Год истории-2024 год

БIАЬСТЕ

Мел  исбаьхьа  хуьлу-кх,  тIейогIушйерг  бIаьсте  а йолуш, схьагуш йолу ГIала. Цуьнан керла гIишлош, урамаш; дехьа – сквераш, сехьа – паркаш, ткъа йуккъехь – чухчареш… 

Адамаш а ду хьуна тахана хаза, жима-воккха бен а воцуш. Йекхна  го-кх церан йаххьаш, хIинцца вовшашна къинтIерадевлча санна, сакъерадаларца.

 Цхьаболчарна, йуьртара йа геннара баьхкинчарна, тахана дуьххьара гина хIара хийцамаш. Царна шаьш кхечу дуьнен тIе девлча санна хета. Цецбуьйлу уьш, гIенах ду-те хIара йа баккъал ду-те, бохуш.

 «Сан ГIала!» – мохь тоха дог догIу, доккхачу дозаллица, йуха, дуьнене а тоха лаьа мохь, хьайн чуьра аз мел долу, чIогIа:

«ХIей, гиний  шуна тхан ГIала, тхан Соьлжа-ГIала, хIан, хезий  шуна?!»

Йахь а ма йу хала, лулахошца йолу… Дика йахь, оьзда йахь. Царна ган а ма лаьа, гайта а царна вайн хьоме ГIала. Дукха хан-м  ца йисна хьуна уьш, лулахой, Хьаьж-цIа санна, кхуза схьаэха. Зераташ а ма ца гина царна. Дерриге  а некъаш ГIали чу догIуш хир ду, Дала мукъ лахь! Гур ду шуна! Дуьззина ши шо а ца кхаьчна-кх кхуьнан хIинца а, бер ду-кха хIара, бер, хабарш дийца Iемаш долу  йа  хьалхара  гIулчаш  йаха,  зевне  дела  а  доьлуш, хенаца дуьстича, дIайаьллачу хенаца, хIара гIуллакхаш долийчахьана цу кIанта, цхьа а тешаш а, йа тешар а воцуш. Хьажахьа, маьждиг… Маьждиг гиний  шуна? ГIали йуккъехь момсарш ирхйахана лаьтташ долу. БIаьвнел лекха  ду-кх  иза,  инзаре  лекха,  стиглан  Iаьршашка хьалакхевдина момсарш а йолуш.

Кхузахь, ГIали йуккъехь, тахана къеггина хьаьжна болчу бовхачу маьлхан зIаьнаршлахь, ловзуш го кегий  бераш, шайн къоначу наношна гонаха хьийзаш, даима  цхьаъ  хоьттуш, дуьйцуш, дийца гIерташ.

 Ма  зезагех  тера  ду-кх  уьш,  и  бераш,  цу  сийначу бацалахь даьржина долчу, йа седарчех, стиглара седарчех тера, шайн лепарца, ловзаран шовкъаца. Цаьрга а хьоьжуш, хьуо даггара воьлуш хаало-кх хьуна, цхьа кийрара дуьйна схьа, дегI иэга а деш, цара лелочух самукъадолуш, инзаре, исбаьхьа хеташ цара лелориг, дийца гIертарг, дуьххьара царна гуш дерг, хьайн ойла цхьа а йисина, цу берашца цхьаьна.

 Йуха, цIеххьана дIахьоду ойла, генна йуха, хьо жима хиллачу, винчу махка… Басарш ца къаьста-кх цигара, тахана кхузахь берашна гуш долу, ган йиш йолу басарш. Цхьа кIеззиг серлонан аса хаало-кх, бодаш дIа а тоьттуш, казахийн, гIиргIазойн гIум-аренашкахула, кондарш уьдучу, мохо хьийзочу ченахула дIагIерташ долу хьан ненан гIаларт, дагарца ватталуш волу хьо а волуш ги вихкина, доккхачу къорзачу корталица…

ТIак-тIак… тIак-тIак… тIак…

Болар.

 ДIадоьду  болар,  хьуна  уллехула,  хьан  IиндагIна тIехула а долий, боларан тулгIенан архь а хьаьрчаш хьох.   ЭхI, хIара-м, цхьа ялсамани… Корта меллаша хьалаойбу ахь, цуьнан боларна тIаьхьа, хьан IиндагI цунна тIаьхьа хьала а нислуш, улле а долуш цунна.

 –Зарина! Зари-и-на!..

Ас туьйхира-те и мохь?.. Ас тухуш санна-м… Суна мичара хаьа цуьнан цIе?.. Иза йуха хьожу, саца а соций, соьга хьожу…

Сан  IиндагI  меллаша  дIашерша  цунна  хьалхара, йуьстаха  а  долуш.  ЭхI… малх  хьаьги-кх  цунах, шен зIаьнарш а хьарчош цунах, цу йоIах…

 Хаза йарий  боху ахь? ХIан-хIа… Ца дуьйцу. Дийцалур ма дац. Тоьар ма дац дешнаш, басарш а дац тоьар, йа басарш эша а ма ца оьшу… Шадерриг а цхьана сийдолчу сизца гайта деза-кх, къоламаш а ца хьоькхуш.

Оф-ф! Ма кIордийна-кх и шун хеттарш…

Хьуо валахьа ГIали йуккъе, таханлерчу Соьлжа-ГIали йуккъе. Гур ду хьуна. Цкъа гича гIоле дац, даим  и тилпо а ца йекош. Йитахьа и Паранци, Герман а йитахьа, Белги а…

 Бакъ  дуй  и, бакъ  дуй???

ХIаъ. Ду хьуна бакъ. Хьуна мел хезнарг – бакъ!

Йелало иза, бIаьргашца йелало, тай  тоьхча санна долу Iаьржа цIоцкъамаш а довдош ирх, цIеххьана хиллачунна цецйолуш. Йуха, полла санна бетталун йовлакхан т1ам а сацош шина п1елгаца, лерган т1илдигна т1е а та1ийна, цхьа д1асатехкаш:

«Таккха, со йу-кх иза, Зарина», — бохуш санна.

Сан куьг айдинчохь дуьсу.

 – Зарина, хьо тахана институтехь ма йацара?! – мохь хеза букъа тIехьа, суна тIехьара цу йоIе.

Со вухахьаьжира, шадоллу хаттарш цу хьажарца а дуьсуш. Иза цхьана хIуманна кхоссавала санна лаьттара, когабуьхьар а хIоьттина, цхьаъ  ала гIаьттинчохь бага а йуьсуш. Ши бIаьрг а бара къоначу берзан санна къегина. Йуха, цу бIаьргийн кхоссар, стелахаьштигах:  «Хьо вара хьуна хIинца кху йуккъех оьшуш верг», – бохуш санна. Шеца къовсаваллал кхерам  ца хийтира-кх цунна соьгара и сан къоьжа шераш бахьанехь.

ЭхI, Iехаво бIаьстено, цуьнан цIе муьлххарг хиларх:  Марха, Марьям, Макка, Раяна, Радима…

ЭхI, хьо бIаьсте! Даим  а къона йу-кх хьо, къона…

Ибаев Руслан

Жима Атаг1а