Сийлахь Къуръан
Къуръан – иза Лекха волчу Дала Шен лешна билгалбаьккхина нийса некъ бу. Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, Шен Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) делла даима лаьттар долуш долу му1жизат (1аламат) ду. Дала Шен лешна хаьржина долу дин а, шари1ат а ду иза. Цунах (Къуръанах) д1атасавелларг цкъа а галвер вац, Иза дитина кхин некъ лехнарг цкъа а нислур вац. Ислам-дин дегнашка д1акхачош болу Делан къинхетам бу иза, ийман диллиначунна синкхача бу иза. Адам дуьненахь ирсе деш, эхартахь декъалдеш долу камил (кхачаме) низам ду иза. Делан Китабан (Къуръанан) къайле Цунна бен хаа йиш йоцуш йоккха йу, беркаташ дукха ду. Сингаттамехь волчунна синтем хуьлу иза дешча, цомгаш волчунна дарба хуьлу, тилавеллачунна нийса некъ карабо, боданехь волчунна серло го. Дерриге а 1илманан бух бу иза. Хьанал дерг, хьарам дерг къастош, бакъдерг, харцдерг билгалдоккхуш ду иза.
Веза-Воккха волчу Аллах1ан сийлахь долу Калам (Къамел) ду иза.
Дала, Лекха ву Иза, Ша ма-аьлла: «Ахь ала (х1ай Мухьаммад): «Адамаш а, жинаш а гулделча а х1окху Къуръанах тераниг (хаза къамел) дан, церан ницкъ кхочур ма бацара Цунах тераниг дан, царах цхьаберш вукхарна г1оьнчий хилча а».
С. Муртазаев