Эвлайаэх къамел
Къуръана чохь йаздина ду Муса-пайхамаран а, Хизар-пайхамаран а къиссат (дийцар). Цхьана дийнахь халкъана хьалха хьехам беш лаьтташ Муса-пайхамар а волуш, цуьнга ладоьг1учарна йуккъера цхьамма хаьттина хиллера, хьол дика хууш верг кхин вуй аьлла. Вац, аьлла хиллера Муса-пайхамара. Х1унда аьлла хилла те цо иштта, олий хаттар кхоллало кхузахь. Шега Товрат доьссинарг Муса ву, Дала шен нур цхьана кондарх а детташ, шен аз хазийтинарг а Муса ву. Муса воцчунна хезна дац Цуьнан аз. Массийтта б1е эзарна йуккъехь Дала, Элча а вина, ваийтина пайхамар кхо б1е кхойтта ву. Царех цхьаъ Муса ву. Оцу берриге а пайхамаршлахь улул-1азми (балалийн дай, т1ех сийлахь берш) аьлла, пхи пайхамар ву билгалвина, Къуръано вийцина. Оцу пхеаннех цхьаъ ву Муса. Цундела ала делла хир ду-кх цуьнга, шел дика хууш цхьа а вац. Т1аккха дерриг хууш волчу Дала бехк баьккхина цуьнага: «Далла хаьа-кх суначул дика хууш верг ву йа вац», х1унда ца элира ахь. Х1инца Ас гойтур ву хьуна хьол а дика хууш верг» — аьлла, ши х1орд цхьанакхеттачу метте г1о аьлла, вахийтина и т1аккха Дала. Шеца цхьаьна шен мута1елим Юша1 а волуш (т1аьхьо пайхамар а хилла цунах), новкъаваьлла хиллера Муса-пайхамар. Новкъахь к1ад а велла, цхьанхьа сада1а меттиг а лехна, д1атевжина и шиъ. Цигахь са а даь1на, д1авоьдуш, Муса-пайхамара аьлла шен накъосте Юша1е: «Вайна к1аддалар кхаьчча некъан халонехь. Кхача буу хан йу вайна. Схьаба вайшиннан кхача». Цу шингахь хиллера кхехкийна ч1ара. Т1аккха Юша1а аьлла: «Вайшиннан ч1ара-м, сийсара вайшиъ садо1уш волчу хенахь, тоха а белла, ден а белла, таьлсашчуьра схьа а иккхина, х1орда чу а иккхина, д1абахана. Цхьа тамашийна дот1ана а хилира оцу меттехь, х1орд д1асабахханчохь а буьсуш. И дийца аьлла, хьоьга д1ахьаьжча, хьо наб кхетта а карийна, 1ад 1ийра со, хьо самаваккха г1иллакхе а ца хетта. Хьо самаваьлча дуьйцур ду аьлла, 1ад1ийнера со, ткъа цул т1ьахьа шайт1ано суна и диц а дина, вайшиъ кхуза кхаччалц схьавеана». «Делахь вайшиъ йуха ваха веза. И йу Дала шена билгалйина йолу меттиг», — Муса-пайхамара а аьлла, шаьшшинан лорах йуха вахара и шиъ. Иштта йуха воьдуш а волуш, Хизар-пайхамарна т1екхечира уьш. Ши х1орд цхьанакхеттачохь карор ву хьуна хьайл дика хууш верг Дала шега аьлла долу дела, Мусана хиира и Хизар-пайхамар вуйла. Т1аккха цо дехар дина Хизаре, хьайгара 1илма 1амо хьайна т1аьхьавазийта ша аьлла. (Ткъа Хизар-пайхамар, эвлайаъ вуй, пайхамар вуй бохуш къийсамаш хиллачул т1аьхьа, и пайхамар ву бохурш 1елимнахана йуккъехь к1езиг а хилла, эвлайаъ ву аьлла, сацийна хилла. Цхьа а китаб шега доьссина а вац Хизар, ткъа Мусага китаб доьссина. Ша х1умма а д1акхачаде аьлла, Дала ваийтина Элча а вац и, ткъа Муса дин кхайкхо ваийтина ву. Билгалвинчу пхеа паймахарна йуккъехь Муса ву, Хизар вац. Йа 1елимстаг а вац и. (Оццул йаккхийчу башхалашлахь вайн хьесапехь лахара волу Хизар, Делан хьесапехь, Мусага, хьайл дика хууш верг волчу г1о