Къонахалле боьду некъ
Массо стаг ву араваьлла,
Ша дика къонах а хеташ.
«Стогалла вайх херайаьлла?» –
Шеконаш йу дагах леташ.
Стогалла йайна, стаг висча,
Къонах ву ала ма йиш йац.
Зерашкахь – диканехь, вуонехь –
Ма-варра вевзар ву къонах.
Стаг волу стаг уггар хьалха
Нисвелла хир ву шен динехь,
Дена а, нанна а хьалха
ЙуьхьIаьржа ца ван деш нийат.
Нийаташ цIена а долуш,
Хьасталур ву иза Далла.
Делах бен, цхьаьннех ца кхоьруш,
Къонах верг билгал ма ваьлла.
Къонах стаг хилла, ницкъ кхочуш,
ГIийла мел волчунна накъост.
Цо сацор ву, шеко йоцуш,
Кхаьрдаш верг мискачу нахах.
Йукъ йоьхкий, бакъонна ваца,
Ткъа харцо дера дIачехош,
Хадош шен стогаллин мах ша,
Къонах кху дуьнен чохь веха.
Гуш йолчу харцонна дуьхьал
Дош ала хьуьнар ца хилча,
Алийша, шайн Делан дуьхьа,
Стаг ала бакъо йу мичахь?
Бакъ лен ца даьхьаш вай деха,
Ницкъболчу харцонах кхоьруш.
Доьналлех херделла деха,
Къонахийн цIераш ца лоьруш.
Къонахий хилла вайн къоман,
МостагIий толарх, ца къарлуш,
Шек боцуш, шайн синош, догIмаш
Вайн Делан дуьхьа шаьш дIалуш.
Стогалла – къонахаллина
ТIебоьду халачех некъ бу.
Цу новкъахь стаг ларавинехь,
Сийлахьчу вайн Дала зер ду.
«Дала бакъо толайойла», – аьлла
Машар ларбеш, гIаролехь а лаьтташ,
Къоман дуьхьа дахар шен дIаделларг
Къонах ву и, махках дог шен лезнарг.
Коьрта Iалашо йу къонахчунна
Халкъан хьашташ кхочушдан некъ лехар.
Ши куьг даим даьстина ду цуьнан,
Дог адамна дIадиллина веха.
Къонахалле болчу некъан тача
Билгалдаьлла, мах бала ца безаш…
Ма къонах ву-кх ницкъ тоънарг дIакхача,
Сий, йахь, оьздангалла – цуьнан герзаш.
Къам хазделла вайн бусалба динца,
Къонахалла – нохчийн къоман синпха.
Бакъо толош, харцо эшош, аьтта,
Сийлахь лар а йуьтуш хIокху лаьттахь,
Бакъо массо хIумнал хьалайаккхий,
Къонахалле некъ вай карлабаккхий!
Аутаев Сулейман-Хаджи