Год истории-2024 год

БЕКХАМ

Ибаев Русланан схьавалар Жимчу Атаг1ара ду. Соьлжа-Г1алахь кхиамца йуккъера школа чекхъйаьккхинчул т1аьхьа кооперативни техникумехь доьшу цуо. Шина шарахь Советскийн Эскарехь г1уллакх а до. Цигара ц1а вирзича товаровед, ревизор, тайп-тайпана сурсаташ духкучу туьканахь белхаш бо.

Дика спортсмен хилла иза: охьатухуш латарехь масуттузза Нохчийн Республикан чемпион х1оьттина.

Йаздан волавелла школа йаьккхинчул т1аьхьа.

Оха довзуьйту шуна Ибаев Русланан йозанаш.

Йитарний, йисарний  бохуче кхаьчнера Къосуман  шен зудчуьнца даьлла дов. ЧIоггIа неI а тухуш араваьлла волу хIара дукха хан йалале веара йуха чу. Кхунна тIаьххье бохург санна кхечира кхуьнан дешичин кIант Аьрсби а.

– Со схьакхечи-кх, кхин цхьа а веаний? – аьлла, хаьттира цо, гIеххьа сакъерадаларца, шен ши куьг вовшах а хьакхош.

– Кхин цхьа а веана хилча-м, со хIун деш хир вара кху чохь, корехула ара а хьоьжуш. Кхин цхьаьнга-шинга ала-м   аьлла  ас… Къосума шен  къамел  хадийра, ша кхайкхина волу ши лулахо вогIуш гича.

– Схьанехьа валийша ший  а. Сайн бен  гIуллакх а, бала а бац бохург-м  дацара сан хIара, делахь а накъост оьшуш йогIу-кх меттиг…

Кхин сеца ца деллачух тера дара Сепиятан кийрара даьлла оьгIаза-дегабааме аз:

– Со йаллалц Дела а ма волийла хьуна къинтIера, ма бехк  боцуш хьийзайо  ахь со. Оцу кепара хIун  даьлла соьгара, ахь йитина дIайахийттал… Йелхаран къурдаш сецо гIертара Сепият, шен йуьхьа тIехула охьаоьху бIаьрхиш  коьртарчу  йовлакхан  тIомаца  дIа  а  хьоькхуш.  ХIусамехь цхьа ша-тайпана хIоьттина йолу девнан хьу, йохо  санна,  вистхилира шина  лулахочух  воккхо хеташ верг, цо ша цхьа кIоргга ойла йинчуха элира:

– АхIа… Доккха дов. Цхьаъ  лартIехь доцийла-м  хиира тхойшинна, ахь,  тIе а ца вогIуш, геннара мохь тоьхча. Вуьшта, оццул генадаьлла гIуллакх хилла хилар-м  дагахь а дацара… Йа хIара дош а ма дац.

– Уьш дуьтур вай! – элира, мелла а оьгIазло шен кийрахь къуьйлучу Къосама, – дегабаамашший, белхаршший, хьехамашший  хьехо нах буьйлабелча, лалуш вац со. Доцца  дийцича, хIара  зуда  ас йуьтуш,  тоьшаллина хIитта дош долуш дуй  шу? ХIокху бахьаница дара сан шуьга кхайкхар а… ЛадогIаран тийналла гIеххьа йахйала йоьлча, Аьрсби а хьайра жимма меттаха ша хиъначуьра.

– Аьрсбис хIун эр ду ца хаьа, вуьшта, тхаьшшинах жоп-м  лур ду охашимма. Цкъа-делахь,  дош дуй-даций  бохург  ца  хета  суна  нийса. ШолгIа-делахь,  хIокху кIоршаме хIуманна йуккъе  а хIоьттина,  тхаьшшиннах оцу Iачу Сепиятан чам  а бойур бацара. КхоалгIа, тхан цунна ала вочух хIумма дац, иза дика лулахо хилар бен. Тхо  оцу  хIуманна  тIехь накъостий   дац  хьуна, –  аьлла, шаьшшинна бехк цабиллар дехна, ши лулахо араваьлча, Къосума, корах ара а хьожуш:

– Хьайн ирс хили хьан тахана, зуда. Кхин тешаш леха хIуттар вац со, оцу кепара бехкбоккхуш къамел сайга кховдийча. ГIеххьа со йуьхьIаьржа а хIуттуш доьрзуш доллу хIара. Баккъал аьлча-м, со а вацара катоьхна хьох вала  сакIамделла  а, –  аьлла,  доггах  велавелира. Йуха Аьрсби волчухьа а вирзина, шен къамел кхечу тIегIан тIе теттира Къосума, хIумма а ца хилча санна:

– Ванах, хIун хили хьан оцу айхьа йустийначу старгIанах. Барт хилирий  шун?

