Год истории-2024 год

ЦIена нохчийн мотт хIунда бац буьйцуш?

           Дуьне… Дахар… Дуьне а, адамийн дахар а Iамочу Iилмане – философига – диллича, Iаламат чолхе хIуманаш ду уьш. Зама дIаоьху, шерийн бендоцу уьйриг луьстуш. Дуьнен тIе ваьлларг тIе а оьцу, кхелхинарг, дIахервеш, вицво. Лаьмнаш херца, аренашка доьрзуш, хIордаш дакъало, керла хьостанаш кхоллало. Мехаш хьоькху, дарц долу, малх къега, дуьне дагош. Къаьмнаш кхуьу, шайн кхолламашна муьтIахь хилла, цхьадолу къаьмнаш дуьнен тIера дIадов, шайн кхачийначу рицкъанашна къерахилла. ТIемаш бовлу, къизачу сутаралло кхоьллина, нуьцкъалчо гIорасизниг, къарвой, хьошуш.  Йуха машаре дахар дIахIутту. БIаьсте а йолу, заза-патар хоьцуш; токхечу аьхкенах йолий, беркатечу гуьйрене йоьрзу зама; тIедеанчу къизачу Iаьно гIорадой, шагатIулг хуьлий, цхьана ханна къовлало маьлхан дуьне. И гIуллакхаш адамех дозуш дацахь а, уьш, дерриге а бохург санна, кIезиг йа дукха, адаман ойланах а, сих а хьакхалуш бен ца доьрзу. Амма дахар  хедаш дац Лаьттан букъа тIехь. Адам мел деха, хир ду дахар.

           Дуьненахь дехачу адамна оьшург инзаре дукха ду: даа-мала, тIедуха,  вовшашца уьйр-йукъаметтиг, къаьмнийн, пачхьалкхийн зIенаш. Оцу дахарехь адамна йукъаметтигаш лело оьшучу гIирсех цхьаъ бу мотт. Уггаре а коьрта гIирс лара хьакъ а бу иза. Маттаца йаккхало адамна, кхечу адамех ша къастош, шена тиллина, шен къоман, шен ден-ненан, доьзалан цIе. Велар-велхар, воккхавер-цатам маттаца билгалдо. Дуьнен тIехь къаьмнаш долччул ду меттанаш. Вовшийн меттанаш ца хаахь а, вовшех атта кхета къаьмнаш: цхьатера лаамаш, цхьатера лазамаш, велар-велхар цхьабосса делла, кхоьллина Дала адамаш хIокху лаьтта тIехь. ХIора къоман, кхечу къомах и къастош, йуьхь-сибат, чкъуран бос, дегIан куц-кеп ду. Къам кхечу къомах къастош, цу къоман Iер-дахаран кеп, гIиллакхийн башхаллаш, хьекъалан а, синхаамийн а мехаллаш лелочу, уьш гойтучу гIирсех уггаре а коьртаниг НЕНАН МОТТ бу. Цхьана къоман адамаша вовшашка дагарадуьйцу, къа-бала балхо, вовшашка кхаьънаш доху мотт бу церан ненан мотт. Ненан маттаца йуьззина шен ойла дIайийца атта ду адамна.

            Ненан мотт. Нохчийн мотт. МаьIнашца дикка вовшех къаьсташ ши кхетам бу и шиъ. И ши кхетам вовшех къастош, ала лаьа суна: нохчийн мотт кхечу къоман векало а бийца тарло, шена Iама а бина. Цунна нохчийн мотт бу иза. Нохчичо буьйцу нохчийн мотт цуьнан ненан мотт хуьлу.

           Нохчийн мотт – вайн ненан мотт бу. Цу маттахь вайн дайша гIиллакхаш хьехна, наноша аганан иллеш баьхна, иза бабин туьйранийн мотт бу. Нохчийн мотт дуьненарчу меттанех цхьаъ бу, иберийско-кавказски меттанашца гергарло а долуш. Кхоччуш теллина лоручу меттанашна йукъа ца богIу иза хIинца а – цу декъехь дан дезарг дукха ду. Шен аьзнийн а, дешнийн а башхаллашца хьалдолчу меттанех лара хьакъболчу нохчийн маттахь йу барта кхолларалла, Бадуев СаьIида, Айдамиров Абузара, Арсунакаев Шайхис, иштта дуккха а кхиболчара а шайн исбаьхьаллин говзарш йазйина цу маттахь.