аьлла, билгалвина хилла-кх и). Мусас шега иштта дехар дича, Хизара аьллера : «Хьан ницкъ кхочур бац суна т1аьхьаваза. Хьан муха кхочур бу ницкъ, хьайна ца хууш долу х1ума соьгара гича, хьо къийса ца луш 1ийр ма вац. Хьо хьайна хуучунна т1е бен г1ертар ма вац. Т1аккха вайшиннан барт хир бац». «Делахь со 1ад1ийр ву. Хьоьгара ирс эца лаьара суна», — Мусас шега аьлча: «Дика ду. Ас дечу цхьана а х1уманна т1ехь соьга хаттар а ма делахь, ас хьайга дийццалц 1ад а 1елахь», — элира цуьнга Хизара. И карийча, тулг1енаш схьайеттачу аг1ор диг а тоьхна, шаьш т1ехь долчу х1ордан кеман у дохийра Хизара. «Вай, ахь х1ун леладо? Вайн г1уллакхна вай д1адуьгуш болчу кху нехан кема а дохадо ахь, вай х1аллакхиларе дуьгу ахь? Шари1атехь нийса ма дац ахь дийриг!», — цецваьлла хиллера Муса. «Ас элирий хьоьга, вайшиъ цхьаьна тарлур вац, соьга х1умма а ма хетта», — аьлла, цуьнга бехк баьккхира Хизара. Оцу кемана т1ера охьадиссинчул т1аьхьа цхьана берда йистехула х1орш д1абоьлхуш, хи т1е даьхкина ловзуш бераш гина хиллера царна. Оцу берашна йуккъехь кхиъна вог1уш цхьа жимастаг хилла. И схьа а лаьцна, тоьхна вийна хиллера Хизара. Т1аккха а Хизарна коча вахара Муса: «Ахь дийриг х1ун ду? Ма ч1ог1а динна дуьхьала долу х1ума ду ахь динарг. Цхьа а бехк боцу стаг вий-кх ахь». «Ас элирий хьоьга, вайшиъ цхьаьна тарлур вац, соьга х1умма а ма хетта», — аьлла, йуха а цуьнга бехк баьккхира Хизара. «Х1инцачул т1аьхьа соьгара бехк балахь, со хьайх д1акъасто бакъо ло ас хьуна. Амма сунна гича, соьга лалур доцу х1ума ма гайтахьара ахь», — элира Мусас. Цул т1аьхьа некъ беш, цхьана йуьрта кхаьчча, мацвелла, г1елвелла волу, цхьаммо а хьошалла дийр дацара техьа аьлла, массийта х1усаман не1аре х1оьттира х1ара шиъ. Амма цхьамма а т1е ца эцна уьш. Йуьртах чекхваьллачул т1аьхьа, цхьанхьа йуьрта йистехь чухарцца боллуш цхьа боккха пен карийна царна. Куьйгаца татта а тетина, ца харцийта, г1ортор а х1оттйина, д1анисбина хиллера Хизара и пен. Эццахь элира Мусас цуьнга: «Х1окху йуьртахь вайшинна хьошалла а ца динера. Х1инца кхарна г1уллакх а ди вайшимма, кхеран пен а табина. Лиъча, кхаьргара йал йаккха бакъо а йу вайшиннан шари1атехь».
Т1аккха аьлла хиллера Хизар-пайхамара: «Х1ара вайшиннан йукъ къаьста меттиг йу, вайша д1асаволу меттиг йу. Амма вайшиъ къастале, айса диначу х1уманех лаьцна дуьйцур ду хьуна ас. Вайшиъ т1ехиъна долу х1ордан кема мискачу нехан йукъахь дара. Заь1апхой бара цу т1ехь и кема лелош берш. Цу т1ехь адамаш д1аса а лелош, шайна сом доккхуш бара уьш. Церан паччахьо т1ом болийнера х1ордал дехьа йолчу пачхьалкхаца. Эскарш дехьа даха дохаза долу массо а кема схьадаккха аьлла, омра дина хилла паччахьа. Уьш йухабирзича, и кеманаш схьадохуш болчу нахана т1енислур болуш бара. Оцу мисканийн и кема цаьргара д1адаккха Далла ца лаарна, дохийнера ас, и доьхна карийча, цара и д1адоккхур доцу дела. Дала Шен лаамца цу мисканийн къинна хи а ца далийтира цу чу. Цундела динера ас и.