– ХIан-хIа. Ас хIоттийначу механа реза ца хилира уьш. Цара кхийдочунна со а вацара башха чухьаьдда. Кхана, Дала мукъ лахь, урс а хьаькхна, айса жижиг дохка дагахь ву-кх, эцца базарахь.

– Ца богIу мах хир бу ахь бехнарг?

Цунна жоп дала дагахь Аьрсбис бага  гIаттошехь, чуьра арайолучу Сепията Iоттарца дIайаьккхира шен кийрахь Iаьткъинчу лазамийн   дуьхьалара, ша садиттина йолу гIортор:

– Бу,  дера-кх, кхеран мича йиш йу наха  боьху мах хIотто. Дала мукъ лахь, хIумма а  хир ма дац хьуна цунах, сан къа бахьанехь а. Ван а веаний, тоьшалла дан. Дог гойтуш хир ду шу…

Кхана    Iуьйранна цхьанхьа  йаха  йаьллачу Сепиятна гира, некъана дехьа йоккха рагI а хIоьттина, жижиг дохош воллу Аьрсби. Сепият, цкъа ша-шена йела а къежна, йуха, сихха  дIайолайелира жижиг духкучу агIор. Йукъара гергарло ца хедачу кепара, шен аз цхьа гIеххьа иллин тIегIан тIе а далийна, элира:

– Ватта, кIант, къиэн йели хьан хIара старгIа, пекъар, чIогIа цомгаш а ма йара хIара. Урс таса-м  ларийна бохура, чарх йовха йоллушехь…

Карара диг гоьргах дIа а тухуш, Аьрсби хьаланислучу йукъана дуккха а некъ  туьйхира цуьнан ойланийн архаша. Цкъа-делахь, саьхьарчу ойлано дог харцахьа дохура, ткъа даг чуьра дIахьаьддачу цIийно хье чохь хIоьттинчу пхьалгIин массо а гIирс кхалийнера. «ХIан-хIа», – бохура хье чуьра къестамийн жамI дечу декъо, – «хIинца йолчу кепаца ахь хьайн   йуьхь-сибат дIагайтахь, хьан пайданан терза доьжна хиларна шеко хир йоций  хаалахь… хаалахь… хаалахь…» Аьрсби кхиира шен йуьхь тIера бос хийцабалале массаьрга дIаса а хьаьжна, корта ластош велакъажа а, оццу тIегIан тIехь забар йечуха вистхила а:

– ЭхIеэ-э-хIей, хьо йе Дала хIаллак, мичахь хилла хIара цомгаш… Хьера-м  ца йаьлла хьо, дIайала, ма йе и Iовдал забарш, нахана а цхьаъ  моттуьйтур ду ахь…

– Забарш? Забар хьаха йац иза-м. Бакъдерриг ду-кха. Бакъдерриг! – аьлла, кIажа а хьовзош, Сепият, шен карарчу тIоьрмиг чуьра ахча схьаоьцу кеп  а хIиттош, жижиг духкучу могIарца  дIайолайелира. Жижиг  эца хIиттина болу зударий, шаьш къестийна долу, хIинца а озаза, нисделла жижиган дакъош дIасакерчо хIиттира, дегазаллица пIелгаш а  Iуьттуш. ТIаккха, цхьацца-шишша йоьдуш, жижиг духкучу кхечу  могIаре хIиттира. Шена хьалха Iохку жижиган дакъош, оцу зударшна тIаьхьа ца лестош дика висира Аьрсби.

Иштта хиира-кх суна тхан йуьртахь, цхьацца забаре къамелаш деш тхо пхьоьханахь лаьттачу хенахь «Аьрсбис дакъийна жижиг санна» боху дустар хIун бух болуш ду а, мичара схьадаьлла хилла а.

Ибаев Руслан