Хьасайн, Хьусайн ца карор
- И Делан Элча шен асхьабаш гулбина 1еш волчу хенахь
1айшат ма йеар Мохьаммад волчу,
Маьрк1ажа хан ма хилир, буьйса т1е ма йеар,
И Хьасайн, Хьусайн ца карош, йа Расулллах1.
- Т1аккха вист ма хилир и Делан Элча:
Ладог1ал аш шега, шен дика асхьабаш,
Урамашка довлийша, некъаш д1алецийша,
И Хьасайн, Хьусайн зен вайа йиш йац вай аьллера.
- Цхьана новкъа вай Элча ма вахар,
Вукха новкъа асхьабаш ма бахар.
Элча воьдуш кхечира шина лома юккъе,
И Хьасайн, Хьусайн ма карийра саьрмако сацийна.
- Т1аккха вист ма хилира и Делан Элча:
«Ладог1ал ахь шега, х1ай сийна ва саьрмак,
Ша вевзий ва хьуна, х1ай сийна ва саьрмак?
Х1окху шина к1ентан ненада вай ша-ма».
- Элчане ладоьг1на сармак д1а бахара,
Хьасайн, Хьусайн ц1авалош, Элча ц1а веара.
Мовлайаселли ва селли Лимда иман абадан
1алаа хьаби бикахой Рилхолкъику ллих1ими…
Халкъо олучуьра зорбане кечйина
Заурбеков Мас1уда