КАРАТАЕВ ШАЙХ МОЛЛА
(МАХЬМА-ХЬАЬЖА)
Каратаев Махьма-Молла БIаьчи-Йуьртахь ваьхна ву. Молла, Махьма-Хьаьжа олуш хилла цунах. Накъшбандин тIарикъатехь а волуш, Ташу-Хьаьжин мурид хилла иза. Схьавалар Дагестанера хилла цуьнан. Къордойн тайпана хилла Махьма-Хьаьжа. Дийцарехь, цуьнан дай Iаьрбийн махкара хилла. Дагестанехь баьхна уьш.
1834-чу шарахь Нохчийчу баьхкина, Веданахь Iийна уьш дуккха а шерашкахь. Аьхкинчу-Барзехь йуьртан къеда хIоттийна хилла Махьма-Молла. Цигара бIаьчийуьртахоша шаьш долчу схьавалийна иза. Оцу йуьртана мелла а герга.
Боккха доьзал хилла цуьнан. Махьма-Хьаьжин хIусамненан цIе Iаша хилла. Виъ кIант – ИбрахIим, Исаакх, Минкаил, Якъуб; йоIарий – Маймат, Эхират, Минат хилла цушиннан.
Муридаша зуькар, накъшбандин мурдаша санна, хевшина Iаш, меллаша дIадоладо. Цул тIаьхьа чIогIачу макъамехь до. ХьалагIовттий, шовкъаш йеш, Iовдин муридаша санна. Iовдин а, Махьма-Моллин а уллера гергарло хилла. Махьма-Моллас хаийтина Iовде и зуькар шена хазахеташ хилар. Iовдас аьлла: «Кестта хьан муридаша а дийр ду иштта». Цул тIаьхьа цуьнан муридаша а долийна иштта зуькар дар.
Шен хIусамехь ор даьккхина хилла цо. Цу чохь, халбата хиъна, дукха зама йаьккхина, Дела хьехош Iамалйеш.
Цуьнан кIант Исаакх шайх хилла. Дин лелош берш безаш ца хилла советийн Iедална. Чувоьллина иза, набахтера цIа ца веана.
Дукха жайнаш хилла цуьнан дас Моллас цунна дитина. Уьш Iедало дIадаьхьна, лар йоцуш дайна.
Дела хьехор алсамдаккхийта, вирдаш тIедехкина Моллас шен муридашна.
БIаьчи-Йуьртахь зерат ду шайхан Махьма-Моллин. Цигахь наха доIанаш до, Деле диканиг доьху, вуочух лардар доьху.
Дала къобалдойла церан зерат!
М. Заурбеков