Шолг1а, ас вийна к1ант купраллин (керсталлин) мух1ар даг т1е тоьхна вара, ден-ненан цхьаъ бен вацара и. И воккха хилча, ша везар совдаьлла долу шен да-нана шен купраллица динах д1ахьовзор долуш вара и. Далла х1ун лаьа техьа аьлла, ладуьйг1ира ас, ткъа Далла, и шиъ ийманах ца дохийта, и д1аваккхар лиира, оцу дений, нанний кхин доьзалхо ас воьхийла а лиира. И д1а а ваьккхира ас, царна кхин доьзалхо вийхира ас. Дала, и царна валарца, жоп а делира суна. И да-нана ийманах дохарх 1алашдира ас, и керста д1а а ваьккхира ас. Делан лаам кхочушбира ас.
Кхоалг1а, вайшиннан хьошалла ца динчу йуьртахь вайшимма пен х1унда нисбира аьлча, да-нана делла буобераш дара цу декъа т1ехь. И дакъа церан делахь а, цхьана наха кхобуш, д1адигна лелош дара и буобераш. И бераш кхиъча, шаьш хьенан ду, мичара ду, шайн декъа т1ехь ц1а-кхерч х1отто церан лаам хилахь, цаьрга д1адуьйцур дара и дакъа. Ткъа церан да дика стаг хиллера. Цо д1айиллина йолу хазна оцу пена к1елахь йара. И пен охьакхетча, и хазна нехан кара г1ур йара, и бераш даккхий хилале. Уьш даккхий хиллалц, и пен ирахь латтийта, церан ден дикаллина и хазна цу берийн карайахийта лиира Далла. Иза а кхочушдира ас.
И кхо х1ума гайти ас хьуна. Хьан собар хиллехьара, уьш санна, кхин б1е а гойтур дара хьуна ас».
Оцу 1илмано вайна х1ун гойту? Устаз 1илма а, шари1ат а хууш ца хилча, лаца мегар вац олу вай. Шари1ат ма хаьа цунна. Дала цуьнан даг т1е диллина иза. Цхьаволчунна шари1ат даг т1е йаздина Дала, ткъа кхечунна 1амадарца коьрта чу йаздина. Оцу Мусан а, Хизаран а дийцаро гучудоккху вайна, эвлайаийн меттиг муха йу а, 1елимнехан меттиг муха йу а. Муса-пайхамарал Хизар-пайхамар лекха ма ву Далла гергахь даржехь аьлча, т1е керстаналла дог1ур ду. Х1унда? Дала «улул-1азми» бу аьлла, массийтта эзар пайхамарашлахь билгалвинчу пхеанех цхьаъ Муса ву. Иштта волчу Мусал а, оццу меттехь, Хийзар-пайхамар лекха вина-кх Дала. Вайна хьикмат гучудаккха дина ду и Дала, вай кхетаме дахкийта. Дала шена гергахь къайле йеллачуьнгахь и къайле йуй хаийта дина ду и. 1илма долчунна 1илма делла, къайле йолчунна къайле йелла. Амма и къайле йелла стаг шари1атан 1ахьмашкахь (сацамаш) т1ехь вацахь, мискъалазарратал дан х1ума дац цуьнан къайленах. Керстанна а, мацвелча, къайле гучуйер йу аьлла ма ду. Ткъа вайн эвлайааш бу боху нах, ламазца а, мархица а, динца а болуш, Дала шайна къайленаш йелла, оцу къайленашца муридаш кхио Дала хьуьнарш делла нах бу. Дала царах тешар а, уьш безар а лойла вайна! Х1ара вай далийна дийцар Къуръанан Ках1ф сурат чуьра ду.
М. Заурбеков