Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца

«Нагахь санна  йа да, йа деваша, Делан новкъара гал а ваьлла, шен нах йуьхь1аьржа а латтош, вуон мел долу х1уманаш шех дуьйлуьйтуш велахь, ткъа и сацо тайпанах кхин воккханиг ца хилча, цуьнан доьзалхочо и нуьцкъаха сацавар (йа д1авихкина, йа чувоьллина) Далла гергахь бехк болуш дуй?

Иштта стаг, х1уъу а аьлча а, сацалуш ца хилча, цу йуьртан къедане даккха деза и г1уллакх. Нагахь санна, цо хьехам бича а, и нис ца лахь, цу къедано йеллачу бакъонца оцу доьзалан бакъо хир йу и стаг сацо, и да велахь а. Ден хьурмат цадинарш хир бац уьш. Мелхо а и Іалашварна йал хир йу царна, цуьнан зуламах нах Іалашбарна йал а хир йу царна.

Йо1 ц1ент1ера ара а йаьлла маре йоьдучу хенахь урдо дуьллу-кх вай. Дуьллуш долу урдо цхьаболчара дега-нене д1ало, х1ара йо1 шуьгахь йаха йезаш йу, х1ара ахча оцу йоь1ан ду олий йуханехьа ло, цхьаболчара марзахошкахь шайгахь дуьту. Ткъа цуьнца нийсо муха хила йеза?

Урдо диллар шари1атехь бехкам болуш, мах цу т1ехь бан безаш важиб ду. И урдо йоь1ан ду, иза йоь1ан ден-ненан дац, марзахойн дац, майрачун дац. Йоь1ан бакъонехь ду иза, шена луъург дан цуьнан лаамехь ду, нагахь санна дегий-неней д1аделлехь, церан хакъ ду йо1ана дан оьшург цунах дар. Нагахь санна марзахой болчохь дитинехь, мичча хенахь, сан урдо схьало аьлла, и схьадеха бакъо йу йоь1ан. Иза зудчун бакъонехь ду, и йоцчун цхьаьннан бакъонехь дац.

Ц1ийнден бехк болуш, маларца йа кхечу х1уманна т1ехь и галваьлла хиларна, йо1 цІа йеанехь, цуьнга йуха г1ур йоцуш ц1ахь Іаш йелахь, и ц1ийндас йуьтуш йацахь, х1ун дан деза?

Ц1ийндас и йуьтуш ца хилча, шари1ато луш кхин некъ бу. Муьлха бу? Шина аг1орхьара цхьацца хьаькам а х1оттийна, зудчун аг1ор цхьа векал волуш, стеган аг1ор цхьа векал волуш. Х1окхеран дов лаьтта, х1окхара х1ун боху ладуг1ур ду вай, бехк хьенан бу-те аьлла, хьовса а хьаьвсина, бехк ц1ийнден белахь, хьо харц луьйш ву, ахь и зуда йохийна лелайо, хьуо а воьхна лела хьо, ахь хайн вахаран некъ хийца аьлла, и меттахІотто хьовсур ду. Нагахь санна зуда бехке йелахь, хьо ц1ийндена муьт1ахь хила йеза, хьо цунна дуьхьал луьйш хила ца йеза, цо аьллачунна т1ехь хила йеза аьлла, и кхето хьовса деза. Нагахь санна шайна масла1ат и шиъ цхьаьна кхетарца гахь, цара и шиъ цхьаьнатохаран некъ бийр бу. Нагахь санна уьш цхьанакхетча, уьш цхьаьна бехар бац аьлла хетахь, д1асакъаста, йита эр ду. Йуьтур йац ша аьлла, стаг дуьхьалваьлча, оцу стагана «хул1» диллар шари1атехь бакъо йина ду. И х1ун ду, х1оккхул даьхни ахь суна лахь, ас йуьтур йу хьо аьлла, зудчуьнга мах бехар хуьлу цунах, Іаьрбийн 1адатехь «хул1» олу цунах. И даьхни оцу зудчо делча, иза цо йитина хуьлу, йуха а ца кхочуш йитало иза т1аккха. Оцу зудчо шен ц1ийндена урдо лойла йа урдох ах лойла цо цунна, йа кхин даьхни лойла цо цунна, цо доьху даьхни д1а а делла, йитийтича, т1аккха йуха ца кхочуш йитало иза, и некъ биллина шари1ато цунна.

Ша дуьненчу йаьлча, шен нана больницера дІа а йахана, кхин ша тергал ца йеш, шен дола ца деш лелла. Х1инца ша йоккха хилча, шена йеза 6охуш, т1ег1ерташ йу шен нана, ткъа шена и ца йеза, цунах шена къа хир дуй бохуш, хоьтту.

Дала боху Къуръаначохь: «Цхьана а мохь ойуш волчо ойур бац кхечун къинойн мохь Махьшара-майданахь, х1ора да шен къинойн мохь эцна г1ур ву цига». И бохург х1ун ду: ша динчух бен жоп лур дац цхьаммо а бохург ду-кх, ша динчух жоп доьхур ду цуьнга. Дас-нанас доьзал тесна битахь, доьзалан хакъ цара эшийнехь, дега-нене бехк боккхур бу цунах. Кхана дог1урдолу и Къематде хала хир ду, оцу меттехь и да-нана оцу доьзалан хьокъехь бехке хир ду, жоьжахате дахийта деза уьш аьлча, берийн мохь бер бу. Оцу доьзалхошна царах къахетар бахьана долуш, Дала оцу дена-нанна гечдан герга ду эццахь, Дела къинхетаме ву. Дегара-ненера царна мел цатам баьллехь а, царах терра лела доьзалхочунна бакъо ца йелла Дала.

 «Шена шукр делаш, (Ша шу бусалбанаш кхоьллина, Ша шу рицкъанца кхаба а кхобуш, шуна могашалла латтош, хьажо бІарг а белла, ладог1а лерг а делла, кховдо меже а йелла, Ша массо а ни1маташца шу кхобуш хилча, Шена шукр делаш) шайн дена-нанна шукр делаш, аьлла Дала. Шена шукр дарх, ламаз дарх, марханаш кхабарх, вай дика х1уманаш  дарх, и да-нана вай реза деш ца хилча, царна вай шукр деш ца хилча, церан пусар деш, церан сий деш ца хилча, хам а беш ца хилча, вай доьрзу меттиг г1ийла хир йу, доьрзу меттиг тиша хир йу, Дела оьг1азваханчу нехан меттиг хир йу вайна. Цундела деца-ненаца болу некъ, уьш мухха хиллехь а, ша кхетамчохь волчу доьзалхочо ша лаха беза-кх цаьрца барт болу некъ. Тесна бита мегар дац.