           Оьздачу нохчичун  амалца, аматца ма богIуш хуьлу ненан мотт! Таймин Биболата, Жумин Акхтулас, Адин Сурхос бийцина мотт. Ма сийлахь бара иза цу муьрехь. Башломал лекха а, деза а хилла нохчийн меттан хIора ДОШ… Маржа-йаI, ма сиха дицделла!.. Ма сихделла!..

        Нохчийн меттан дешан мах хадо, цуьнан маьIна дан заманаш хийла а йаьхкина нохчийн халкъана. Тахана вайна тIехь лаьттарг а бу шатайпа мур. Нохчийн мотт бохург хIун ду, ненан матто хIун до, цуьнгахь мел гIора ду бохучу хаттаршна дуьззина жоьпаш далаза ду вай хIинца а. Нохчийн къомана оьшург дерриге дан а, хилларг Iалашдан а гIора ду  ненан маттехь. Цу хьокъехь йовзийта лаьа суна цхьа ойла.

        Историн Iилманчашца къовсаме ца вийлархьама, терахьаш ца далош, дог-ойла а йовзийтина, соцур ву со. I944-чу шеран шийлачу чиллин баттахь, дуьне мел дозу, кхин шайн махка йуха ца даийта аьлла, БериягIара махках даьккхира нохчийн халкъ. Шаьш долччохь дисира нохчийн лаьмнаш, дуьнен тIехь цкъа а кхин ЦIонтаройн лам, Бенойн лам, Iалларойн лам, Зандакъойн лам (дерриге а ца дагардо) кхин шайх эр а доцуш. Царах «Кавказские горы» эр ду. Сийна Терк дисира, кхул тIаьхьа цхьаммо а шех Сийна Терк эр доцуш. Цунах «Буйный Терек» бохур ду. Соьлжа-ГIала а йисира, стигланний, латтанний йуккъехь кхин цкъа а шех Соьлжа-ГIала ала шен дай а боцуш. Йисира, «Крепость Грозный» аьлла, дуьххьара шена цIе ма-тиллара. Ткъа хьомсара НОХЧИЙЧОЬ, ДАЙМОХК бисира, кхул тIаьхьа «ХIай, сан Даймохк» кIенташа а, «Нана-Даймохк, сийлахь Нохчийчоь» шайн эшаршкахь мехкарша а кхин бохур а доцуш. Ур-атталла, кхечу маттахь Чеченская Республика а шех бохур доцуш. Цунах «Грозненский округ Терской области» хилира. Ткъа хIун дара хилларг?! НОХЧИЙН  МОТТ арабаьккхинера кху чуьра шен къомаца цхьаьна. Цкъа а йуха цIа ца бахкийта! Цкъа а цкъа! ДIакхаьчначохь – Казахстанехь йа ГIиргIизехь – Нохчийн Республика аьлла, охьаховшор боцуш, бигира нохчий?! Дуьнен тIера доь дайа бигира. Амма вайн къомана гира, къинхетам беш верг, Сталин воцуш, АЛЛАХI-Дела хилар. Хастам бу Цунна! Кхойтта шо даьлча, вайн халкъан доIанашна, бIаьрхишна жоп а делла, Дала  Даймахка йухадерзийра вайн халкъ. «Кавказские горы» бохучун метта йуха Нохчийн лаьмнаш дIахIиттира. ЦIонтаройн лам, Бенойн лам, Iалларойн лам, Зандакъойн лам бохург йухаметтахIоьттира. «Буйный Терек» бохучохь йуха а ала долийра Сийна Терк. Соьлжа-ГIала меттахIоьттира, цунах, тохара санна, город Грозный  ала а долийра. «Грозненский округ Терской области» дIа а даьлла, Нохчийчоь аьлла, хьалха шен ма-хиллара цIе йаьккхира йуха а… НОХЧИЙН  МОТТ цIа беанера шен къомаца… гуттаренна а. Шен махках, шен маттах хаьддарг гIийла а, цхьалха а хиларх кхийтира нохчий. Церан синоша лайнера и гIело. Шен халкъаца цхьаьна махках а къаьстина ваьхначу поэта Дикаев Мохьмада цундела йаздина хIара могIанаш:

                          Нохчи ву со, маршо къуьйсуш,

                          Даймахкаца тобадина,

                          Цунна ямарт, осала хеттарг,

                          Къацахеташ, сайх хервина,

                          Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш,

                          Ца дисийта юкъ йихкина,

                          Iазап хьоьгу лай хуьлучул

                          Летта вала резахилла…

                          Нохчийн маттах, нохчийн махкахь

                          Берахь  дуьйна дозалдина…

Джунаидов Аюб

(Т1аьхье рог1ерчу номерехь)