица цхьаъ-м дуьйцуш, цунна йуххехь лаьттара Ширвани. Цхьана хIуманах инзарваьллачух тера серлабаьлла гора Ширванин ши бIаьрг. Мацах цкъа дахар доцчу гIайре тIе нисвеллачу Робинзон Крузох тарвелира суна иза, Соьлжа-ГIаларчу Чеховн цIарахчу бешахь суьрташ дохучу белхалочух тера волчул а сов.
Шайн-шайн цIехьа баха дIасабаьржаш лаьттара нах.
– Iалади!.. – цу йуккъехула Iелин аз хезира. – Iуьйранна бархI сахьт долуш вайн машен йогIур йу Мусин гу тIе, Iандис шовдане дIадуьгур ду шу!..
– Дала догдикадойла шун! – самукъадалар лачкъа ца луш, вистхилира Iалади. – Ма доккха накъосталла ду иза!.. Де дохдалале тIехIитта йиш хилча, сихо хир йу.
Ахьяд волчу вахана жимха дIа а кхаьчний-те аьлла, хетачу хенахь, Хучин гутIера схьахаза доладелира зевне аз. Хьекъалх-кхетамах а, догдикаллех а вуьззина волчу йуьртарчу къаночун Ахьядан кIеда-мерза мукъам хIора берана а бевзара. Йерриге а йуьрте бечу кхайкхаман дешнаш, ша-ша вовшех къастуьйтуш, кхайкхадора Ахьяда:
– ХIе-е-ей нах!.. ЛадогIалаш!..Массаьрга а лерина ладогIа, боху вайга!.. – хIора уьйтIа, хIора хIусаме, хIора лерсине кхочуш, декара кхайкхаман аз. – Кхана Iуьйранна гулдала дезаш гIуллакх нисделла вайна!.. Сайхинхи тIехь токхам тIебеана, руьйта йохийна, боху!.. Сихонца иза меттахIотто йеза вай!..Белаш а, дагарш а дохьуш, бархI сахьт долуш Мусин гу тIе дIагулло, боху вайга!.. Нагахь санна тоъал адам цхьаьнакхетахь, делкъале довла герга а ду, боху!.. Шен жимма а ван амал дерг цига дIавагIахьара!.. Дела резахир ву вайна!.. – доцца аьлла, дерзийра кхайкхам бечо шен къамел.
Оцу муьрехь, даим а санна, тап-аьлла дIатийра кIотар. Дитташ тIера гIаша а шайн лестар сацийна мотталора. Бендоцуш верг цхьа а вацара. Ца хезачуха моттаргIа лелош а вацара цхьа а. Йуьстаха висархьама хIилла лоьхург а вацара.Йуьртан йукъарчу гIуллакхе кхайкхам бара иза. ХIоранга беш кхайкхам… ХIорамма а тIелецира дита йиш йоцуш дерг…Сийлахь кхайкхам иза лара Iемина болчара тIелецира…
ШолгIачу дийнахь Iуьйранна Мусин гу сийсош адам гулделира. Къар а ца велла, цига ваха новкъавелира Ширвани а. Шен дегIана ницкъ ма бахьара аьлла, цуьнга дехар а дина (дагца лазар долуш вара Ширвани), ишколе балха вахара со.
… Лаьмнаша Iамийна тхуна иштта даха… тхан къоьжачу лаьмнаша… «Лаьмнашна доьналла дерш дукхабеза!» – олу халкъалахь а…
Джунаидов Аюб